Get Adobe Flash player

Поиск

Фоторепортаж

001

Наши Друзья

  
 img dobro
 
 
 Tudaiy
 
 
 
  
FADN Logo-02 
 

Шекъано яздинарг замано дойур дац

Тахана электронни г1ирсийн зама елахь а, книгаш йоьшурш, цаьрца бала болу кегий нах к1езиг бац вайн. Къаьсттина кегийрхоша тидаме оьцу динца йоьзна йолу литература. Амма, вайна ма-хаара, церан чулацам тайп-тайпана хуьлу.

И бахьана долуш г1опастахь гучуйовлучу книгийн чулацаме хьоьжуш, шайн литература гочйеш, иза арахоьцуш болх бу д1ахьош Нохчийчоьнан бусалбанийн динан урхаллехь. Цу хьокъехь «Ан-Нур» газетан корреспондентан къамел хилира муфтин г1оьнча волчу, типографин отделан куьйгалхочуьнца Эдельбиев Исламца.
– Ассаламу 1алайкум, Ислам. Де беркате дог1ийла хьан.
– Ва1алайкум ассалам. Дела реза хуьлда хьуна а.
– Ислам, дуккха а хан ю Нохчийчоьнан бусалбанийн динан урхаллин типографи дик болх беш схьайог1у. Шайн балхах лаций дийцахьа жимма.
– «Отдел полиграфической деятельности» аьлла кхоьллина яра х1ара отдел 2015-чу шарахь. Вайн махка йохьуш йолу исламски литература вайн динца нийса йог1уш ю, яц хьожуш, йохка а, яржо а мегар ду я дац олий сацам беш болх бора оха цу хенахь. Цул т1аьхьа кхечу регионашкахь арахецна йолу книгаш церан изданийн пурбанца арахеца йолийра. Иштта и болх бора нахана пайде йолу литература хилийтаран 1алашонца, х1унда аьлча вайн книгаш гочъеш арахоьцу отдел кхуллуш бен яцара. Ткъа вайна ма-хаара, исламски литература гочъеш арахецарх ца тоьу, иза арахецале цу т1ехь бан безаш кхин дуккха а болх хуьлу.
– Х1инца аш кхузахь беш берг х1ун болх бу?
– Таханлерчу дийнахь оха болх беш бу г1арадевлла девзаш долу жайнаш т1ехь долу гулам вовшахтухуш. Цул совнаха ,1аьрбийн маттера оьрсийн матте цхьацца галъевллачу тобанех лаьцна долу хаттарш гочдеш, уьш вовшахтухуш беш болх бу. Иштта исламски юриспруденцих лаьцна, къаьсттина студенташна, кегий жайнаш ду кечдеш.
– Нохчийн матте гочйой аш и литература?
– Нохчийн матте йоккхуш мелла а дукха хан оьшу, нийса дешнаш лоьхуш, стилистика нисйеш, корректировка еш. Бакъду, иза хала ду бохуш ца еш ца 1а тхо. Арахеца кечдеш жайнаш ду тхан нохчийн маттахь а.
– Шайн книгаш, жайнаш нахана д1аса муха даржадо аш?
– Оха кхузахь еш йолу литература йохка еш яц. Иза оха дукха хьолахь школашкахь болх беш болчу 1еламнахана а, дин т1еэца баьхкинчарна а ло. Наггахь кхечу регионашкара кехаташ дог1у маьждигаш чу йилла а, чубоьхкинчу нахана, кегийчу нахана д1асаекъа а литература йоуьйтура ярий олий. Иштта, ящикаш чу а йохкий, почтехула царна йохьуьйту. Цхьацца динца йоьзна д1ахьош йолчу мероприятешкахь д1асайоькъу. Оцу тайпана уьш яржор хуьлу тхан.
– Езачунна муфтияте веана ехчахьана аш лур йолуш ю-кх муьлхха а литература?
– Дера лур ю-кх. Кхуза схьа а веана суна х1ара книга езара аьлчахьана. Бен дац, бусалба велахь, я вацахь. Муьлххачу а хаттарна т1ехь жоп долуш литература вайн йолуш ю, цхьанхьа а леха ца оьшуш.
– Ислам, вайн къамел дерзош вайн динца йоьзна литература яц бохуш, кхиниг чу йохьуш болчаьрга х1ун эр дара ахь?
– Бусалба динехь лоьхучунна 1илманан декъехь тоъал оьшуш йолу литература вайн йолуш ю. Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дахарх лаьцна, тарикъатах лаьцна, иштта цхьацца шеко йолчу хаттаршах лаьцна, ламаз 1амош книгаш ю хаа лууш волчунна. Иштта оцу тайпана кечйина 54 книга ю вайн.
–Дела реза хуьлда хьуна, Ислам. Дала аьтто бойла шун кхид1а х1ара болх иштта д1акхехьарна т1ехь.
– Амин. Дала аьтто вайн массеран а бойла.

Обновлено (22.11.2017 20:23)

 

Мы в социальных сетях:

855962 s fb icon 325x325 twitter-icon odnoklassniki vk instagram-logo-468

Наши газеты

О нас

o nas
button-mag-sign

Абитуриентам