Get Adobe Flash player

Поиск

Фоторепортаж

001

Наши Друзья

  
 img dobro
 
 
 Tudaiy
 
 
 
  
FADN Logo-02 
 

Мовлад

Бисмиллах1иррохьманиррохьими.
Салатуна саламуна 1алайкам Мухьаммад, вайн элчанан возалла мел дийцарх кхачалур дац.
Дуьне, 1алам кхоллале, синош кхоьллира вайн Дала.

Цу синошлахь даздина хьан са кхоьллира вайн Дала.
Адам пайхамаран зуьретах хьан са дог1уш ма дара, пайхамаран сил т1аьхьа и дуьненчу ма даьккхира.
Цу сийдолчу дайшкара хьан са дог1уш ма дара.
Т1аьхьара зама т1екхаьчча 1абдуллах1и ма хили.
1абдуллах1 ша ма хили ирс долчу к1ентан да. Цуьнан ц1ийнан ва нана Вах1абан йо1 Аминат.
Тайпа Къурайшин долуш, Маккахь вина ва волуш, Шапа1атан да вара, ва Мухьаммад пайхамар.
Азаллехь ша яздинчу шен йозан т1е яздина, «Ва Мухьаммад пайхамар сийлахь элча ву», аьлла.
Дуьне, 1алам ва кхобуш, даима дийна ва волуш, шен ц1арах ц1е х1оьттина, хьо дуьненчу ма ваьккхира.
Раби1у-авваль шийттолг1ачу ва буса элча дуьненчу велира, дуьненан, 1аламан нур хилла.
Доккха ирс хили хьан, элчанан да, 1абдуллах1, хьан санна к1ант ва волуш, цхьа да ма вацара.
Доккха ирс хили хьан, Вах1абан йо1 Аминат. Хьан санна к1ант ва волуш, цхьа а нана яцара.
Вина нана Аминат, кхаьбна нана Хьалимат. Декъалхилла ши нана, элча варца, кхиорца.
Элча дуьненчу ваьлла оршотан ва буса Везачу Дала язйира, керистана бала луш.
Элча винчу ва буса ша къаьстина ма дара, малх кхетале ва хьалха дуьненчохь нур ма дара.
Элча винчу ва буса и къурайшин ва хьайбанаш кхаьънаш дохуш ма дара: «Тховса элча вина», бохуш.
Элча винчу ва буса и бух1айрат боху х1орд, 1аламат ша ва хилла ловзуш, лестош ма бара.
Элча дуьненчу валлалц стигла дуьйлу шайт1анаш, ва маликийн хабаре шаьш ладег1а г1ертара.
Элча, Дала вазварна и дуьненчу ва ваьлча, седарчий а ва детташ, духа чехош ма дара.
Элча дуьненчу валлалц севцца лаьтташ долу хиш элча дуьненчу ваьлча дуьйладелла ма дара.
Элча винчу ва буса, шайн хиш лекъна, ц1ераш яйна, сахиллалц ша ма дилхира и керста ва адам.
Элча бераллехь дуьйна, Далла везна ма вара. Джабраил Малике Дала къамел дойтура.
Элча жима ва волуш, цатам хилла вилхича, Делера хаам ма хилира: «Велха мегар дац», аьлла.
Хьан б1аьргара хин т1адам лаьтта охьа ва боьжча, Г1а-буц дала амал дац, дуьне дакъалур ма ду.
Делера оьмар кхочуш деш и воьлхучура ма сецира. Цо шен дагахь бохура «ЛА ИЛЛАХ1А ИЛЛАЛЛАХ1».
Вайн Элчан 1аламаташ мел тамашийна дара, Ша винчу ва дийнахь Дела хьехош ма вара.
Элча винчу ва буса, бага хьееш ма вара, улло вахна ладог1ча-Делан ц1ераш йохура.
Ладог1ийша вежарий, вайна Элчан возалла, доккха ниъмат ду шуна, Дала вайна делларг.
Вайн Элчан шапа1ат, ваьшна дезаш вай делахь, дилла деза вай цунна, Делан деза салават.
Мовла ясалли ва сала , линда иман абада, 1ала-а хьаби-ибик хойрил халкъи кулли х1ими.
Элча жима ва волуш, цуьнан да-нана кхелхина, Элча кхаба ца оьцура, г1ийла бо ду и бохуш.
Хьалимат ша ма яхара, шена кхаба бер лаха,Элчи кхаба ца ийцира и г1ийла бо ду ва аьлла.
Цо ц1ахь дега хаьттира, 1абдуллах1и цхьа бо ду, иза кхаба эцарах, вайна пайда хири те?
Ц1ахь цун жоп делира, ва Шовди хьо Хьалимат, иза наха ва вехьнехь, вайн дан амал дацара.
Хьалимат ша ма яхар, юха Элча ва волче, х1ара жовхар ду бохуш, Элча кхаба ма валийра.
Мискалла г1аддайначу Хьалимата и вакхийра. И вакхийчхьана иза хьал долуш ма хилира.
