Get Adobe Flash player

Поиск

Фоторепортаж

001

Наши Друзья

  
 img dobro
 
 
 Tudaiy
 
 
 
  
FADN Logo-02 
 
 
 
logo-ctv

Ислам-дин - Везачу Аллах1а де бохург дар а, ма де бохуг ца дар а

Бусалба стаг шен дахарехь, шен г1иллакх – оьздангаллехь, шен Делах тешарехь, Цунна г1уллакх дарехь, Аллах1а бохучунна муьт1ахь хила веза. Вайн Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна), Маккарчу мушрикашкара дуккха а шерашкахь шена т1ехь та1зарш, юьхьягораш, ницкъбар лайна волчу, толам баьккхина шен эскаршца Макки чу веача, Аллах1ан омра кхочушдархьама: «Къинхетаме хила адамашца, цаьрга диканиг де ала, боданехь болчаьрца к1оршаме ма хила, шайн карабаьхкинарш маьршабаха, Аллах1а гечдойла шуна»,- олуш хилла.

Цо царна бекхам ца бо, ша хьийзийнехь а, массо х1уманна гечдо. Цундела вай цуьнгара масала эца деза. Нагахь санна вай бусалбанаш хила лууш делахь, вай тидаме хила деза лулахой а, доттаг1ий а хоржуш. Вай дицдан ца деза вон лулахо, вон доттаг1 а – иза вочунна хьалхе хилар. Иштта, вайн Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) а ма хилла Везачу Деле до1анца доьхуш: «Я Аллах1, ас Хьоьга ларвар доьху вочу буьйсанах, вонах, вочу доттаг1чух, вочу лулахочух а». Нагахь санна вай баккъал а долу бусалбанаш хила лууш делахь, вайна безаш хила беза вешан динан вежарий. Вай ч1ог1а лардала деза бусалба нехан барт, безам, цхьаалла дохош долчу массо а вочу х1уманах. Эхь-бехк долуш хила деза. Цунах лаьцна вайн Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Эхьхетар – ийман ду. Ткъа ийман – ялсаманера ду. Боьха а, юьхьъягош а долу къамел – 1азапе ду дуьйцуш волчунна а, ладуг1уш волчунна а. Ткъа 1азапе дерг – жоьжахатехь ду». Цундела вай нийсонна т1ехь хила г1орта деза. Вай къахьега деза дерриге г1иллакхаш Дела реза хир волчу аг1ор дарехь. Вайна хаа деза моттарг1анна, шена пайденна я шен сийлаллина дина долу цхьа а г1уллакх, цхьа а ламаз Аллах1ана хьалха цхьа а мах болуш ца хилар. Везачу Аллах1а д1аоьцуш ю 1амалаш баккъал а Шех тешаш болчу лешкара, иштта Цо ларбо уьш массо а вочу х1уманех. Цундела вай бусалба дино бохург дан деза, лардала деза шайт1ано бечух хьехамах. Вовшашца к1еда – мерза хила вай! Диц ма де вай ваьш мел лелийначух цхьана дийнахь жоп дала дезарг хилар. Вайга ма-боху Везачу Аллах1а шен сийдолчу Къуръанчохь «Ан-Нур» бохучу суратехь: «Оцу дийнахь, церан меттанаша, куьйгаша, когаша тешаллаш дийр ду, цара мел лелийначунна».

Обновлено (07.05.2018 13:40)

 

Мы в социальных сетях:

855962 s fb icon 325x325 twitter-icon odnoklassniki vk instagram-logo-468

Наши газеты

О нас

o nas
button-mag-sign

Абитуриентам