Get Adobe Flash player

Поиск

Фоторепортаж

001

Наши Друзья

  
 img dobro
 
 
 Tudaiy
 
 
 
  
FADN Logo-02 
 

До1анна жоп ло хенаш:

Буьйса юккъе яхча.

Х1ора ламазна т1аьхьа.
Молла кхайкхарна а, къамат дарна а юккъехь.
Буьйсанан кхоалг1ачу декъан эхарехь.
Фарз ламазашна молла кхойкхучу хенахь.
Ч1ог1а дог1а тухучу хенахь.

Рузбанан дийнан т1аьххьарчу сахьтехь.
Ц1еначу нийятца Замзам хи молучу хенахь.
Сужудехь.
Бусалба вашас шен бусалба вешина до1а дечу хенахь.
1арафат дийнахь до1а деш.
Бусалба нах зуькаран межлисашка гулбелча.
Дас-нанас шаьшшиннан доьзалхочунна диканиг доьхуш, я цунна вониг доьхучу заманчохь.
Некъахочо до1а деш.
Шен дена-нанна муьт1ахь волчу доьзалхочо до1а деш.
Нагахь санна Элчанера (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) охьадеана долу до1анаш дахь, ламаз эцначул т1аьхьа до1а дечу хенахь.
Жимачу чуртана т1е т1улгаш кхуьйсучу хенахь.
Юккъерчу чуртана т1е т1улгаш кхуьйсучу хенахь.
Хьаьжц1енна чоьхьа до1а деш. «Аль-Хьиджр» олучу меттигна чоьхьа до1а дийриг Хьаьжц1енна чохь лоруш ву.
Сафа гу т1ехь до1а деш.
Марват гу т1ехь до1а деш.
Муздалифатехь «аль-Маш1ар аль-Хьарам» олучу меттигехь до1а деш.
Цхьа а шеко яц, Делах тешачо, баккъалла а, муьлххачу хенахь а, муьлххачу меттехь а до1а дан мега.
Иза - Ц1ена-Лекха верг Шен лешна гергахь ву. Сийлахь-Везачо аьлла: «Нагахь санна хьоьга Сан леша Сох лаьцна хаттахь, баккъалла а, Со царна герга ву, доьхучун до1анна жоп луш.

Обновлено (28.08.2017 13:18)

 

Мы в социальных сетях:

855962 s fb icon 325x325 twitter-icon odnoklassniki vk instagram-logo-468

Наши газеты

О нас

o nas
button-mag-sign

Абитуриентам