Get Adobe Flash player

Поиск

Фоторепортаж

001

Наши Друзья

  
 img dobro
 
 
 Tudaiy
 
 
 
  
FADN Logo-02 
 
 
 
logo-ctv

Таханлерчу хаамийн гӀирсашкахь нохчийн матах пайдаэцар

Ахмадов Муса

Нохчийн маттахь йоза кхолладалар, дукха хьолахь, вай дузу дӀадаханчу бӀешеран 20-чу шерашца. Бакъ а долуш, вайн маттахь йоза-дешар халкъа юкъа шуьйра даржар вай хьехош делахь, иза нийса а ду.

Цул хьалха а хилла вайн къома юккъехь лелаш йоза, Ӏаьрбийн элпийн буха тӀехь кхоьллина. Амма иза дукха хьолахь, цхьана Ӏеламнахана а, мутаӀеламашна а хууш а, цара пайдаоьцуш а йоза хилла.

Къаьсттина доккха маьӀна лелийна оцу йозано XIX бӀешеран шолгӀачу эхехь. Оцу хенахь вайн гӀарабевллачу Ӏеламнаха, эвлаяаша Ӏаьрбийн элпашца нохчийн маттахь жайнаш яздо, я уьш Ӏаьрбийн я гӀумкийн маттера вайн матте дохуш гочдо. Оцу хенахь зазадоккху динан чулацам болчу поэзино а. Тайп-тайпанчу Ӏеламнаха язйина назманаш адамаш гулделлачохь: тезетахь, сагӀа доккхучохь, мовладехь, кхечухьа – олуш хилла. Динан лехамаш буьйцуш, Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дахар а, гӀуллакхаш а довзуьйтуш, эвлаяийн дика амалш хьехош язйина и назманаш ладоьгӀучеран дегнех кхеташ, цаьрга дахарх а, дуьненах а кӀорга ойла йойтуш хилла, тахана а ян а ю иштта. Вайн къоман синкультурин мехала дакъа хилла дӀахӀиттина уьш.

Хьалхалерчу вайн Ӏеламнаха массо а нохчашна кхетачу маттахь яздина шайн жайнаш, назманаш, цара юкъадалийна, шаьш кхуллуш, динан кхетамаш билгалбоху керла дешнаш (неологизмаш), я кхечу меттанашкара дешнаш тӀеэцна (коьрта долчунна, Ӏаьрбийн маттера, наггахь гӀумкийн маттера а), нохчийн меттан бакъонаша ма лоьххура хийца а хуьйцуш. Масала: шариӀат – шарӀ, ахират – эхарт, и. дӀ.кх.

И дерриге тидаме эцча, вайн таро ю вайн Ӏеламнаха шайн хенахь нохчийн юкъарчу (литературин) меттан бух биллина ала. Цу тӀе а тийжаш кхоьллина 20-чу бӀешеран 20-чу шерашкахь шайн дуьххьарлера говзарш нохчийн керлачу литературин векалша Нажаев Ахьмада, Дудаев Ӏабдис, Сальмурзаев Мохьмада, Айсханов Шамсуддис.

Оцу хенахь яздархоша йозанан маттана юкъадаладо керлачу дахарца доьзна дуккха а дешнаш: хӀайттархо (передовик), жигархо (активист), цхьалхахо (единоличник), орамат (злак), дийнат (животное), юьрткорр (юьртан корреспондент) иштта дукха кхин а.

Царал тӀаьхьа баьхкинчу нохчийн яздархоша: Мамакаев Мохьмада, Бадуев СаӀида (хьалхарчо – поэзехь, шолгӀачо – прозехь) – кхиндӀа а кхиош, чӀагӀйира литературин меттан кепаш. Оцу хенахь кхоллало нохчийн меттан Ӏилма а. Цуьнца доьзна керла дешнаш а юкъадогӀу маттана: абат (букварь), дошам (словарь), алам (предложение), цӀоьмалг (запятая), къовларш (скобки) и дӀ.кх. Нохчийн гӀарабевллачу Ӏилманчаша Мациев Ахьмада, Джамалханов Зайндис, Дешериев Юнуса, Чокаев Катис, цхьамогӀа кхечара а кхуллу нохчийн меттан нийсаяздаран бакъонаш. Еххачу ханна уьш лоруш, царна тӀетийжаш язйо ишколашна лерина нохчийн меттан Ӏаматаш, болх бо

