Get Adobe Flash player

Поиск

Фоторепортаж

001

Наши Друзья

  
 img dobro
 
 
 Tudaiy
 
 
 
  
FADN Logo-02 
 
 
 
logo-ctv

Мотт – халкъан историн куьзга ду

Мотт дIабаьлча, къам дIадолу. Къам дIадаьлча – мотт дIаболу.
Вайн къоман дахарехь даздеш долчу денойх уггар а деза дерг а, вайн къоман уггар а сийлахьчу денойх дерг а Нохчийн меттан де ду. Иза даздо вай хIора шарахь 25-чу апрелехь. Нохчийн Республикин Конституци тIехь билгалдаьккхина ду нохчийн мотт а, оьрсийн мотт а, цхьатерра бакъонаш а йолуш, пачхьалкхан мотт бу, аьлла.

Мотт - вайн дахаран ца хилча йиш йоцу гIирс бу. Мотт – халкъан дахаран хазна ю. Мотт – адамийн дахаран а, юкъараллин а, ойла яран а, кхетаман а, Iилманан а, культурин а, искусствон а, халкъан хьекъалан а уггаре сийлахь, йоккха хазна ю. Шен маттаца доьзна, херадовла йиш йоцуш ду хIора а къоман гIиллакхаш, ламасташ. Иштта маттаца доьзна дуккха а мехала хIуманаш ду къоман дахарехь.
Шен мотт безаш, дешархойн дегнашка ненан меттан хазалла кховдош, шен хIора а поэзин могIанаш яздеш бара поэташ Арсанукаев Шайхи, Музаев Нурди, Дикаев Мохьмад, Мамакаев Мохьмад, Ахмадов Муса, Бексултанов Муса и.кх. Шайн произведенешкахь мел чIогIа буьйцу цара ненан мотт а, нохчийн гIиллакхаш а. Бевзаш болчу оьрсийн яздархоша, поэташа, кхечу къаьмнийн а цхьаьна, Iилманчаша, хестийна вайн къоман мотт, и хесто хьакъ болу дела. Эвлаяаша а, динан дайша а, бусалба дин даржочу муьрехь, цу динан бакъо а, нийсо а юьйцуш, нохчийн маттахь бина нахана шайн хьехамаш.
Стага, шен къоман мотт и безаш велахь, лоруш велахь, шен мотт бийца хууш велахь, шен къам ша ларар а, цу къоман яхь йолуш волу стаг ша хилар а гойту. Нохчийн меттан говзанча вара Нохчийн Республикин хьалхара Президент хилла волу, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Нохчийн мотт а буьйцуш, кхетийра цо вайн нохчийн къам тIеман къизачу шерашкахь, нийса некъ вайн къомана гойтуш. Иштта, нохчийн матте шен ден хилла болу ларам болуш, меттан сий-пусар деш, схьавогIуш ву Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан.
ХIора доьзалехь нохчийн мотт бийцаре терра бен, цуьнан сий-пусар даре терра бен, вайн къоман гIиллакхаш, Iадаташ, оьздангалла, халкъан ламасташ, къоман истори ларлур яц вайга. Эзарнаш шерашкахь вайн мотт а ларбеш, цунах дозалла а деш, и бийца а буьйцуш, хилла болчу вай дайшна, наношна, нохчийн Iилманчашна, яздархошна, динан дайшна хьалха доккхачу декхарийлахь ду вай тахана, вешан мотт а болуш, нохчийн къам хиларна. Къоман дахарехь хала мур тIехIоьттича, вайн къам цу халонашка, баланашка ца эшадайтинарг вайн мотт бу.
Дуьне мел лаьтта, вайн къоман хаза гIиллакхаш массо а къаьмнашна довзуьйтуш, кхуьуш, хазлуш, доттагIаллин, гергарлонийн, уьйрийн мотт хилла бехийла вайн нохчийн мотт!
С. Рухманова

Обновлено (12.04.2018 13:24)

 

Мы в социальных сетях:

855962 s fb icon 325x325 twitter-icon odnoklassniki vk instagram-logo-468

Наши газеты

О нас

o nas
button-mag-sign

Абитуриентам