Get Adobe Flash player

Поиск

Фоторепортаж

001

Наши Друзья

 
 
 img dobro
 
Tudaiy
 
 
 
 
  
FADN Logo-02 
 

Соьлжа-ГIаларчу Пачхьалкхан театрально-концертни залехь тахана Нохчийн меттан денна лерина даздарш дIадаьхьира.

Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин министраша, депутаташа, тайп-тайпанчу кIоштан администрацин куьйгалхоша, журналисташа, культурин белхалоша, кхечара.
Безачу хьешашна юкъахь вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан а.

Мероприяти дIайолош гулбеллачарна гайтира «Вайнах» ПТРК-хь кечйина нохчийн къомах, цуьнан маттах, культурах, литературах, фольклорах кхиболчу кхиамех лаьцна йолу видеоролик.
Цхьаьнакхетар дIадолош вистхилира НР-н къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат. Берриш декъал а бина, цо шен къамелехь билгалдаьккхира дIадаханчу 10 шарахь нохчийн мотт кхиорехь, Iаморехь боккха болх бина хилар. «НР-н къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствехь йолчу хаамийн гIирсашкахь нохчийн мотт кхиорехь кхиамаш хиларехь цхьа а шеко яц. НР-н дешаран а, Iилманан а министерствон куьйгаллица школашкахь керла нохчийн меттан учебникаш евлла, тIедогIучу дешаран шарахь арахеца а кечйина. Iилманан академин ницкъаца дошамаш а кечийна. ХIора шарахь нохчийн маттахь дIахьош ю тайп-тайпана конкурсаш. Иштта нохчийн маттана лерина передачаш а, статьяш а арайовлу хаамийн гIирсашкахь», – элира цо.
Цул тIаьхьа Умаров Джамбулата сцени тIе кхайкхира Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан.
Иштта Нохчийн Республикин Куьйгалхочо билгалдаьккхира нохчо хилар иза уггар хьалха шен ненан мотт безар, цуьнан сий а, пусар а дар ду аьлла.
«Цхьана хенахь нохчийн мотт ца буьйцуьйтура вайга. Цу хенахь иза ца буьйцуьйту бохуш шаверриг реза воцуш вара. Цул тIаьхьа, шен ненан маттахь вистхилча эхь ду моьттуш, оьрсийн маттахь бен бист ца хуьлуш лийлира вайн нах. Масийтта мотт хаар дика ду. Делахь а коьртаниг шен къоман, шен ненан мотт хаар ду», – элира республикин Куьйгалхочо.
КхидIа шен къамел тIечIагIдеш Кадыров Рамзана тIетуьйхира вай мотт болуш, гIиллакх, гIуллакх, Iадаташ долуш хилар бахьана долуш Нохчийчу мел деана долу зулам эшийна аьлла.
Кхи д1а йеша комментарешкахь
Мероприятехь кхин бистхилира филологин Iилманан доктор, профессор, НР-н дешар кхиоран институтан Iилманан коьрта белхало Тимаев Апти, филологин Iилманан доктор, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан профессор Навразова Хьава. Цара дийцира мотт Iалашбарехь а, кхидIа кхиорехь а, Iаморехь а шайн болу кхиамаш.
Мероприяти дIаерзош Нурадилов Ханпашин цIарах йолчу Нохчийн къоман театро гайтира «Дахаран пхьалгIа» цIе йолу спектакль.

Обновлено (26.04.2017 09:54)

 

Мы в социальных сетях:

855962 s fb icon 325x325 twitter-icon odnoklassniki vk instagram-logo-468

Наши газеты

О нас

o nas
button-mag-sign

Абитуриентам