Get Adobe Flash player

Поиск

Фоторепортаж

001

Наши Друзья

  
 img dobro
 
 
 Tudaiy
 
 
 
  
FADN Logo-02 
 

Г1урбанан де т1екхачале бусалба наха бан безаш болу кечамаш

Г1урбанан де т1екхачале бусалба наха бан безаш кечамаш бу. Х1ун кечамаш бу уьш? Г1урбанан баттахь хьалхарчу итт дийнахь марханаш кхабар вайн Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) суннат ду. Уьтталг1а марха 1ийдера валлалц кхобу. 1ийдера ваьлча марха даста мегаш ду. Оцу дийнахь сарралц марха кхаьбча санна ял хир ю.

Г1урбанан де т1екхаччалц бусалба стаг ларвала веза массо а вочу х1уманах. Хьаьжц1ахь ихьрам дуьйхича санна, ларвала веза ц1ахь верг а. Бусалба стага 1амалш совйоху ламазаш дарца, Къуръан дешарца, марханаш кхабарца. Шен ницкъ кхачахь г1ийлачунна саг1ийна х1ума яларца, буобер хьастарца. И дерриг а г1урбанна кечам бар ду. Вас хилла стаг къинт1ераваккхар, шена т1ехь делахь декхар д1адалар, де-ненан дог хьастар, нахаца хаза къамел дар – иза дерриге а бусалба стагана т1ехь ду.
Г1урба дале 1ийдан ламазе боьлху нах. Шен дег1ах хи а кхерзина, нийят а дина, хаза хьожа йог1у х1ума а тоьхна, марха а долуш ваха веза 1ийде воьдург. Цхьана новкъа д1аваха веза, вукху новкъа ц1аван веза.
Хьайба охьатоьхначул т1аьхьа сихо ян еза. Цхьаболчара хьайба охьа а тухий латтадо, урс хьаькхна ца бовлуш. Бежана охьатохале кечам бан беза: бежана охьатуху меттиг билгалйоккхуш, ц1ий охьадаха к1аг боккхуш, урс ирдеш. Тоьхча мас хадор йолуш ира хила деза урс. Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьадисехь аьлла ду: «Ахь бежанна ницкъ беш хьаькхна урс, къематдийнахь хьуна хьоькхур ду». Бежанан са атта долу аг1о лелон еза бохург ду иза. Т1аккха а боху Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна): «Хьайбанна т1ера дуьххьара охьабужучу ц1ийн т1адамца Аллах1-Дала доллучу къинойх ц1анво бусалба стаг. Бежанна т1ехь болчу х1ора чонан ц1арах Дала къиношна гечдеш ду цунна».
Везачу Дала беркате бойла вайна т1ебеана г1урбанан бутт. Дала къинош д1а а эцна, декъал бойла массо а бусалба вежарий.
Алхьамдулиллах1и раббил 1аламийна!

Обновлено (29.08.2017 17:10)

 

Мы в социальных сетях:

855962 s fb icon 325x325 twitter-icon odnoklassniki vk instagram-logo-468

Наши газеты

О нас

o nas
button-mag-sign

Абитуриентам