Get Adobe Flash player

Поиск

Фоторепортаж

001

Наши Друзья

 
Tudaiy
 
 
 
 
  
FADN Logo-02 
 

Буса гIаьттича деш долу суннат-ламазаш

«Рамадан баттал тIаьхьа марха кхаба уггаре безох берг - АллахIан Мухьаррам бутт бу. Фарз-ламазал тIаьхьа уггаре дезох

дерг - буса ден ламаз ду» (Муслим).
1. Буса деш долчу уггаре дезачу ламазийн рака1атийн барам - цхьайтта я кхойтта.
2. Буса ламаз дан хьалагIаьттича суннат ду сивак хьакхар а, «аль-Iимран» сурат, 190-чу аятна тIера дIа а долийна, чекхдаллалц дешар.

3. Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дина хилла долу доIа дар а суннат ду буса гIаьттиначунна: «АллохIумма! лакалхьамду, анта къаййи-
муссамавати вал-арди ва ман фихIинна, ва лакал-хьамду анта ну-руссамавати вал-арди ва манфихIинна, ва лакал-хьамду анта маликус-самавати вал-арди, ва
лакал- хьамду антал-хьаккъу, ва ваIдука хьак-къун, ва ликъоука хьак-къун, ва къовлука хьак-къун, вал-жаннату хьак-къун, ваннару хьаккъун, ваннабиййуна хьаккъун, ва Мухьаммадун хьак-къун, вассаIату хьак-къун. аллохIумма лака асламту, ва бика аманту, ва Iалайка таваккалту, ва илайка анабту, ва бика ха-самту, ва илайка хьакам-ту, фагIфирли ма къад-дамту вама аххарту вама асрарту вама аIланту, антал-мукъаддиму ва антал-муаххиру, лаилахIа илалла анта (я лаилахIа
гIойрука)». «Я АллахI! Хастам бу Хьуна! стигалш а, латтанаш а, цу чохь дехаш мел дерг а лардийриг ву Хьо. Хастам бу Хьуна! серло ю Хьо - стигалийн а, латтанийн а, оцу чохь дехаш мел долчун а. Хастам бу Хьуна! паччахь ву хьо – стигалийн а, латтанийн а, оцу чохь дехаш мел долчун а. Хастам бу хьуна! Бакъо ю Хьо, Хьан ваIда а ю бакъ, Хьуна дуьхьалдахкар а ду бакъ, Хьан дош а ду бакъ, ялсамани хилар а ду бакъ, жоьжахати хилар а ду бакъ, пайхамарш а бу бакъ, Мухьаммад а ву бакъ, къематде а ду бакъ. Я АллахI! Хьуна муьтIахь хили со, Хьоьга ийман а дилли ас, Хьуна тIе болх а билли ас. Дохко а ваьлла Хьоьга вирзи со.
Хьо бахьана долуш къийсамаш а баьхна ас, Хьан кхиэле а ваьлла со. Ткъа гечдехьа суна ас хьалха диначунна, тIаьхьа тIедан дитиначунна, хьуламехь диначунна, лечкъош доцуш диначунна. Хьо ву хьалхатоттуш верг, тIаьхьатоттуш верг. Дела вац, Хьо воцург!» (Бухари, Муслим).
4. Буса деш долчу ламазел хьалхара ши ракаIат суннат-ламаз дара ду буьйсанан суннатех. И даран бахьана – дегIан жигаралла самаяккхар ду, цунна тIаьхьа догIуш долу суннаташ дан волавалале хьалха дегI сема а, каде а хилийтархьама. Элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Шайх буса
хьалагIаьттинчо ламаз дIадоладойла, цул хьалха ши ракаIат суннат-ламаз а дина» (Муслим).

5. Буьйсанна деш долу ламаз хIокху доIанца дIадолор а ду суннат: «АллохIумма робба джибраила ва Микаила ва Исрапила, фатIирос-самавати валъ-арди, IалималгIойби вашшахIадати, анта тахькуму байна Iибадика фима кану фихIи йах-талифуна. ИхIдини ли-махтулифа фихIи минал-хьаккъи биизника, инна-ка тахIди ман ташау ила сиротIин мустакъим». «Я АллахI! ХIай Жабраилан а, Минкаилан а, Исрапилан а Дела! ХIай стигалаш а, латтанаш а кхоьллинарг! ХIай дагахь (я къайлаха) дерг а, гучохь дерг а хууш верг! Хьо ву Хьайн лешна юккъехь барт цхьаьна ца беаначуьнгахь кхиэл ен верг. Хьайн пурбанца нийсонна тIенисве ахь со церан барт цхьаьна ца беана долучуьнгахь. Баккъал а, Хьо ву Хьайна луург нийсачу новкъа нисвеш верг» (Муслим). 

6. буса деш долу ламаз дехха дар а суннат ду. «АллахIан Элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаьттина: «Уггаре дезох дерг муьлха ламаз ду?». 

цо аьлла: «Къунут деха дерг ду» (Муслим). «Къунут» бохург - ламазехь веха латтар ду.
7. Iазап дуьйцучу аятна тIекхаьчначу хенахь ларвар дехар - суннат ду, «АIузу биллахIи, мин IазабиллахIи» («АллахIехь ларло со АллахIан Iазапах») олуш. Къинхетам буьйцучу аятна тIекхаьчначу хенахь - къинхетам боьхур бу, «АллохIумма инни асалука мин фодлика» («Я АллахI! Хьан къинхетам боьху ас Хьоьга») олуш. АллахI керстанаша цунна тIехь кхоьллинчу харцонех дIацIанвечу аятна тIекхаьчначу хенахь «СубхьаналлахI» аьлла, тасбихь дийр ду. Хьадис ду: «Шегахь тасбихь долчу аятна тIехволучу хенахь тасбихь дора цо. Дехар долчу аятна тIехволучу хенахь - доьхура цо. Ларвар дуьйцучу аятна тIехволуш - ларвар доьхура цо» (Муслим). Буса гIаттар атта деш а, гIаттарна гIо деш а долу бахьанаш:

1. ДоIа дар.

2. Сема ца Iар.

3. Делкъа-хенахь дIавижар.
4. Къинош а, Iесаллаш а дитар.

5. ДегIаца къийсам латтор, гIаттарна тIехь и марздеш.

Обновлено (14.06.2017 12:37)

 

Мы в социальных сетях:

855962 s fb icon 325x325 twitter-icon odnoklassniki vk instagram-logo-468

Наши газеты

О нас

o nas
button-mag-sign

Абитуриентам