Get Adobe Flash player

Поиск

Фоторепортаж

001

Наши Друзья

  
 img dobro
 
 
 Tudaiy
 
 
 
  
FADN Logo-02 
 

Нохчийчоьнан бусалбанийн динан урхаллин беркате болх

Хууш ма-хиллара, Нохчийн Республикин бусалбанийн динан урхаллехь бахархой т1елоцуш, цара т1едеанчу г1уллакхе хьовсуш билгалдаьхна денош ду. Муфтина а, цуьнан заместительшна а, г1оьнчашна а т1ера дуьйна охьа муфтиятехь мел волу белхахо шайна т1едеана долу нехан г1уллакх кхочушдан хьожу. Мел чолхе г1уллакх дохьуш шайна т1е стаг ваг1ахь а иза тосий, я д1аттотий ца дуьту цара. Бахархой т1елацар муфтиятехь муха д1ахьош ду хьажаран 1алашонца «Ан-Нур» газетан корреспондентан къамел хилира Муфтин г1оьнча волчу Альбиев Мусаца.

 – Ассаламу 1алайкум, Муса. Де беркате дог1ийла хьан.

– Ва1алайкум ассалам. Дела реза хуьлда хьуна а.
– Муса, вайн къамел д1адолош хатта лаьара муьлхачу деношкахь хуьлу бахархой т1еэцар?
– Нохчийн Республикин бусалбанийн динан урхаллехь бахархой т1еоьцу денош шот, к1иранде доцурш дерриш ду. Оршот т1ера еарийн де кхаччалц - 10:00 - 16:00 даллалц, делкъанна сада1ар хуьлу 12:00 - 14:00 хеначохь. П1ерасканан дийнахь - 9:30 - 16:30 даллалц. Рузба даран, садо1у хан - 11:30 - 14:30. Цул совнаха, х1ора беттан т1аьххьара к1иранде Муфтин Межиев Салахь-Хьаьжин бахархой т1еоьцу де ду.
– Дукха хьолахь х1ун хаттарш дохьуш бог1у кхуза?
– Дукхахболу нах доьзалшна юкъара дов дерзо лууш бог1у. Да-нана д1асакъаьстинчул т1аьхьа дена, я нанна бераш ца гойту олий бог1урш хуьлу. Шайн ц1ийндайшка, шайн берашна т1е юхабаха лууш болу зударий бог1у, иштта дохкобевлла, шен х1усамнана юхаяло некъ лоьхуш болу божарий бог1у. Т1ера да д1аваьллачул т1аьхьа бухабисина бахам нийса муха бекъа беза ца хууш, иза къуьйсуш баьхкинарш хуьлу. Дагабовла баьхкинарш хуьлу, цхьацца динца долу хаттарш дохьуш баьхкинарш хуьлу. Муфтияте мел кхочуш долу г1уллакх толлуш, шар1о бохучунна т1е а далош къастош ду.
–Шен г1уллакх дохьуш веанарг милла а т1елоцуш вуй аш?
– Дера ву-кх. Тхуна бен дац т1евеанарг муьлха г1уллакх дохьуш веанехь а. Тхо цуьнан г1уллакхе хьовсур ду. Цул совнаха, бахархой т1еэцаран хан чекхяьллачул т1аьхьа чоьхьабевлла, д1аязбелла бисина нах белахь, уьш чекхбовллалц болх беш 1а тхо. Дала мукъ лахь, кхид1а а 1ийр ду.
– Дала мукъ лахь. Цу наха деанчу г1уллакхна т1ехь накъосталла дар хуьлий?
– Дера хуьлу. Накъосталла ца далуш цхьа наггахь верг бен ца нисло. Масала, бераш ца гойту шена олий йог1у цхьаъ. Ткъа оцу берийн да и бераш эцна кхечу махка д1авахана хуьлу. Т1аккха а, иштта ду аьлла ца 1аш, оцу ненан шен берашца з1е хин йолу аг1о лаха хьовсу тхо. Д1авахачуьн ц1ахь болу гергара нах схьа а кхойкхий, цаьрца барт бан хьовсу. Х1унда аьлча, кхуза вог1уш верг шен цхьа г1айг1а, бала, сингаттам бохьуш вог1у. Вай Делах кхоьруш ду, бусалба ду, Ахьмад-Хьаьжин некъ д1ахьуш ду, цундела тхо, тхайн ма-хуьллу, церан г1уллакхе хьовсу, нийсо ян а г1ерта.
