Get Adobe Flash player

Поиск

Фоторепортаж

001

Наши Друзья

  
 img dobro
 
 
 Tudaiy
 
 
 
  
FADN Logo-02 
 
 
 
logo-ctv

Рузбанан де

«Малх кхетта я д1абуьзна бац рузбанан дийнал дезачу дийнахь».
Делан къинхетамца, дин лело маршо ю вайн махкахь. Дагна там беш ду хазачу маьждигашкахь ламазаш даран сурт. Амма халахета, вайн бусалба вежарех массо цахиларна маьждиге бахка сихбелла.

К1иранах цкъа бен ца дечу рузбанан ламаз т1ехь ледарло йо вайх цхьаболчара. Дала могуьйтур долуш х1ума дуй-те иза?
Хастам бу Ша даздинчу п1ерасканан дийнахь бусалба нахана къинхетамца рузбанан ламаз важиб дина волчу Аллах1ана. Делера салам-салават хуьлда рузба дар бусалба нахана довзийтина, марздина волчу, Дала вазвина ваийтинчу Мухьаммад-пайхамарна, цуьнан доьзална, асхьабашна, цунна т1аьхьабаьзначарна. Муслима далийначу Абу Х1урайратан хьадисехь Пайхамара (Делера салам – маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Баккъал а, нах рузбанаш дуьтучуьра ца совцахь, Дала церан дегнаш т1е мух1ар та1ор ду. Шеко йоцуш, цул т1аьхьа тергам боцу ледара нах хир ма бу царах». Рузбанан ламаз Дала вай декъалдархьама, дезачу п1ерасканан дийнахь вайна делла совг1ат ду. Рузбанан ламазах болу пайданаш бийцина ца валлал дукха бу. Царах коьртаниг ду бусалба нах х1ора к1иранах цкъа вовшахкхетар. Делан лаам кхочушбеш вовшахкхеттачу наха ирс оьцу имамо дечу хут1банах. Вовшийн дезар, ларам ч1аг1ло Делан дуьхьа маьждиге баьхкинчарна юкъахь. К1иран чохь хийцаделла бусалба нехан хьелаш довзар, вовшах дагадовлар хуьлу нехан. Делан ц1а чохь тасаделла доттаг1алла хедар доцуш ду. Рузбанан де Дала вайна къинойх ц1андала, алсам мел баккха х1ора к1иранах доуьйтуш сийлахь деза де ду. Муслима далийначу Анас ибн Маликан (Дела реза хуьлда цунна) хьадисехь ду, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Жам1атехь дина ламазаш а, рузбанан ламазаш а шайна юккъехь йолчу хенахь летийначу къиношна капарат хуьлу, даккхий къинош доцучарна». Рузбане ца воьдуш 1ан мегар дац. Цул сов шен к1елдуьсуш доккха г1уллакх доцучо дийнна п1ерасканан де Далла 1ибадат деш даккхар г1оле ду. Абу Х1урайратан (Дела реза хуьлда цунна) хьадисера кхаьчна вайга Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлларг: «Малх кхетта я д1абуьзна бац рузбанан дийнал дезачу дийнахь». Везачу Дала Шен дуьхьа йина 1амал къобалйинчарах дойла вай. Дала къинхетам бойла массо бусалба нахах.

Обновлено (25.05.2018 10:21)

 

Мы в социальных сетях:

855962 s fb icon 325x325 twitter-icon odnoklassniki vk instagram-logo-468

Наши газеты

О нас

o nas
button-mag-sign

Абитуриентам