Get Adobe Flash player

Поиск

Фоторепортаж

001

Наши Друзья

 
Tudaiy
 
 
 
 
  
FADN Logo-02 
 

Валарна кечамбар

БисмиллахIиррохьманиррохьим      
Дешхьалхе 
   Хастам бу Iаламийн Да Волчу АллахIна. 
АллахIера салам-салават хуьлийла Iаламех къинхетам беш Дала ваийтина волчу вайн Элчанна Мухьаммадна, цуьнан доьзалшна, асхьабашна, царна тIаьхьа мел баьзначарна а. 
    Баккъалла а, уггар нийса къамел – АллахIан жайна (Къуръан) ду, уггар дика нийсо – вайн эла волчу Мухьаммадан (Делера салам- маршалла хуьлийла цунна) нийсо ю. КIезиг долуш кхачам беш дерг гIоле ду, дуккха долуш кхачаме доцчул а. Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Баккъалла а, шуна хир ду аьлла чIагIо йинарг догIур долуш ду шуна‚ шун ницкъ кхочур ма бац и духатоха». «Аль-АнIам». 134.
ХIокху жайнин Iалашо – валарна кечамбарх дийцар ю, адам кхолларх, цуьнан дахарх дерг а хьахош. Кхузахь масийтта хаттар ду, хIора стага ша-шега ца хаьттича йиш йоцуш: 
1. Вай кхоллале хьалха хIун хилла вай? 
2. Мила ву вай кхоьллинарг? 
3. Муьлхачу хIуманах кхоьллина ду вай? 
4. Муьлхачу Iалашонна кхоьллина вай? 
5. ТIаьххьара вайн доьрзу меттиг хIун ю? 
    Царех цхьадолчу хаттаршна жоп а луш, вай олу: «Баккъалла а, вай дерриг а доцуш хилла, цуьнан маьIна – хIокху дахарехь вай дехаш я хьахош ца хилла. Мила ву тIаккха вай кхоьллинарг? – Веза-Сийлахь волу АллахI ву-кх. Стенах кхоьллина вай? – Хин тIадамах кхоьллина вай, цул тIаьхьа детта цIий хилла иза, цул тIаьхьа цкъа кхаллал жижиг хилла иза, цул тIаьхьа меженаш а хилла, вайгахь долу куц кхочуш а хилла вайн. Мила ву Iалам кхоьллинарг? – АллахI ву. Муьлхачу Iалашонна кхоьллина вай, хIокху дуьнен чу хIунда дахкийтина вай? – Вай дахкийтина АллахIна Iибадат дан. АллахIна Iибадат до вай бохучун маьIна хIун ду? – Цуьнан маьIна, – АллахIна муьтIахь хуьлу вай, бохург ду. Вайн доьрзу меттиг хIун ю, цул тIаьхьа вай стенга гIур ду? Вай Далла Iибадат динехь я ца динехь, вай бусалба хиллехь я керста хиллехь а, адаман доьрзу меттиг хIун ю? – Веза-Сийлахьчу Деле ю. 
Веллачул тIаьхьа долу дахар 
  Веллачул тIаьхьа долчу дахаран юьхьиг валар ду, цул тIаьхьа каш ду. Хьо хьайн коша воьрзур ву, шен хан кхаьчча къематде хIуттур ду,  хьо хьайн кошара гIаттор ву. ГIаттийначул тIаьхьа хьесапдар, Мийзан терзана тIехь Iамалш озар, кхиболу белхаш а бу, хьо ялсамане я жоьжахате ваххалц. Иштта ду-кх воьрзучу меттиге кхачар, я жоьжахати чу я ялсамани чу вахарца. ХIун ду-те ялсамани чохь дерг? ХIун ду-те жоьжахати чохь дерг? Цигахь диъ хIума ду: даар, духар, малар, дахар а. Ялсаманехь муха хир ду? Жоьжахати чохь муха хир ду? 
Валар дуьненан дахаран чаккхе, эхартан юьхьиг а ю 
     Вешан дийцар юьххьера долор ду вай, хIунда аьлча хIора хIуманан а шен юьхьиг йолу дела. ХIокху декъехь валарх лаьцна, цул тIаьхьа къематдийнах, цуьнан кегийчу, яккхийчу а билгалонех лаьцна а дуьйцур ду вай. Валар дуьненан дахаран чаккхе ю, хIунда аьлча валаро вайн дуьненан дахар хадош долу дела. Бакъду, иза эхартан юьхьиг ю, вай деллачул тIаьхьа даима лаьттар долчу дахаран хьалхе а ю. Эхарта дерзале хьалха набарш кхетча санна хуьлу вай, амма делча самадовлу вай, оцу хенахь маликаш гур ду вайна, тIаккха хIун хир ду? Амма Дела хьехорехь гIопалхиллачун хьал иштта хир дац, Дала лардойла вай цунах, иза самавер вац шен коьртехь саоьцу малик долуш а бен. Валаро массо хIума шен метта дуьллу. Адаман са стигала хьала доьду, амма дегI лаьтте доьрзу. Оцу тIехь чаккхе юй-те оцу белхан? Яц. Веза- Сийлахьчу Дала аьлла: «Синош догIмех дIатоьхначу хенахь». «Ат-Таквир», 7. Цуьнан маьIна: къематдийнахь шен дегIах дIакхетар ду са, дуьнен чохь ма-хиллара. Оцу хенахь даьIахкаш тIе жижиг а доьгIна, хьалха санна дегI хир ду цунах. Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Оцу хенахь (шозлагIа зурман чу хIуп аьлча) уьш  гIовттур бу (къематдийнан халонга) хьоьжуш а болуш». «Аз-Зумар», 68. ХIокху аяташа вайна гойту, дахаран чаккхе, эхартан юьхьиг а валар хилар.
Валар – иза чохь са мел долчу хIуманан чаккхе ю 
     Вайн доьрзу меттиг хIун ю? Вай мича дIагIур ду? ТIаьххьара вай кхочур долу меттиг – иза къематде ду. Башхалла яц, вай хIинцца делча я дуккха даьхча а, зуда а ялийна, вайн бераш, берийн бераш а вайна гинехь я зуда ялонза хиллехь а, бIешарахь я шина бIешарахь вай дуьнен чохь хан яьккхинехь а, цуьнан чаккхе валар ду. Веза- Сийлахьчу Дала аьлла: «Баккъалла а, Оха адам (Адам-пайхамар) кхоьллина цIенчу поппарх. Цул тIаьхьа Оха иза(Адаман тIаьхье) хин тIадам хилийтина тешамечу меттехь (ненан кийрахь). ТIаккха, тIадамах детта цIий кхоьллира Оха‚ деттачу цIийх кхоьллира Оха жижиган кийсак‚ жижиган кийсаках кхоьллира даьIахкаш‚ тIаккха даьIахкашна тIе жижиг дуьйгIира (диллира) Оха, тIаккха (цунна чу са а хецна) Оха кхиийра кхин кхоллар. Беркате Ву АллахI – уггар дика кхуллуш верг. ТIаккха‚ баккъалла а, шу цул тIаьхьа лийр ду. ТIаккха‚ баккъалла а, къематдийнахь шу дендийр ду». «Аль-Муъминун», 12-16. 
   Шеца там боцчух цIена ву-кх Дела, хьажахь хIокху чолхечу балхе. Кхин цхьа а дин дуй адамана шен кхоллар ма-дарра билгалдеш, тIаккха цунна Дала шена делла коьрта ниIмат довза а довза – и ниIмат бусалба волуш кхоллар ду.  
    Воьрзу меттиг Веза-Сийлахьчу Деле ма ю, кхечу аятехь деана ма-хиллара: «Хьан Деле ю воьрзу меттиг». «Ан-Нажм», 42. 
