Get Adobe Flash player

Поиск

Фоторепортаж

001

Наши Друзья

  
 img dobro
 
 
 Tudaiy
 
 
 
  
FADN Logo-02 
 
 
 
logo-ctv

Нохчийн мотт - къоман мотт

Хууш ма-хиллара, оханан (апрель) беттан 25-гIа де нохчийн меттан де ду аьлла дIакхайкхийна ду. Нохчийн меттан де тIекхочуш хиларца доьзна, тхан къамел хилира Нохчийн Республикин хьакъволчу журналистаца Дадаев Сайд-Хьасанаца.
– Сайд-Хьасан, нохчийн меттан де мел мехала ду вайна?
– Нохчийн меттан де юкъадаьккхина башха дукха хан яц. И де вайн махкахь вуно хаза билгалдоккхуш а ду. Нохчийн мотт вайн ненан мотт бу. Цундела, мотт кхиор – иза вайн декхар ду.
Нохчийн меттан мехалла массарна а хаийтархьама а, цуьнга массеран а марзо кхоллархьама а юкъадаьккхина ду нохчийн меттан де. Вайн маттаца доьзна хуьлу вайн къоман Iадаташ а, ламасташ а.

Вешан мотт бицбан йиш яц вайн, хIунда аьлча, вай иза бицбахь, вайн къоман культура йицъян а кхерам бу. Масала, зуда ялийначе даханчохь, тезета я хьошалгIа дахначохь шен-шен гIиллакхаш ду вай лардеш. Ишттачохь вовшашка къамел а, вовшашна хетарг а вайн ненан маттахь ма-дарра алало вайга. Хийлазза, кхечу къоман маттахь алалур доцург вайн маттахь хаза алало.
– Нохчийн мотт Iалашбарехь а, кхиорехь а хIун деш ду вайн республикехь?
– Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана боккха тидам тIебохуьйту нохчийн мотт Iамабайтарна а, Iалашбарна а, кхиорна а. Вайн республикехь пачхьалкхан 2 мотт бу – оьрсийн а, нохчийн а. Вайн къоман ламасташна а, Iадаташна а, маттана а вай ваьш тIаьхьакхиа лууш ца хилча, тIекхуьучарга иза дIакховдо а хуур дац вайна. Мотт Iалашбархьама а, иза кхиорхьама а кхоьллина леррина комисси ю.
– Оцу комиссин балхах лаций дийцахьа.
– Шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь нохчийн меттан орфографи ларъярна тIехь терго латтайо комиссин декъашхоша. Иштта, комиссин декъашхойн тергонехь хуьлу зорбанан изданешкахь нохчийн маттахь араюьйлуш йолу материалаш. Цул сов, кегийрхойн нохчийн матте марзо кхолларехь а къахьоьгу комиссехь болх бечу говзанчаша.
– Нохчийн мотт кIорггера Iамош болчу кегийрхошна хIун хьехар дийр дара ахь?
– Уггаре а хьалха, муьлхха а хIума Iамочу хенахь оьшург собар ду, хIунда аьлча, иза ца хилча хIумма а дIагIур дац. Муьлххачу а кхечу къоман мотт Iаморехь санна, нохчийн мотт Iаморехь а нисло шатайпа халонаш. Цундела, собаре хила веза. Иза ду уггаре а коьртаниг.
– Нохчийн мотт Iалашбарехь уггаре а коьртаниг хIун ду аьлла хета хьуна?
– Берана жима долчу хенахь дуьйна марзбан беза нохчийн мотт. Масала, берийн бошмашкахь кест-кеста берашна лерина нохчийн маттахь ловзарш дIадаьхьча дика хир дара. Иштта, нохчийн маттахь йолу передачаш кхин а алсам хилча а, кегийрхойн ойла тIейоьрзур яра аьлла хета суна. Берийн нохчийн матте йолу марзо цуьнан дех, ненах йоьзна а ю дукха хьолахь, хIунда аьлча, цара кхолла еза цаьргахь ненан матте марзо.
Вай нохчий хиларе терра, вовшашка нохчийн маттахь дистхила деза вай, ойла а нохчийн маттахь ян еза, вайн бевзаш болчу яздархойн говзарш еша а еза. Вайн бераша а, кегийрхоша а нохчийн мотт буьйцийла а, кIорггера иза Iамабойла а лаьара суна. Иза иштта ца хилахь, ненан мотт бицбала а генахь дац, ткъа иза бицбича, цуьнца цхьаьна вайн къоман Iадаташ а, ламасташ а дицдаларна кхерам бу.
– Сайд-Хьасан, Дела реза хуьлда хьуна.

Обновлено (25.04.2018 11:45)

 

Мы в социальных сетях:

855962 s fb icon 325x325 twitter-icon odnoklassniki vk instagram-logo-468

Наши газеты

О нас

o nas
button-mag-sign

Абитуриентам