Get Adobe Flash player

Поиск

Фоторепортаж

001

Наши Друзья

 
Tudaiy
 
 
 
 
  
FADN Logo-02 
 

Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хестош доьшуш долу мовлад

БисмиллахIиррохьманиррохьийм.
Салатуна саламуна Iалайкум Мухьаммад, Вайн Элчанан возалла мел дийцарх кхачалац.
Дуьне, Iалам кхоллале, синош кхоьллира вайн Дала.
Цу синошлахь даздина хьан са кхоьллира вайн Дала.
Адам пайхамаран зуьретах хьан са догIуш ма дара, Пайхамаран сил тIаьхьа и дуьненчу ма даьккхира.
Цу сий долчу дайшкара хьан са догIуш ма дара. ТIаьхьара зама тIекхаьчча IабдуллахI ма хили.
IабдуллахI ша ма хили ирс долчу кIентан да.
Цуьнан цIийнан ва нана ВахIабан йоI Аминат.
Тайпа Къурайшин долуш, Маккахь вина ва волуш, ШапаIатан да вара ва Мухьаммад Пайхамар.
Азаллехь ша яздинчу шен йозан тIе яздина, «Ва Мухьаммад Пайхамар сийлахь Элча ву» аьлла.
Дуьне, Iалам ва кхобуш, даима дийна ва волуш Шен цIарах цIе хIоьттина, хьо дуьненчу ма ваьккхира.
Рабби-Iул-авваль шийттолгIачу ва буса Элча дуьненчу велира, дуьненан Iаламан нур хилла.
Доккха ирс хили хьан, Элчанан да, IабдуллахI, хьан санна кIант ва волуш, цхьа а да ма вацара.
Доккха ирс хили хьан, ВахIабан йоI Аминат. Хьан санна кIант ва волуш, цхьа а нана яцара.
Вина нана Аминат, кхаьбна нана Хьалимат. Декъала хилла ши нана, Элча варца, ­кхиорца.
Элча дуьненчу ваьлла оршотан ва буьйса Везачу Дала язйира, керстанна бала луш.
Элча винчу ва буса ша къаьсттина ма дара. Малх кхетале ва хьалха дуьненчохь нур ма дара.
Элча винчу ва буса и къурайшин ва хьайбанаш кхаьънаш дохуш ма дара: «Тховса Элча вина» бохуш.
Элча винчу ва буса и бухIайрат боху хIорд, Iаламат ша ва хилла ловзуш, лесташ ма бара.
Элча дуьненчу валлалц стигала дуьйлу шайтIанаш, ва маликийн хабаре шаьш ладегIа гIертара.
Элча, Дала вазварна и дуьненчу ва ваьлча, седарчий а ва детташ, юха чехош ма дара.
Элча дуьненчу валлалц севцца лаьтташ долу хиш, Элча дуьненчу ваьлча дуьйладелла ма дара.
Элча винчу ва буса, шайн хиш лекъна, цIерш яйна, сахиллалц ша ма дилхира и керста ва адам.
Элча бераллехь дуьйна, Далла везна ма вара. Джабраил малике, Дала къамел дойтура.
Элча жима ва волуш, цатам хилла вилхича, Делера хаам ма хилира: «Велха мегар дац», аьлла.
Хьан б1аьргара хин тIадам лаьтта охьа ва боьжча, гIа­буц дала амал дац, дуьне дакъалур ма ду.
Делан омра кхочушдеш и воьлхучура ма сецира. Цо шен дагахь бохура «ЛА ИЛЛАХIА ИЛЛАЛЛАХI».
Вайн Элчанан Iаламаташ мел тамашийна дара, ша винчу ва дийнахь Дела хьехош ма вара.
Элча винчу ва буса, бага хьейеш ма вара, улло вахна ладоьгIча Делан цIерш йохура.
ЛадогIийша вежарий, вайн Элчанан возалле, доккха ниIмат ду шуна, Дала вайна делларг.
Вайн Элчанан шапаIат, ваьшна дезаш вай делахь, дилла деза вай цунна, Делан деза салават.
"Мовла я солли ва са ллимда иман абада Iала­а хьабика хойрил халкъи куллихIими".
Элча жима ва волуш, цуьнан да-нана кхелхина, Элча кхаба ца оьцура, гIийла буо ду ва бохуш.
Хьалимат ша ма яхара, шена кхаба бер лаха, Элча кхаба ца ийцира и гIийла буо ду ва аьлла.
Цо цIахь дега хаьттира: «IабдуллахIан цхьа буо ду, иза кхаба эцарах, вайна пайда хирий те?»
ЦIахь цунна жоп делира: «Ва шовда хьо, Хьалимат, иза наха ва ваьхьнехь, вайн дан амал дацара».
Хьалимат ша ма яхара, юха Элча ва волчу, хIара жовхIар ду бохуш, Элча кхаба ма валийра.
