Get Adobe Flash player

Поиск

Фоторепортаж

001

Наши Друзья

 
Tudaiy
 
 
 
 
  
FADN Logo-02 
 

Я Рабби хьо везар тхуна марздехьа

Делан аьлчи д1а кхелхина, дейта б1е шо дуьзна дог1у,
Дела хьехор г1ел дела, дуьне лахар сов даьлла,
Аьлчи везарш к1еззиг хили, веза бохарш дукха хили,
Адам дин а диц дела, хан эхира замана т1е кхаьчна,
Хьан къинхетам сов ца балахь, х1аллак хила герга дукха,
Я Рабби хьо везар тхуна марздехьа.

Везан Дели хьо везаш вериг дагца хьан дин долаш вар-кха,
Сийлахь аьлчи везаш вериг, шар1ах дага вуьйлаш вар-кха,
Овлияъаш безаш вериг, хьарам дериг дуьташ вар-кха,
Хьо тха ву-кха, дин бакъ ду-кха, Хьан дин доцарг, доьхна ду-кха
Я Рабби хьо везар тхуна марздехьа.

Везан Дели х1у дер техьа, Хьан ц1ена дин г1елделла доьду,
Сийлахь аьлчи хьоьга кхойкху, и шар1а байлахь ду-кха,
Кишийн Хедийн во1 хоьга кхойкху, хьан къадаре ц1арца ду-кха,
Овлияъаш дина орцах шу ца довлахь, тхо тиларна гергахь ду-кха,
Я Рабби хьо везар тхуна марздехьа.

Везан Дели х1у дер техьа, Хьан къинхетам сов ца балахь,
Бусалбанаш бу бохариш, хьарам хьакъаш дуъаш бу-кха,
Хьанал ламаз де бохариш, шайца шукра доцаш бу-кха,
Цунах ламаз хир дац аьлчи, мунафикъ нах бохар ду-кха,
Я Рабби хьо везар тхуна марздехьа.

(Мартант1ерачу Т1ауса олаш йола назма)

Обновлено (28.08.2013 13:04)

 

Мы в социальных сетях:

855962 s fb icon 325x325 twitter-icon odnoklassniki vk instagram-logo-468

Наши газеты

О нас

o nas
button-mag-sign

Абитуриентам