    Мичахь ю чаккхе, воьрзу меттиг а? Веза- Сийлахьчу Деле ю-кх, Къуръана чохь Веза- Сийлахьчу Дала ма-аллара: «ХIай адам! Баккъалла а, хьо къахьоьгуш ду, хьайн Далла дуьхьалкхетталц (дика я вон Iамал ярца), хьо Цунна дуьхьал кхетар ма ду (айхьа йинчу Iамална бекхам хир бу хьуна, – я мела, я Iазап)». «Аль-Иншикъакъ», 6. Дерриг дахар къахьегар, кIадвалар а ду. Веза- Сийлахьчу Дала аьлла: «Баккъалла а, Оха адам кхоьллина хало хьоьгуш (шена чу са кхоьллинчу хенахь дуьйна ша даллалц)». «Аль-Балад», 4. 
Дуьнен чохь даима вахар дац цхьаннен 
    Веза-Сийлахьчу Дала хIокху дуьнен чохь даима вахар яздина дац цхьанненна а; Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) велахь, маликаш делахь, жинаш делахь а – цхьанненна а хIокху дуьнен чохь даима вахар делла дац, массеран боьрзу меттиг валар ду, берриге лийр болуш бу. Веза- Сийлахьчу Дала аьлла: «Зурмана чу хIуп эр ду, тIаккха стигланашкахь мел верг а‚ лаьттахь мел верг а велла охьавужур ву‚ Далла лиънарг воцург». «Аз-Зумар», 68.Къематде кхаччалц дийна хилларг а лийр ву оцу хенахь, зурмана чу хIуп эр долу Исрафил- малик а цхьаьна. Ша зурмана чу хIуп аьлла, дуьнен чохь мел долу хIума дIадаьллачул тIаьхьа а дийна хир ду иза, тIаккха Веза- Сийлахьчу Дала Шен дош кхочушдеш долуьйтур ду иза. Цул тIаьхьа Веза-Сийлахьчу Дала дендийр ду иза, шозлагIа зурмана чу хIуп алийта. Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Оцу хенахь (шозлагIа зурмана чу хIуп аьлча)уьш  гIовттур бу, (къематдийнан халонга) хьоьжуш а болуш». «Аз-Зумар», 68. 
    Везчу Дала цхьанненна а даима вахар делла дац, Веза-Сийлахьчу Дала ма-аллара: «Оха хьол хьалха а ца хилийтина адамана даима дахар. Ткъа хьо велча, уьш гуттар лаьттар болуш бу-те?» «Аль-Анбияъ», 34. ХIокху аятан маьIна: хIай Мухьаммад, хьо а лийр волуш хилча, мила ву хьол тIаьхьа даима вехар верг?! 
Массо а халкъо валар Iовшур ду 
    Валар Iовшар – иза юкъара низам ду, Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Массо дегI валар Iовшур долуш ду. Оха зуьйш ду шу вуонаца а‚ диканца а питане лоьцуш. Тхуна тIе духадерзор долуш а ду шу». «Аль-Анбияъ», 35. Валаро дуьнен чохь долу хьан зер чекхдоккху, тIаккха ахь йина Iамал хьуна гайта вухаверзаво хьо. Цул тIаьхьа эхартахь хьайна болу бекхам гучуболу хьуна. Цундела Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Массо дегI валар Iовшур долуш ду. Баккъалла а, къематдийнахь шуна дIалур ю шайн ял. Жоьжахатина гена а ваьккхина‚ ялсамане вахийтинарг – и ву декъалхилларг. Дуьненан дахар ма дац Iехаваран хIума бен». «Алу Iимран», 185. 
     АллахIа хаийтина, чохь са мел долу хIума лийриг хилар, оцу тIехь кхачо а ца еш адамо дан дезарг хьоьхуш, Цо аьлла: «Хьо тIетовжа цкъа а лийр воцчу, даима дийна волчунна (АллахIна), хастам барца тасбихь а де Цунна. АллахI кхачаме ву шен леша летош долу къинош довзарехь». «Аль-Фуркъан», 58. 
    Дала хIоранна а валар яздина, АллахI воцург цхьа а вац гуттар лаьттар волуш. Цундела ахь ала мегар дац: цкъа а лийр воцу тхьамда (вечный вождь), цкъа а лийр воцу турпалхо (вечный герой). Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Оцу (лаьтта) тIехь мел верг дIавер (лийр) волуш ву, вуьсур верг Ву хьан Дела, возаллин-сийлаллин да Волу». «Ар-Рохьман», 26-27. 
     Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «АллахI воцчунна Iибадат ма делахь, И воцург кхин дела вац. Массо хIума хIаллакьхир ду, Иза воцург; Цуьнгахь ду хьукма дар, Цуьнга шу дерзор долуш а ду». «Аль-Къасас», 88. 
Валарх вада я кIелхьарвала меттиг яц 
     Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Валаран сауьйзу хан йогIур ю бакъонца (эхартан халонаш бакъ а еш). Иза ду хьо шех (кхерарна) уьдуш хилларг».«Къаф», 19. Цуьнан маьIна: «Хьо миччахь велахь а, хьоьга валар кхочур ду, цунах ведда лелар эрна ду». 
    Цундела Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Валаран сауьйзу хан йогIур ю бакъонца (эхартан халонаш бакъ а еш). Иза ду хьо шех (кхерарна) уьдуш хилларг. Зурмана чу хIуп эр ду (къематденна гIовттош), иза ду-кх (Дала керста нахана Iазап лур ду аьлла) шеца чIагIо йина де. ХIора дегI догIур ду, шеца цхьаьна (махьшаре) валош дерг, тоьшалла деш дерг а (ши малик) долуш. Баккъалла а, хьо (хIай адам) гIопал дара хIокхунах (хIокху халчу дийнах), хьо (дуьнен чохь) бIаьрзе вина хIума дIадаьккхи Оха хьох, тахана хьан бIаьрса дукха ира ду». «Къаф», 19-22. 
Адамийн хьекъалан лаамаза Iаламехь дерг (материя) пана хилла дIадолуш, хIумма доцчух кхуллуш а ду 
     ХIай сан хьоме вежарий, иштта ю-кх Деле воьрзу меттиг, валарца а, пана хилла дIаваларца а. Веза-Сийлахь волу АллахI воцург тIаьхьавуьсур волуш цхьа а вац. Цундела, ишколашкахь, институташкахь а доьшуш берш ларбала беза Делах ца тешаш болчу наха дуьйцучух. Баккъалла а, Делах ца тешаш болчара, бусалба динна инкарло еш, и ца дезаш болчара а олу: «Адамийн хьекъалан лаамаза Iаламехь дерг (материя) пана хилла дIадолуш я хIумма доцчух кхуллуш а дац». Харцлуьйш бу уьш. Адамийн хьекъалан лаамаза Iаламехь дерг (материя) хIумма доцчух кхуллуш, пана хилла дIадолуш а ду, Веза-Сийлахьчу Дала Къуръана чохь аьлла дела: «Аш Делаца керсталла муха до: шу делла ма дара‚ тIаккха Цо шу ден ма дира (шу дуьнен чу дехира)? Юха Цо долуьйтур ду шу‚ юха а дендийр ду (къематдийнахь)‚ тIаккха Цуьнга дерзор ма ду шу». «Аль-Бакъарат», 28. 
