Get Adobe Flash player

Поиск

Фоторепортаж

001

Наши Друзья

  
 img dobro
 
 
 Tudaiy
 
 
 
  
FADN Logo-02 
 

Элчанна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) йина дуьхьало

Дала боху Шен Сийлахьчу Къуръанчохь: «Дала доккха дика дира бусалба нахана царна Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) вахийтарца царах шайх. Цо царна доьшура Делан аяташ, г1иллакхехь са бохура цо уьш. Цо хьоьхура царна Къуръан, уьш хиллехь а и вале хьалха биллагал тиларчохь.

Дала доккха дика дина вайна Мухьаммадан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) умматехь кхолларна. Дала вайна дина долу доккха дика х1ун ду аьлча - вай тиларех арадахар, вай Ислам- динехь нисдар. Дала Къуръанан аятехь боху: «Баккъалла дара шуна Элчанехь хаза масал, кхана дог1ун долчу къематдийнах кхоьручунна а, Аллах1ах кхоьручунна а, Аллах1 дукха хьехочунна».
Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) х1усамехь хилла цуьнан асхьаб Совбан бохуш. Цхьана дийнахь Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) х1усамера араваьлла. И юха ца воьрзуш хан-зама яьлча Совбан кхеравелла г1айг1ане вахана, сингаттамехь хилла. Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) ц1а веъча: «Х1ай Делан Элча, кхерий-кха ахь со», - аьлла вилхира боху Совбан. Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хаьттина: «Х1унда воьлхуш ву хьо, х1ай Совбан?» Совбана аьлла: «Кхана дог1ун долу къематде а, Ялсаманехь хьан хинйолу меттиг а, хьох къастар а дагадеара суна, и бахьана долуш вилхира со». Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Дала аьлла: «Милла велахь а, оцу Аллах1-Далла а, Элчанна а муьт1ахь хилла верг, Дала Шен ни1мат дина хилла болчу нахаца цхьаьна хир ву. Пайхамаршца а, бакъ луьйш хилла болчу нахаца, г1азоташца, Делаца дика хиллачу нахаца цхьаьна хир бу уьш». Веза хинволчу Дала и Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дукхавезначерех дойла вай.
Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) шен некъахь дин кхайкхош дуккха а баланаш лайна, чевнаш хилла цунна. Иштта зуьйш хилла и Дала. Дала къонах зуьйр ву цуьнан иймане хьаьжжина, цуьнан ийман ч1ог1а делахь и зер ч1ог1а хир ду, цуьнан ийман г1ийла делахь – и зер к1еззиг хир ду аьлла. Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) новкъахь лан уггаре хала х1ун хилла аьлча, цкъа а харцдерг дийцина воцу стаг, цкъа а шегара бакъдерг бен даьлла воцу стаг, цунна уггаре 1аьвжаме дерг – цуьнан деваша Абу Джах1ил вара. Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Маккахь адамашка вистхуьлуш, дин кхайкхош и волавелча Абу Джах1ила Делан Элчанна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьалха а оьккхий: «Ла ма дог1алаш х1окхуьнга, х1ара харц луьйш ву шуна, х1ара коьртаца телхина стаг ву шуна, х1ара галваьлла стаг ву шуна», - олуш хилла. Набрат бин Хьарис бохуш цхьа стаг хиллера, Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Къуръан деша волавелча и харц дархьама Фарис махка а вахана, цигахь доцург а, харцонаш а 1амийна хиллера цо. Маккахь цо олуш хилла: «Х1ай къурайшаш, шу схьагуллолаш, ас Мухьаммада дуьйцучул хаза къамел дийр ду шуна».
Делан Элчанна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) новкъарло йинчарех ю Абу Лах1абан х1усамнана Умма Джамиль. Цо Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) шен х1усаме вирзича буьйсанна яха йоьдий Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) не1аре к1охцалгаш кхуьйсуш хилла цо.
