Get Adobe Flash player

Поиск

Фоторепортаж

001

Наши Друзья

  
 img dobro
 
 
 Tudaiy
 
 
 
  
FADN Logo-02 
 
 
 
logo-ctv

Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Iилма лахар фарз ду xlopa бусалба стагана а, зудчунна а тIехь»

Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Iилма лахар фарз ду xlopa бусалба стагана а, зудчунна а тIехь»
(Ибн МажахIа далийна хьадис)
Делера салам-маршалла хуьлда ша маьрша дин даржош веанчу вайн Элчанна Мухьаммадна, цуьнан доьзална а, асхьабашна а, къематде даллалц нийсонца царна тIаьхьабаьзначарна а.

Хастам бу Далла, бусалба стаг Iилма Iаморна, хIума довзарна тIехь сутара винчу, Iилма лаха аьлла, бусалба динан нийса некъ билгалбинчу. Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Дала шу арадаьхна шайн нанойн кийрара, шу хIумма хууш а доцуш: Дала шуна лерса, бIаьрса, дегнаш а делла, шу цу ниIматашна шукра (пусар) деш хилийтархьама» (16-гIа сурат, 78-гIа аят).
Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Ахь ала: «ХIай сан Дела, Iилманехь совваккхахь со» (20-гIа, 114-гIa аят).
Баккъал а, Веза-Сийлахьчу Дала кхоччуш тергам тIебахийтина Iилма Iаморна, Цо деза лерина бусалба наха Iилма лахар а, хьекъалца Iамал яр а. Iилма Iамош йоккху хан, Iибадат деш йоккхучу хенал а еза лерина Дала. Цундела бусалба стагана тIехь ду шен ницкъ кхочучу барамехь Iилма Iамор. Вайн Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Iилма лахар фарз ду xlopa бусалба стагана а, зудчунна а тIехь» (Ибн МажахIа далийна хьадис). Бусалба стаг шегара Iилма нахана дIахьехарца пайда беш хила веза, ца хуург леладарца нахана юккъе питана а ца даржош. Вайн Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Шух уггар а дика верг - шена Къуръан деша а Iамийна, цул тIаьхьа иза кхечунна дIахьехнарг ву» (Бухарис далийна хьадиc).
Iилма Iамор а, и дIахьехар а Далла гергахь деза хилар дуьйцуш дуккха аяташ а, хьадисаш а ду.
Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «АллахIа даржехь хьалаойу шух ийман диллинарш а, шайна Iилма делларш а» (58-гIа сурат, 11-гIа аят).
Сийлахьчу аяташка, хьадисашка ладоьгIча, Iилма Iамор дагчу дуьжу. Бусалба стеган дуьненан дахаран хьал а, эхарт а тодеш дерг Iилма ду. Цундела бусалба стаг сутара хила веза Iилма Iаморехь а, ша Iамийнарг дIахьехарехь а. Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) асхьаб хиллачу Хурайре (Дела реза хуьлда цунна) хаьттина хилла: «ХIун дийр дара ахь, хьо кхана лийр волуш вуйла хиъча?» - аьлла. «Кхин дIа а сайгара Iилма совдаккха хьожур вара со»,- жоп делла цо дукха ойла ца еш.
Веза-Сийлахьчу Дала Ша резаволу Iилма лаха а, Iамо а, Iамийнарг кхечарна дIахьеха а хьекъал, собар, ницкъ а лойла бусалба нахана.

Обновлено (20.03.2018 18:17)

 

Мы в социальных сетях:

855962 s fb icon 325x325 twitter-icon odnoklassniki vk instagram-logo-468

Наши газеты

О нас

o nas
button-mag-sign

Абитуриентам