Get Adobe Flash player

Поиск

Фоторепортаж

001

Наши Друзья

 
Tudaiy
 
 
 
 
  
FADN Logo-02 
 

Нохчийн мотт кхиор - юкъараллин г1уллакх Нохчийн Республикехь хаза гIиллакх хилла схьадогIуш ду 25-чу апрелехь нохчийн меттан де даздар

Кху шарахь итт шо кхочу нохчийн меттан де билгалдоккхуш Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана куьг яздина Указ арадаьлла.
Нохчийн меттан хьехархойн балха тIехь нислуш йолу халонаш, церан кхачамбацарш хууш,

нохчийн маттаца доьзна долчун декъехь болх беш схьабогIуш бу шен коьртехь Дашаева Лайлаъ Хамзатовна йолу Нохчийн дешаран белхахойн говзалла лакхаяккхаран институтан нохчийн меттан а, литературин а кафедран белхахой. Институтан коьрта Iалашо ю Iилман методически агIор хьехархошна гIо-накъосталла дар. Ненан меттан хьехархошна хала ду болх бан цхьана агIор, церан тIетовжа методически литература, гIо-Iаматаш кIезиг хиларна. Делахь массо а хьехархо лехамехь хила веза, массо а агIор керлачунна тIекхиа гIорта а веза.
Нохчийн дешаран белхахойн говзалла лакхаяккхаран институтехь нохчийн меттан хьехархошна лерина курсаш дIахьо оха. Цу курсашкахь хьехархошна таханлера урок, говзаллаш царах лаьцна дуьйцуш, мелла а церан балхана пайдехьа хиндерг царна дIахьоьху.
ТIекхуьу къона тIаьхье дайн ламасташца, къоман гIиллакх-оьздангаллица, иман долуш хилийтарна тIехьажийна бу ненан мотт хьоьхучу хьехархойн болх. ХIинцалерчу ненан меттан урокашкахь хьехархочун коьрта ши декхар ду: ненан матте дешархойн безам кхоллар; биллина ненан мотт цаьрга бийцийтар.
Таханлерчу хьелашкахь ваха хууш, ша ала дезарг, лело дезарг, шен лелар нийса дIакхехьа хууш волу стаг кхиорна тIехь хьехархочо уггаре хьалха шегара масала гайта дезаш ду. Кегийчарна нохчийн матте марзо кхуллуш уггар хьалха хьехархочо ша оцу меттан хазалла, цуьнан цІаналла, цуьнан исбаьхьалла гойтуш бийца беза и мотт. Цундела доккха жоьпалла ду нохчийн меттан хьехархошна тIехь.
Вайн гIиллакх-оьздангалла, махке болу безам, доьзалехь барт-марзо ненан меттан буха тIехь кхуьуш ю. Цундела ненан меттан урокашца цхьаьна йогIу вайн гIиллакх-оьздангалла хьоьхуш йолу урок. ХIунда аьлча ненан маттахь Iамадо кегийрхошна дайн сийлахь Iадаташ, оьзда гIиллакхаш, йовзуьйту дуьненан хазалла, исбаьхьалла. ХIора доьзалехь, нохчийн мотт бийцаре терра бен, цуьнан сий-пусар даре терра бен, вайн къоман гIиллакхаш, дика Iадаташ, халкъан ламасташ, къоман истори ларлур яц вайга.
Институтан ламаст хилла дIахIоьттина хIора шарахь апрель баттахь нохчийн меттан денна лерина нохчийн меттан хьехархошна юкъахь конкурс дIаяхьар. Кху шарахь бархIолгIа кхочушеш ю оха иза. Дуьххьарлера конкурс 2010-чу шарахь дIаяьхьира «Нохчийн меттан хьехархо» аьлла.
Къамел дерзош суна массо а нохчийн меттан хьехархо а, вайн махкахой а декъалбан лаьа ненан меттан денца. Баркалла ала луур дара нохчийн мотт кхиорна, кегийрхошна иза дIахьехарна а тIехь къахьоьгуш мел волчунна. Кхин дIа а и болх дIабахьарна тIехь Дала аьтто бойла церан массеран а.

Обновлено (25.04.2017 14:25)

 

Мы в социальных сетях:

855962 s fb icon 325x325 twitter-icon odnoklassniki vk instagram-logo-468

Наши газеты

О нас

o nas
button-mag-sign

Абитуриентам