радиос, телевиденис, газеташа. Амма дӀадаханчу бӀешеран 80-чу шерашкахь хаадала долало хьалха юкъаялийна цхьайолу бакъонаш денна а кхуьучу, шорлучу нохчийн маттаца йогӀуш цахилар, я цунна уьш готта хилар.

Масала, иштта бакъо: «Оьрсийн маттера тӀеоьцу дешнаш цу маттахь ма-яздарра яздо нохчийн маттахь а». Хетарехь, цхьана а къоман грамматикехь хир яц и тайпа бакъо. Муьлххачу а кхечу маттера тӀеоьцу дош хийцало, оцу меттан грамматикин системе хьожжий. Иштта хилла иза нохчийн маттахь а, и бакъо юкъаяккхалц. Масала, офицер нохчийн матто тӀеэцна «эпсар» аьлла, генерал – инарла, пристав – пурстоп, школа – ишкол, машина – машен, газета – газет аьлла, и дӀ.кх.

Цхьаболчарна моьтту, уьш иштта хийца а хуьйцуш вай тӀеэцна, вайна цу хенахь оьрсийн мотт ца хууш хилла дела, ткъа хӀинца вайна дукхаболчарна оьрсийн мотт дика хаьа цундела «профессорх» – «парпессар» алар, я «номерх» – «лоьмар» алар беламе хета. Иштта хетахь а вайн меттан бакъонаш вай лоруш хилча, и дешнаш хийцина тӀеэцча бакъахьа дара.

Я иштта бакъо ю: «Оьв хезачохь ев, яздо масала чов – чоьвнаш ца яздеш чевнаш яздо… Ткъа нагахь и оьв Ӏ-на, я хь-на тӀаьхьа хезаш делахь аь яздо а боху оцу бакъоно: бӀов – бӀаьвнаш, хьовда – хьаьвдда». И бакъо стенна юкъаяьккхина хууш стаг вац. Оьв хезачохь ша ма хаззара оьв стенна ца яздо, вайн хийра бакъо юкъара дӀа а яьккхина?

ТӀаьххьарлера бохаме хиламаш бахьанехь, нохчийн мотт хьехар а, Ӏамор а гӀелделира, я и данне доцуш хенаш а яьхкира. Хийрачу махкахь хьалакхиъначу берашна ишколашкахь Ӏаммане Ӏама ца бора и мотт. Цундела чӀогӀа къен ю церан къамелашкахь ненан меттан лексика. Цара буьйцург я иэбина мотт бу, я кхечу къоман мотт бу, наггахь нохчийн дош юкъа а кхуссуш.

Изза хьал ду нохчийн мотт бийцарехь вайн меттигерчу хаамийн гӀирсашкахь а. Цигахь билгалдолуш ши сакхт ду. Хьалхара – хьалха дуьйна билгальяхна йолу нохчийн литературин меттан норманаш цаӀамор, цахаар бахьанехь, хӀора а белхалочо дош шайн юьртахь ма оллура олуш, я яздеш хилар. Масала, мел? Я масс? хаттар хӀотто дезачохь «моццул» олу; «лууш» алар нийса хир ду «лаьаш» олучул, оьшучохь ца оьшучохь а аз тӀедетта, я и дукха дахдина алар: вай ала дезачохь вайъа олу цӀерниг дожарехь а и долушехь, и дӀ.кх.

Цхьаволчо радиочухула, телегарехула къамел деш, къамеле ладоьгӀча ца кхеташ вуьссу хьо: дуьйцу дешнаш нохчийн ду, амма къамелан мукъам я оьрсийн, я кхечу метан бу.

