Get Adobe Flash player

Поиск

Фоторепортаж

001

Наши Друзья

 
Tudaiy
 
 
 
 
  
FADN Logo-02 
 

ВАЙН ЮКЪАРА ЛАЗАМ. ШЕМАХЬ БЕРГ ГIАЗОТАН ТIОМ БАЦ

Вайн республикин куьйгаллин, къаьсттина Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзан-Хьаьжин, нохчийн дерриге а халкъан сагатдо Шемахь кхолладеллачу хьоло, цигахь дIабоьдуш болчу къизачу тIамо. Вайн массеран а лазам хилла дIахIоьттина иза. ХIунда аьлча, цигахь бойъуш берш бусалбанаш бу, дохош, отуш маьждигаш ду, йохош хьуьжарш ю. Бойъуш Iеламнах бу. Вовшах леташ берш бусалбанаш бу, Шеман мостагIаша тесна питана бахьанехь доккха зулам даьржина цигахь. «Радикальни ислам», «религиозни экстремизм» бохуш харц цIерш а тохкуш, бусалбанаш хIаллакбеш бу. Бусалба дин – машаран, маслаIатан дин ду. Ткъа радикалаш бусалба а, керста а хила тарло. Ма-дарра аьлча, дин цхьаъ бен дац. Иза бусалба дин ду. Цунах кхета а кхетта, вайна юкъара зулам дIадаккха деза. Со Шемахь хилла. Цигахь доьшуш Iийна со. Iаьрбийн мехкашна юккъехь а уггаре а чIогIа бусалба дин долуш, уггаре а баккхий Iеламнах болуш мохк бу иза. Царах цхьаъ вара Мухьаммадан СаьIид БутIи. Эвлаяъ санна стаг вара иза. Шемахь тIом ца гIаттийта, махкахь питана ца даржийта гIерташ дукха кхайкхамаш бира цо. Зулам, питана дIадаккха волавелча, цунах кхин а доккха зулам, питана хир делахь иза «дижина» дита боху шарIо. 
Изза бохура БутIис а. Амма Шеман паччахьан Башар Осадан Iедална дуьхьал тIом бан баьхкинчу зуламхоша къиза вийра иза (Дала декъал войла иза). Къаддафи боху цхьа хьенех ву и зулам дан магийнарг. Цо магийна Шеман Iедалан эскаран гIо лоцуш мел верг вен. (Вайна и хезча хьалха хIутту Нохчийчохь 13–14 шо хьалха хилла сурт. Мел тера а ду иза. Изза зуламаш дора-кх кхузахь хиллачу вахабиташа а, дуьненаюкъарчу терроризман декъашхоша а. ХатI а изза ду, зуламаш дийраш а уьш бу).
ХIинца Шемахь оцу зуламден цIе: «БутIи вен магийна Къаддафи» – олий йоккхуш ю. Маьрша нах, бусалба нах байъа магош, къизалла яржош ву иза. Делан дуьхьа а, бусалба динан дуьхьа а яржайойла дац и къизалла. Дала магийна а дац иза. Луьра дихкина а ду, бекхам бийр болуш а ду. Интернетехь даржош долчу питанечу, зуламечу хабарех а тешна Европан мехкашкара а, Россера а кегийрхой бахана Шемарчу тIаме, хIинца а д1аоьхуш а бу. Царна юкъахь, мел чIогIа халахеташ делахь а вайн къомах кегийрхой а бу. Гуттар а чIогIа инзарвоккхуш ду царна юкъахь наггахь вайн мехкарий хилар. Цаьрга а, вайн берриге а кегийрхошка а дIаала лаьа: Шемахь боьдуш берг гIазотан тIом бац. Бусалба дин бахьанехь а, бусалба дин айдан а, чIагIдан а, цуьнан сий лакхадаккха а беш тIом бац. Iедал къуьйсуш беш тIом бу. Цхьа агIо Iедал дIа ца луш тIом беш ю, важа агIо, Малхбузено питанаш а туьйсуш, ир-кара а хIиттош, Iедале кхача гIерташ тIом беш ю. ТIаккха, стенах Iехавелла гIур ву цига?
Вайн цига даха бакъо яц! Хуьлуьйтур вай иза бакъ гIазот (цахилар хууш ду-кх). ТIаккха а вайн цига даха бакъо яц-кха Нохчийчоьнан Куьйгалхочо, республикин муфтиято бакъо ца елча. Бакъо, пурба доцуш цига даха мегар дац бохург ду иза, Шемахь дIабоьдуш берг бакъонца гIазотан тIом хилча а. Иза гIазотан тIом цахиларх дерг вай лакхахь аьлла. Шема тIарикъатан пачхьалкх ю, Дела цхьаъ веш, пайхамарш бакъбеш, эвлаяаш къобал а беш. Цига тIом бан баханчара оцу махкахь халифат юьллур ю боху. Цара зиярташ дохийна, Мухьаммад-Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) асхьабан каш даьстина… кхин а ирча зуламаш, Дела оьгIаз гIон волу хIуманаш лелийна. Шемахошна оьшуш яц церан халифат. Уьш тIарикъатан некъа тIехь хила лууш бу, шайн дайша лелийна дин лело лууш бу. «ГIазот даккха» баханчара царна хетарг тергал деш дац.
Шема цхьа стаг бен ца вахар а вайна дукха ду. Да-нана делхош цига вахнарг дакъаза вер ву. Вайн Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) ца магийна ден-ненан пурба доцуш бакъонца долчу гIазоте вахар а. Цкъа Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) волчу веана гIазоте вахийта ша аьлла дехар дина хиллера цхьана асхьаба. Хьайн дегара-ненера пурба даьккхиний ахь, аьлла хаьттина хиллера цо. Ца даьккхина аьлча, цаьргара пурба даккха, цара пурба ца делча гIазоте ваха хьан бакъо яц аьлла хиллера. Иштта ду бакъдерг. Цундела, Интернетехь дуьйцучух Iеха а ца луш, вайн кегийрхой шайн цIахь Iан беза, дас-нанас бохург деш. Вайн махкахь дукха ю доккха гIазот даккха меттигаш. Дай-наной а сема хила беза, шайн доьзалш ийманехь кхиош, хаддаза уьш кхетош къахьега деза.
Шахидов Адам, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун динан гIуллакхашкахула гIоьнча, «Некъ» телекомпанин директор (ХIара къамел цо дира Шемара хьал дийцаре дарна леринчу «горгачу стоьлехь»).
Къамел зорбане,
д1аяздеш, кечдинарг – С. ХАСАНОВ

Обновлено (04.08.2013 14:26)

 

Мы в социальных сетях:

855962 s fb icon 325x325 twitter-icon odnoklassniki vk instagram-logo-468

Наши газеты

О нас

o nas
button-mag-sign

Абитуриентам