Get Adobe Flash player

Поиск

Фоторепортаж

001

Наши Друзья

  
 img dobro
 
 
 Tudaiy
 
 
 
  
FADN Logo-02 
 

Нохчийн мотт кхиорехь сирла лар йитинарш

Бадуев СаьIид-Салихь (1903 – 1938)
Прозаик, драматург, поэт, нохчийн исбаьхьаллин литературин бухбиллархо, вина 1903 шеран 28 августехь Соьлжа-ГIалахь. КIентан бералла дIадахна Соьлжа-гIалахь а, Хьалха-МартантIехь а, Йоккхачу-АтагIахь а. Дуккха а гергара нах бара БадуевгIеран Хьалха-МартантIехь.

20-гIа шераш юккъе даханчу хенахь язйина цо шен дуьххьарлера произведенеш. 1925 – 1926 шерашкахь "Серло" газета тIехь зорбатухуш арайийлина хIетахь цо язйина стихотворенеш а, кегийра дийцарш а. Волалуш волчу яздархочо шен коьрта Iалашо лорура къоман оьзда ламасташ чIагIдеш, вочуьнца къийсам латтош керла дахар дIахIотторехьа болчу къийсамехь исбаьхьаллин дашца дакъалацар. Бадуев СаьIид-Салихьан дуьххьарлера произведенеш а, ерриг цуьнан кхолларалла а и Iалашо кхочушъяре хьажийна ю.
20-гIа шераш юккъе даханчул тIаьхьа яздан волавеллачу Бадуевс, 1928–1929 шерашкахь язйина идейни чулацамца а, исбаьхьаллин говзаллица а кхоччуш кхиина а йолуш, шен тоьллачарах йолу произведенеш ("ЦIеран арц", "Бешто"). Яздархочун дуьххьарлерчу произведенех ю цуьнан "Мацалла" цIе йолу повесть. Къехойн, хьолахойн вовшашца хилла юкъаметтигаш гайтина автора шен дуьххьарлерчу повесть тIехь.
20-гIа шераш чекхдовлучу муьрехь Бадуев СаьIида язйина кIорггера идейно-исбаьхьаллин чулацам болу произведенеш. Царна юкъахь ю "ЦIеран арц", "Бешто" цIераш йолу повесташ а, "Iимран", "ГIу" боху дийцарш, "МаргIала синтар" цIе йолу стихотворени, 1930 шарахь зорбанера араяьлла "ПетIамат" цIе йолу чекхъяккхаза йисина роман, кхийолу произведенеш а.
Ира чулацам болчу оцу произведенешца автора гойту нохчийн къоман дахаран тайп-тайпана агIонаш. "Iадат", "Олдам", "Баудди", "ГIу" дийцарийн турпалхой къоман гIиллакхаш лардеш мел яккхий а халонаш лан кийча бу. Бакъ буй и турпалхой? Нийса дуй цара лелийнарш? Иштта хаттарш хIиттадо яздархочо шен произведенешца.
ЧIиръекхаран Iадат гайтина яздархочо "Бекхам", "Зайнап" цIерш йолчу дийцаршкахь.
1930 шарахь зорбанера араяьлла Бадуевн "ПетIамат" цIе йолу роман (1-ра дакъа). Иза нохчийн литературехь дуьххьарлера роман яра. Шуьйра чулацам болу роман язъян Iалашо йолуш хилла яздархо, амма иза чекхъяккха доьгIна ца хиллера цунна.
Бадуевс шен произведенешкахь вочунна дуьхьал къийсам латтабо и вониг тIаьхь-тIаьхьа алсамдаларца, цунах нахана долу зулам хаддаза дебаш гайтарца. Ткъа произведени тIехь вониг шеца долу персонаж а цу тайпана нахана шегара довлуш долу вонаш тIаьхь-тIаьхьа совдохуш хуьлу, цо тIаьхьа деш долу вон хьалхарчул дуккха а зуламе а хуьлу.
Алссам ю Бадуев СаьIидан исбаьхьаллин произведенеш. 1933 шарахь араяьлла цуьнан «Колхозан иллеш» цIе йолу стихотворенийн книга, ц о язйина «Партизанаш», «Тоьур ду», «Ши малх», «Къайле», «Дато хIайкал» боху поэмаш, «Керла нах», «Тхан хьехархо Максим Горький», «Тракторхо Жуьнид» цIерш йолу очеркаш, ткъех гергга драматургин произведенеш.