    Кхечу аятехь Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Дага ца догIу-те адамана, Оха ша хьалха хIумма доцчух кхоьллина хилар?» «Марьям», 67. 
Шена безнарш белла ша висча, шена синтем бар 
     Шен гергарчарех цхьаъ велча шена синтем бан лууш волчо дуьххьара шега хатта деза, хIара велларг (хьан да я нана, я ваша, я йиша, я кIант, я йоI) Пайхамарал (Делера салам- маршалла хуьлийла цунна) хьоме, дукха везаш а варий хьуна, аьлла? Уьш Пайхамарал (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) дукха беза хьуна я Пайхамар (Делера салам- маршалла хуьлийла цунна) царал дукха веза хьуна? Бакъду, хьуна царал дукха ца везча йиш йоцу Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) а ма кхелхина. Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) кхиболчу нахал дукхавезаш волчу бусалба стагана иза довзаро паргIато ца йо ткъа? Иштта вай кхоьллинчу Дала вайна массарна валар яздина, Ша воцург даима лаьттар воцуш. ТIаккха вайна хаа деза, валарх цхьа а вадалур воций. 
Делан къинхетамах лаьцна 
   Хьан Делан къинхетамах, Цо деллачу ниIматах а ду, саоьцу малик вайна тIе ца догIуш, вай цунна тIе даха дезаш Цо вайна тIедиллина ца хилар. Вай кхоьллинчу Дала вайга омра дан тарлуш ма дара, цхьанабилгалйинчу хенахь саоьцу малик долчу гIо, аьлла. ТIаккха вайх гIур верг, гIур воцург, тIаьхьа вуьсуверг а хир ма вара, и бахьнехь Дала цунна Iазап а луш. И болх адамана базлур бара, цундела хьан Дала Ша хьох бинчу къинхетамца, хьо кхалхаран хан билгал ца еш, Ша реза волчу агIор бусалба динехь хьайна ма-луъу ваха витина хьо. Ткъа хьо кхоьллинчу Далла хьан дахар хадо лиъча, хьо миччахь велахь а саоьцу малик хьайн коьртехь карор ду хьуна. Цундела вай дуьнен чохь дехачу хенахь тIедогIучу шарахь я баттахь, я кIиранах цхьа хIума дан Iалашо хуьлу вайн, амма АллахI воцчунна хууш дац и кхочушхир ду я дац. Дуьнен чохь деха вай, юуш, молуш, хене довла гIерташ а. Вайна юккъехь кегийрхой хуьлу, зударий бало, доьзал боло а, цул тIаьхьа шайн доьзал кхуьуш ган а, уьш когаметта хIуьттуш царна гIо дан а лууш.  Амма цIеххьана цунна шен коьртехь саоьцу малик карадо. Цундела Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Ахь ала: «Шу шех уьдуш долу и валар шуна дуьхьалкхетар ду. ТIаккха шун дерзор ду къайлах дерг, гучохь дерг а хууш Волчуьнга (Деле). ТIаккха Цо шуна дуьйцур ду аша деш хилларг (шу Iамалшка хьаьжжина бекхам бийр бу)». «Аль-ДжумIа», 8. 
Валар хьехор – хьекъал, хьехам а бу 
    Цхьаболу нах валар хьахош хезча, цунах холам хуьлуш, валарх лаьцна шайна хьехам бича хьуна оьгIазъоьхуш а хуьлу.Царех хийла стаг хуьлу и валар хьехочу меттехь охьа а ца хууш дIавоьдуш. Ткъа вай уьдуш хIунда лела валарх, валарх лаьцначу хьехамах а? Иштта хьал хилча, саоьцучу маликана дуьхьал муха кхета дохку вай? Валар хьехорах хьо уьдуш хилча, еккъа цуьнан цIе яьккхича а хьо кхоьруш хилча, и хьайна дуьхьалкхетча хIун дийр ду ахь? Саоьцу малик хьайнкоьртехь карийча, хьайн дегIера са арадолуш хьайн бIаьргашна гича, тIаккха хIун дийр ду ахь? Баккъалла а, саэцар когашкара хьала доладо логе кхаччалц, цундела леш волчо саийзоран узамаш беш хеза хьуна. Ткъа са арадолучу хенахь бIаьргаш цунна тIаьхьа хьовсу, цундела ахь и веллачул тIаьхьа цуьнан ши бIаьрг дIакъовлу. Оццул чIогIа валар хьехорах хьо кхоьруш хилча, саоьцучу маликана дуьхьал муха кхета воллу хьо? Вайна валар дагадоуьйтучу хьехаме хьашт ду вай, цундела Пайхамара (Делера салам- маршалла хуьлийла цунна) боху: «Марзонаш хедош дерг (валар) дуккха хьехаделаш». Тирмизис дийцина хьадис. 
     Баккъалла а, адамана валар хьехор дика ду, амма цуьнга сатийсар дика дац. Валаре сатуьйсуш ма хилалахь, амма даима а валар хьехош, цунна кечам беш а хилалахь.
Эхартахь керстано валаре сатийсар 
     Дуьнен чохь валарх уьдуш, шаьш лелош долу хьарам хIума ца дита и валар хьехо ца лууш хилларш, эхартан хало шайна гича валаре сатуьйсуш хир бу, амма царна и хир ма дац. Цундела Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Уьш (керста нах) кхойкхур бу: «ХIай Малик (жоьжахатина тIехIоттийна малик), хьайн Деле тхо далийта алахь (Iазапах тхо паргIатдовлархьама)». Цо жоп лур ду: «Баккъалла а, шу даима лаьттар долуш ду (Iазапехь)». «Аз-Зухруф», 77.Ибн Iаббаса (Дела реза хуьлийла цаьршинна) аьлла: «Малик (жоьжахатина тIехIоттийна малик) царна дуьхьал дист ца хилира эзар шо даьллачул тIаьхьа бен». 
     Цаьрга эр ду: «Баккъалла а, Оха шуна бакъдерг (Ислам) даийтира, делахь а шух дукхахберш бакъдерг ца дезаш бара». «Аз-Зухруф», 78. Иштта кхечу суратехь Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Амма шен Iамалийн тептар шега аьрру куьйга деллачо эр ма ду: «Дависа- кх, и сан Iамалийн тептар соьга ма делла делахьара. Суна хиъна ма делара сайна ден долу хьесап.Сан (дуьненахь) валар хилла делахьара тIаьххьара (со вуха ден ца веш). Со (Iазапах) кIелхьара ма ца ваьккхи сан бахамо.ДIадели соьгара сан паччахьалла. (Дала омра дийр ду): «Схьалаца иза, цуьнан куьйгаш вортанах дIадехка.ТIаккха жоьжахати чу кхосса иза.ТIаккха кхузткъе итт дол еха йолчу зIенаца дIавехка иза». «Аль-Хьаккъат», 25-32. 