Мискалла гIаддайначу Хьалимата и вакхийра. И вакхийчахьана иза хьал долуш ма хилира.
Элча бераллехь дуьйна, нийсо лелош ма вара, нийса доцу гIиллакхаш цхьа а цуьнца дацара.
Элчанца ва кхобуш, Хьалиматан шен кIант вара, цунна богIу ва накха, Элча бууш вацара.
Цунах хуур ма дара, Дала ша вазвар, цунах билгалдолура Сийлахь Элча хьо хилар.
ЛадогIийша вежарий, вайн Элчанан возалле, доккха ниIмат ду шуна, Дала вайна делларг.
Вайн Элчанан шапаIат, ваьшна дезаш вай делахь, дилла деза вай цунна, Делан деза салават.
"Мовла я солли ва са ллимда иман абада Iала­а хьабика хойрил халкъи куллихIими".
Элча жима ва волуш, Хьалимата и кхобуш, малик охьадоьссина, кийрара дог даьккхира.
И цIандина, тадина, цу тIе мухIар таIийна, Элча билгал ва воккхуш, юха кийра диллира.
Цунах кхераеллачу Хьалимата, ойла йира. КIант волчунна дIавала цо шен дагахь ма сацийра.
Хьалимат ша ма яхара, шеца Элча ва волуш, Элчанан нах ва болчу, шайн кIант дIаэца, аьлла.
Маккин элий ма бара, жаIаршна шаьш гIуллакх деш, Элча везаш бацара, жаIарш сийсазйо ва бохуш.
Элча, Дала вазварна, жаIарш йолчу и вахча, жаIарш юхуш ма яра, лаьтта охьаетталуш.
АбужехIил вара ша, Элчанца ва къуьйсуш, ша эшна кIел ма висира, Далла тола ца лиъна.
Цо орца ма элира, ва Хьабиб­ паччахье, геланча вахийтира, шен кехат ва эцна.
Веана ма кхечира, ва Хьабиб ва паччахь, шийтта эзар ва бере, шеца цхьаьна ва волуш.
Кхайкхина тIе ма валийра, сий долу цо Мухьаммад. «Схьагайтахьа, хIай Мухьаммад, хьайгара ахь билгало».
«ХIун билгало еза хьуна, ва Хьабиб, ва паччахь, билгало ю хьуна ахь шена цIе тоьхнарг».
Шена дера лаьара, и малх дIа а буьзна, цуьнан метта бутт кхетта, и лаьтта боссийта.
Хьо бакъвеш, бистхила, шахIадат далийна, хьан коьрта тIехь ва сецна, и юха берзийта».
ТIаккха Элча ма велира Абу-Къуббайс цу лам тIе. Ши ракаIатан ламаз дан, ша нийсса хIоьттина.
ГIелвелла доIа дира, сийдолчу Элчано. ТIаккха Дала жоп делира, сийдолчу Элчанна.
И малх дIа а буьзира, цуьнан метта бутт кхийтира, и лаьтта тIе а боьссира, Элчанна тIехь сецира.
Цо шахIадат ма далийра, Элча бакъву ва аьлла. ТIаккха Хьабиб паччахьо цуьнца ийман диллира.
АбужехIил гIелвелира шех паччахь дIакъаьстина. Элча бакъван ца лууш, юккъе дешнаш туьйсура.
Цхьа эмкал ма ялийра, ва Хьабиб ­паччахьо: «Шуьшиннах бакъволчуьнга эмкал дуьхьал йистхир ю».
АбужехIил схьавирзира шен жаIаршца ва улло. Эмкал йист дIа ца хилира, АбужехIил бакъ ца веш.
Вайн Пайхамар вистхилча, эмкал дуьхьал йистхилира. Цо шахIадат ма далийра, Элча бакъву ва аьлла.
Ша даьккхинчу орцанах шена дуьхьал бIо хилла, АбужехIил кIелвисира шен некъ нийса ца хилла.
Хьабиб ­паччахьо ма элира: «Шен дагара ахь дийцахьа, ша къера ма ву хьуна, хьо Элча хиларна».
Вайн Элчано ма элира: «Хьан цIахь цхьа йоI ма яра, цхьа а меже ва йоцуш, цуьнан гIайгIа ю хьан. Дела вайца ву хьуна, вайн доIанна жоп лур долуш, хьо юха цIаверзале, массо меже хир ма ю».
Паччахь цIаверзале кхаьънаш дохуш ма дара: «Паччахьан йоI таелла, массо меже ю, боху».
ЙоIо дега бохура: «Вайга цхьа стаг ма веара, цо суна тIе куьг хьаькхча, массо меже хилира сан».
ЛадогIийша вежарий, вайн Элчанан возалле, доккха ниIмат ду шуна Дала вайна делларг.
Вайн Элчанан шапаIат, ваьшна дезаш вай делахь, дилла деза вай цунна, Делан деза салават.
"Мовла я солли ва са ллимда иман абада Iала­а хьабика хойрил халкъи куллихIими".
