Get Adobe Flash player

Поиск

Фоторепортаж

001

Наши Друзья

  
 img dobro
 
 
 Tudaiy
 
 
 
  
FADN Logo-02 
 
 
 
logo-ctv

Iамо беза ненан мотт

Оханан (апрель) беттан 25-чу дийнахь билгалдоккхучу Нохчийн меттан дийнан хьокъехь тхан къамел хилира Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан нохчийн филологин кафедрин куьйгалхо, филологин Iилманан доктор, профессор йолчу Навразова Хьаваца.

- Хьава, уггар хьалха шу декъалдан луур дара тIедогIуш долчу нохчийн меттан денца. Оцу денна лерина хIун кечамаш бо Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь? Цунах лаций дийцахьа.
- Вайн республикехь боккха тидам тIебахийтина нохчийн маттана. Кхин хIумма а ца хилча Нохчийн Республикин Конституци тIехь билгалдаьккхина ду нохчийн мотт а, оьрсийн мотт а, цхьатерра бакъонаш а йолуш, пачхьалкхан мотт бу, аьлла. 25-гIа апрель нохчийн меттан де ду аьлла дIаяздина ду. Телевиденехь, радиохь буьйцуш бу нохчийн мотт, школашкахь, берийн бошмашкахь нохчийн маттахь беш болх бу. Тхайн университетехь нохчийн меттан а, литературин а кафедра йолу дела оха дийнна шарахь бо нохчийн меттан денна лерина болх. Нохчийн меттан денна лерина даздарш чекхдевллачул тIаьхьа, оцу дийнахь дуьйна вукху даздаршна кечам бо. Иштта хIора шарахь, 25-чу апрелехь, дийнна шарахь бинчу белхан жамI деш, оцу денна лерина мероприяти дIахьо. Оцу мероприятехь оха билгалбоху нохчийн меттан денна леринчу конкурсашкахь жигара дакъалаьцна хилла болу, хьалхара меттигаш яьхна хилла болу студенташ, царна грамоташ а, совгIаташ ло. Школашкара шайн районни олимпиадашкахь, цул тIаьхьа республикански олимпиадашкахь толамаш баьхна долчу берашна юкъахь оха билгалвоккху тоьлларг, юха тхайна деша схьавало Iалашо йолуш. Нохчийн матте а, литературе а безам берш алсамбовлийта вайн республикин школашкахь нохчийн мотт а, литература а хьоьхуш болчу хьехархошца зIе латтайо оха. Тхан Iалашо ю тхайна кхуза схьабогIуш болу абитуриенташ диканаш харжар а.
– Школашкахь нохчийн мотт хьоьхучу хьехархошца зIе латторехь хIун болх дIахьо аш?
- Вайна ма-хаъара, Iилма цхьана меттехь лаьтташ дац. Зама хийцалуш хиларе терра, цуьнца цхьаьна кхуьуш ду Iилма а. Методикехь, Iилманехь керла юкъадолуш долу хIума школарчу хьехархошка дIакховдор Iалашо йолуш оха тхайн хьехархойн университетехь кхоьллина Iилманан практикин семинар ю. Иза оха шарахь шозза дIахьо вайн республикехь болу нохчийн меттан а, литературин а хьехархой схьа а кхойкхий. Цкъа хьалха уьш схьакхайкхале оха цаьрга тхайн семинаран тема дIакховдайо, цаьрга оцу семинарана хьалххе кечам байтархьама. Цара дийцарехь, ишттачу семинарех цара боккха пайдаоьцу. Масала, тIаьххьарчу, ноябрь баттахь дIаяьхьначу семинаран тема яра «Таханлера урок». Дийцаре дира муха хила деза хIокху заманахь нохчийн меттан урок дIаяхьар. Масала, 20 шо хьалха нохчийн меттан урок дIаяхьаран шен методика хиллехь, хIинца, керлачу технологешца, керла декхарш ду нохчийн меттан а, литературин а хьехархошна хьалха хIиттош. Iилманчашна карийна йолу керла методически агIонаш хьехархошна дIакховдош зIе ю оха латтош. Цул сов семинаре схьабаьхкинчу хьехархоша мастер-классаш ло. Тхан студенташа а дакъалоцу оцу мастер-классашкахь. Масала, кху шарахь республикански а, районни а конкурсашкахь толамаш баьхна болчу, тоьлла болчу хьехархоша къоначу хьехархошна 5 мастер-класс елира. Цкъа делахь, оцу шайн белхан накъосташна керланиг довзуьйту цара, шолгIа делахь, тхан студенташна оха дуьйцуш дерг а, цара схьагойтуш дерг а мичахь вовшахкхета а, мичахь галморзахдолу а хаало.
- Халахеташ делахь а, дIадаханчу шерашкахь нохчийн меттан отделени деша бахка луурш кIезиг хуьлура. Таханлерчу дийнахь муха хьал ду, нохчийн меттан отделени деша бахка луурш алсам бу, я кIезиг бу хьалха хуьлуш хиллачул?