   Ша жоьжахати чу доьдуш, Дала лардойла вай цунах, адамана ша цу чохь лийр ду моьттур ду, амма цунна вагош йолу цIе, кхехкаш долу хи, силам а карор ду. Веза- Сийлахьчу Дала боху: «Баккъалла а, тхан аяташ харц динарш, Оха уьш жоьжахати чу бохуьйтур бу. Церан дилханаш даьгна мосазза девли, Оха иза керлачу дилханца хуьйцур ду, цаьрга Iазап Iовшийтархьама. Баккъалла а, АллахI ницкъ болуш, хьукма нийса деш верг а Ву». «Ан-Нисаъ», 56. 
     Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Цунна (керста стагана) тIехьа жоьжахати ю, цунна (цу чохь) ноткъанах долу хи малор ду. Цунах къурдаш дийр ду цо, нуьцкъаш мер ду цо иза (и чIогIа къаьхьа хиларна), цунна тIе валар (валаран бахьанаш) догIур ду массо меттигера, амма иза лийр вац, цунна тIехьа кхин а луьра Iазап а хир ду (тIаьхьа мел догIург хьалхарчул хала, чIогIа а долуш)». «ИбрахIим», 16-17. 
     ХIокху вай дийцинчарех хIора а валар тIедохьуш долу Iазап ду, амма и Iовшуш верг лийр воцуш. ХIун бахьана ду иза ца валар?  Валар – дуьнен чохь вехаш волчунна хилар бахьана ду. ХIунда аьлча, вайх хIоранна шиъ валар, шиъ дахар а яздина, хIокху хене кхаччалц царех шиъ кхочушдина вай, шиъ бухахь а дисина вайна. Вай кхоллале хьалха хIумма доцуш ца хилла вай? Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Дага ца догIу-те адамана, Оха ша хьалха хIумма доцчух кхоьллина хилар?» «Марьям», 67. 
    Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Аш Делаца керсталла муха до: шу делла ма дара‚ тIаккха Цо шу ден ма дира (шу дуьнен чу дехира)? Юха Цо долуьйтур ду шу‚ юха а дендийр ду (къематдийнахь)‚ тIаккха Цуьнга дерзор ма ду шу». «Аль-Бакъарат», 28. 
   Тахана дуьненахь дийна ду вай, вайна дуьхьалкхетар долчу валаре ладоьгIуш а ду вай. Иштта болх хилча, шозлагIа лечу хенахь мосазза делла хуьлу вай? – Шозза делла хуьлу. Тахана дуьненахь дехаш ду вай, кхана эхартахь хир долу дахар а ду вайна. ХIара шиъ ду-кх шиъ валар, шиъ дахар а, и шиъ ду-кх эхартахь керста наха а шеца мукIарло дийр долуш. Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Цара (керста наха) элира: «ХIай тхан Дела, Ахь шозза далийтира тхо, Ахь шозза ден а дира тхо, тхо къера а хилла тхайгара дийлинчу къиношна. Цхьа а некъ буй (Iазапах) кIелхьардовла». «ГIофир», 11.  
Валар дIадалар 
    Ибн Iумарх дийцина (Дела реза хуьлийла цаьршинна), Делан Элчано (Делера салам- маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Ялсаманин охIланаш ялсамане бахча, жоьжахатин охIланаш жоьжахате бахча, цу шинна юккъе валар дIа а хIоттийна, урс хьокхур ду цунна, цул тIаьхьа кхайкхор ду: «ХIай ялсаманин охIланаш, валар дац шуна; хIай жоьжахатин охIланаш, валар дац шуна; ялсаманин охIланаш баккхийбебарехь совбевр бу, жоьжахатин охIланаш гIайгIанехь совбевр бу». Бухарис, Муслима дийцина хьадис. 
     Дуьнен чохь болчу хенахь валар ца дезаш, иза хьехо ца лууш, цунна кечам ца бинарш а эхартахь цуьнга сатуьйсуш хир бу. Веза- Сийлахьчу Дала аьлла: «Баккъалла а, Оха кхерам тесна шуна герга долчу (эхартан) Iазапца. Оцу дийнахь стаг хьожур ву шен шина куьйго хьалхадаьккхинчуьнга (ша йинчу Iамале)‚ тIаккха керстано эр ду: «Латта хилла делар-кх сох». «Ан-Набаъ», 40. 
     ХIунда эр ду керстано, латта хилла делар- кх сох, аьлла? Дала хьайбанашка вовшийн чIир эцийтинчул тIаьхьа, хьайбанех латта хилла, уьш пана хилла дIадовлуш шена гича, ша хьайбанех цхьа хьайба хилла, пана хилла дIадала сатосур ду керстано, жоьжахатих хьалхавалархьама, цо эр ду: «Латта хилла делар-кх сох! Оцу шех латта хиллачу хьайбанех цхьа хьайба хилла делар-кх со».
АллахIа кхоьллинчу халкъах  цхьа а валар духатоха ницкъ кхочур болуш вац 
     Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Шу миччахь делахь а, валар тIекхочур ду шуна‚ чIагIйинчу бIаьвнаш чохь шу делахь а. Шайна цхьа дика болх хилча, цара олу: «ХIара Делера ду»‚ амма шайна цхьа вуон болх хилча, цара олу: «ХIара хьоьгара ду (хIай Мухьаммад)». Ахьа ала(хIай Мухьаммад): «Дерриг а Делера ду». ХIун хилла-те оцу къомана? – Шайга дуьйцучух кхета герга бац-кх уьш (ниIмат, бала а – дерриге Делера хиларх)». «Ан-Нисаъ», 78. 
     Хьайца там боцчух цIена Ву-кх Хьо, хIай сан Дела! Къуръана чохь ФирIавнна, Мусана а (Делера салам  хуьлийла цунна) юккъехь лелларг, Дала ФирIавн Мусана (Делера салам  хуьлийла цунна) хьалха хIорда чохь хIаллаквар а доьшу оха, хIетте а цхьаболчара бакъ ца до иза. Баккъалла а, Веза-Сийлахьчу Дала Шен билгалонех билгало (валар) гайтина вайна, ФирIавнна гайтина ма- хиллара. Бакъду, цхьаболчу нахана шайн хьал тоделча я шайгахь боккха ницкъ хилча, шаьш лийр дац моьтту, амма цIеххьана саоьцу малик шайн коьртехь карадо царна. Ткъа царех цхьа а, валарх ведда, кIелхьарваьллий? Ца ваьлла. 
    Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Оха шайна деллачу рицкъанах (Делан новкъахь) сагIа ло аша, шайх цхьанна тIе валар кхачале‚ тIаккха цо олуш: «Везан Дела‚ Ахьа со тIаьхьататтахьа цхьакIезиг заманна, аса закат лур дара‚ со хир вара дика Iамал ечарах (ХьаьжцIа воьдуш)». АллахIа цхьа а дегI тIаьхьатоттур дац цуьнан Iожалла еъча, АллахI ву аш дийриг дика хууш верг». «Аль-Мунафикъуна», 10-11. 
     Цунах терра ду, стага ша коша виллинчул тIаьхьа, шена тIе ши малик деача, эр дерг: «ХIай сан Дела, со вухаверзавехьа (дуьнен чу), айса ца еш йитина йолу дика Iамал ян». ХIан-хIа! Иза цо олуш долу (шена жоп лур доцу) дош ду. Царна тIехьа дуьхьало ю, уьш юхаденбийр болчу дийне кхаччалц». «Аль-Муъминуна», 99-100. 
