Get Adobe Flash player

Поиск

Фоторепортаж

001

Наши Друзья

  
 img dobro
 
 
 Tudaiy
 
 
 
  
FADN Logo-02 
 

Г1ийбат лорий, нагахь санна стагана т1аьхьашха долуш дерг аьлча?

Веза-Сийлахьчу Дала боху Шен Сийлахьчу Къуръана чохь: «Шух цхьаболчара г1ийбат ма дойла кхечарна». Хьайн бусалба вешина т1аьхьашха цунна ца деза х1ума ма дийца, бохург ду иза, ахь олург бакъ делахь а.

Абу Х1урайрата (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) хаьттира, аьлла: «Шуна г1ийбат бохург х1ун ду хаьий?» Асхьабаша (Дела реза хуьлийла царна) элира: «Дела, Делан Элча ву дика хууш!» Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира: «Ахь хьайн бусалба ваша, цунна ца дезаш долчу х1уманца, вийцар ду иза». Пайхамаре (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) хаьттира: «Ас дуьйцург сан вешица долуш делахь?» Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира: «Ахь долуш дерг дийцинехь, г1ийбат дина ахь; доцург дийцинехь, бух1тан дина ахь». 1еламнехан барт хилла г1ийбат дар хьарам хиларна т1ехь!
Г1ийбат даран бахьанаш, цунна т1евуьгу некъаш:
- Г1ийбат деш волчо, ша г1ийбат деш волчун вуонаш хьеха а деш, шен оьг1азлонна дарба лахар ду.
- Г1ийбат деш болчу шен доттаг1ашна а, нийсархошна а т1етар, цаьрца г1ийбат дарехь дакъалацар а ду.
- Г1ийбат деш волчун ша воцчуьнгахь вуон ойла хилар ду, цунна т1ехь г1ийбат даре вуьгуш ша йолу.
- Шегарчу ледарлонех, - и ледарлонаш кхечуьнга яхкарца, цуьнгахь уьш ю бохуш иза хьехаварца, - ц1анвала г1ертар.
- Кхечуьнгахь долу диканаш шега дахкарца, ша вазван а, шен сий лакхадаккха а г1ертар.
- Наха дикачу аг1ор хьехош волчуьнца хьаг1 лацар.
- Нахах цавашар а, царах кхардар а, уьш шел лахара хетар а.
Г1ийбато беш болу бохамаш а бац к1езиг:
- Г1ийбат диначунна жоьжахатин ц1ергахь 1азап лур ду, боьха хьожа йолу х1уманаш цунна яа а еш.
- Делера 1азап кхочур ду цуьнга, иза кошахь а волуш. Цуьнан ийманан серлонаш, Исламан билгалонаш а д1аевр ю.
-Цо г1ийбат динарг къинт1ера ца валахь, цунна гечдийр дац.
- Г1ийбат – х1ума йохош лом ду, к1елхьара волуьйтур воцуш вон а ду.
- Г1ийбат – адамашна юкъа дов тосуш, церан барт бохош а зулам ду.
- Г1ийбат – бусалба нахана юкъара уьйр-безам хадош цамгар ю.
- Г1ийбат – билгало ю, г1ийбат дечун сийсазалла, оьзда вацар а гойтуш йолу.

Обновлено (20.10.2017 21:05)

 

Мы в социальных сетях:

855962 s fb icon 325x325 twitter-icon odnoklassniki vk instagram-logo-468

Наши газеты

О нас

o nas
button-mag-sign

Абитуриентам