Элча бералехь дуьйна нийсо лелош ма вара, нийса доцу г1иллакхаш цхьа а цуьнца дацара.
Элчанца шен ва кхобуш, Хьалиматан к1ант вара, цунна бог1у ва накха, Элча бууш вацара.
Цунах хуур ма дара, Дала ша вазвар, цуьнах билгал долура Сийлахь Элча хьо хилар.
Ладог1ийша вежарий, вайн Элчанан возалла, доккха ниъмат ду шуна, Дала вайна делларг.
Вайна Элчан шапа1ат, ваьшна дезаш вай делахь, дилла деза вай цунна, Делан деза салават. Мовла ясолли ва са, лимбда иман абада.1ала-а хьаби-ибик хойрил халкъи куллих1ими.
Элча жима ва волуш, Хьалимата и кхобуш, Малик охьа доьссина, кийрара дог даьккхира.
И ц1ан дина, тадина, цу т1е мухар та1ийна, Элча билгал ва воккхуш, юха кийра диллира.
Цунах кхераеллачу Хьалимата, ойла йира. К1ант волчунна д1авала цо шен дагахь ма сацийра.
Хьалимат ша ма яхара, шеца Элча ва волуш, Элчанан нах ва болчу,шайн к1ант д1аэца, аьлла.
Маккин эли ма бара,жа1аршна шаьш г1уллакх деш, Элча везаш бацара,жа1арш сийсазйо ва бохуш.
Элча, Дала вазварна, жа1арш йолчу и вахчи, жа1арш юхуш ма яра, лаьтта охьа етталуш.
Абужех1ил вара ша, Элчанца ва къуьйсуш,ша эшна к1ел ма висир, Далла тола ца лиъна.
Цо орца ма элира, ва Хьабибе паччахье, геланча вахитира, шен кехат ва эцна.
Веана ма кхечира, ва Хьабиби ва паччахь.Шийтта эзар ва бере, шеца цхьаьна ва волуш.
Кхайкхина т1е ма валийра, сий долу цо Мохьаммад. « Схьагайтахьа, х1ай Мохьаммад, хьайгара ахь билгало».
«Х1ун билгало еза хьуна, ва Хьабиби, ва паччахь, билгало ю хьуна ахь шена ц1е тоьхнариг».
«Шена дера лаьара, и малх д1а а бузийта. Цуьнан метта бутт кхетта, и лаьтта боссийта.
Хьо бакъ веш, бист хила, шах1адат далийна, хьан коьрта т1ехь ва сецна, и юха берзийта».
Т1аккха Элча ма велир Абу-Къуббайс цу лам т1е. Ширка1атан ламаз дан, ша нийсса х1оьттина.
Г1елвелла до1а дира, сийдолчу Элчано. Т1аккха Дала жоп делира, сийдолчу Элчанна.
И малх д1а а буьзира, цуьнан метта бутт кхийтира, и лаьтта т1е а боьссира, Элчана т1ехь сецира.
Цо шах1адат ма далийра, Элча бакъ ву ва аьлла.Т1аккха Хьаьбиби-паччахьо цуьнца иман диллира.
Абужех1ил г1ел велира шех паччахь д1акъаьстина. Элча бакъ ван ца лууш, юккъе дешнаш туьйсура.
Цхьа эмкал ма ялийра, ва Хьабиби-паччахьо: «Шуьшиннах бакъволчуьнга эмкал дуьхьал йистхир ю».
Абужех1ил схьаьвирзира шен жа1аршца ва улло. Эмкал йист д1а ца хилира, Абужех1ил бакъ ца веш.
Вайн Пайхамар вистхилчи,эмкал дуьхьал йист хилира. Цо шах1адат ма далийра, Элча бакъ ву, ва аьлла.
Ша даьккхинчу орцанах шена дуьхьал б1о хилла, Абужех1ил к1елвисира шен некъ нийса ца хилла.
Хьабиби-паччахьо ма элира: « Шен дагара ахь дийцахь, ша къера ма ву хьуна, хьо Элча хиларна».
Вайн Элчано ма элира: « Хьан ц1ахь цхьа йо1 ма яра, ца11а меже ва йоцуш, цуьнан г1айг1а ю хьуна. Дела вайца ву хьуна, вайн до1ийна жоп лур долуш, хьо юха ц1а верзале, моссо меже хир ма ю».
Паччахь ц1ент1е верзале кхаьънаш дохуш ма дара: « Паччахьан йо1 тоелла, массо меже ю,боху».
Йо1а дега бохура: « Вайга цхьа стаг ма веара, цо шена т1е куьг хьаькхча, массо меже хилира шен».
Ладог1ийша вежарий, вайна Элчан возалла, доккха ни1мат ду шуна, Далла вайна деллариг.
Вайн Элчан шапа1ат, ваьшна дезаш вай делахь, дилла деза вай цунна, Делан деза салават.
Мовла солли ва саллим лимбда иман абада 1ала-а хьаби- ибик хойрил халкъи куллих1ими.
Элча хьо мел вези ву, хьо Дала мел вазвина. Хьан сийдарца г1овтту тхо,хьоь маршалла ва хоттуш.