     Цуьнга эр ду: «Хьо хIун дан воллу дуьнен чу ваьлла, баккъалла а, дуьнен чохь хьайна елла хан яьккхина ма ваьлла хьо, ахь хIун дира оцу хенахь?» Шаьш юха дуьнен чу баьхча, дика Iамал йийр яра бохуш, уьш харцлер АллахIа тIаьхьадогIучу аятехь билгалдо. Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Гучудаьлла царна (къематдийнахь) шаьш хьалха (дуьнен чохь) хьулдеш хилларг. Уьш юхабахийтича а (дуьнен чу), шайга ма де аьллачунна (тиларе) тIебоьрзур ма бара уьш‚ баккъалла а, уьш харцлуьйш ма бу (шаьш юха дуьнен чу баьхча, ийман дуьллур дара, бохуш)». «Аль-АнIам», 28.
Валар тайп-тайпанчу бахьанашца догIу 
   Валар муьлххачу бахьаница тIедан тарлуш ду: хи буха вахарца я машен дIакхетарца, я шен меттахь волуш, я больницехь волуш, я кхидолчу муьлххачу кепара а. Бакъду, валар тIедар кхечу бахьаница яздина хиллехь, цомгуш хиларе хьежор вац хьо. Далла лиъначу хенахь хьан оьмар чекхйолу, цундела саоьцу малик гал ца долу са эцарехь, шен хан кхаьчнарг тIаьхьа ца тотту цо я цхьаннан меттана кхечун са а ца оьцу цо. Веза- Сийлахьчу Дала массо адамийн эла волчу Мухьаммадах (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) лаьцна аьлла: «Мухьаммад Элча ма ву, цул хьалха (кхиболу)элчанаш дIабахана. Иза велча я вийча – шаьш хиллачу (керсталле) духадоьрзур дара шу? Шен динах вухаваьлларг милла велахь а‚ цхьана а хIуманца Далла зен ца до цо. АллахIа мела лур бу шукра деш болчарна (Шена муьтIахь болчарна)». «Алу Iимран», 144. ХIара аят доьссина Ухьудехь тIом болуш, Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) вийна аьлла эладита даьржина, тIаккха мунепакъ наха бусалба нахе аьллачу хенахь: «Иза вийнехь, шайн хьалха хиллачу (керста) дине духадерза шу». Шеца там боцчух цIена Ву АллахI, Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) вуьйр воций Шена хуъушехь аьлла Дала: «Иза велча я вийча – шаьш хиллачу (керсталле) духадоьрзур дара шу?» Кхечу аятехь Дала хаийтина Ша Шен Пайхамар (Делера салам- маршалла хуьлийла цунна) наха верах ларвина хилар. Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «ХIай Элча! ДIакхачаде (дерриге)хьайга хьан Дала доссийнарг (элчаналла). Ахьа иза ца дахь (цунах цхьадерг хьулдахь) – ахьа кхочушдина ца хуьлу Цуьнан элчаналла. АллахIа ларвеш ву хьо нахах (мостагIийн вуонах). Баккъалла а, АллахIа ца нисдо керста къам». «Аль-Маидат», 67. 
Валар массеран юкъара ду 
     Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Цхьана а синан далар ма ца хуьлу, Делан лаамца бен‚ шена тоьхначу хенахь бен». «Алу Iимран», 145. 
    Лаьтта тIехь, стиглахь а мел болчарна Делан лаам тIаьхьататта лиъча, церан ницкъ кхочур ма бацара. Баккъалла а, Делан лаам цхьа дош аларца кхочушхуьлу, Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Цуьнан гIуллакх, Шена цхьа хIума (кхолла) лиъча, Цо цуьнга алар ду: «Хила!» - тIаккха иза хуьлу».«Ясин», 82. 
    Цундела вайна тIехь декхар ду, Далла муьтIахь а долуш даха, Дала тоьхна йолу хан тIекхаьчча Цунна муьтIахь а долуш далархьама. Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «ХIора умматана тоьхна хан ю. Шена тоьхна хан тIееъча, цхьакIезиг йолчу ханна тIаьхьадуьсур дац иза я хьалха а дер дац иза».«Аль-АIраф», 34. 
      Везчу Деле доьху вай вешан дахар, далар а Цунна муьтIахь долуш хилийтар, вайн Iамалийн тептар диканца дIакъовлар а. 
Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) шен йоIе ПетIамате дина весет 
     Вайн эланан Пайхамаран (Делера салам- маршалла хуьлийла цунна) йоI йолчу ПетIамата (Дела реза хуьлийла цунна) шен кIант валарчу вирзина вуй хоуьйтуш, Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) волчу геланча вахийтира. Цуьнан геланча вахара Пайхамар (Делера салам- маршалла хуьлийла цунна) волчу, цо цунна дийцира долуш долу хьал. ХIун элира- те Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) цуьнга? Цо элира:«ДIагIо иза (ПетIамат) йолчу, ахь цуьнга ала, АллахIан ду Цо схьаэцнарг, Цо делларг а, массо а хIума Цунна гергахь хан тоьхна ду. Собаре, Делера ял хиларе  сатуьйсуш а хила хьо, алий, омра де цуьнга…» Бухарис дийцина хьадис. 
    Цундела Джабраил-малико (Делера салам хуьлийла цунна) Пайхамар (Делера салам- маршалла хуьлийла цунна) волчу деана, аьлла: «ХIай Мухьаммад, хьайна ма-луъу ваха хьо, баккъалла а, хьо лийр волуш ву. Хьайна луъург дукхавезаш хила хьо, баккъалла а, хьо цунах къаьстар волуш ву. Хьайна луъург де ахьа, баккъалла а, хьо цунна дуьхьалкхетар ву». ТIаялусис дийцина хьадис.
Къематдийнахь стаг шена везначуьнца гIаттор ву 
   Дуьнен чохь вай дехаш долчу хенахь Делан дуьхьа вовшийн вай дезар кхаъ бу вайна (тайпанан дуьхьа я даьхнин дуьхьа, я юккъехь лелош йолчу йохк-эцаран дуьхьа а доцуш). Вайна вовшийн дукхадеза, вай бусалбанаш долу дела, Далла муьтIахь долу дела а. Баккъалла а, суна Делан дуьхьа дукхавеза хьо, ткъа хьуна со а Делан дуьхьа дукхавеза. Иштта болу безам валарца дIахедаш бац. Цундела эхартахь вайн Эла волу Мухьаммад (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна), цуьнан асхьабаш (Дела реза хуьлийла царна) а гур бу вайна, Делан дуьхьа вайна уьш дукхабезарна. Баккъалла а, Веза-Сийлахьчу Дала Шен Пайхамарна (Делера салам- маршалла хуьлийла цунна) хIара  къудусин хьадис Iамийна, эхартан хьал дуьйцуш. Веза- Сийлахьчу Дала къематдийнахь эр ду: «Сан дуьхьа вовшийн дукхабезнарш мичахь бу? Тахана Ас уьш IиндагIе хIиттор бу, Ас хIоттийнарг бен кхин IиндагI доцчу дийнахь». Муслима дийцина хьадис. 
