Get Adobe Flash player

Поиск

Фоторепортаж

001

Наши Друзья

  
 img dobro
 
 
 Tudaiy
 
 
 
  
FADN Logo-02 
 
 
 
logo-ctv

Матто кхуллуш бу Даймохк

Къона чкъор кхетош-кхиорехь мехала лар юьтуш, шен меттан сий дарца къахьоьгуш билгалваьлла ву къона яздархо Даудов Гилани.
Даудов Гилани вина 1988-чу шеран 30-чу октябрехь, Iаламо къагийначу, адамийн дикалло хазйинчу Веданан кIоштарчу Тевзинахь.
Цигахь чекхъяьккхина II шеран школа. КIентан бералла къаьхьачу тIеман шерашкахь нисъелла. Цо а шен лар йитина, дега-нене, Даймахке, матте болу безам чIагIбина кIентан.
Ас даима лардийр ду бIаьрхиш,
Со винчу хьомсарчу ненан
Иза сайн декхар дуй хууш,
Со хиларх къона я къена.
Ден амал кхиор ю. ларъеш,
Я цунна осал ца хилла.
Цо суна хьехна некъ ларбеш,
Дахарехь юьхькIайн чекхвийла.
3-чу классехь волуш дуьйна нохчийн меттан йозанан урокехь хьехархоша тидам бина дика язъеш, шера йоьшуш волчу дешархочун Даудов Гиланин.

ТIом болчу халачу хенахь, свет ца хиларна, телевизор йоцуш, алссам книгаш йоьшура ша, царах самукъа а долуш, бохуш, дуьйцу Гиланис. А. Сулеймановн, А. Айдамировн, Ш. Арсанукаевн дийцарша, романаша, байташа ойла литературина тIейирзина, байташ язъян волавелла 9-чу классехь волуш. Чекхъяьккхина Нохчийн пачхьалкхан университетан филологин факультет.
Гиланин дийцарш, стихаш зорбане евлла «Нана», «Орга» журналаш тIехь а, «Даймохк», «Керла дахар», «Хьехархо», «Кадыровн некъ», «Гумс» газетийн агIонаш тIехь а, ткъа иштта «Синмаршо» цIе йолчу къоначу яздархойн юкъарчу гуларехь а.
Белхаш бина Тевзанарчу юккъерчу школехь а, «Исламан зIаьнарш» газетехь а.
Карарчу хенахь болх беш ву ГБОУ «Дешаран Центрехь» заьIапчу берашна интернет гIирсашкахула нохчийн мотт а, литература а хьоьхуш, цаьрца юкъара мотт карош, шен белхан мах хууш схьавогIуш ву иза. Республикин тIегIенехь дIахьош долчу къовсадаларшкахь жигара дакъалоцу Гиланин дешархоша. Къона чкъор кхетош-кхиорехь мехала лар юьтуш, шен къоман меттан сий дарца къахьоьгуш билгалваьлла ву къона яздархо, хьехархо. Белхан накъосташа а лаккхара мах хадорца, дозаллица дуьйцу Гиланис бечу белхан хьокъехь.
2016 –чу шарахь республикерчу нохчийн меттан хьехархошна юкъахь дIадаьхьначу къовсадаларехь «2016 шеран нохчийн меттан тоьлла хьехархо» чекхваьлла Гилани.
Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон гIоьнца Нохчийн Республикин къоначу хьехархойн ассациацино «Нохчийн мотт - сан дозалла» аьлла дIадаьхьначу къовсадаларехь I-ра меттиг яьккхина Гиланис.
Россин Федерацин яздархойн Союзан а, Россин Федерацин журналистийн Союзан декъашхо а ву Гилани.
«Матто кхуллуш бу Даймохк» бохучу дешнашна тIеIаткъам бина, оцу новкъахь къахьегар шен декхар хеташ ву ша, бохуш дуьйцу Гиланис.Ешархоша дика тIеоьцу Гиланин проза а, поэзи а.
Таханлерачу дийнахь вайн кегийчу нахана, тIекхуьучу чкъурана доккха масал ду Гилани, хIунда аьлча, шен байташкахь цо хIоразза а хестабо Даймохк, нана, нохчийн йоI, Нохчийчоь, иштта марзо кхуллу цо нохчийн матте.
Гиланин дешнаш мукъаме дерзийна Нохчийн Республикин хьакъволчу артиста, нашидаш алархочо Эсамбаев Iийсас.
Гиланин кхолларалла лакхарчу тIегIан тIехь кхуьуш схьайогIуш ю тахана а.
Дахаран хазна ю нохчийн мотт тахана,
Лакхене гIулч йоккху гIирс иза бу.
Буьсур бац ненан мотт шен некъах боьхна,
И кхион яхь йолуш кIентий мел бу.
Нохчийн меттан, шеко йоццуш, сий дийриг хилар, цу тIехь къахьоьгург хилар гойту Гиланис.

Обновлено (26.04.2018 11:40)

 

Мы в социальных сетях:

855962 s fb icon 325x325 twitter-icon odnoklassniki vk instagram-logo-468

Наши газеты

О нас

o nas
button-mag-sign

Абитуриентам