Мархьаба я мархьаба,Жаздал, Хьусейн мархьаба. Мархьаба я мархьаба,Жаздал, Хьусейн мархьаба. Мархьаба я мархьаба,Жаздал, Хьусейн мархьаба.
Ахь, Делаца къамел деш, Дела дуьхьал вист хуьлуш, Деле уммат дийхир ахь, хьо г1елвелла вилхина.
Дала хьуна жоп делира: «Хьан уммат хьан ду», аьлла. «Хьан умматан дола дан хьо Пайхамар ву», аьлла.
Хьо везнариг Дела ву, Дела везнарг хьо ма ву. Хьо т1ехдукха везначунна, хьан шапа1ат хир ма ду.
Дин кхайкха де ва аьлла, Делера хаам ва хилча, Элча г1ийла ма вара, шеца накъост ва воцуш.
Цуьнан деваша ма вара шен ц1е Хьамзат ва йолуш. Хьалхе иман диллина, Элча къобал веш вара.
1умар, 1ели ма вара, 1усман, Халид ма вара, ибну Мас1уд ва волуш, т1амт1ехь каде ма бара.
Халид-Асхьаб ма вара, Макки чохь ша тур хьокхуш. Ша иман чохь ма вара, Делан ц1ераш яхарца.
Маккий элий ма бара, вайн Элчанца машар буьйцуш. Вайн Пайхамар ма вара, т1ом сацабе ва бохуш.
Цо геланча вахитира, тур сацаде ва аьлла. Вахийтинчу геланчо, тур хьакха боху, аьллера.
Маккийчохь т1ом чекхбелира, Элчан омар кхочуш ца деш. Элча тамаш беш вара, ша аьллариг ца дарна.
Халид-асхьаб т1екхайкхира, цуьнга хаттар дира цо: « Ша аьллариг ца ди ахь, бехке ву хьо», аьллера
Халида ша ма элира: «Ша бехке вац, х1ай Пайхамар, схьавеанчу геланчас, тур хьакха аьлла бохура».
Геланче ша т1екхайкхира: «Ахь нийса д1а ца аьлла, ша хьоьга ма элира, тур сацаде», ва аьлла.
Геланчо ша ма элира: «Бакъ ма ду х1ай Пайхамар, ахь аьллариг д1а ала шен мотт лелаш бацара.
Дела вицлуш вацара, хьалха йинчу ч1аг1онна. И ладоьг1уш ма вара, цара дечу къамеле.
Д1аяханчу заман чохь, Пайхамар т1амт1ехь волуш. Пайхамаран церг яьккхира, керстанан куьгашца.
Цуьнан цериг яьккхича, Халида ша ч1аг1о йира, делан ц1арца дуй бууш: «Макка йоккхур ю», аьлла.
Цуьнан ч1аг1о ца йохо Д1аваханчу геланчас, Делан лаам ва хилла, тур хьакха боху олура.
Церан къовсам ва хилча, Делера схьа хезира: « Бехке вериг аш лехахь, Ша ву шуна», ва аьлла.
Ладог1ийша вежарий, вай Элчана возалла, доккха ни1мат ду шуна, Дала вайна деллариг. Вайн Элчанна шапа1ат, ваьшна дезаш вай делахь, дилла деза вай цунна, Делан деза салават. Мовла солли ва саллим лимбда иман абада 1ала-а хьаби- ибик хойрил халкъи куллих1ими.
Дуьненчохь дин дацара,Макки чохь дин дацара. Вайн Пайхамар валлалц, иман-ислам дацара.
Дуьненчохь дин даьржира, Макки чохь дин даьржира. Вайн Пайхамар ва веъчи, иман-ислам даьржира.
Хьан беркато дуьзи-кха х1ара маьлхан ва дуьне. Хьо дуьнен чохь вуьйцура сийлахь Элча ву, бохуш.
Дууш-молуш ва доцуш, Далла муьт1ахь ва долчу, дуьнено а вазви хьо, ва Мухьаммад Пайхамар.
Хьан Сийлахь ц1е ма кхечи ва стигланан 1аьрчашка, Маликаша вуьйцу хьо, Сийлахь Элча ву бохуш.
Буьйса 1аьржа ва еъча, буса ара хьо ваьлча, буьйса серла йоккхура хьан хазачу ва нуьро.
Тхо ирс долуш ма хилла хьан умматах кхолларна.
Къемат дийнахь дола дан, хьо Пайхамар хиларна.
Вайн Элчан шапа1ат, ваьшна дезаш вай делахь, дилла деза вай цунна, Делан деза салават.
Мовла я солли ва са либда иман абада 1ала-а хьаби- ибик хойрил халкъи куллих1ими.
Васоллия роббана роббассама-а-ва-ати, 1ала Мухьаммадина-а хойрил-яти.

 

Мы в социальных сетях:

855962 s fb icon 325x325 twitter-icon odnoklassniki vk instagram-logo-468

Наши газеты

О нас

o nas
button-mag-sign

Абитуриентам