Get Adobe Flash player

Поиск

Фоторепортаж

001

Наши Друзья

 
Tudaiy
 
 
 
 
  
FADN Logo-02 
 

МУРИДАН ГIИЛЛАКХАШ

БисмиллахIиррохьманиррохьим 
Дешхьалхе 
Ла хьавла ва ла къуввата илла биллах1и (диканна т1ехь ницкъ кхачийтар, вуочух д1ахьовзор а Аллах1ера бен дац). 
    Хастам бу Аллах1на, Шен лаамца муридийн дегнаш 1амал ярехь шовкъе дечу, церан дог-ойла ирсечу новкъа бовларехь карзахйоккхуш Волчу. И некъ бу, ийманца а, 1ибадат дарца а ша боьзна болуш, адамийн 1адатна, амална а т1елаца хала болуш. АллахIера салам-салават хуьлийла вайн эла, Дала мел кхоьллинчу халкъан эла а волчу Мухьаммадна, цуьнан доьзалшна, халкъ нийсачу новкъа дуьгуш болчу цуьнан асхьабашна а. 
    Баккъалла а, Веза-Сийлахьчу Дала аьлла, – Шен дашехь уггар бакъ Верг Ву Иза: «Сихха дерг (шен 1амална дуьхьал дуьнен чохь бекхам бар)дезаш волчунна  Оха сихонца лур ду цу чохь Тхайна луург, Тхайна луучунна‚ цул т1аьхьа (эхартахь) Оха цунна жоьжахати хуьлуьйтур ю; оцу чу г1ур ву иза, сийсаза хилла, къинхетамна генаваьккхина а волуш. Амма, эхарт дезна, шен къахьегар цуьнан дуьхьа хилларг (цуьнца тамболу 1амал йинарг), ша (Делах) тешаш а волуш – уьш бу шайн къахьегар баркалле хилларш». «Аль-Исраъ», 18-19. 
     Х1окху аятехь хьахийна долу сихха дерг – иза дуьне ду, дуьне лоьхуш къахьоьгуш вацахь а, и дезаш волчун воьрзу меттиг жоьжахати ю, шега бехкаш бахарца, сийсазаллица цхьаьна. Ткъа хьекъал долчунна г1оле дерг – цунах д1аверзар, ларвалар а ду. Амма эхарт – иза ялсамани ю, цу чу вахана декъала хила деккъа иза езарх тоьаш дац, бакъду, цуьнга кхачар Делах тешарца, дика 1амал ярца а ду, Веза-Сийлахьчу Дала ма-аллара: «Амма эхарт дезна, шен къахьегар цуьнан дуьхьа хилларг (цуьнца тамболу 1амал йинарг), ша (Делах) тешаш а волуш – уьш бу шайн къахьегар баркалле хилларш». 
    Баркалле долу къахьегар – иза къобалйина 1амал ю, иза йинарг хасто, цунна йоккха ял яла а хьакъвеш йолу, Делан къинхетамца, комаьршаллица а ша цкъа а хедар йоцу. Дуьне дезаш болчарех муьлххачу аг1ор дакъазаваьлларг, даханчу аятехь 1азапца хьахийна йолу ч1аг1о шена хила хьакъ верг – иза ву эхартах ца тешаш, иза дицдина дуьне дезнарг, я, тешаш волуш, цунна 1амал ца еш верг. Эхартах ца тешаш верг – иза керста ву, даима жоьжахатехь хир волуш, амма теша а тешаш 1амал ца йийриг – иза тиларчу вахана 1еса стаг ву, дакъазавала хьаьхна волу. 
     Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) аьлла: «Баккъалла а, (стеган) 1амалш (цуьнан) нигате хьаьжжина (лоруш) ю. Баккъалла а, х1ора стагана (хир) ду цуьнан нигат хилларг. Ткъа Аллах1ан, Цуьнан Элчанан а дуьхьа мух1ажар хилла волчун х1ижрат – Аллах1ан а, Цуьнан Элчанан а дуьхьа лорур ду. Амма шен х1ижрат дар ша лоьхучу дуьненан я ша яло хьийзочу зудчун дуьхьа долчун х1ижрат лорур ду, цо х1ижрат деш лехна долччу х1уманан дуьхьа». 
