Get Adobe Flash player

Поиск

Фоторепортаж

001

Наши Друзья

 
Tudaiy
 
 
 
 
  
FADN Logo-02 
 

Вайн бакъо яц уьш бицбан

Ветеранех дош
Сийлахь-боккхачу Даймехкан т1еман буьрса шераш гена мел девли а гучайолу вайн халкъан б1аьхаллин мехалла. Оцу т1еман фронташкахь т1емаш бира вайн махкахоша. Цкъа а довр доцчу хьуьнаран 1418 де а, буьйса а дара уьш. Советийн дерриге а халкъашца цхьаьна, шайн к1аддалар, цатам дегнашкахь а къуьйлуш, вайн махкахоша-б1аьхоша т1еман хала некъ баьхьира Брестера, Сталинградера д1а Эльбе а, Берлине а кхаччалц. Шайн дахарш д1алуш, майра лийтира уьш ХХ-чу б1ешеран адамийн уггар луьрачу мостаг1чух – нехан мехкаш д1алецархойх – фашистех.

Фашистийн оккупанташца хиллачу т1емашкахь майралла а, доьналла а, турпалалла а гайтинчарех цхьаъ ву Аргун-г1алин вахархо Сериев 1елим-Хьаьжа.
Ша тайпана бу 1елим-Хьаьжин дахаран некъ. 1917-чу шарахь Эрсана юьртахь дуьне довзар хилла Сирин а, Х1ажаран а к1ентан 1елим-Хьаьжин. Жималлехь дуьйна бевзина цунна къинхьегаман чам, дайн амалш, г1иллакхаш… Д1аихира шераш, д1аелира бералла…
1938-чу шарахь шен Даймахкана хьалха долу декхар д1адала Ц1ечу Эскаран мог1аршка вахара иза. Генарчу Малхбалехь йолчу Белоног олучу шахьарахь 162-чу стрелкови дивизин 562-чу стрелкови полке хьажаво иза. Кхаа шарахь Ц1ечу Эскаран мог1аршкахь шен декхар д1аделла ваьллачул т1аьхьа, ц1еххьана т1ом болабелира. Сериев 1елим-Хьаьжа г1уллакхдеш волу 562-г1а стрелкови полк сихонца Украине кхачайо. Цигахь дуьххьара Сийлахь-боккхачу Даймехкан т1амехь даккхий хьуьнарш, стогалла гойтуш болабелира 1елим-Хьаьжин т1еман некъ. Цо дакъалецира Киев, Белоцерковь немцойн ардангех мукъаяхарехь, Белоруссехь бинчу т1емашкахь, иштта доккха доьналла, майралла гайтира Польша, Венгри, Германи, Австри мукъайоккхуш бинчу т1емашкахь. Австрехь Берслау шахьар схьаяьккхинчул т1аьхьа боккха кхаъ кхечира 1елим-Хьаьжина а, цуьнан накъосташна-т1емалошна а 1945-чу шеран 8-чу майхь маршала Жуковс Гитлеран Германина капитуляци яран хьокъехь долчу акта т1е куьг яздина, аьлла. Чекхбелира Сийлахь-боккха Даймехкан т1ом.
1елим-Хьаьжас, шен дахаран некъаш дуьйцуш элира: «Суна, иштта сан накъосташна-ветеранашна а даима а дагахь лаьтташ ду т1еман алун денош. Шайн нохчийн къоман яхь д1а ца луш, баккъал а къонахий санна бовзийтира шаьш т1еман шерашкахь вайн нохчаша-турпалхоша. Бакъду, дахаран новкъахь халахетарш а хилла тхуна. Тхайн б1аьхаллин накъостий а буьйцуш, орденаш а, мидалш а екош дуккха а шерашна Казахстанан а, Сибиран а г1орийначу аренашка, тхайн махках даьккхинчу тхайн къомана т1аьхьа, тхайн дай-наношна т1е д1адаха дийзира тхан. Иштта суна и шийла кхаъ бевзира соьца фронтехь хиллачу сан накъосто г1ебарточо Баготов Юсупа, иза сол 6 бутт хьалха эскарера мукъавитина ц1а вахана вара, кехат яздича. Цхьа дика сан да-нана, вежарий, йижарий д1абахана меттиг а теллина, церан адрес даийтира цо. 1946-чу шарахь царна т1аьхьа Казахстане Кзыл-Ордински областан Казалински аьчганекъан станце д1авахара со а. Делахь а, д1акхаьчча ирча кхаъ хилира суна - мацалла беллера сан да Сира, нана Х1ажар, ваша Мовсар, йижарий Мандат а, Асмарт а, Курбан а. Воккхаха волу ваша Салман воцург берриге а кхелхинера…»
1957-чу шарахь шен х1усамненаца Заидатаца дай баьхначу юьрта Эрсана юхавоьрзу иза. Аргун-г1алахь шекаран завод ечу хенахь цига балха д1ах1утту.
Де-дийне мел дели лахлуш ду Сийлахь-боккхачу Даймехкан т1еман ветеранийн мог1арш. Вайн бакъо яц уьш бицбан. Уьш вайн къоман дозалла, вайн халкъан дашо аг1онаш ю. Нохчийн Республикан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, тидамза ца буьту уьш. 9-чу майхь Соьлжа-г1алахь Сийлахьчу Толаман 72 шо кхачар даздеш цо даггара декъалбира вайн махкара ветеранаш. Цо шен къамелехь элира: «Нохчаша, кхечу халкъашца цхьаьна, майра ларбира вайн юкъара Даймохк. Церан лийр доцу хьуьнар гуттаренна а дуьсур ду вайн халкъан иэсехь. Вайн кегийрхоша шуьх масал эца деза. Шун лерам барца оха могаш, кхетаме т1аьхье кхиор ю. Шун турпалалла республикехь хьовха, цул арахьа а йовза еза. Дала могашалла лойла шуна. Дала дукхадахадойла шу!»
Замано цхьаннах а къинхетам ца бо. Де-дийне мел дели нилхадовлуш ду ветеранийн мог1арш. Царна хьакъ дерг д1адалар, церан алссам тидам бар, церан г1айг1анаш, проблемаш шен х1ора дийнан белхан коьрта декхар хилла т1елаьцна Кадыров Рамзана. Дала аьтту бойла цуьнан оцу балха т1ехь.

Обновлено (10.05.2017 12:32)

 

Мы в социальных сетях:

855962 s fb icon 325x325 twitter-icon odnoklassniki vk instagram-logo-468

Наши газеты

О нас

o nas
button-mag-sign

Абитуриентам