Get Adobe Flash player
button-mag-sign

Поиск

Бусалба дино вовшийн дезаре, ларам баре а кхойкху

Х1ора а бусалба стаг юкьараллина пайдехь хила везаш ву. Юкьараллина пайдехь хилар - иза дуккха а адамийн дегнашкахь дуккха а шерашкахь висар ду.

Х1окху статьян турпалхо йолу Шахбулатова Зоя нохчийн пачхьалкхан “Вайнах” телерадиокомпанехь 52 шарахь болх а бина, пенсе яхана. Шен балхана дуккха а шераш д1аделла ю иза. Ша телевиденехь болх бечу муьрехь ша зеделларг долу белхахо санна гайтина ю Зоя. Иза дика белхахо хилла ца 1а. Нохчийн телевиденин исторехь юьсур ю цуьнан ц1е. Соьлжа-Г1алахь 1940-чу шарахь дуьнен чу яьлла Зоя. Телевиденехь шен болх д1аболийна цо 1966-чу шарахь ЧИАССР-н телерадиовещанехула йолчу госкомитетан режиссеран г1оьнча а йолуш, цул т1аьхьа - коьрта режиссер. Ша болх бечу муьрехь даима а шен халкъан дика а, вон а цуьнца цхьаьна доькъуш чекхьяьлла ю иза. Зоя кегийрхошна дика хьехархо хилла ца 1а, иза т1екхуьучу чкъурана доккха масал хилла д1ах1оьттина. Телевидени кхиорехь цо бинчу белхан лаккхара мах хадабо Нохчийн Республикин куьйгалло а, “Вайнах” телевиденин куьйгалло а. Ехха зама д1аяьлла, шераш д1аихна. Пенсе йоьду хан т1екхечи. Телевиденехь ша болх бечу юкъана шен дика ц1е а, лар а йитина Зояс. Цуьнга шайн болу ларам гайтархьама телевиденехь цхьаьнакхийтира цуьнан белхан накъостий. - Тахана вай цхьаьнакхетта “Вайнах” телерадиокомпанехь болх бина йолу, уггаре а дика белхахо йолу Шахбулатова Зоя новкъаяккха. Ала деза, цунах д1акьаста хала ду. Телевидени кхиорехь цо бинчу белхан мах хадийна вер а вац. Оха массара лоруш ю хьо. Зояс телефон а тоьхна, ша балхара ц1ахь соцуш ю аьлча, тхуна массарна а халахийтира. “Вайнах” телевидени хьан шолг1а ц1а ду, хьо кхуза хьошалг1а йог1уш хилахь тхуна гуттар а хазахетара ду. Тахана балхара хьо ц1ахь сацарх, вай кхид1а гергарло ца лелош 1ийр дац. Хьайна г1о-накъосталла оьшучу хенахь телефон тоха, тхо хьуна г1о дан кийча ду, - элира Ельсаев 1аламахьада. Телевиденехь болх бечу муьрехь Зоя дуккха а мидалшца а, баркаллин кехаташца а, грамоташца а билгальяьккхина.       - Ас Далла хастам бо шу санначу адамашца сан болх бан ирс хилла хилар. Сайн могашалле хьаьжжина, кест-кеста шу долчу ян а, шуьца кхид1а а гергарло лелон таро хирг хиларх тешна ю со. Шух гуттаренна а со д1акъасталур яц, - бохура Зояс. ЧИАССР-н исскуствийн хьакъйолу г1уллакххочо  Шахбулатова Зояс 19 шарахь лелийра меттахь 1уьллуш (цомгаш хиларна) хилла волу, вайн республикехь дика вевзаш волу композитор Шахбулатов 1аднан. Цо гойту, Зоя нохчийн доьналла долу зуда хилар. Шайна дукхаеза Зоя новкъаяккхар телевиденин белхахошна боккха хилам бара. Телевиденин белхахоша къахьийгира, и цхьаьнакхетар еххачу хенахь дагахь лаьттар долуш хилийтархьама. Цигахь Зоях лаьцна дуккха а хаза а, довха а дешнаш элира, иштта совг1аташ а делира цунна. Хала дара Зоя новкъаяккха, массарна а цхьатерра хала дара...

Обновлено (10.04.2019 21:18)

 

Мы в социальных сетях:

 fb icon 325x325 twitter-icon odnoklassniki vk instagram-logo-468

Наши газеты

О нас

o nas