     Х1окху хьадисехь Делан Элчано (Делера салам- маршалла хуьлийла цунна) билгалдо, нигат хиларца бен 1амал цахилар, адамна шен нигате хьаьжжина ял луш, бекхам беш а хилар, цо дика дахь – диканца, цо вуон дахь – вуонца а. Нигат дика хиллачун 1амал а дика хуьлу, шеко йоцуш, амма шен нигат вуон хиллачун 1амал а вуон хуьлу, шеко йоцуш, – гуш долчу суьртахь иза дика хетахь а, нахана гайтархьама дика 1амал еш волчунна санна. Делан Элчано (Делера салам- маршалла хуьлийла цунна) иштта билгалдина, Делан дуьхьа, Цуьнан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) некъаца йог1уш йолу 1амал йинарг, – оцу стагана мела балар Делехь ду, цуьнан воьрзийла Дела реза хиларе, Цуьнан ялсаманига а ю, Дала Шена герга бигна, хаьржинчу нахаца цхьаьна. Ткъа Делан дуьхьа доцуш, кхечуьнан дуьхьа 1амал йинчунна мела балар, бекхам бар а, – цо гайтархьама моттарг1анаш лелош шен дуьхьа 1амал йинчунна т1ехь ду, цунна я шен дег1ана дан зен я пайда боцуш, адам далийта я дендан, я г1атто а ницкъ боцуш волчу.  Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) оцу хьадисехь 1амалшна юккъера къаьсттина х1ижрат дар хьахийна, цхьадерг хьахорца массо х1уманна т1ехь само яйтархьама. Кхетам болчу нахана девзаш ду, кхузахь дийцинарг къаьсттина х1ижрат дарх доьзна цахилар, цо берриге шари1атан белхаш чулоцуш хилар а. 
     Цул т1аьхьа ас олу: «Хьо хууш хилалахь, х1ай 1илма лохуш, ял хиларе сатуьйсуш а Деле вирзина волу мурид, ахь соьга  ас динчу къамелах цхьадерг хьайга кхачадар дехначу хенахь, ахь лелош болчу некъана там болуш дерг суна дага ца деара. Баккъалла а, суна дагадеара аьхначу дешнашца муридийн г1иллакхаш дуьйцуш долу доцца дакъош вовшахтоха. Аса Деле доьху сайна, хьуна а, массо бусалба нахана а х1ара жайна бахьанехь пайдабар – Иза суна кхачаме Верг а, Шена т1е болх буьллуш, дика Верг а Ву». 
Т1арикъатан юьхь – лена даг чу тосуш ч1ог1а хьехам бу 
    Хьо хууш хилалахь, т1арикъатан юьхь лена даг чу тосуш ч1ог1а хьехам бу, и карзахдоккхуш, цуьнга сагатдойтуш, и Далла а, эхартана а т1едерзарехь сутара деш, дуьненах а, оцу чохь нах шена т1ебирзинчу х1уманах а: г1ишлош ярх, дуьненан даьхни гулдарх, шен синан лаамашна т1аьхьавазарх, дуьненан хазаллех 1ехаваларх а д1адерзош. Х1ара хьехам Делера къайлаха долу орца ду, иза Дала Шен лен доладаран совг1атех, иза нисваран билгалонех а ду. Дукхах долчу хьолехь лена и орца кхочу  Делах кхерарна, Цуьнан къинхетаме дог дахарна, Цуьнга шовкъе хиларна, иза Делан гергарчу нахе хьажарна, уьш цуьнга хьажарна а гергахь; наггахь цхьа а бахьана доцуш  кхочу цуьнга иза. Иштта долу совг1аташ къобалдар, цаьрга безам бахар а шеца омра дина ду. Къобалдар я бехкамаш ларбар