Бадуев СаьIида боккхачу лаамца язйора берашна лерина произведенеш а. 1934-чу шарахь зорбанера араяьлла «Берашна совгIат» цIе йолу книга. Бос болу суьрташ а долуш, хаза кечйина книга яра иза. Цу тIехь автора бераш кхета долчу кепехь язйинчу стихашкахь дуьйцура паровозах, тракторх, кеманах, дирижаблах, цу хенахьлерчу техникехь керла хиллачу кхечу хIуманех а лаьцна.
30-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь Бадуев СаьIида юххера уьйр латтийна кхоллалуш йолчу Нохчийн драматически театраца. Коьрта долчу декъана къоман театран репертуар Бадуев СаьIидан произведенех лаьтташ хилла. Къоначу театран балха тIехь жигара дакъалаьцна ца Iаш, ша гоьваьлла драматург хиларе терра, театрана башха репертуар латтийна ца Iаш, къоман театран исбаьхьаллин куьйгалхо вара СаьIид бохуш, дуьйцу 30-чу шерашкахь Нохч-ГIалгIайн драматически театрехь болх биначара. Юьртабахам керлачу тIегIане баккхарехьа ахархоша латтийна къийсам гойту драматурго шен "Ламанаш хийцало", "Большевикаллица ялта дерехьа", "Политотдел", "Самаяьлла ячейка", "ЖаIуьнан доьзал" цIерш йолчу пьесаш тIехь. Шен заманан проблемаш хIиттош яра "Марха досту де", "ЦаIебийна зудаялор", "ПетIамат" боху пьесаш. «Таймин Бийболт» цIе йолу пьеса нохчийн исторехь а, иллешкахь вуьйцучу халкъан турпалхочух лаьцна язйина.
Нохчийн, гIалгIайн драматургехь белхалойн классан тема дуьххьара хIоттийнарг Бадуев СаьIид хилла. "Дашо Iам" цIе йолчу пьеси тIехь драматурго гайтина тайп-тайпана къаьмнех болчу нефтяникаша, йохьалле а буьйлуш, къинхьегаман толамаш бахарца Даймехкан хьал алсамдаккхар. Граждански тIеман хьокъехь ю автора историн бакъдолчунна тIехь язйина "ЦIен гIап" цIе йолу турпалаллин драма. Ерриг советски драматургехь тоьлашха лоруш хиллачу К. Треневн "Любовь Яровая", Вс. Ивановн "Бронепоезд 14-69", Б. Лавреневн "Разгром" цIерш йолчу произведенийн могIарехь Бадуевн "ЦIен гIап" пьеса лаьтташ хилар билгалдоккху цуьнан драматурги теллинчу литературоведа Айдаев ЮшаIа.
Къоман театран сцени тIехь, даим а шен кхиам а болуш, дуккха а шерашкахь лаьттира Бадуевн "ЦIен гIап". 1936 шарахь Нохч-ГIалгIайн драматически театр Белоруссехь гастролашкахь йолуш а, Москва къаьмнийн театрийн фестивале кхайкхича а, цуьнан репертуарехь Бадуевн кхоъ пьеса хилла: "ЦIен гIап", "ПетIамат", "ЦаIебийна зудаялор".
Яздархочун исбаьхьаллин корматалла зазадоккхуш, кхуьуш йолчу хенахь хедира цуьнан кхоллараллин некъ.
Иштта, бе а бехк боцуш чу а воьллина, тIепаза вайина къоман литературин классик. Бадуев СаьIид 1943 шарахь кхелхина лоруш дара. ХIинца, къайлах лаьттина архиваш схьайиллича, билгалдаьлла и терахь нийса цахилар. Къайлах хиллачу документаша гойту Бадуев СаьIид 1938 шеран 14 февралехь чувоьллинчохь кхелхина хилар.

Обновлено (25.04.2017 15:12)

 

Мы в социальных сетях:

855962 s fb icon 325x325 twitter-icon odnoklassniki vk instagram-logo-468

Наши газеты

О нас

o nas
button-mag-sign

Абитуриентам