     Цундела хьо ларлойла, Iеса нахах я керста нахах цхьаъ хьайна дукхавезарх. Хьо иштта ларлойла, Делан дуьхьа доцуш цхьаъ дукхавезарх. Баккъалла а, эхартахь къонах шена дукхавезначуьнца вуьсур ву, цундела ахь харжа къематдийнахь хьайца цхьана хила хьайна лууш верг. Хьо дуьнен чохь веха хан кIезиг денош я беттанаш, я шераш бен дац хьуна. Дуьненахь долу зер чекхдаьлча, вайх хIора а коша гIур волуш ву, хIара дерриг Делан пурбанца, Iилманца а ду. АллахI вайца къинхетаме ма Ву, Иза вай кхоьллинарг а ма Ву. Веза-Сийлахьчу Дала валар диц ца далийта, хIора дийнахь цкъа дагадаийтина а валар дагадоуьйту вайна. ХIунда аьлча, хьо 60 шарахь ваьхча, тIаккха саоьцу малик цIеххьана хьайн коьртехь карийча, хьо хеттарш дан волалур ву: «Со хIунда леш ву? Валар хIун ду? Валарх лууш дерг хIун ду?» 
ХIора дийнахь набъяр валар санна ду 
     Хьуна валар диц ца далийта, хьан Дала хIора дийнахь лаххарчу барамехь цкъа волуьйту хьо. Набъяр – иза валар санна ду, бакъдолу валар хьуна дагадоуьйтуш. Муха хуьлу иза? Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Иза (АллахI) Ву  шу буьйсанна долуьйтуш (наб кхоьтуьйтуш) Верг‚ аша дийнахь деш дерг хууш Верг а. ТIаккха цу чохь (дийнахь) шу дендо Цо, цIе тоьхна йолу хан кхочушхилийтархьама. Цул тIаьхьа (къематдийнахь) Цуьнга доьрзур ду шу, тIаккха Цо дуьйцур ду шуна аша лелош хилларг». «Аль-АнIам», 60.
Дуьне адам зеран хIусам ю 
     Баккъалла а, валар тIедарца дуьненан зерах хьалхадовлу вай, амма кошахь юха а вайн зер дIадолало. Хьайн ийманан чIогIалле хьажархьама, вайн Дала хьан ненан, ден, берийн, хIусамненан, даьхнин, гергарчу нехан, лулахойн, хьан могашаллин а  хьокъехь зоь хьо. Со Делах тешаш ву, бохуш, амма дуьххьара хало тIееъча сихха догдуьллуш хуьлу цхьаверг. Адамийн собаран, хьуьнаран бараме хьаьжжина хуьлу цуьнан Далла герга вахар. Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Массо дегI валар Iовшур долуш ду. Оха зуьйш ду шу вуонаца а‚ диканца а питане лоьцуш. Тхуна тIе духадерзор долуш а ду шу». «Аль-Анбияъ», 35. 
     Веза-Сийлахьчу Дала цхьайолчу хенахь хьо ца зуьйш вуьту, хьуна дуккха рицкъа а ло, ахьа цунах хIун до хьажархьама. Цкъацкъа хьуна доьзалхо ло Цо, ахь иза бусалба динехь кхио ма-веззара кхиаво я ца во хьажархьама. Цул тIаьхьа валарца я цамгарца, я кхечу бахьаница и доьзалхо хьоьгара дIаоьцу Цо, оцу тIехь хьо собаре хуьлу я ца хуьлу хьажархьама. Цкъацкъа вуон гIиллакх долчу хIусамненаца я вуочу лулахочуьнца зоь Цо хьо, хьан собар мел ду хьажархьама. Дала иштта зуьйш ду вай вовшашца, баккъалла а, и Дела ницкъ кхочуш ма ву иза хьол дика я хьо цул дика хилийта. Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Оха ца ваийтина хьол хьалха (хIай Мухьаммад) элчанех цхьа а, уьш яахIума юуш, базаршкахула лелаш болуш а бен. Оха шух цхьаберш вукхарна питана хилийтира (вовшашца зуьйш). Шу собаре хуьлий (шаьш Дала зерна тIехь)? Хьан Дела (собаре верг, воцург а)гуш ма ву». «Аль-Фуркъан», 20.
Наб – иза валаран ойла йойтуш хIума ду 
     Буьйсанна набъеш волу стаг велла стаг санна ву. Цундела хьой буьйсанна дIавижале хьалха, хьайн доьзале салам-маршалла хатталахь, баккъалла а, кхана хьайна уьш гур бу я бац ма ца хаьа хьуна. Цаьрга маршалла хаьттинчул тIаьхьа, хьайн аьтту агIо кIел болуш дIавижа хьо, хIунда аьлча Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) асхьабаш  (Дела реза хуьлийла царна) иштта дIабуьйшуш хилла. Валар герга хилар шайна хааделча, аьтту агIо кIел болуш къилбехьа боьрзий, шайн бесни кIел куьг а дуьллий дIабуьйшуш хилла уьш, саоьцу малик тIедаре ла а доьгIуш. Хьой дIавижа воьдуш изза болх бе ахьа. Бакъду, хьайн дегIан хьесап дан деза ахьа, айхьа хьайга хоттуш: тахана хIун дина ахь? Iуьйра ламаз шен хеннахь диний ахь? Цхьанненна цатам я зулам диний ахь? ХIай сан Дела, гечдехьа суна! Цул тIаьхьа ахь эр ду: «БисмикаллохIумма амуту ва ахьйа (Хьан цIарца, хIай АллахI, со леш ву (наб кхеташ), денлуш ву (набарх волуш)». Хьой Iуьйренга ваьлча эр ду ахь: «Аль-хьамду лиллахIил-лази ахьйана баIда ма аматана ва илайхIин-нушуру (Хастам Аллахlна бу, вайн синош дlаэцначул тlаьхьа вай дендеш Волчу, (къематдийнахь) Цуьнга ду вайн дерзар)». 
Шу лийр ду, шайна наб кхетарх терра 
     Шеца там боцчух цIена Ву-кх Сийлахь Волу АллахI! Баккъалла а, набъяр валар санна ду-кх, Цундела Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) аьлла-кх: «АллахIах дуй буу ас, шу лийр ма ду, шаьш набъеш ма-хиллара; шу (къематдийнахь) гIовттор ма ду, шаьш набарх самадовлуш ма-хиллара». Иза ду, тахана дуьненахь вайна наб кхетийтарх терра, АллахIа долуьйтур ду вай; Iуьйранна самадовлийтарх терра, АллахIа къематдийнахь гIовттор а ду вай, бохург. ТIаккха АллахIа бекхам бийр бу хIоранна а, цуьнан Iамале хьаьжжина – дика Iамал йинчунна диканца, вуон Iамал йинчунна вуонца а беш, тIаккха цуьнан воьрзу меттиг даима йолу ялсамани я жоьжахати хир ю. АллахIа лардойла вай жоьжахатин охIланан Iамал ярх. Цундела Ибн Iумара (Дела реза хуьлийла цаьршинна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам- маршалла хуьлийла цунна), шен белшаш тIера ша схьа а лоцуш, шега элира, аьлла: «Кху дуьнен тIехь нехан махкахо санна, аьлча а, тIехволург санна хилалахь». Ибн Iумара (Дела реза хуьлийла цаьршинна) оцу хьехамах кхоччуш пайда эцна, цо олуш хилла: «Хьой буьйсанга ваьлча, Iуьйрене ма хьежалахь, хьой Iуьйренга ваьлча, буьйсане ла ма дегIалахь, цамгаро хьой дIалацале, хьайн могашалла Iибадатна хьовзаелахь; хьайна чохь са мел ду валарна кечам а белахь». Бухарис дийцина хьадис. 
