Get Adobe Flash player

Поиск

Фоторепортаж

001

Наши Друзья

  
 img dobro
 
 
 Tudaiy
 
 
 
  
FADN Logo-02 
 

Зуль-Хиджа беттан итталгIа де

Иза беркатечу гIурбанан денойх хьалхара де ду.
Малхбаленний, малхбузенний юккъехь мел волу бусалба стаг Мина лаьтта тIе воьрзур ву цу беркатечу гIурбанан дийнахь,

самукъане волуш АллахI-Дала шайна динчу диканна, Сийлахь-Везачу Далла герга боьду некъ лоьхуш, шайн гIурбанашна арсаш а хьоькхуш. Хьаьжочо Iийдан дийнан «АллохIу акбар» алар дIадолор ду, Жумра аль-Iакъабатна тIе тIулгаш тоьхначул тIаьхьа: «АллохIу акбар, АллохIу акбар, АллохIу акбар, ла илахIа иллаллахI. АллохIу акбар, АллохIу акбар, ва лиллахIиль-хьамд (АллахI воккха ву, АллахI воккха ву, АллахI воккха ву, АллахI воцург кхин дела вац. АллахI воккха ву, АллахI воккха ву, АллахI воккха ву, хастам бу АллахIана)», - олуш.
Цу итталгIачу дийнахь дан дезарг:
а) Жумра аль-Iакъабатна тIе вахар тIулгаш кхийса;
б) «Лаббайка» алар сацор;
в) тIулгаш кхийсар;
г) Iийданна «АллохIу акбар» бахар;
д)шех гIуда хьаьрчинехь, гIуданна уьстагI бер;
е) шен корта башар я бацбар;
ТIулгаш кхуьйсучу заманчохь хьаьжоша дуьйлуьйтучу гIалатех ду:
а) шаьш и тIулгаш шайтIанна кхуьйсуш ду моттар. Цара и тIулгаш кхуьйсу цу шайтIанашна лерца цхьаьна. И тIулгаш кхийсар Дала вайна шарIан некъ бина тIедиллина ма дац, лешка зуькар дайтархьама а бен;
б) тIулгаш даккхийнаш кхийсар, я мачаш, я дечкаш кхийсар. Иза динехь барамал сов вийлар ду, Дала хаьржина волчу Мухьаммада (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) емалдина а ду;
в) тIулгаш кхийсархьама вовшашна гатто яр, вовшах летар. Иза барам а боцуш доккха гIалат ду. Хьаьжочун декхар ду шен бусалба вежаршца къинхетаме хилар, и тIулгаш нийсачу меттехь кхийса хьажар а, цу чуртан хIоза юкъакхосса хьажар, цу чуртах кхетахь а, ца кхетахь а;
г) дерриге тIулгаш буйнахь гулдина цкъа кхоссар. Ишттачу хьолехь цо кхоьссинарг цхьа тIулг бен лорур бац. ШарIо билгалдинарг цхьана тIулгана тIаьххье шолгIаниг а кхуссуш, и тIулгаш кхийсар ду, хIоранца «АллохIу акбар» а олуш.
Хьаьжочо Жумра аль-Iакъабатна тIулгаш кхийсича, цо шен корта баьшча я бацбича, иза хьалхара ихьрам дастарна чувулу. Цунна мегаш хуьлу ихьрам дихкина волуш дихкина хилларг лело, зударех кхетар доцург.

ТIУЛГАШ КХИЙСАР

1. Iийдан дийнахь, Iуьйранна Муздалифатера охьавогIуш Мина кхаьчча, хIара тIаьхьадогIург кхочушдан деза:
Деккъа Жумра аль-Iакъабатна тIе мелла а сиха ворхI тIулг кхосса вахар, хIора тIулган цIарах «АллохIу акбар» а олуш.
2. ГIурбанан беттан 10,11,12-чу, шайх ташрикъ олучу деношкахь, кхаа чуртана тIе тIулгаш кхийсар, жимачунна а, юккъерчунна а, Жумра аль-Iакъабат олучунна а. ХIора чуртана тIе ворхI тIулг кхоссар, хIора тIулган цIарах «АллохIу Акбар» а олуш.
(12-чу дийнахь (малх дIабузале) Минара аравалахь, 13-чу дийнахь кхуьйсучу тIулгех хьалхаволу, 13-гIа буьйса цу Минахь яккхарх хьалхаваларх терра).

ТIАВАФ АЛЬ-ИФАДЗОТ

Ифадзот олуш долу тIаваф, хьаьждаран меженех цхьа меже ю, шеца а бен Хьаьж кхочуш ца хуьлчу.
Iийдан дийнан Iуьйранна хьаьжочо Жумра аль-Iакъабат олучу чуртана тIе тIулгаш кхийсича, иза Макка охьавуссур ву ХьаьжцIенна ворхIазза тIаваф аль-ифадзот олу гонаш даха. Цул тIаьхьа цо саIйу дийр ду Сафа а, Марват а олучу шина гуна юккъехь ворхIазза дIаса а воьдуш, нагахь санна и хьаьжо мутаматтиI велахь, я цул хьалха тIаваф аль-къудум (Макка схьакхачаран тIавафца) саIйу данза и хиллехь, къорин (Iумраттий, Хьаьжжий цхьаьна дар), муфрид (деккъа Хьаьж доьхкург) волчу хенахь. Иштта и ифадзот олу тIаваф Минал тIаьхьа догIучу деношка дIататта мега (тIулгаш кхийсина ваьлча, Макка охьавуссучу деношка а).
ГIурбанан дийнахь ифадзот олу тIаваф дина ваьллачул тIаьхьа, хьаьжочунна хьанал ду ихьрам дихкина волуш хьарам дина хилла мел дерг, шен зударех кхетар а цхьаьна.

Обновлено (31.08.2017 23:29)

 

Мы в социальных сетях:

855962 s fb icon 325x325 twitter-icon odnoklassniki vk instagram-logo-468

Наши газеты

О нас

o nas
button-mag-sign

Абитуриентам