Орфоэп – бохуш цхьа Ӏилма ду, иза нийса дешар бохург ду. Нохчийн меттахь а хила еза орфоэпин бакъонаш. Масала ишттаниг. ЦӀердешан лаамечу причастин доланиг дожарехь – н яздо, амма деша ца доьшу: масала, меттиган сурт, дикаллин ницкъ, ишколан майда и дӀ.кх.

Таханлерчу вайн телевиденин белхалошна а журналисташка а лерина аудиоэкъанаш арехеца езара, тӀехь цкъа цхьана хенахь нохчийн радион дикторш хиллачу Эльмурзаева Розин, Ганаев Адаман, иштта цхьаболчу

нохчийн актерийн къамелаш а долуш дӀаяздина. Цаьргара Ӏама беза таханлера кегийрхой нийса деша а, къамелехь нохчийн мукъам ларбан а.

ШолгӀа сакхт – оьрсийн маттера дешнаш дукха юкъадалор, я цкъа мацах оцу дешнашкахь хилла хийцамаш тидаме а ца оьцуш, уьш оьрсийн маттахь ма-яздарра, яздар алар. Масала, ткъе итталгӀачу шерашкахь, тӀеэцна дош ду ишкол, цхьайолчу изданешкахь иза хийцам боцуш яздо: школа.

Наггахь грамматикехь дукха хенахь дуьйна хӀоьттина лаьттина бакъонаш талхош, яздеш меттигаш а нисло, могӀарерчу нехан йозанаш стенна дуьйцу, Ӏилманчийн белхашкахь а. Масала, иштта бакъо ю: «г – ний, к – ний хьалха шеконийн а, и хезачохь и яздо: тайниг, бепиг, эчиг, саьрмик иштта дӀа кхин а. Амма и дешнаш иштта ца яздеш а элп дуьллуш яздо цхьаболчара. И хӀунда до аьлча, далош цхьа делил а ду: тхо долчохь иштта олу. Ткъа хӀорамма а шаьш долчохь ма-аллара яздахь, цунах массеран юкъара литературин мотт хир буй? Бац.

Кхин цхьа масал. Чаккхенгахь г долуш дешнаш ду вайн: дечиг, эчиг. Цхьадолчу йозанашкахь а, ткъа иштта Ӏаматашкахь а тидам тӀебоьду, лач дожаршкахь и г к-не дерзош хиларна: аьчкан ков, дечкан неӀ… Муьлхачу бакъонца доьрзу и г к-не? Нагахь и бакъо елахь, гучуяккха еза я юкъаяккха еза. Яцахь, цӀерниг дожарехь ма хиллара, г яздан деза и дешнаш легадеш а. Бакъду, оьрсийн маттахь-м ю цхьа бакъо, зевне мукъаза аьзнаш чаккхенехь къарло дӀаолучу хенахь бохуш. Амма оьрсийн мотт оьрсийн мотт бу, нохчийн мотт – нохчийн мотт бу.

Соьга хаьттича, вайн нохчийн маттах пайдаэцар тодан уггар хьалха дан дезаш ду:

Хьалхара – массо а вайн Ӏаматашкахь йолчу нийсаяздаран бакъонаш тӀе юхаверза веза.

ШолгӀа – беш болу хийцамаш вайн Ӏилманчаш, яздархой, цхьаболу журналистийн векалш реза а болуш бан беза; массо а реза ца хилахь, дукхаболчарна хетачунна тӀетан деза.

Ткъа уггар хьалха, уггар чӀогӀа оьшург хӀора нохчийн берехь, хӀора нохчийн стагехь шен ненан маттахь дийца а, яздан а Ӏамон ондда лаам кхоллар ду. И лаам ца хилахь, вай мел чӀогӀа графика кечъярх, грамматикехь мел чӀогӀа нийса хийцамаш барх, оцу декъехь вайн хӀумма а толур дац. И лаам хилахь, толур ду.

Обновлено (26.04.2018 15:12)

 

Мы в социальных сетях:

855962 s fb icon 325x325 twitter-icon odnoklassniki vk instagram-logo-468

Наши газеты

О нас

o nas
button-mag-sign

Абитуриентам