      Наб кхетта волчунна хаа ца ло ахь шен куьг хьалаойбуш я ша меттахъхьавеш а. Цундела, велла стаг лийчийначунна набкхетта стаг мосазза го, ша лийчийна велларг дагавогIу, хIунда аьлча набкхеттарг велла стаг санна волу дела, ша дIасахьаварх хаа а ца луш. Цкъацкъа адамана ша набарх самадаьлча, шен хIусамехь къола дина карадо, шена хааделла хIумма а доцуш. Цундела ву-кх набкхеттарг веллачух терра, бакъду, иза садоIуш, дийна а ву, амма шен гонаха хуьлуш дерг ца хаало цунна. Шеца там боцчух цIена Ву-кх Сийлахь Волу АллахI, вай дIа мосазза дуьйшу валар дагадогIуш делхьара вайна, къинош летош, Далла Iеса хуьлуш долу а вайн догIмаш АллахIна муьтIахь хила марздийр дара вай.
Саоьцу маликаш 
     Наб кхетар валар санна ду, оцу набарна я валарна тIехIиттийна маликаш ду. Цхьаболчу наха вовшашка хоьтту: «Саэцар муха хуьлу- те? Саоьцуш дуккха маликаш я цхьа малик ду-те?» Саоьцуш дерг цхьа малик бен дац, иза Iазраил-малик ду, цхьадолчу хьадисашкахь хьахийна ма-хиллара. Бакъду, цуьнца цхьаьна цунна гIо деш маликаш ду. Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Ахьа ала: «Шуна тIехIоттийна долчу саоьцучу малико дIакхалхор ду шу, тIаккха шайн Деле дерзор ду шу». «Ас-Саждат», 11. 
     ХIора маликан къаьсттина шена тIебехкина белхаш бу, вайна Дала хаийтинчу хIуманашкахь, вайна ца хууш къайлаха Далла гергахь долчу Iаламехь а. Вайна Дала хаийтинчех ду, синош кхалхор маликийн белхашна юкъадогIуш хилар. Ткъа и саэца къастийна малик ду, цуьнан цIе Iазраил ю. БIаьрг хьажорал сиха шена луъучу меттиге кхочу иза, бIаьрганегIар тухучу заманахь эзарнашкахь синош эца ницкъ бу цуьнгахь. Цуьнца цхьана шина тайпана маликаш ду: къинхетаме маликаш, Iазап луш долу маликаш а.  
Бусалба стеган валар, керста стеган валар 
     Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Хьуна гинехьара, маликаша керста нехан синош оьцуш, церан яххьашна, баккъашна а етта етташ, (шаьш цаьрга олуш): «Iовша шайна вагош йолчу цIеран (жоьжахатин) Iазап». «Аль-Анфал», 50. 
     Иштта хуьлу керста стеган саэцар, Дала лардойла вай цунах. Амма шен са долучу хенахь къинхетаме маликаш шена тIедуьссучу бусалба стеган хьал цунах тера дац. Веза- Сийлахьчу Дала аьлла: «Баккъалла а, шаьш аьлларш: «Тхан Дела – АллахI ву», цул тIаьхьа нисбелларш - царна тIе(саоьцучу хенахь) маликаш дуьссу, (шаьш олуш): «Шу кхера ма кхера я гIайгIане ма хила, ялсаманица кхаъ бу шуьга‚ шуна хир ю аьлла чIагIо йина йолчу». «Фуссылат», 30. 
     Бусалба стаг валарна герга вахча, цуьнга кхаъ боккхуш къинхетаме маликаш догIу, цуьнга валаран халонах, кошан Iазапах, къематдийнан халонех а ма кхера я бухахь буьсучу доьзална, даьхнина а са ма гатде, олий. Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «(маликаша олу цаьрга): «Тхо шун гIоьнчий ду-кх дуьненан дахарехь, эхартахь а. Шуна цигахь (ялсаманехь) шун догIмашна дезаш дерг, аша сатийсинарг а ду Гечдеш, Къинхетам беш а Волчу Делера». «Фуссылат», 31. Иштта хаза кхаъ боккху Веза-Сийлахьчу Дала Шена муьтIахь болчу бусалба нахе.
Бусалба стеган саэцар 
     Бусалба стаг вала герга вахча, саоьцу малик догIу цуьнан коьрте, шеца цхьана къинхетаме маликаш долуш. Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) аьлла: «Баккъалла а, бусалба лай дуьненах дIа а хедаш, эхартана тIевоьрзучу хенахь стиглара маликаш тIедуьссу цунна, кIайн яххьаш йолуш, шайн яххьаш малх санна къегина а йолуш, шайн карахь ялсаманерчу марчонех марчо а долуш, ялсамани чуьрчу IатIарх IатIар а долуш. Уьш охьаховшу, цуьнан бIаьргаша лоцучу меттиган барамехь. ТIаккха саоьцу малик догIу, цуьнан коьрте охьа а хиъна, цо олу: «ХIай цIена долу са, хьо арадала Делера гечдаре, Иза реза хиларе». Цуьнан са арадолу, хи чудуттучу хIуманан чуьра хи охьадарах терра, саоьцучу малико и схьа а оьцуш. Саоьцуш долчу малико цуьнан са схьаэцча, бIаьрганегIар тоххалц а цуьнан карахь ца дуьтуш, оцу маликаша схьаоьцу иза. Шаьш деанчу марчонна юкъа хьарчадо цара иза, шаьш деана IатIар а туху цара цунна. Цул тIаьхьа цунах лаьтта тIехь уггар  хаза хьожа йолчу мискан хьожа йогIу. И маликаш, цуьнан са а оьций, хьалагIо, уьш маликийн цхьана а тобанна тIех ца довлу, цара хоттуш а бен: «ХIара хаза са хьенан ду?» Цара жоп ло: «Хьенехан кIентан минехан ду (дуьнен чохь цуьнан йоккхуш йолчу цIерех уггар хазчу цIарца)». Дуьненан стигала кхаччалц хьаладуьгу цара иза, тIаккха стигалан неIарш дIаеллар доьху цара, царна уьш дIа а йоьллу. Цара хабар даржадо шайна уллохь йолчу хIора стиглахь, уьш ворхIалгIачу стигала хьалакхаччалц. Веза-Сийлахьчу Дала олу: «Сан лен Iамалийн тептар дIаязде аша Iиллиюна олучу меттехь: «Хьуна хаьий, Iиллиюна хIун меттиг ю? МухIар тоьхна тептар ду иза, цунна тоьшалла деш ду Далла гергахь долу маликаш». ТIаккха цуьнан тептар