Get Adobe Flash player

Поиск

Фоторепортаж

001

Наши Друзья

 
Tudaiy
 
 
 
 
  
FADN Logo-02 
 

Дег1ан 1еса чалх

Ва елла йала хьо, ва елла йала хьо
Ва дегIан Iеса чалх.

Хьайна била к1еда мотт хилча,
Ва даара мерза хилча
Ва духур хаза хилча
И Дела, Пайхамар виц а вина мел кура ели хьо.
Ва елла йала хьо, ва дегIан Iеса чалх.

Ва елла йала хьо, ва елла йала хьо
Ва дегIан Iеса чалх.

Дела къайлах лелаш долу маликаш даьхкина,
Хьан дегIах вала цамгар тоьхна
Iожалин буьллу мотт биллина
Iожалин метта хьо вахьа а виллина
Дела шен пурбанца лелош долу,
Хьан са оьцу Мулкул Мовт деъна.
ДегIаха мерза са къастина,
Хьокх дуьненеха йохь ерзина,
Эхарте нисвина,
Вахьавуьллур вуйла, ца хаьара-те хIуна.

Ва елла йала хьо, ва елла йала хьо
Ва дегIан Iеса чалх.

Нийса цу у тIе хьо вахьавиллина.
Аркъал, бертал ва вогIуш,
Хьан дегIан меженаш вовшеха ва хьерчош.
Хьан дегIе межене дола дар дIа даьлла
Хьо лийчо мела хи дегIа тIе а доьттина
Цу кисин марчо юккъе а виллина.
Дай-наний, йиш-ваший, доьзалаш тIекхейкхина,
Таьхьара бIаьрг тоьхна.
Юьхь тIе бамба биллина
Кисин марчо къевлина,
Оцу кешний хьарме хьо вига кечвина
Эц вахьавуьллур вуйла ца хаьар-те хьуна.

Ва елла йало хьо, ва елла йала хьо
Ва дегIан Iеса чалх.

УьйтIа тезет хIоттийна,
Ва готта барам неIар тIе беана,
Готтачу барам тIе виллина,
Дай-наний, йиш-веший, доьзалаш белхош.
Ва юьртара нах белхош
Хьо цкъа а ца ваьккхиначу новкъа ваьккхина,
Цу гяур-Иблисо кIелонаш еш,
Оцу кешнийн хьарме хьо вуьгур вуйла ца хаар-те хьуна.

Ва елла йала хьо, ва елла йала хьо
Ва дегIан Iеса чалх.

КIоргачу цу кошахь, готтачу лахьти чохь,
Iаьржачу боданашкахь.
Хьо к1егар хаийна, айха йина Iамалаш схьаэца бохуш
Iамалин тептараш хьайна хьалха дехкина.
Схьаэца Iамалаш йоцуш
Делах, Элчанах бехк хеташ,
Хьай барт хоттуш долчу маликехь бехк хеташ,
Дела рези воцуш, Элча реза воцуш,
Хьайн устаз реза воцуш.
КIоргачу цу кошахь, готтачу лахьти чохь
Iаьржачу боданашкахь,
Айхьа са гаттадийра дуйла ца хаьар-те хьуна.

Ва елла йала хьо, ва елла йала хьо
Ва дегIан Iеса чалх.
Iехадели-кха тхо кху дуьненах Везан Дела.

Обновлено (28.08.2013 12:49)

 

Мы в социальных сетях:

855962 s fb icon 325x325 twitter-icon odnoklassniki vk instagram-logo-468

Наши газеты

О нас

o nas
button-mag-sign

Абитуриентам