Get Adobe Flash player
button-mag-sign

Поиск

Фоторепортаж

001

Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) сийлахь маьждиг «Аль-масжид ан-набавий аш-шариф»

Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) шен махках ваьлча хьижрат дина а, иза шена чу д1авоьллина а меттиг ю Мединат.
Цигахь ду Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) сийлахь маьждиг «Аль-масжид ан-набавий аш-шариф».

Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Зератна новкъа вер вац кхаа маьждиге «Аль-масжид аль-Хьарам» - Маккин хьаьрмахь долчу маьждиге а, Мединатехь долчу х1окху сан маьждиге а, «Аль-масжид аль-Акъсо» - Палестинехь долчу «аль-Акс» ц1е йолчу маьждиге ваха а бен».
Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Мединатехь долчу маьждиге вахар хьаьждаран белхех цхьа а биллам, я декхар а дац. Бакъдерг аьлча, цуьнан хьаьждаран белхех хьакхалуш, я цунах доьзна цхьа а х1ума дац, цунна дехка дезаш цхьа а ихьрам дац, шар1о шарчохь муьлххачу а хенахь цига вахар деза лерина а, суннат хилар а доцург. Дала стагана Маккахь а, Мединатехь а йолчу Сийлахьчу шина хьаьрман мехкашка ваха таро елча, цунна суннат хуьлу Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) маьждиге вахар, цу маьждигехь ламаз дархьама а, Элчанна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) салам дала т1ех1оттархьама а. Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) маьждигехь дина долу ламаз кхидолчу маьждигашкахь динчу ламазал эзарза деза лоруш ду, Маккахь долчу «аль-масжид аль-Хьарам» олучу маьждигехь дина доцург.
Ткъа Маккин «аль-масжид аль-Хьарам» олучу хьаьрмахь дина долу цхьа ламаз б1е эзар ламазал а деза ду.

Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) маьждиге д1акхаьчча, зерате веанчо шен аьтту ког хьалха а боккхуш, эр ду: «Бисмиллах1и, вассолату вассаламу 1ала росулиллах1. А1узу биллах1иль-1азыйми, ва биважх1их1иль-карийми, ва султ1оних1иль-къодийми минашшайт1ониррожийм. Аллох1уммафтахь ли абваба рохьматика (Аллах1-Делан ц1арца, Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда Делан Элчанна, Сийлахь-Везачу Деле доьху ас, Цуьнан Шел хьалхе йоцуш йолчу юьхьан дуьхьа, Цо со Шен къинхетамна генадаьккхинчу шайт1анах 1алашвар. Я Аллах1, Хьайн къинхетаман не1арш суна д1аеллахьа)».
Дисинчу маьждигашна чу воьдуш а изза до1а дийр ду.
Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) маьждигна чу вахча маьждиган хьурматна ши рака1ат суннат ламаз дийр ду, ровзат чохь дича кхин а дика хир ду. Нагахь ровзат чохь хила аьтто бацахь, маьждиг чохь муьлххачу метте д1ах1оьттина дан мегар ду. Цул т1аьхьа Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) коша т1е г1ур ву, цунна т1е а вирзина д1ах1уттур ву. Хьалха цуьнга салам лур ду, г1иллакхехь, дайчу озаца олуш: «Ассаламу 1алайка аййух1аннабиййу ва рохьматуллах1и ва барокатух1у. (Делера маршалла хуьлда хьуна, х1ай Пайхамар, Цуьнан къинхетам а, Цуьнгара беркаташ а)».
Цул т1аьхьа Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) салават дилла. Нагахь санна ахь: «Аллох1умма атих1иль-васийлата валь-фадылата ваб1асх1у макъоман махьмудаллази ва1адтах1у. Аллох1уммажзих1и 1ан умматих1и афдолаль-жазаи (Я Аллах1, цунна аль-васила олу дарж лохьа, дозалла а, Айхьа цунна лур ю аьлла йолчу хастамечу метте воссавехьа и, я Аллах1, цуьнан умматера мелла а ч1ог1а диканца бекхам бехьа цунах)» алахь х1умма а дац.
Цул т1аьхьа цхьа жимма аьтту аг1ор то1ийла иза Абу Бакар Сыддикъан (Дела реза хуьлда цунна) коша т1е х1оттархьама. Цо цуьнга салам лур ду, цунах къинхетам бар а, цунна гечдар а, цунна реза хилар а доьхур ду цо Деле.
Цул т1аьхьа юха а цхьа жимма аьтту аг1ор таь1ар ву иза - Хатт1абан к1ентан Iумаран (Дела реза хуьлда цунна) коша т1е х1оттархьама. Цуьнга салам лур ду цо, цунах къинхетам бар а, цунна гечдар а, цунна реза хилар а доьхур ду цо Деле.
Билгалдаккхар:
Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) маьждиге зерате бог1учарах цхьаболчара шайгара дуьйлуьйту, шар1ехь цхьа а бух боцуш долу а, я асхьабашкара (Дела реза хуьлда царна) схьадеана а доцу, бид1атех (динехь хилла доцучу, керлачех) лоруш долу г1алаташ.
Цу г1алатех ду:
Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) чоьнан г1опастех а, маьждиган пенарех а хьекхавалар я куьйгаш хьекхар.
2. До1а дечу заманчохь кошана т1еверзар (къилбехьа вирзина до1а дар дезох ду).
До1а дечу заманчохь къилбехьа верзар ду нийса дерг.

Обновлено (19.02.2019 20:49)

 

Мы в социальных сетях:

 fb icon 325x325 twitter-icon odnoklassniki vk instagram-logo-468

Наши газеты

О нас

o nas