Get Adobe Flash player

Поиск

Фоторепортаж

001

Наши Друзья

  
 img dobro
 
 
 Tudaiy
 
 
 
  
FADN Logo-02 
 

Г1иллакх - ийманан хазна

Цхьанна а къайлаха дац баккхийчаьрца г1иллакх леладар вайн нохчийн къоман мехала х1ума хилар. Вайнехан юкъараллехь къанойн юьхьк1айлла хилла.

Х1ора юьртахь къанойн хьехам хилла, цу хьехам юккъе боьлхуш хилла уггаре а хьомсара тукхаман векалш, цара къастош хилла вайн къоман хьакъ долу хаттарш.
Къаноша гойтуш хилла баккхийчаьрца лело дезаш долу г1иллакхаш, кегийчаьрца хила безаш болу къинхетам.
Г1иллакхах лаьцна дуьйцу Соьлжа-Г1аларчу Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ц1арах долчу коьртачу маьждиган имама Абдулаев Аслана.
Тахана вайн г1иллакхаш мелла г1елделла. Дукхахболчу нахана моьтту дин Ислам ша ду, г1иллакх ша ду. Г1иллакх бохург х1ун ду?
Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) асхьаб хилла волу Абу Х1урайрас (Дела реза хуьлда цунна) аьлла г1иллакхах лаьцна: «Г1иллакх хилар – юьхь къегина хилар ду, шегара диканиг далийтар ду, вониг ца далийтар ду».
Цхьацца болчарна моьтту бусалба дин г1иллакх доцуш деккъа 1ибадат ду.
Цара шайга хаттар дан деза: Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) вайна ваийтаран 1алашо х1ун ю?
Иза ваийтина хилла вайна юкъахь сий долу г1иллакхаш даржо а, и г1иллакхаш вайна довзийта а, уьш ч1аг1дан а.
Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) шен хьадисехь аьлла: «Баккъал а, Дала со ваийтина, сийлахь долу г1иллакхаш даржо».
Дала аьлла Шен Сийлахьчу Къуръана чохь: «Я Мухьаммад! Оха ма ца ваийтина хьо, дерриге 1аламах къинхетам беш бен».
Дала ваийтина вайна Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Ша мел кхоьллинчух къинхетам беш: адамех, даьхнех, г1а-бецах.
Цхьана къомана юккъехь харцо яьржина хилча, х1ума лачкъор даьржина хилча, зулам даьржина хилча, воккханиг лоруш ца хилча, жимачух къинхетам беш ца хилча, зударийн сий деш ца хилча, оцу къомана юккъехь къинхетам хир буй-те? Хир бац. И къам дерза деза Делан Элчане (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дахкийтина долчу сийлахь долчу г1иллакхашка. Т1аккха и зуламаш вайна юккъехь хир дац.
Дала вайна т1едиллина долчу 1ибадато 1амадо сийлахь долу г1иллакхаш. Масала: ламазо 1амадо стагана шен дег1аца, бедарца ц1ена хила а, дийнахь Далла хьалха х1уьттуш, ша Делан лай вуй хаа а. Ша лай вуй хиъча цуьнан дагчуьра куралла д1айолу, Дала и стаг вочух ларво. Марха кхабаро стагана хоуьйту мискачун хьал-де, цуьнан хьал-де хиъча, стагана хаа мацалла х1ун ю, къинхетаме хуьлу и мискачу стагаца. Закат даларо стагехь комаьршалла кхиайо. Хьаьжц1а вахаро нахана юккъехь оьзда лела а, собаре хила а 1амадо.
Цхьана дийнахь Элчане (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) асхьабаш хаттар дина: «Х1ай Делан Элча! Цхьа зуда ю ламазца а, марха кхабарца а ч1ог1а йолуш, делахь шена багахь болчу маттаца лулахошна зен деш ю иза. Х1ун хир ду цунна?» Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) жоп делла: «Иза жоьжахати чохь хир ю». Цара юха а хаьттина: «Цхьа зуда ю ламазца а, марха кхабарца а ч1ог1а яц и, хьалха хьахийнарг санна, делахь нахана ша йолчу меттехь зен деш яц и. Х1ун хир ду цунна?» Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Ялсамани чохь хир ю и».
Цу хьадисо ламаз к1езиг де ца боху, я марханаш ма кхаба ца боху, цу хьадисо гойту Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) деана долу сийлахь долу г1иллакхаш.
Вайн дайша хьалха заманчохь леладеш, сий деш схьадаьхкина ду и хаза г1иллакхаш. Тахана вай уьш леладахь, дин леладинчарах хир ду вай, уьш д1атесна хилахь, дин д1атесанчарах хир ду вай.
Дала вайна схьадахкийтина долу г1иллакхаш леладан а, кхид1а уьш лардан а, доьналла, хьекъал лойла. Дала Ша реза волчу некъа т1ехь вай нисдойла! Амин!

Обновлено (17.04.2018 14:35)

 

Мы в социальных сетях:

855962 s fb icon 325x325 twitter-icon odnoklassniki vk instagram-logo-468

Наши газеты

О нас

o nas
button-mag-sign

Абитуриентам