Get Adobe Flash player

Поиск

Фоторепортаж

001

Наши Друзья

 
Tudaiy
 
 
 
 
  
FADN Logo-02 
 

Динан урхаллин куьгалхочунца пресс-конфиренци

Нохчийн Республикин бусалбанийн динан урхаллин куьйгалхочо Межиев Салахь-Хьаьжас тахана шуьйрачу хаамийн гIирсашца пресс-конференци дIаяьхьира. Иза лерина яра муфтий Шема, СаIудин Арави ваханчуьра ц1а варна.
Пресс-конференци йолош хаттар дира «Ан-Нур» газетан корреспондента: -Шемахь дешна дипломаш схьаэцанза бисинчу студентийн г1уллакх муха кхочушхуьлу, - аьлла. Оцу хаттарна жоп луш муфтис хаийтира Шема мехкан Президентаца Башар Асадца вовшахкхетарехь, диъ х1ума дийцаре дина хилар.

«Уггар хьалха хьахийнарг вайн республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Алеппехь тадан т1елаьцна долу маьждиг дара. Цхьацца дисина кегий х1уманаш дара цигахь болх д1аболон новкъарло еш. ШолгӀа - вай паччахьо дина омра дара Хомсехь Халид бин Валид чохь д1авоьллина долу маьждиг тодайтар а шена т1елаьцна хилар д1ахаийта аьлла. КхоалгӀа - вайн махкахь «Джамиату Биладу аш-Шам» ц1е йолу левантийски университетан филиал схьаеллар. Вайн махкара Шема деша д1аоьхуш хилла дукхахболу нах «Абу Ан-Нур» чохь а, «Аль-Фатхь Аль-Ислами» чохь а дешна хилар бахьана долуш цаьрца бу вайн з1е латтор ю аьлла бина барт. ДоьалгӀа - цигахь хьалха дешна, дипломаш схьаэцар ца нисделла ц1а баьхкинчу студентех лаьцна дара.
И дешар дешнарш Нохчийчохь хилла ца 1а, уьш Россин Федераци мел ю бу. Иштта университетийн ректоршца дагадевлла, оха цхьаьна и г1уллакх Шема мехкан Президенте д1ахьахийра, цо ша иза кхочушдийриг хилар хаийтира», – элира Салахь-Хьаьжас.
Цул совнаха муфтис хаийтира, вовшахкхетарехь Асад Башара шен а, шен къоман ц1арах а ша Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу регионан юкъараллин фондан куьйгалхочунна Кадырова Айманина а, вайн паччахьна Кадыров Рамзанна а баркалла бохуш хилар.
«Цхьаммо а шайна г1о ца дечу хенахь, сих-сиха г1о-орца доккхий, буобераш дузош, царна совг1аташ деш, мискачу нахана г1о деш, мархийн баттахь 1уьйкъана 20000 стаге марха лоцуьйтуш, сарахь цаьрга иза достуьйтуш кхача латтош, накъосталла дира цара. Нохчийн къомо а, шун паччахьо а санна г1онна схьакховдийна хилла долу куьг шайна цхьаммо а кховдийна дац. Ц1у т1е, эзар сов шерашкахь Хомсехь, Алеппехь, Дамаскехь лаьттина шира маьждигаш тодийр ду аьлла т1елацарна Дела реза хуьлда царна», – аьлла схьакхачийра Межиев Салахьа Шема мехкан Президентан лаам.
Кхид1а конференци д1ахьош «Грозный-Информ» хаамийн агентствон корреспондента хаьттира маьждигаш тодеш белхий д1аболийний, аьлла.
«Болх болабина д1абоьдуш бу. Шема мехкан паччахьо кхоьллина леррина комитет ю шира маьждигаш юхаметтах1итторан план хотта ярна т1е тидам бахийтина. Х1ора т1улг шен номер язъйина, иза мича билла беза, муха билла беза билгалбаьккхина бу. Цундела уьш тадаран белхаш ч1ог1а меллаша боьлхуш бу», – элира Салахь-Хьаьжас.
Шен къамел т1еч1аг1деш муфтис хаийтира Хомсехь долу маьждиг Халид бин Валидан хилар, Алеппехь, Дамаскехь дерш «Масджид аль-Умайя би Халаб» юкъадог1уш хилар, цигахь д1абоьхкина Закария, Яхья пайхамараш хилар.
Кхид1а конференци муха д1аяьхьира, СаIудин Аравехь т1еэцна резолюцих лаьцна муфтис х1ун элира дуьйцур ду газетан рогIерчу номерехь.

Обновлено (03.05.2017 12:46)

 

Мы в социальных сетях:

855962 s fb icon 325x325 twitter-icon odnoklassniki vk instagram-logo-468

Наши газеты

О нас

o nas
button-mag-sign

Абитуриентам