Get Adobe Flash player

Поиск

Фоторепортаж

001

Наши Друзья

  
 img dobro
 
 
 Tudaiy
 
 
 
  
FADN Logo-02 
 
 
 
logo-ctv

Мила вара Ахьмад-Хьаьжа? Цо х1ун лар йитина шен дахарехь?

Оцу хаттаршна жоьпаш делира Солжа-Г1алахь Нохчийчоьнан бахархоша.

Бувайсар, 60 шо, пенсионер:
- Нохчийн исторехь Кадыров Ахьмад-Хьаьжа санна шен къомана т1ехь йолчу харцонна майрра дуьхьал а ваьлла, шен дахар д1аделла тхьамда вац схьавийца, иза воцург. Кадыров Ахьмад-Хьаьжа харцонна дуьхьал вала шегахь майралла а йолуш къонаха вара. 13 шо хьалха Нохчийчохь тхьамданийн къелла х1оьттича дарж дезаш берш дуккха а бара, амма бацара цуьнан санна доьналла долу нах.

Сов кхераме зама ма яра иза. Ахьмад-Хьаьжа халкъана диканиг дан лууш хилар б1аьрла гуш дара. Цунна т1аьхь-т1аьхьа дика гора вайн баланийн орам Нохчийчохь хилла 1аш ца хилар. Нохчийчуьра мехкдаьтта дерриг а д1ахьуш хилар а, Россин хаамийн г1ирсаш нохчашна т1ехь харц ц1е кхолла г1ертарх г1уллакх хирг ца хиларх а, федералаша лелош йолу харцонаш совцо езаш хиларх а лаьцна ондда, майрра, ира д1аолуш вара иза, оцу дерригенна а бехкечарна иза мел товш цахиларх. Адамаша къобал а дора и цуьнан хьуьнар.
Дени, 50 шо, г1ишлошъярхо:
- Массо а стаг харцонна, т1амна дуьхьал валар, масла1ат лехар, 1едалехь болчара хьарам-хьанал къастош болхбар, адамашна белхан меттигаш хилийтар, беттачу меттанийн буха т1ехь адамаш ца лецар, бехк боцуш лецнарш д1ахецар, даима а вайн къоман сий лакхадолу х1ума лехар, диканиг совдаккхар - уьш дерриг лууш а, дезаш а вара Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Дала декъалвойла иза!
Хаси, 35 шо, хьехархо:
- Ахьмад-Хьаьжин, кхин ца хиллал, доккха хьуьнар лара дог1у, т1ом сацор, халкъ кхид1а х1аллакьхиларх хьалха а доккхуш, республика меттах1отторна оьшу хьелаш кхолла цуьнан ницкъ кхачар. Тахана Нохчийчоь юхаметтах1отторехь вайна гуш долу сурт, цо д1адолийначу г1уллакхийн беркате т1аьхье ю. Цхьана а тайпана шеко йоцуш, доьналла долуш политик а вара иза. Шен халкъ цхьаьнгге а хьийзадойтур долуш вацара иза: я федералашка а, я т1емалошка а. Ахьмад-Хьаьжа вайн къомана юккъера а волуш, нийсса бакъонан новкъа д1аг1ерташ а волуш, Дала вайн къинна цу дарже нисвина стаг вара. Кхин ца хиллал деза дукъ дара вайн мехкан тхьамдано шена т1елаьцнарг.
Ибрах1им, 40 шо, 1еламстаг:
- Халкъан г1айг1а а йолуш, къинт1ера вала кийчча а волуш, шен къоман хало а, бала а боькъуш, нах лара а, ша ларийта а хууш, къонах вара Ахьмад-Хьаьжа. Муьлххачу хенахь Москвахь, я кхечу регионехь хиларх, Нохчийчохь х1оьттинчу сингаттамана (вер-ваккхар, нах д1абигар, мел дара уьш х1етахь) сихха ц1а а вог1ий, г1уллакх дерзадора цо. Хьалхара Президент, Россин Турпалхо - яккхий ц1ераш ю уьш. Х1ета, соьга хаьттича, кхин а еза ю Къонах боху дерриге а халкъо луш йолу ц1е. Делан дуьхьа шен са д1аделла Ахьмад-Хьаьжас. Дала декъалвойла иза! Доцца аьлча, и ду-кх суна цунах лаьцна ала луурш дерг.
Майрсолта, 35 шо, пачхьалкхан г1уллакххо:
- Таханлерчу дийнахь цуьнан некъ, цуьнан дахар къобалдеш юхаметтах1уьттуш ю ярташ, г1аланаш, кхуьуш ду бераш. Вайн къоман иэсехь гуттаренна ваха висина Нохчийчоьнан хьалхара Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Иза иштта хилар дуьненна а гуш дара. Нохчийн халкъ х1аллакьхиларан а, дисаран а зил т1е х1оьттича, цо яьккхинчу г1улчан мах хадо тахана вайна хала ду. Дуккха а хан-зама еза цуьнан хьуьнаре г1уллакхийн мах хадо. Нохчийн г1иллакх дукхадезаш, дуьненахь а нохчийн ц1е диканца яккхийта лууш стаг вара Ахьмад-Хьаьжа. Дела ву сан дог-ойла гуш, хьалха а, тахана а цунах суна хеташ дерг цхьаъ ду: Ахьмад-Хьаьжа шен халкъах доглозуш, вуьззина шен мехкан к1ант вара!
Замани, 36 шо, х1усамнана:
- 2000-чу шеран 12-чу июнехь Нохчийн Республикин Ханна йолчу Администрацин коьрте х1оьттира Ахьмад-Хьаьжа. 2003-чу шарахь иза кхиамца чекхвелира Нохчийчоьнан Президент харжарехула хиллачу харжамех. Нохчийн Республикин Президент хаьржира иза. Цуьнан нийят дара шен халкъ зуламах хьалхадаккхар. Ехха ойланаш, к1орггера хьесапаш дина хир долуш дара Кадыров Ахьмад-Хьаьжас ша халкъана хьалхавалале, цуьнан лазам, шениг санна, т1еэцале. Цо дерриге а дира шен нийят кхочушдархьама. Дала халкъана а, махкана а беркате вира иза. Ахьмад-Хьаьжас накъосталла, вошалла дора лоьрашна, артисташна, 1илманчашна, яздархошна, со санна мог1арерчу нахана. Цо дагалаьцна хилла даккхий диканаш тахана кхочушхуьлуш ду. Ткъа иза тоьлла совг1ат ду бакъдуьненахь волчу Ахьмад-Хьаьжина.
Андарбек, 35 шо, эскаран г1уллакххо:
-Махкана сингаттам, бохам ца хилийта хаза неха санна сема вара Ахьмад-Хьаьжа. Иза вайн къомах Дала бина къинхетам хилар гуш дара жимачунна а, воккхачунна а. Цуьнан амалехь суна къаьсттина товш дерг - иза нийсо езаш хилар дара. Цуьнан доккха хьуьнар бахьанехь дерриге дуьненна а бевзира нохчийн халкъан лаам. Нохчийн халкъан къонахех, турпалхойх цхьаъ вара Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Цундела вуьсур ву иза даима а вайн халкъан иэсехь.
Бексолта, 20 шо, студент:
- Цкъа а кхерар, озавалар х1ун ду ца хууш, мел халачу муьрехь а б1аьрг-нег1ар тухур доцуш стаг хилла Ахьмад-Хьаьжа. Цо уггаре а лоруш дерг адамехь долу г1иллакх а, къинхетам а, адамалла а хилла. Дала гечдойла цунна, Дала г1азот къобал а дойла. Дала сий дойла цуьнан к1ентан Рамзанан а. Шен ден сийлахь ц1е д1акхехьа ницкъ а, хьекъал а, могашалла а лойла цунна. Дала мукъ лахь, г1оза-маьрша, ирсе дехар ду вай вешан махкахь!
1усман, 35 шо, хьехархо:
- Республикин куьйгаллехь ша яьккхинчу йоццачу хенахь Кадыров Ахьмад-Хьаьжас 1аламат дукха г1уллакхаш дира вайн къоман оьздангалла а, литература а, мотт а кхиорехь. 1илманчаш, яздархой, журналисташ цуьнан беза хьеший бара. Иза сих-сиха цхьаьнакхетара цаьрца, лерина ладуг1ура цара дуьйцучуьнга, даима церан дог оьций, далуш долу г1о дой бен д1а ца бохуьйтура. 2003-г1а шо - и санна волу тхьамда вайна ч1ог1а оьшу хан яра иза. Амма цо дуьненчохь йоккхучу хенахь иза дан ларийнарг, иза дан кхиънарг довр дац заманан йохаллехь. Политикехь, 1едалан балхахь, пачхьалкхан г1уллакхашкахь йоккха лар йитина цо. Х1ета къонахчунна цул сийлахь х1ума дац х1окху доккхачу дуьненахь.

Обновлено (05.03.2018 15:10)

 

Мы в социальных сетях:

855962 s fb icon 325x325 twitter-icon odnoklassniki vk instagram-logo-468

Наши газеты

О нас

o nas
button-mag-sign

Абитуриентам