доцуш цхьана х1умане хьежар, цуьнга ладег1ар а сонталла, хьекъал доцуш хилар а ду. Ткъа иза иштта муха хир дац, цуьнан хьокъехь Делан Элчано (Делера салам- маршалла хуьлийла цунна) аьлла хилча: «Баккъалла а, шу дехачу заманахь, шун Дала шуна совг1аташ до, варийлаш, уьш къобал делаш». Х1окху сийлахьчу хьехамца Дала шен лерам бинарг цуьнан беза барам бевзаш хуьлийла, Веза-Сийлахьчу Дала шена деллачу, шен барам балур боцуш я шукра далур доцуш даккхийчу ни1матех и хилар хууш хуьлийла. Веза- Сийлахьчу Дала шена ни1маташ даларна, Шена ша герга вигарна, ша санна болчу нахана юккъера ша къаставарна а Цунна шукра дарехь совволийла иза. Ма дукха бусалба нах бу, дезткъа шарахь я цул сов баьхна, амма шега х1ара хьехам кхачанза, я цхьана а дийнахь шена делла совг1ат къобалданза. И хьехам ларбар – Дала Шен къинхетамах генабаьхначаьрца охьа ца хийшарца, шайт1ано дагатуьйсуш долчух ларваларца а хуьлу. Иза къобалбина, цунна жоп далар Веза-Сийлахьчу Деле тобадарна т1ехь сихоярца, даггара Далла т1еверзарца а хуьлу. И вай дийцинарг кхочушдар цхьана хене ладоьг1уш т1аьхьа ма тоьттийла цо я оцу т1ехь ледарло, мало а ма йойла цо, баккъалла а, оцу т1ехь Дала цуьнан аьтто бина, цунах кхоччуш ирс оьцийла цо, тобадаран не1 д1айиллина ю цунна, оцу чу г1ойла иза, Дала Шен нийсоне кхайкхина иза, цуьнга сихо йойла цо. И ларлойла юх-юха кханенга иза д1атеттарх, баккъалла а, иза шайт1анан балхах ду. Цо духадеттар доцуш къобалдойла иза, шен хан я аьтто бац бохуш бахьанаш ца лоьхуш. 
     Абу-Раби1а (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Деле дерза шу, шаьш астаг1а я меже йойна делахь а, аш ла ма дег1а могашалла хиларе я шаьш тодаларе, баккъалла а, могашалле ладег1ар мукъа 1ар ду». Ибн 1ат1оиллах1а (Дала къинхетам бойла цунах) «Аль-Хьикам»  ц1е йолчу жайнахь аьлла: «Парг1ата хан хиллалц 1амал яр т1аьхьатеттар са аьрта хиларх ду». 
Тоба даран бехкамаш, къинойх ларвалар а 
     Делан новкъа волучу муридо уггар хьалха дан дезарг, Веза-Сийлахьчу Деле шегара дийлинчу дерриге къиношна даггара тоба дар ду. Нагахь санна цунна т1ехь адамийн хьокъах хьакхалуш долу къалатадар делахь, шен аьтто белахь цуьнан хьокъах д1ац1анваларна сихо йойла цо, аьтто бацахь – цуьнгара къинт1еравалар лохийла цо. Баккъалла а, шен вортанах хьаьрчина нехан хьакъ долуш волчу стагана нийсачу новкъа ваха ца тарло. Тоба нийса хиларан бехкам, ша динчу къиношна даггара дохковалар, ша вехачу заманахь кхин и саннарг дийр дац аьлла дог-ойла хилар ду. Амма стаг тоба динчул т1аьхьа къинош летош велахь я уьш лето ойла йолуш велахь, цуьнан тоба къобал хир дац. Мурид даима хуьлийла Дала важиб дина шена т1едиллина х1ума кхочушдарехь шегара яьллачу ледарлонна къера. Шен ледарлонна г1айг1ане волуш, и бахьанехь шен дог доьхна и мел ву, Аллах1 шеца вуйла хоийла цунна, Веза-Сийлахьчу Дала къудусийн хьадисехь аьлла дела: «Сан дуьхьа шайн дегнаш доьхначарна гергахь ву Со». 
