Get Adobe Flash player

Поиск

Фоторепортаж

001

Наши Друзья

 
Tudaiy
 
 
 
 
  
FADN Logo-02 
 

ЭВЛАЯЭХ ДИЙЦАРШ. ЧІАЬНТА-ЮЬРТАРА ІАБДУЛ-ВАХІАБ-ХЬАЬЖА

Хууш ма-хиллара, Теркаца йолчу ярташкара дуккха а эвлаяаш бевлла. Уьш а, церан дахаран некъаш а, кхолламаш а бовзуьйтуш къахьоьгуш ву журналист, публицист Духаев Адам. Цо вайн халкъалахь бовзийтинчу эвлаяэх цхьаъ ву ЧІаьнта-Юьртара Іабдул-ВахІаб-Хьаьжа. Цо дийцинчунна тІе а тевжаш, «Ан-Нур» газетдешархошна кІеззиг дийца лаьа оцу эвлаяан дахарх а, кхолламах а лаьцна. Іабдул-ВахІаб дуьнен чу ваьлла 1859-чу шарахь (Ширачу-Юьртахь) Девкар-Эвлахь, зандакъхочун Хьодин доьзалехь. Хьодин ши зуда хилла. Хьалхарчу зудчо цунна ши кІант вина. Церан цІерш Хьамад а, Ахьмад а хилла. ШолгІачу зудчо цунна ши кІант а, цхьа йоІ а дина – Іабдул-ВахІаб а, Іабдул-Шайх а, Хьазант а. Кхуззахь хьахо лаьа Іабдул-ВахІаб Девкар-Эвларчу Докка-Шайхан шича хилар. ХІХ-чу бІешеран 80-чу шерашкахь Хьода Девкар-Эвлара ЧІаьнта-Юьрта дІакхелха. Хуучара дийцарехь, Іабдул-ВахІаба бераллехь Іилма Іамийна Лаха-Неврерчу Іусман-Хьаьжа волчохь. Цигахь дешна ваьллачул тІаьхьа иза Зандакъарчу ГІеза-Хьаьжас Іамийна волчу 1алларарчу Умалт-Хьаьжин мурд хуьлу. 1831-чу шарахь Іабдул-ВахІаб ХьаьжцІа воьду. Макка а, Мединате а воьдуш цуьнца цхьаьна хуьлу Докка-Шайхин нуц, Девкар-Эвла ларъярехь шегара турпалалла гайтина волу Эду-Хьаьжа а, цуьнан хІусамнана а.
 Хьаьж дина цІа веанчул тІаьхьа Эду-Хьаьжас Маккахь шайна гинчу тамашийначу хІуманах лаьцна иштта дийцира: – Тхох массарал а къона вара Іабдул-ВахІаб. Цуьнга хьаьжна доцуш, цо вуно к1оргера маьІна дора Къуръанан аятийн а, суратийн а. Церан чулацам бовзуьйтура Хьаьж дан баьхкинчу нохчашна. Цкъа цхьана дийнахь, Іабдул-ВахІаб Къуръана тІехь долчух лаьцна дуьйцуш волчу хенахь, цхьа Іаьрби веара тхуна тІе. Цо Іабдул-ВахІабе элира цуьнга кхойкхуш шайх Джамалайла ву, цуьнга шена тІевола боху, аьлла. (Маккарчу маьждиган имам хилла иза). Іабдул-ВахІаба Іаьрбичуьнга элира шен цунна тІеван йиш яц, аьлла.
ШолгІачу дийнахь а стаг ваийтира цунна тІе хьоьга шайх Джамалайлас ша волчу вола боху, аьлла. Амма шолгІачу дийнахь а Іабдул-ВахІаб и волчу ца вахара. КхоалгІачу дийнахь шега кхайкхича, вист ца хуьлуш Къуръан дІа а къевлина, шен когаш тІе боьгІначуьра ши бІаьрг дІа ца боккхуш, иза шайхийн диване вахара. (Цига воьдучу хенахь цхьаьнгга а хьежа а, дуьненан хІуманийн ойла ян а мегаш дац олуш ду). Іабдул-ВахІаб хІунда кхайкхина хьажа со а вахара цунна тІаьхьа. Хьалхахьа баьккхина ког юханехьа баккха ца хІуттуш, тІехьара ког хьалхахьа баккха ца хІуттуш сохьтехь гергга лаьттира со цу меттехь. Делахь а корах чу хьажа а, цу чохь хилларг ган а аьтто белира сан.
Джамалайла шайх а, Іабдул-ВахІаб а голаш тІе а лахвелла, вовшашна дуьхь-дуьхьал Іаш вара. Маккарчу маьждиган имам цхьаъ доьшуш вара. Иза Іабдул-ВахІабна шайхан дарж луш хиллера.
