Get Adobe Flash player

Поиск

Фоторепортаж

001

Наши Друзья

 
Tudaiy
 
 
 
 
  
FADN Logo-02 
 

Мехкан къонахий

Дуьненчохь к1езиг къаьмнаш хир ду нохчаша санна халонаш, баланаш, къизаллаш лайна. Нохчийн историн йохаллехь халкъана т1ех1иттинчу киртигех пайда а оьцуш, къоман мостаг1аша т1етийсинчу баланех къам к1елхьарадаккха шен замано хьалхатоттуш хилла къонахий.

Ша к1орггера 1илма долш 1еламстаг хиларе терра, республикан ярташкахь хуьлучу гуламашкахь Ахьмад-Хьаьжас дуьйцура ваххабизм мел кхераме цамгар ю, вайна бертахь даха лаахь, ирсе кхане хила лаахь, церан идеологи х1аллакьян езаш хилар.
Ахьмад-хьаьжа хьалха а ваьлла, тешамечу накъосташа д1ац1анйира Нохчийчоь зуламхойх. Уггар чолхе, кхерамечу хенахь шен къоман тхьамда хилла, бакъволу къонаха санна цунна хьалха а ваьлла, къоман дукъ шена т1е а лаьцна, х1аллакьхиларх нохчийн халкъ хьалхадаьккхина Кадыров Ахьмад-Хьаьжас.
Иштта, цо динчу даккхийчу диканех дара герз карахь арабевлла эзарнаш кегийнах уголовни жоьпаллех хьалха а битина, маьршачу дахаре бухаберзор а, массо а ярташкахь, к1отаршкахь хьалхарчу рог1ехь школаш, культуран кхерчаш, спортан секцеш, дарбанан учрежденеш болхбан юьйлаялийтар а, юкъараллин къиэпе д1ах1оттор а.
Карарчу хенахь шен дас д1аболийна некъ сийлаллица д1ахьош ву Нохчийн Республикан Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан.

Обновлено (10.05.2017 11:40)

 

Мы в социальных сетях:

855962 s fb icon 325x325 twitter-icon odnoklassniki vk instagram-logo-468

Наши газеты

О нас

o nas
button-mag-sign

Абитуриентам