     Мурид декхарийла ву, даккхийчу къинойх ларвелла ца 1аш, кегийчу къинойх ларвала а, – адам дуьйш долу д1овш маларх ларваларал ч1ог1а. Т1аккха иза ша оцу къинойх цхьа къа динехь, кхеравелла хир ву, ша д1овш мелча кхераваларал ч1ог1а, х1унда аьлча 1еса леларо дегнашна бохам бо, д1овш маларо дег1ана бохам барх терра. Ткъа бусалба стагана дог шен дег1ал хьоме ду, цуьнан уггаре мехала даьхни – шен дог лардар, иза кхиадар а ду. Адаман дег1 дуьненан баланашна кхоьллина ду, ша деллачул т1аьхьа эрна дан а довш, делахь а цуьнан д1адалар хала а, сингаттаме а долчу дуьненах д1акъастар бен дац. Бакъду, дог эрна дайча, цуьнан эхарт а эрна дов. Баккъалла а, Делан оьг1азлонах хьалхавер вац я Иза реза хиларца, Цуьнгара ял хиларца а декъала хир вац, ц1енчу дагца Далла дуьхьал веанарг бен. 
Шен дог шайт1ано дагатуьйсучух, кхераме долчух а лардарехь къахьегар 
   Мурид декхарийла ву, шен дог шайт1ано дагатуьйсучух, бохаме долчух, кхераме долчух а лардарна т1ехь къахьега. Цо шен деган не1арехь пардо дан деза, оцу чу вуониг дахарх иза 1алашдархьама, баккъалла а, и вуониг оцу чу дахча, цо иза талхадо, цул т1аьхьа оцунах и дог д1ац1андан хала а хуьлу. Дела шена чу хьожуш долу шен дог дуьненан марзонех, бусалба нахаца хьаг1 лелаярх, цабезамах, уьш 1ехорах а, царах вуон ойла кхоллаяларх а кхоччуш лардарна т1ехь къахьега деза цо. Царна хьехам беш, цаьрца къинхетаме, царах доглозуш, цаьрца дика ойла йолуш, шена дезаш долу дика царна дезаш, шена ца дезарг царна ца дезаш а хила веза иза. Хьо хууш хилалахь, х1ай мурид, баккъалла а, дагца йолу 1есалла кхийолчу меженашкахь йолчу 1есаллел боьха, ирча а ю, оцу 1есаллех иза ц1ена хилча а бен Веза-Сийлахь Волу Дела вовзар, везар а шега досса мегаш ца хуьлу и дог. Деган 1есаллех уггаре ирча дерш – куралла, моттарг1анаш, хьаг1 лелаяр а ду. 
     Куралло, стагехь йолу барам боцу сонталла, цакхетам, 1овдалалла а гойту. Ткъа ша хин т1адамах кхоьллина хилар, дукха хан ялале ша веллачул т1аьхьа шен дег1 дахкалург хилар а хууш волчо куралла муха йо, шегахь дозалла дан, воккхавеван а х1ума делахь а. Иза дерриге Делан комаршонах, Цуьнан балхах а ма ду, оцу адаман ницкъах дац иза хилийтар я цунах хьалхавалар. Шен комаршонца Дала шена деллачуьнца Делан лешна т1ехь ша куралла йича, шен вуон г1иллакх бахьанехь, Далла бен хила йиш йоцу куц Цуьнца къийсар бахьанехь а Дала шена делларг шегара д1адаккхарна ца кхоьру те иза? Х1унда аьлча, куралла – Ша нуьцкъала, куралла ян йиш йолуш а Волчу Аллах1ан куьцех куц ма ду. 
