Get Adobe Flash player

Поиск

Фоторепортаж

001

Наши Друзья

  
 img dobro
 
 
 Tudaiy
 
 
 
  
FADN Logo-02 
 
 
 
logo-ctv

Хьехархо... Ма доккха маьIна долуш ду и дош

Боккха некъ бу хьехархочо юхьарлаьцнарг. Цо вуьгу дешархо серлонан новкъа. Къаьсттина нохчийн меттан хьехархочун тIехь доккха дукъ ду аьлла хета суна. Иза декхарийлахь ву нохчийн мотт хьеха а, Iамо а, цуьнга болу безам кхио а.

Теркан кIоштан Iели-Юьртарчу юккъерчу школан завуча Датиева Эльзас дуьйцу шайн белхан накъостах, нохчийн меттан хьехархочух Гериханова Хадишатах лаьцна.
- Хадишат йина, кхиъна Теркан кIоштарчу Iели-Юьртахь. 8 класс чекхъяккхинчул тIаьхьа иза деша йоьду Грозненски педучилище.
1987 шарахь Iели-Юьртарчу №2 йолчу юккъерчу школе балха йоьду ГПД, оццу шарахь деша йоьду Нохч-ГIалгIайн университете филологин факультете. 4-5 шарахь оцу школехь болх бинчул тIаьхьа №1 йолчу юккъерчу школе дехьайолу оьрсийн а, нохчийн а меттанийн хьехархо.
Цул тIаьхьа нохчийн меттан хьехархо болх бо цо. 31 шо хан ю цо хьехархочун болх бо. Нохчийн мотт хьехна ца Iаш цо Iамадо берашна вайн къоман хаза гIиллакхаш довза а, деза а.
Муьлхха а хьехархо бераш дезаш а, берашна везаш а хила веза. Ишттачех ю Гериханова Хадишат. Цо жигара дакъалаьцна тайп-тайпанчу конкурсашкахь «Воспитать человека-2009», «Учитель года- 2012», «Нохчийн меттан хьехархо – 2014».
Дакъалаьцна ца Iаьш цо толамаш баьхна номинацешкахь. Цул тIаьхьа Хадишатана сийлаллин грамота а луш, цуьнан белхан мах хадийра Нохчийн Республикин Парламенто.

Обновлено (26.04.2018 10:21)

 

Мы в социальных сетях:

855962 s fb icon 325x325 twitter-icon odnoklassniki vk instagram-logo-468

Наши газеты

О нас

o nas
button-mag-sign

Абитуриентам