Get Adobe Flash player

Поиск

Фоторепортаж

001

Наши Друзья

 
Tudaiy
 
 
 
 
  
FADN Logo-02 
 

Кхалхар

Ва валар ду шуна, ша вайга кхойкхаш,
Цхьана дийнахь ша ма шу лоцар ду бохаш,
Шу санна маьлла бериш ша лаьцна боху,
Шен кхоьлаха шу хьалха дойриг дац ва боха.

1ожаллийн мотт бу шуна ша вайга кхойкхаш,
Цхьана дийнахь ша ма шу лоцар ду бохаш,
Шу санна маьлла бериш ша лаьцна боху,
Шен мара къоьвлинчохь, белхийна ша боху.

Малакал мовт ду шуна ша вайга кхойкхаш,
Цхьана дийнахь шен тоьпо шу лоцар ду бохаш,
Шу санна маьлла бериш, ша лаьцна боху,
Шен тоьпаха шу хьалха дойра дац боху.

Лийчош долу у ду шуна, ша вайга кхойкхаш,
Цхьана дийнахь шена т1е, шу дохкар ду бохаш,
Шу санна маьлла бериш, бехкина боху,
Шена т1ехь керча беш баьлхийна ша боху.

К1айн марчо ду шуна ша вайга кхойкхаш,
Цхьана дийнахь ша ма шух хьаьрчар ду бохуш,
Шу санна маьлла болчах хьаьрчина ша боху,
Йоьхьагаш къоьвлина чохь баьлхийна ша боху.

Готта барам бу шуна ша вайга кхойкхаш,
Цхьана дийнахь ша ма шу, хьура ду бохаш,
Шу санна маьлла бериш ша баьхьна боху,
Цу некъан бохаллехь, баьлхийна ша боху.

Кешний хьарм ю шуна ша вайга кхойкхаш,
Цхьана дийнахь ше г1опе шу дуьссар ду боха,
Шу санна маьлла бериш, биссийна боху,
Шен койналла юха ара ца ваьлла боху.

Коша лахьта ду шуна ша вайга кхойкхаш,
Цхьана дийнахь шена чу, шу дохкар ду бохуш,
Шу санна маьлла бериш, ша лаьцна боха,
Т1е уппаг1 хьажийна чохь, белхийна ша боху.

Мункар, Накир ду шуна шаш вайга кхойкхаш,
Цхьана дийнахь шаш ма шу, хьовзор ду бохуш,
Шу санна маьлла бериш, шаш лаьцна боху,
Жоьпехь нийс ца велларг, велхийна шаш боху.

Обновлено (02.09.2013 13:42)

 

Мы в социальных сетях:

855962 s fb icon 325x325 twitter-icon odnoklassniki vk instagram-logo-468

Наши газеты

О нас

o nas
button-mag-sign

Абитуриентам