Get Adobe Flash player

Поиск

Фоторепортаж

001

Наши Друзья

  
 img dobro
 
 Tudaiy
 
  
кнопка путь 1
  
  
FADN Logo-02 
 
  
logo-ctv

Делах тешар – ийман ду

Исламехь стеган са а, дегI а вовшашца мостагIалла долуш ца лору. Мелхуо а сина аьтту бу, шен дегIах пайда а оьцуш, Дала шена тIедехкина декхарш кхочушдан. Цуьнан бакъо яц дахарна юьстах гIерта, мелхуо а дахаран массо а декъехь: доьзалехь, Iилма Iамош, балхахь, юкъараллин гIуллакхаш кхочушдеш, шен говзалле а, похIме а хьаьжжина, хьанала къахьоьгуш, – кхача веза стаг синъоьздангаллин лакхалле.

Дала шен векал а дина, шена гIуллакх дан дуьненчу даийтина адам дахарна юьстах латта бакъо яц. Шена тIеIитталучу зерех Дала ма-бохху, Къуръано а, Элчанан – Делера салам-маршалла хуьлда цунна – хьадисаша а ма-хьоьхху чекхвала гIертарца кхочу стаг синцIеналле.
Оцу лакхене боьдучу некъан масех тIегIа ду. Царах уггаре а хьалхарниг боккъал а Делах тешар – ийман ду. Иза адаман хьекъалехь, дагчохь АллахI цхьаъ хиларх а, Мухьаммад АллахIан Элча – Делера салам-маршалла хуьлда цунна – хиларх а тешар чIагIделла, дуьнене хьежам хилла дIахIоттар ду. Цул тIаьхьа стеган дерриге а дахар Дела реза варна а, шена ялсамани яккхарна а тIехьажийна хила деза, Дала де бохург дан а деш, ма де бохург дита а дуьтуш
Стеган синъоьздангалла, лаккхарчу тIегIане йолуш, кхуьу, цуьнан ийман чIагIдаларца цхьаьна. Ткъа ийманан ялх бIогIам бу:
1. АллахIах тешар. Иза волуш хиларх а, Шена гIуллакх дан а, Шега кхайкха а хьакъ долуш хиларх а, массо хIуманна тIехь куьйгалла деш Иза ша цхьаъ хиларх а тешар.
2. Делан маликех тешар (серлонах Дала кхоьллина, Цунна гIуллакх дийраш).
3. Делан жайнех тешар (Товрат, Инжил, Забур, Къуръан – дезчу жайнех уггаре а дезаниг).
4. Делан элчанех тешар (царах тIаьххьарниг – Мухьаммад, Делера салам-маршалла хуьлда цунна, пайхамарийн мухIар).
5. Къематдийнах тешар (Хьесапан де. Цу дийнахь адамашна тIехь, церан гIуллакхашка хьаьжжина, кхиэл йийр ю, хIоранна а цунна хьакъдолу совгIат я таIзар а деш).
6. Дерриге хIума – вуон а, дика а – Делан пурбанца хиларх тешар. Далла хастам а беш, тIеэца деза хила доьгIнарг: иза – вуон делахь а, дика делахь а, хьуна товш делахь а, дацахь а, – АллахIа яздина ду.
Массо а бусалба стаг тешна хила веза вуон а, дика а АллахIера, Цунна хууш а, Цуьнан лаамца а хиларх. Цуьнца цхьаьна Делан лай декхарийлахь ву дика а, вуон а къастош хила, магийнарг а, дихкинарг а хIун ду хаа, хьалхарниг лелон, шолгIаниг дита. Дала шена тIедехкина декхарш ша кхочуш ца дарна, иза иштта яздина хилла бохуш, бехказлонаш леха мегар дац.

Обновлено (14.10.2018 13:37)

 

Мы в социальных сетях:

855962 s fb icon 325x325 twitter-icon odnoklassniki vk instagram-logo-468

Наши газеты

О нас

o nas
button-mag-sign

Абитуриентам