Get Adobe Flash player

Поиск

Фоторепортаж

001

Наши Друзья

  
 img dobro
 
 
 Tudaiy
 
 
 
  
FADN Logo-02 
 
 
 
logo-ctv

Нохчийн мотт – вайн дахаран хазна

Вайн къоман дахарехь даздеш долчу денойх уггар деза дерг а, вайн къоман уггар а сийлахьчу денойх дерг а Нохчийн меттан де ду. Иза даздо вай хIора шарахь оханан беттан 25-чу дийнахь. Мотт - вайн дахаран ца хилча йиш йоцу гIирс бу. Нохчийн мотт - вайн къоман а, хIора нохчичун а дахаран хазна ю.
Бевзаш болчу оьрсийн яздархоша, поэташа, кхечу къаьмнийн а цхьаьна, Iилманчаша хестийна вайн къоман мотт, и хесто хьакъ болу дела. Эвлаяаша а, динан дайша а, бусалба дин даржочу муьрехь, цу динан бакъо а, нийсо а юьйцуш, нохчийн маттахь бина нахана шайн хьехамаш.

Нохчийн Республикин Конституци тIехь билгалдаьккхина ду нохчийн мотт а, оьрсийн мотт а цхьатерра бакъонаш а йолуш, пачхьалкхан мотт бу, аьлла. Стага, шен къоман мотт и безаш велахь, лоруш велахь, шен мотт бийца хууш велахь, шен къам ша ларар а, цу къоман яхь йолуш волу стаг ша хилар а гойту. Нохчийн меттан говзанча вара Нохчийн Республикин хьалхара Президент хилла волу, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Нохчийн мотт а буьйцуш, кхетийра цо вайн нохчийн къам тIеман къизачу шерашкахь, нийса некъ вайн къомана гойтуш. Иштта, нохчийн матте шен ден хилла боллу ларам болуш, меттан сий-пусар деш, схьавогIуш ву Нохчийн Республикин Куьйгалхо волу, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан.
ХIора доьзалехь нохчийн мотт бийцаре терра бен, цуьнан сий-пусар даре терра бен, вайн къоман гIиллакхаш, Iадаташ, оьздангалла, халкъан ламасташ, къоман истори ларлур яц вайга. Эзарнаш шерашкахь вайн мотт а ларбеш, цунах дозалла а деш, и бийца а буьйцуш хилла болчу вай дайшна, наношна, нохчийн Iилманчашна, яздархошна, динан дайшна хьалха доккхачу декхарийлахь ду вай тахана, вешан мотт а болуш, нохчийн къам хиларна. Къоман дахарехь хала мур тIехIоьттича, вайн къам цу халонашка, баланашка эша ца дайтинарг вайн мотт бу.
Дуьне мел лаьтта, вайн къоман хаза гIиллакхаш массо а къаьмнашна довзуьйтуш, кхуьуш, хазлуш, доттагIаллин, гергарлонийн, уьйрийн мотт хилла, бехийла вайн нохчийн мотт!

Обновлено (25.04.2018 13:20)

 

Мы в социальных сетях:

855962 s fb icon 325x325 twitter-icon odnoklassniki vk instagram-logo-468

Наши газеты

О нас

o nas
button-mag-sign

Абитуриентам