- Нохчийн меттан а, литературин а кафедран куьйгалхо яле хьалха ас 20 шарахь хIокху факультетан деканан болх бина. Бакъдерг ала деза, нохчийн меттан а, литературин а говзалле безам болу абитуриенташ чIогIа хала карабора тхуна. БогIуш берш а цхьанхьа деша ца бахабелла, бухабисинарш бен ца богIура тхуна. Ткъа хIинца, хIокху тIаьхьарчу шерашкахь хьал дикачу агIор хийцаделла. Масала, стохка нохчийн литературин отделени деша богIучеран цхьана метте бархI стаг конкурс яра тхан. Цкъа а хилла хIума дац иза, хир ду аьлча тешар дацара. Цкъа делахь, керла веанчу ректора Халадов Хож-Ахьмада буххара дуьйна схьа тхан белхан, дешаран хьежамаш хийцина. Университетера дешна ваьлла, дIавохуьйтуш волу студент хууш верг бен вер ма вац хIокху чуьра ара, бохуш, массо а тхан госэкзаменехь ша дакъалоцу цо, цул сов, дерриге а видео тIе дIаяздеш ду. Харц-бакъ чекхэккхар бохург дIадаьлла хIокху университетехь. Тхан хьалха очно «Нохчийн мотт а, литература а» бен говзалла яцара. Ткъа хIинца «Оьрсийн, нохчийн мотт а, литература а», «Нохчийн мотт а, ингалс мотт а» говзаллаш схьайиллина тхан ректара Халадов Хож-Ахьмада. Очно доьшурш бу тхан, заочно деша 125 студент схьаэцна оха стохка 1-чу курсе. Боккха кхиам бу аьлла хетта суна иза тхешан массеран а белхан. Цхьана я итт стаге балур болуш болх бац иза, нагахь санна Iедалан лаам ца хилахь. Нохчийн матте ларам болуш, меттан сий-пусар деш, схьавогIуш ву Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан. Цо даима олуш ду нохчийн мотт Iамо беза, олий. Нохчийн мотт бийцарх мотт хаар дац иза. Нохчийн мотт вуно кIорга, шен йоккха истори йолуш, бух болуш мотт бу хаа луучунна. Хаа ца луучо, эхI, нохчийн мотт хала бу, бохуш куьг лестийча цунах мотт хаар ца хуьлу.
-Хьава, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университете деша бахка луучу кегийрхошна кхоьллина хIун хьелаш ду?
- Деша гIерташ волчу студентана хIокху Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь кхоьллина оьшуш мел долу хьелаш ду. Тхан кафедрехь къахьоьгуш похIма долуш Iилманчаш бу: Iилманийн доктор Джамбеков ШаIрани, Вагапов Iаьрби, Асхабова Лайла, Гарсаева Марьям, Хазуева Барет, Килабова Марет, Иризиев Сайд-Хьамзат, Расумов Ваха, Ахаева Милана, кхиберш. Вуно дика шайн болх бевзаш, безаш, шайна тIедехкина декхарш кхочушдан гIерташ, болх беш схьабогIуш бу уьш. Шарахь шозза Iилманан практикин конференци дIахьо оха нохчийн меттан денна лерина «История и культура народов в зеркале языка» цIе йолу. Цу юкъахь кхийолу говзаллаш йолу дела оьрсийн маттахь йоккху оха цуьнан цIе. Стохка дIаяьхьначу оцу конференци юкъахь нохчийн меттан а, литературин а 7 секци яра болх беш: 5 литературин а, 2 меттанийн а. Докладаш ян тхуна теманаш схьаелла 200 гергга студент вара. Царна юккъера оха уггар дика кечйина докладаш харжа а хоржий зорбане йоху. Шаьш дуьххьара йохуш йолу гIулчаш оцу конференцехула хилча кхидIа а кIорггера нохчийн мотт Iамо студентийн ойла а, лаам а хир бацара-те бохуш беш болх бу иза. Цул сов кафедральни конференцеш, семинарш хуьлу тхан «Школьный и вузовский портфолио учителя» цIе йолуш. Школе балха воьдуш волчу хьехархочунна, шен хаарел сов, оьшуш долу хIума - цуьнан сибат, лелар, хьежам, кхетам, похIма и дерриг муха хила деза хьоьхуш, оцу теманашна докладаш еш тхаьшна юкъахь семинараш дIахьо оха. Тхан къона хьехархой, кандидат, доктор воцург, аспирантурехь доьшуш бу, уьш тхайна тIаьхьакхио гIерташ беш болх бу иза.
- Хьава, вайн къамел дерзош, нохчийн меттан а, литературин а отделени деша бахка лууш болчу кегийрхошка хIун эр дара ахь?
- Вайн республикехь тхо кхачаза школа хир яц. Массанхьа ас олуш дерг, тхуна мил-милла а абитуриент ца веза, тхуна нохчийн мотт хаа а гIерташ, и безаш волу абитуриент веза. Нохчийн мотт безаш, и кIорггера Iамо лууш волчунна тхан университетан неIарш йиллина ю. Кхуза деша веаначунна школехь болх бан Iемар ду, дешархошца дIабийца мотт Iемар бу, царна дIадала гIиллакх оха дIакховдор ду. Деца-ненаца, йишица-вешица, керлачу доьзалехь муьлха юкъаметтигаш лело еза, духар, лелар, къамел муха хила деза, тхайна хуучу кепара, дIахьоьхур ду царна. Деша ван луучунна цIена а, оьзда а йолуш, похIма долуш хьехархой болуш меттиг ю, схьадуьйла эр дара ас Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университете.
- Аш беш берг чIогIа мехала болх бу нохчийн мотт кхиорехь. Дела реза хуьлда шуна. Дала кхидIа а и болх кхиамашца дIабахьа аьтто бойла шун.
- Дела реза хуьлда!

Обновлено (25.04.2018 20:12)

 

Мы в социальных сетях:

855962 s fb icon 325x325 twitter-icon odnoklassniki vk instagram-logo-468

Наши газеты

О нас

o nas
button-mag-sign

Абитуриентам