Get Adobe Flash player

Поиск

Фоторепортаж

001

Наши Друзья

  
 img dobro
 
 Tudaiy
 
  
кнопка путь 1
  
  
FADN Logo-02 
 
  
logo-ctv

Къематде

Шеко йоцуш, къематде догIур ду. Оцу дийнахь хIора стагана а ша йина йолу Iамал карор ю. Амма бакъду, Дела воцчунна, дуьне дохаран къайле хууш яц.

Бусалба нахана тIехь ду Къематде хIуттур дуйла хаар а, цунах кхерар а. Яккхий билгалонаш: Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) вайна тIаьххьара пайхамар ваийтар. Тешаме верг ямарт лоруш, ямарт верг тешаме лоруш йолу зама йогIург хилар. Iилма кIезиг эшар. Сонта нах куьйгалла деш дIахIиттар. Риба даржар. Питанаш даржар. Бусалба нехан мостагIаша бусалба нахана юкъахь питанаш даржор, иштта дIа кхин а. Делан дош ду: «Къематде хIуттур дац, лаьттан букъ тIехь АллахI сан Дела ву, олуш, цхьа стаг мел ву».
Яккхий билгалонаш: МехIди воссар. МехIди мила ву? Иза Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) йоьIан ПетIаматан доьзалх вала везаш ву. Иза гучуваьлча, латта дузур ду нийсонах а, бакъонах а. Цуьнга паччахьалла кхаьчча, цунна реза хир ду адамаш, латтанаш, стигланаш, хIаваэхь мел долу олхазарш. Даджал гучувалар. Цуьнан ницкъ кхочур бу цхьацца долчу хIуманашна тIехь. Цхьаболу нах цунах Iехалур бу. АллахIа Iехалучуьра совцор бу декъала хила хьаьхнарш. Малхбалехьара верволуш ву иза. Цо мархашка догIа даийта аьлла омра дича, догIа догIур ду. Цо саца аьлча, соцур ду. Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Шен умматна тIедан доккха питана ма дац оцу Даджалал». Даджал валлалц Дала бохург деш, ламаз-марха долуш дIабоьлхуш хилларш, цуьнан питанах бевр бу. Цхьаболу нах и Дела ву аьлла, къобалвина дакъаза бевр бу. Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дукха дуьйцуш хилла цуьнан питанах лоций. Бусалба стагана хаа деза, АллахI воцург Дела ца хилар. Iиса пайхамар воссар. Иза вуссун волу меттиг Сирехь ю. Ши куьг маликашна тIедиллина а долуш, Iуьйра ламазан хенахь вуссур волуш ву иза. МехIди хьалха а ваьккхина, ламаз дийр ду. Iийсас Даджала дина питана дохор ду, адамаш тиларх хьалха а дохур ду. Цуьнан заманахь адам тешам болуш хир ду. Iийсас зуда ялор ю, цуьнан доьзалхо хир ву. МехIди кхелхар ву. Цунна докъан ламаз Iийсас дийр ду. МехIди кхелхинчул тIаьхьа Iийса кхелхар ву. Иза Мединатехь дIавуллур ву.
Цул тIаьхьа питане къам гучудала дезаш ду. Iийсас мел динарг цо дохор ду. Лаьттан букъ тIехь мел долу хIума оцу нахах кхоьруш хир ду. ТIаккха Дала догIанан барамехь хIораннан а кочах хьерчаш нIаьний Iанор ду. Цара уьш хIаллакбийр бу.
Яккхий билгалонех ду Хьайба гучудалар. Иза схьалаца тIаьхьаваьллачуьнга лацалуш хир дац. Массо агIор сагуш хир ду. Сулима -пайхамаран мухIар а, Муса -пайхамаран Iаса а хир ю цуьнгахь. Iаса тохарца бусалба стеган юьхь нуьре йийр ю цо. МухIар таIорца – керста стеган юьхь Iаржйийр ю цо.
Малх малхбузехьара схьакхетар а ю дуьне дохаран яккхийчех йолу билгало. Яккхий билгалонаш гучуевлча а хуур дац дуьне маца духур ду. Дела воцчунна хууш яц и къайле. Къематде-м адам кхелхичхьана дуьйна а хIуттуш ду. Ткъа валар хIоранна а тIехь ду. Цундела, Дела реза хинвоцчу къамелашка ла ца доьгIуш, Далла хьасталуш а, вешан Iамалш тоеш а хила деза вай, бусалба вежарий, йижарий.
Везачу Дала Шен къинхетамах ма дохийла вай!

Обновлено (07.02.2019 13:30)

 

Мы в социальных сетях:

855962 s fb icon 325x325 twitter-icon odnoklassniki vk instagram-logo-468

Наши газеты

О нас

o nas
button-mag-sign

Абитуриентам