Элча, хьо мел веза ву, хьо Дала мел вазвина. Хьан сийдарца гIовтту тхо, хьоьга маршалла ва хоттуш.
"Мархьаба я мархьаба, Жаддал, Хьусайн мархьаба. Мархьаба я мархьаба, Жаддал, Хьусайн мархьаба. Мархьаба я мархьаба, Жаддал, Хьусайн мархьаба".
Ахь Делаца къамел деш, Дела дуьхьал вистхуьлуш, Деле уммат дийхира ахь, хьо гIелвелла вилхина.
Дала хьуна жоп делира: «Хьан уммат хьан ду», аьлла. «Хьайн умматан дола дан хьо Пайхамар ву», аьлла.
Хьо везнарг Дела ву, Дела везнарг хьо ма ву. Хьо тIехдукха везначунна, хьан шапаIат хир ма ду.
Дин кхайкхаде ва аьлла, Делера хаам ва хилча, Элча гIийла ма вара, шеца накъост ва воцуш.
Цуьнан деваша ма вара шен цIе Хьамзат ва йолуш. Хьалхе ийман диллина, Элча къобалвеш вара.
Iумар, Iела ма вара, Iусман, Халид ма вара, ибну МасIуд ва волуш, тIамехь каде ма бара.
Халид асхьаб ма вара, Маккахь ша тур хьокхуш. Ша ийманчохь ма вара, Делан цIерш яхарца.
Маккин элий ма бара, вайн Элчанца машар буьйцуш. Вайн Пайхамар ма вара, тIом сацабе ва бохуш.
Цо геланча вахийтира, тур сацаде ва аьлла. Вахийтинчу геланчо, тур хьакха боху, аьллера.
Маккахь тIом чекхбелира, Элчанан омра кхочуш ца деш. Элча тамаш беш вара, ша аьлларг ца дарна.
Халид асхьаб тIекхайкхира: «Ас аьлларг ца ди ахь, бехке ву хьо», аьллера.
Халида ша ма элира: «Со бехке вац, хIай Пайхамар, схьавеанчу геланчо, тур хьакха, боху, аьллера».
Геланча ша тIекхайкхира: «Ахь нийса дIа ца аьлла, ас хьоьга ма элира, тур сацаде», ва аьлла.
Геланчо ша ма элира: «Бакъ ма ду хIай Пайхамар, ахь аьлларг дIаала шен мотт лелаш бацара».
Дела вицлуш вацара, хьалха йинчу чIагIонна. И ладоьгIуш ма вара, цара дечу къамеле.
ДIаяханчу заманчохь, Пайхамар тIамехь волуш, Пайхамаран церг яьккхира, керстанан куьйгашца.
Цуьнан церг яьккхича, Халида ша чIагIо йира, Делан цIарца дуй бууш: «Макка йоккхур ю»,- аьлла.
Цуьнан чIагIо ца йохо дIаваханчу геланчо, Делан лаам ва хилла, тур хьакха боху олура.
Церан къовсам ва хилча, Делера схьа ма хезира: «Бехке верг аш лехахь, Со ву шуна», ва аьлла.
ЛадогIийша вежарий, вайн Элчанан возалле, доккха ниIмат ду шуна, Дала вайна делларг. Вайн Элчанан шапаIат, ваьшна дезаш вай делахь, дилла деза вай цунна, Делан деза салават.
"Мовла я солли ва са ллимда иман абада Iала­а хьабика хойрил халкъи куллихIими".
Дуьненчохь дин дацара, Маккахь дин дацара. Вайн Пайхамар валлалц, ийман, ­ислам дацара.
Дуьненчохь дин даьржира, Маккахь дин даьржира. Вайн Пайхамар ва веача, ийман­, ислам даьржира.
Хьан беркато дуьзи-кха хIара маьлхан ва дуьне. Хьо дуьненчохь вуьйцура сийлахь Элча ву, бохуш.
Дууш, ­молуш ва доцуш, Далла муьтIахь ва долчу вазви хьо, ва Мухьаммад Пайхамар.
Хьан сийлахь цIе ма кхечи ва стигалан Iаршашка, маликаша вуьйцу хьо, сийлахь Элча ву бохуш.
Буьйса Iаьржа ва еача, буса ара хьо ваьлча, буьйса серла йоккхура хьан хазачу ва нуьро.
Тхо ирс долуш ма хилла хьан умматах кхолларна.
Къематдийнахь дола дан, хьо Пайхамар хиларна.
Вайн Элчанан шапаIат, ваьшна дезаш вай делахь, дилла деза вай цунна, Делан деза салават.
"Мовла я солли ва са ллимда иман абада Iала­а хьабика хойрил халкъи куллихIими".
Васоллия роббана роббассамаа­ваати, Iала Мухьаммадина хойрил барияти.
Яздинарг - Саламов Хьамзат

Обновлено (25.02.2014 11:18)

 

Мы в социальных сетях:

855962 s fb icon 325x325 twitter-icon odnoklassniki vk instagram-logo-468

Наши газеты

О нас

o nas
button-mag-sign

Абитуриентам