Макка-Мединатера Нохчийчу цІа вирзинчул тІаьхьа, керлачу шайхан устаза Умалт-Хьаьжас (Матас) а чІагІдира Іабдул-ВахІабан шайхалаллин дарж. ХІетахь дуьйна цуьнан мурдаша, сий-ларам беш, гІиллакх лоцуш Іапи олуш хилла Іабдул-ВахІабах. Хьаьж дина цІа веанчул тІаьхьа Іусман-Хьаьжас а ша волчу дІакхайкхина хилла Іабдул-ВахІаб. Шен хьалхарчу хьехархочун дехар кхочушдеш, Іапи Лаха-Невре вахара. Цига дІакхаьчча, эвлаяъ вехачу урамехь лаьтташ оцу юьртара дуккха а адамаш хилла. Къоначу шайхе хьовса даьхкина хилла и адамаш. Йоккхачу тобанна юккъехь лаьтташ Іусман-Хьаьжа а хилла. ХІара шайна тІекхаьчча цо аьлла хиллера:
– Іабдул-ВахІаб-Хьаьжа! Суо къена хиларна хьо волчу дІаван сайн дегІах бІо а ца боьлла, хьо схьакхайкхийтира ас, хьан къоналлех тешна. КъинтІеравала суна. Хьо волчу дІаван везаш вара со. Къена шайх волчу чу вахана, вовшах марзо эцна, ЧІаьнта-Юьрта дІавахара эвлаяъ.
Цул тІаьхьа цхьа хан яьлча, Іапис Галнера Хадишт ялийра. Церан доьзал кхоллабелира: кІант Мохьмад, йоьІарий – Хьулимат, Зезерт. Шайхан кІант дукха хьалхе кхелхира. Ткъа 1апин Хьулимат Бена юьртарчу Хьумиде яхара. Зезерт цкъа хьалха Лакха-Неврехь марехь хилира. Цигара маре доьхча Галнерчу къедане Олам-молле маре яхара.
Элах-Молла кхелхинчул тІаьхьа вуьрхІийтта шарахь вехира Іабдул-ВахІаб-Хьаьжа. Иза кхелхира шен 43 шо кхаьчча, 1902-чу шарахь. Дукха халкъ деара цуьнан тезета. Бусалба Іадатехь бан беза берриге а белхаш бина, докъан ламаз дина, кешнашка бахьа и тІехь волу барам хьалаайбича, мичара вели ца хууш цхьа воккха стаг хІоьттина ков-берте. КІайн духар хилла цунна тІехь. Цо адамашка дехар дина цкъа барам охьабиллахьара аша аьлла. Цо аьлларг дина барам айъинчара. ТІаккха оцу стага доІа дина. ДоІа дина ваьлча Іаьрбийн маттахь вистхилла иза:
– Іабдул-ВахІаб-Хьаьжа! Сийсара хьан дегІах са дІакъаьстича ворхІ дуьненна а, ворхІ стигална а Іуьрг делира. Беркат дІадахара. Іабдул-ВахІаб-Хьаьжа! Хьан метта кхиверг дІахІотталц дуьненашна а, стигалашна а девлла Іуьргаш дІадукъалур дац, беркат юха а доьрзур дац. (Къаноша тоьшаллаш дарехь, оцу шарахь йокъа хІоттар бахьанехь баккъал а мацалла хІоьттина хилла. Кхузара адамаш ахьар даккха хьаьжкІаш ян ГІалгІайчу оьхуш хилла).
Іаьрби къамел дина ваьлча, наха цуьнга хаьттина хилла хьо мичара ву, аьлла. Цо ша шайхаша ваийтина ву аьлла жоп делла. Цул тІаьхьа, барам схьа а эцна, наха ЧІаьнта-Юьртана къилбехьа долчу кешнашка дІаваьхьна Іабдул-ВахІаб-Хьаьжа. Цигахь дІа а воьллина. Оцу кешнашкахь ду цуьнан зиярат тахана а.
Зорбане кечйинарг – С. Хасанов

Обновлено (04.08.2013 14:46)

 

Мы в социальных сетях:

855962 s fb icon 325x325 twitter-icon odnoklassniki vk instagram-logo-468

Наши газеты

О нас

o nas
button-mag-sign

Абитуриентам