дIаяздийр ду Iиллиюна чохь. Цул тIаьхьа эр ду: «Лаьттан кийра вухаверзаве иза, баккъалла а, Ас царна чIагIо йина, цунах Ас уьш кхоьллина, цуьнга Ас уьш берзор бу, цунах юха а Ас уьш гIовттор бу», – аьлла. Лаьттан кийра вухаверзор ву иза, цуьнан са а юхадерзор ду цуьнан дегIа чу. Цунна тIе ши малик догIу, мохьъхьакхар чIогIа а долуш; цуьнга мохьтуху цаьршимма, иза охьа а хааво цаьршимма. Цаьршимма цуьнга хотту: «Хьан Дела мила ву?» Цо жоп лур ду: «Сан Дела АллахI ву», – аьлла. Цаьршимма цуьнга хоттур ду: «Хьан дин муьлха дин ду?» Цо жоп лур ду: «Сан дин Ислам ду», – аьлла. Цаьршимма цуьнга хоттур ду: «Шуьга ваийтина стаг мила вара?» Цо жоп лур ду: «Иза Делан Элча вара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна)». Цаьршимма цуьнга хоттур ду: «Ахь йина Iамал муьлха ю?» Цо жоп лур ду: «Ас Делан жайна (Къуръан) дешна, цуьнца Ийман а диллина, иза бакъдина ас». Цул тIаьхьа цуьнга мохьтухур бу: «Хьан Дела мила ву? Хьан дин муьлха ду? Хьан пайхамар мила ву?» – аьлла. Иза ду бусалба стаг кошахь зерах тIаьххьара дерг. И хуьлуш ду Веза-Сийлахьчу Дала олучу хенахь: «Ийман диллинарш бакъдолчу дашехь (Ла илахIа иллаллохIу) совцабо АллахI-Дала дуьненан дахарехь, эхартахь а». Хеттаршна жоп лур ду: «Сан Дела АллахI ву, сан дин Ислам ду, сан пайхамар Мухьаммад ву (Делера салам- маршалла хуьлийла цунна)». Кхойкхуш верг кхойкхур ву стиглахь: «Бакълий-кх Сан лай, ялсаманера мотт билла цунна, ялсаманера духар дуоха цунна, ялсаманин неI елла цунна». ТIаккха ялсаманин хаза хьожа кхетар ю цунна, цуьнан бIаьрго лоцучу барамехь каш шордийр ду цуьнан. Цунна тIе вогIур ву, шен юьхь хаза йолуш, бедарш хаза йолуш, шех хаза хьожа йогIуш а волу стаг, цо эр ду: «Кхаъ бу хьоьга хьуна хазахетар долчуьнца; кхаъ бу хьоьга, хьуна Дела реза ву аьлла а, ялсаманин бошмаш хьуна ю аьлла а, шена чохь лаьтташ Делан ниIматаш а долуш. ХIара ду хьуна чIагIо йина де». 
Керста стеган саэцар 
    Амма керста стаг дуьненах дIахедаш, эхартана герга вахана хилча, цунна тIедуьссур ду стиглара маликаш, чIогIа а, шога а долуш, шайн яххьаш Iаьржа а йолуш; цаьргахь хир ду жоьжахати чуьрчу шогачу кIадин духар. Уьш охьаховшу, цуьнан бIаьргаша лоцучу меттиган барамехь. ТIаккха саоьцу малик догIу; цуьнан коьрте охьа а хууш, цо олу: «ХIай боьха са, хьо арадала Делера хьайна йолчу оьгIазлоне». Цуьнан дегI этIор ду, тIаккха цуьнан са (озийна) схьадоккхур ду, тIедачу кхакхийна тIера (озош) тIаргIа баккхарх терра. Цунна неIалт эр ду стигланна а, лаьттанна а юкъахь мел долчу маликаша, стиглахь мел долчу маликаша. Цунна дIакъовлур ю стигланийн неIарш. Оцу неIарийн охIла цхьа а хир ма дац, Деле и са шайга хьала ца даккхар доьхуш бен. Цо и са схьаоьцур ду, цул тIаьхьа цо и са шен карахь дуьтур ма дац, бIаьрганегIар тухучу заманахь а цунна жоьжахатин бедар тIе ца юхуш. Цунах йогIур ю лаьтта тIехь йолу уггар боьха хьожа; тIаккха цара и хьалахьур ду. Уьш цуьнца маликийн цхьана а тобанна уллохула тIехдевр ма дац, цара хоттуш а бен:«ХIара хIун боьха са ду?» Цара эр ду: «ХIара хьенехан кIант минех ву (дуьнен чохь цуьнан йоккхуш хиллачу уггар боьхачу цIарца)». ТIаккха уьш кхочур ду дуьненан стигла, цара, цунна неI елла, эр ду, амма цунна неI йоьллур яц. ТIаккха Веза-Сийлахьчу Дала олу: «Цуьнан Iамалийн тептар дIаязде аша Сиджин олучу меттехь, уггар лахарчу лаьтта тIехь». Юха цаьрга эр ду: «Аша охьавига иза лаьтта тIе, баккъалла, Аса чIагIо йина, Айса уьш лаьттах кхоьллина, цуьнга берзор болуш, цунах юха гIовттор болуш бу», – аьлла.ТIаккха цуьнан са, стиглара ласттадой, цуьнан дегIа чу охьакхуссу.  Цул тIаьхьа цуьнан са духадерзадо цуьнан дегIа чу. Юха цунна ши малик догIу, мохь хьакхар чIогIа а долуш. Цуьнга мохьтуху цаьршимма, иза охьа а хааво цаьршимма. Шина малико цуьнга хотту: «Хьан Дела мила ву?» Цо жоп лур ду: «ХIан-хIа, суна ца хаьа». Цаьршимма цуьнга хоттур ду: «Хьан дин муьлха дин ду?» Цо жоп лур ду: «ХIан-хIа, суна ца хаьа». Маликаша цуьнга хоттур ду: «Шуьга ваийтина стаг мила вара?» Иза нислур вац цуьнан нийса цIе яккхаре а. Цуьнга эр ду: «Мухьаммад ву», – аьлла. ТIаккха цо эр ду: «ХIан-хIа, суна ца хаьа, амма наха и олуш хезнера суна». Цуьнга эр ду: «Хаа ма хоийла хьуна иза, деша ма доьшийла ахь иза». Кхойкхуш верг кхойкхур ву стиглахь: «Харц лий-кх иза, жоьжахатин мотт билла цунна, жоьжахатин неI елла цунна». Цунна йогIур ю жоьжахатин йовхо а, цуьнан мох а. Шен кошахь гатто йийр ю цунна, цуьнан пIендарш морзахдовллалц. Цунна тIевогIур ву, шен юьхь ирча йолуш, бедарш боьха йолуш, шех чIогIа боьха хьожа йогIуш а волу стаг; цо эр ду: «Кхаъ бу хьоьга, хьуна халахетар долчуьнца. ХIара ду хьуна чIагIо йина де». Цо эр ду: «Дала вуонца кхаъ боккхийла хьоьга а, хьо мила ву? Хьан юьхь ю-кх вуон дохьуш йогIу юьхь». Цо эр ду: «Со хьан вуон Iамал ю, ас Делах дуй ма буу, суна хьо ма ца вевзина, Далла муьтIахь хиларх дIахьаьвзаш бен, Далла Iеса хиларехь сихо еш бен. Дала вуонца бекхам бойла хьуна». 
ХIай Везан Дела, садалар атта дехьа тхуна, тхан дуьне, эхарт а декъалдеш долу ЛаилахIа иллаллохIу боху дош тIаьххьара дош хилийтахьа тхан.
 
 

Обновлено (11.04.2015 20:39)

 

Мы в социальных сетях:

855962 s fb icon 325x325 twitter-icon odnoklassniki vk instagram-logo-468

Наши газеты

О нас

o nas
button-mag-sign

Абитуриентам