– Кхочушдан уггар чолхе хетарш муьлха хаттарш хуьлу?
– Суна уггар чолхе хеташ дерш берашца доьзнарш ду. Масала, цхьана аг1оно важа дика ца йуьйцу. Хьо д1а т1аьхьакхиавоьлча иза иштта хила а хуьлу. Ткъа цу берех къахета, церан бехк ма бац иза. Мухха делахь а, берана шен да, нана ган лаьа, церан марзо эца лаьа. Нийса сацам ца бахь, Далла гергахь а, нахана гергахь а бехк тхан хир бу. Цундела иштта долу хаттарш кхочушдан хала хета суна.
– Ойла ян воьлча баккъал а чолхе г1уллакхаш ду уьш. Аш бинчу сацамна реза хуьлий, иза кхочушбеш д1акхоьхьий наха?
– Реза боцурш хуьлу. Дуьхьалбевлла нах хуьлу. Делан дуьхьа аьлча а, къар ца луш берш хуьлу. Т1аккха уьш реза бан г1ерташ и нах юх-юха схьакхойкхуш, цаьрца сахьташкахь къамелаш до, царна а, вукхарна а х1ун лаьа, стенна реза бу хьожуш, сацам бо. Бакъду, корта, дог лазадолу, к1адло. Делахь а вайн республикин Куйгалхочо бина кхайкхам, цо т1ебиллина болх бу х1ара. Цундела и нах тхаьш бинчу сацамна т1ера ца бовлийта, дерриг т1еяздина кхехат кечдой, уьш реза а болуш, цаьрга куьг яздойтий, барт бой, д1абохуьйту.
– Кхечу районашкахь юй иштта шен г1уллакх эцна т1еваха мегаш, т1елоцуш меттигаш?
– Х1ора районан администраци чохь бахархой т1еоьцуш къеда ву, х1ора юьртахь имам ву. Нагахь санна церан ницкъ ца кхочуш х1ума нисделча, цара иза муфтияте схьакхачадо. Цул т1аьхьа цу г1уллакхна т1ехь оха болх бо.
– Ткъа шена луург, районерчу къедана т1е ца воьдуш, ма-вогг1у муфтияте ван йиш йолуш вуй?
– Шена лаахь ма-вогг1у муфтияте ван йиш йолуш ву х1ора а. Амма цо шен г1уллакх цкъа хьалха шен районехь д1ахьедича цуьнан г1уллакх къасторехь сихо хила мега. Х1унда аьлча, хьан районехь иштта нах бу, церан иштта бала бу, иза талла а таллий, хьайга х1ун дало хьажа олий оха д1ахьедо районерчу къедане.
– Муса, аш деш дерг вайн къомана ч1ог1а мехала г1уллакх ду. Ткъа вайн къамел дерзош, вайн къоме х1ун эр дар ахь?
– Къоме кхайкхам бан лаьара суна. Ненах бер ма хьегадахьара, цуьнан хьакъ Далла гергахь доккха ду. Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) ялсамани ненан когашкахь ю аьлла. Цуьнан маь1на нана реза ярци бен ялсамане кхочур дац бохург ду. Ткъа тахана оцу ненах и бер доккхий, ша цхьаъ леладо бохуш лела дай. Ас дехар до, ма леладахьара аш оцу тайпа х1уманаш, оцу нанна гайтахьара аш, шайн санна, цуьнан а долу бераш, уьш вовшах хьега ма бахьара аш. Кхин а цхьа кхайкхам бан а лаьара. Х1окху муфтиятехь тхо мел ду, кхуза мел веанчуьнга тхо хьовсур ду, накъостий хир ду. Шайга къаста ца луш бала белахь муфтияте схьадуьйла, оха тхайн ницкъ кхочучу аг1ор шуна г1о дийр ду, Дала мукъ лахь.
– Дала мукъ лахь. Дела реза хуьлда хьуна, Муса. Дала аьтто бойла шун кхид1а х1ара болх иштта д1акхехьарна т1ехь.
– Амин.
М. ДАДАЕВ

Обновлено (26.09.2017 12:22)

 

Мы в социальных сетях:

855962 s fb icon 325x325 twitter-icon odnoklassniki vk instagram-logo-468

Наши газеты

О нас

o nas
button-mag-sign

Абитуриентам