Get Adobe Flash player

Поиск

Фоторепортаж

001

Наши Друзья

 
Tudaiy
 
 
 
 
  
FADN Logo-02 
 

нана

И сийна стигланаш, ехкина волу,
Стигланаш х1аваъехь совцийна волу,
Стигланах серлонаш гуча йоьхаш волу,
И хьай Дела виц ви ахь, хуъар ду хьуна.

Даздина латтанаш кхоьллина волу
Латтанаш х1оьрдниш т1ехь совцина волу,
Латтанах ризкъанаш хьуна схьа луш волу,
И хьай Дела виц ви ахь, хуъар ду хьуна.

Хьо везаш кхиъинчу, дех-ненах ведда,
Из шиъа ца дезаш нахана ведда,
Хьо хала кхиъинчу хьай ненах ведда,
Д1а кхочаш воллу хьо, хуъар ду хьуна.

Да - нана делха деш, нахалахь воьлаш,
Хьай нана харц йина, ц1ийна нана бакъ йина,
Хьай нана елха еш, ц1ийна нана ела еш,
Дакъаза вели хьо, хуъар ду хьуна.

Шен накха баъа беш, к1елара мотт ва хуьйцаш,
Агана г1ойлингехь, хьо г1ийла техкийна,
Агана г1ойлингехь, набарна са тийсина,
И хьай нана елхий ахь, хуъар ду хьуна.

Г1ел велчи мац велчи, хьуна са хьийзош,
Ваханчара хьо вале хьоьги са туьйсуш,
Ша г1ийла ечу ойланца, хьуна са гатдина,
И хьай нана йиц йи ахь, хуъар ду хьуна.

Хьай нана елха еш, ц1ийна нана елош,
Хьай бериш ва хьоьсташ, хьай нана хьега еш,
Ва хьуна уьзш санна, шена хьо ва везна,
И хьай нана йиц йи ахь, хуъар ду хьуна.

Ва валар халоно хьо хьовзо волийчи,
Хьай балийн декъа ва, кхи воций хиъчи,
Ва нана - ва бохаш хьо кхайкха воьлчи,
Ва хуъар ду хьуна, хьай нана хиллийла.

Ненан мотт 1амийна хьо вола велчи,
Хьайх дукха дезина дог дохийна ваьлчи,
Дуьненахь эхиртахь, дакъаза вели -кха хьо,
Раг1 хьоьга кхочар ю, хуъар ду хьуна.

Ден, ненан сий динарг, сий долаш ма хилла,
Ден, ненан сий дайъинарг, сий дайна ма хиллакха,
Дуьненахь эхиртахь дакъаза вели-кха хьо,
Хьан доьзалло ч1ир оьцар ю, хуъар ду хьуна.

Обновлено (28.08.2013 13:03)

 

Мы в социальных сетях:

855962 s fb icon 325x325 twitter-icon odnoklassniki vk instagram-logo-468

Наши газеты

О нас

o nas
button-mag-sign

Абитуриентам