Get Adobe Flash player

Поиск

Фоторепортаж

001

Наши Друзья

 
Tudaiy
 
 
 
 
  
FADN Logo-02 
 

к1емат де

Даиман дуьнен чохь вуьсар ву моьтташ,
Валаран къаьхьа кад мериг бац моьтташ,
Кхоьллина вай Дели, вицлур ву моьтташ,
Ва 1еха ма ло вай, къемата де дог1у.

Ца боха хоьвшина, падчахьаш боьхна,
Ца йохо ехкина г1аланаш йоьхна,
Масанний да вийна 1ийла бай дисина,
Ва 1еха ма ло вай къемата де дог1у.

Ла духуш хила вай, заманаш йог1у,
Ойла еш хила вай, вай аьшна дог1у,
Дей буьйсий маьлла дели, 1ожалла йог1у,
Ва 1еха ма ло вай къемата де дог1у.

Дуьненца вай ойла са яьлла йог1у,
Ламазах мархеха вай хаьдда дог1у,
И лахьта кеч дарна вай аьшна дог1у,
Ва 1еха ма ло вай къемата де дог1у.

Масанна да вийна кху дуьнено 1ехийна,
Масанний доьзалаш бай хилла дайна,
Садолучу метахьа велхийнарг вайна,
Ва 1еха ма ло вай къемата де дог1у.

Даъарха вуьзнариг, даъарха ваьлла,
Духарна хазвелларг духарха ваьлла,
Масанна вийлинарг, воьлхачохь вела,
Ва 1еха ма ло вай къемата де дог1у.

Масанна доцучохь каш доккхаш дайна,
Масанна ч1ог1анаш кхелхина байна,
Масанна дика к1ентий чу бохкуш байна,
Ва 1еха ма ло вай къемата де дог1у.

Дели ву х1умана шена къайле йоцаш,
Шена диначу къоланна вицвалар доцаш,
Ша реза воцчунна сихвалар доцаш
Ва 1еха ма ло вай къемата де дог1у.

Ма хьежал дуьнене вехар ву бохаш,
Ма яхка вай хенаш зама д1а тоьттуш,
Вай дохко дойр ду кха дег1аха са къаьсташ,
Ва 1еха ма ло вай къемата де дог1у.
 Алдырачу Ширвани-хьаьжас олаш хилла йолу назма.

Обновлено (28.08.2013 13:09)

 

Мы в социальных сетях:

855962 s fb icon 325x325 twitter-icon odnoklassniki vk instagram-logo-468

Наши газеты

О нас

o nas
button-mag-sign

Абитуриентам