Get Adobe Flash player

Поиск

Фоторепортаж

001

Наши Друзья

  
 img dobro
 
 
 Tudaiy
 
 
 
  
FADN Logo-02 
 
 
 
logo-ctv

Бусалба стеган низамах лаьцна болу хьехам

Уггар хьалха бусалба стага самаваьлча: «Далла бу хастам, тхо деллачул т1аьхьа дендина волчу», - аьлла хастам бан беза, х1унда аьлча, вижина волу стаг велла лоруш ву. Цул т1аьхьа хьалаг1аьттина ламаз эцна, Далла дуьхьал, къилбехьа вирзина ламаз дан деза. Шайт1ано кхоъ шад бо аьлла бусалба стеган коьрта т1ехь: хьалхара шад бусалба стага д1абосту ша 1уьйранна самаваьлча деш долу до1а бахьана долуш; шолг1а шад д1абастало цо ламазна кечам бича, кхоалг1а шад д1абастало «Аллах1у Акбар» аьлла, цо ламаз шен хенахь дихкича.

Нагахь санна и хьала ца г1аттахь, ламаз ца деш хан яхийтахь, и кхоь а шад бой шайт1ано стаг 1ехаво. Г1атта везачул т1аьхьа стаг самаваьлча, дег1 доьхна долуш хьалаг1отту и, кхин д1а долу де беркате доцуш д1адоьду цуьнан. Шен хенахь ламаз дина, Деле шена а, шен доьзална а доьхург дехна, араваьлла шен г1уллакх дар, шен доьзалан г1уллакхе хьажар г1олехь ду.
Вайн Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) шен х1усамнене 1айшате (Дела реза хуьлда цунна) аьлла: «Хьалаг1атта, Дала массарна а д1адоькъуш долчу ни1матах хьайна дог1уш долу дакъа схьаэца». Оцу беркатечу Дала д1адоькъуш долчу рицкъанан дакъа схьаэца 1уьйрре г1аьттина хила везаш ву.
Араволуш ша зенах-зуламах ларвайта до1а дан деза: «Везан Дела, сайна а, сайн доьзална а Хьо реза волу хьанал рицкъа лаха пурба ло Ахь». И нийят дина араваьлча, юха шен ц1а кхаччалц, хьарам долу х1ума цо ца дахь и ял Дала цунна д1аязйо.
1уьйранна «Курсийу», «аль-Ихлас», «Фалакъ» дешахь суьйренга валлалц и ларвеш Делан маликаш хир ду. Суьйранна цо уьш дешахь 1уьйренга валлалц а иза ларвеш хир ву.
Цу т1ера шена болх д1аболабо бусалба стага 1уьйранна араваьлча.
Бусалба стаг вог1уш-воьдуш Дала хьарам дина долчуьнга д1а ца хьажарца шен б1аьргаш лардеш, ша д1аолуш долчу х1уманна ларлуш хила везаш ву. Коьрта 1алашо болх бан араволуш волчу стеган ю.
Нагахь санна иза балхахь воцуш ц1ахь велахь, цо дича дика ду: лулахь велла стаг велахь цига ладог1ар, царна накъосталла дар. Цунна докъан ламаз даллалц тезетахь 1ийча, Охьулд бохуш болчу Маккара боккхачу ломан барамехь ял хир ма ю цунна. Стаг д1аволлалц кешнашкахь 1ийна и юхавирзича и лам шозза хиллал, ши лам баккхал ял йохьуш ц1а воьрзур ву иза аьлла ду. Цомгуш волчу стаге хьажа вахар, зиярт дар, Хьаьж дича санна ял йолуш ду аьлла меттиг ю Делан. Г1о оьшуш стаг велахь, цунна г1о дарца Дела реза волчу новкъахь ву иза. Бусалба стага цхьана стеган хьашт кхочушдича, Дала эзар хьашташ кхочушдийр ду цуьнан.
Цул т1аьхьа ша йоккхуш йолчу хенахь шен х1усам чохь оьшуш долу хьал кхочушдийр ду цо.
Мичча а ша воьдуш (тезета, кешнашка, цомгуш волу стаг волчу), до1а а дина иза араволуш велахь, соцуш доцу 1ибадат санна, ял д1аязйо цунна.
Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) шен хьадисехь аьлла: «Муьлхха а ахь еш йолу 1амал, дика х1ума хьан нийяте хьаьжжина хир ду».
Бусалба стага муьлххачу а хенахь, мукъа хан ца йохуьйтуш, «Астаг1фируллах1» – шегара дийлинчарна дохковалар, гечдар доьхуш, «Алхьамдулиллах1» - Далла хастам беш, Дала шена дина долу диканаш дагалоцуш, «Аллах1у Акбар» – тамашийна, доккха х1ума делахь, Аллах1-Дела воккха ву баха деза.
Дала Ша реза волчу новкъахь нисдойла вай. Амин.
Хьехам зорбане кечбинарг – А. Берсанов

Обновлено (13.03.2018 15:09)

 

Мы в социальных сетях:

855962 s fb icon 325x325 twitter-icon odnoklassniki vk instagram-logo-468

Наши газеты

О нас

o nas
button-mag-sign

Абитуриентам