Делан Элчанна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) йинчу новкъарлонех ю Дала Умма Джамилан, Абу Лах1абан хьокъехь Къуръанан «Таббат» бохуш долу сурат доссийча, шена и хезча сихъелла Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) лаха яхна и Умма Жамиль. Абубакар Сиддикъ, Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Ка1батна юххехь хиина 1аш карийна цунна. Абубакар Сиддикъна т1е а йирзина цо къамел долийра боху: «Мухьаммада шен къамелехь со вон хьахийна аьлла хезна суна, ахь хабар тохалахь цуьнга, нагахь санна и суна дуьхьалкхетахь х1ара сан буйнахь долу т1улгаш ца детташ и вуьтур ма вац ас». Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) гина ца хилла цунна, х1унда аьлча Дала б1аьрса д1аэцна хилла цуьнан. Цигара юха а йирзина къурайшашна юккъе д1а а х1оьттина Умма Джамилас Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) сийсаз веш байт аьлла. Мухьаммад бохуш йолу и хаза ц1е ца яккхалуш цуьнга Музаммам аьлла цо. «Музаммам бохуш волу къонах, цунна 1еса хили тхо. Цо деана долу омра кхочуш ца ди оха, цуьнан дин к1еззиг хийти тхуна»,- аьлла. Къурайшаша и байташ схьа а эцна, церан бераша цхьаьна, уьш йийца йолийча, Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) асхьабашна халахеташ хилла иза. Шен асхьабашна и халахетий хиъча Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Битийша уьш, цара вуьйцург Музаммам ву, сан ц1е Мухьаммад ю».
Абу Лах1абан шина к1антехь марехь хилла Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) ши йо1 Рукъият, Ум-Кулсум. Делан Элчанна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) зен дарх ду аьлла и Къуръанан сурат доссийча Абу Лах1аба шен ши к1ант т1е а кхайкхина: «Кхул т1аьхьа со шун да ма вац, шуьшиъ сан ши к1ант ма вац шуна и ши йо1 вайн х1усамера эккха ца яхь», - аьлла. Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) ши йо1 йита а йитина ц1а яийтина хилла цо.
Элчанна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) новкъарло йинчарех вара 1укъба бохуш хилла волу Абу Лах1абан доттаг1. Цо цхьана дийнахь Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Ка1батна гергахь ламаз деш д1ах1оьттина волуш 1укъбас т1ехьашха т1е а вахана шена т1ера оба охьа а яьккхина Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) логах тесна цуьнан легаш 1ийда волавелла иза. Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) шен хьадисехь аьлла: «Ша гораваххалц д1а ца хийцира цо». Оцу 1укъбас Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) сужуде вахана 1аш волуш елла эмкалан чоконаш цуьнан букъ т1е кхиссира. Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира: «Букъ хьала ца та1алуш 1ийра ша цхьаъ т1екхочур вацара-те бохуш». Цуьнан йо1 Зайнап кхаьчна цунна т1е массарал хьалха. Елха а йоьлхуш шен ден букъ т1ера чоконаш д1аяха йолаелча Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Елха ма елхалахь, х1ай Зайнап, оцу Аллах1 Дала толор ву хьуна хьан да».
Делан Элчанна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) новкъарло ярх дара 1аса бин Ваило аьлларг: «Т1аьхье хаьдда стаг ву иза, витийша, д1атасийша иза. Иза кхана вала а велла д1авер ву, цул т1аьхьа цуьнан т1аьхье йийца цхьа а хир вац». Оцу Ваило и къамел дийцича Дала Къуръан доссийра. Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) толош цу Къуръанан аятехь боху Дала: «Я Мухьаммад, хьо ца везаш верг, я Мухьаммад, хьоьца мостаг1алла лелош верг ву хьуна т1аьхье хаьдда».
Хьехам бинарг НР Муфтийн наиб – Абдуллаев Аслан

 

Мы в социальных сетях:

855962 s fb icon 325x325 twitter-icon odnoklassniki vk instagram-logo-468

Наши газеты

О нас

o nas
button-mag-sign

Абитуриентам