     Моттарг1анаш лелоро гойту, уьш лелош волчу стеган дог Делан возалла, сийлалла а довзарх даьсса хилар, х1унда аьлча цо шен 1амал, ша деш долу х1ума хаза, лерина а дар Дала кхоьллинчу халкъана гайтархьама до, цунна кхачаме ца хуьлу 1алам кхоьллина Волчу Далла иза гуш, хууш а хилар. Нахана и хаа лууш, цаьрга ша вазвайтархьама, цаьрга шена дика болх байта а Ша дика 1амал йинарг – иза дуьне дезаш а, кхетам боцу моттарг1анаш лелош а верг ву. Х1унда аьлча, дуьне д1атеснарг, нах ша хасто я вазван я шена даьхни дала г1оьртича, и ца дезаш, цунах д1авоьрзуш а хуьлу, ткъа моттарг1анаш лелош верг эхартан 1амалца дуьне лохуш ву, цул кхетам боцуш верг мила хир вара?! Нагахь иза дуьне д1атаса ницкъ кхочуш вацахь, цунна и лахар там болуш ма дара массо х1ума шен долахь долчуьнгара – Иза Аллах1 Ву. Баккъалла а, адамийн дегнаш Цуьнан карахь ду, Цо Ша реза волчу х1уманна т1едерзадо уьш, Шена луъучу х1уманехь Цо Шена муьт1ахь а до уьш. 
     Ткъа хьаг1лелор – иза Делаца гуччохь долу мостаг1алла лелор, билггал долу Цуьнца Цуьнан паччахьалла къийсар а ду. Х1унда аьлча, Веза- Сийлахьчу Дала Шен лех цхьаболчарна ни1маташ делча, цхьа а шеко яц Далла царна уьш дала лиъна хиларх, оцунна Цо уьш хаьржина хиларх а, х1унда аьлча нуьцкъаш Цуьнга иза дайта цхьа воцу дела. Оцу Делан лена Шен Элана лууш долчунна б1останехьа дерг лиъча, баккъалла а, цо шен вуон г1иллакх хилар гойту, шен дег1 х1аллакьхиларе а тосу. Баккъалла а, хьаг1лацар, наггахь, дарж, даьхни а санна болчу дуьненан белхаш бахьанехь хуьлу; ша бахьанехь хьаг1 лаца к1езиг х1ума ду иза. Бакъду, хьуна там болуш ма дара оцу балхаца зийначух къахетар, цунах хьой маьрша витинчу Далла хастам бар а. Наггахь хьаг1лацар – 1илма, дикалла а санна долчу эхартан белхаш бахьанехь хуьлу. Муридехь ма товш дац ша санна некъ лелош, шен балхехь шена г1одеш волчуьнца хьаг1лацар, бакъду, цунна там болуш ма ду цунах воккхавеш хила, х1унда аьлча иза цуьнан г1оьнча, и шеца цхьаьна хилча цуьнца ч1аг1луш накъост ма ву, ткъа бусалба стаг шен вешица хилча, цхьалха ца вуьсуш алсамволу. Муридана там болуш дерг шен дагца деза а дезаш, шен дег1аца къа а хьоьгуш нах Делан новкъахь гулбар, уьш Далла муьт1ахь хиларна т1ехь совцабар а ду, уьш шел толаре я ша царал толаре ца хьоьжуш. Баккъалла а, иза Делера рицкъа ду, Веза-Сийлахьчу Дала Шена луург къаставо Шен къинхетам барца. Даг чохь кхин дуккха а сийсаза г1иллакхаш ду, оха уьш ца хьахийна, дах ца дархьама, амма царах коьрта долчарна т1ехь само яйтина оха. Оцу вай хьехийначу дерригенан нана, бух, и схьадолу меттиг а дуьне дезар ду. Ткъа и дуьне дезар массо а галдаьллачу х1уманан корта бу, хьадисехь деана ма-хиллара. Дог цунах маьрша хилча, баккъалла а, мегаш, ц1ена, нуьре, дика а хуьлу, нуьре белхаш кхочушбан кийча, къайленашна т1екхиа ох1ла а хуьлу иза.  
Шен дег1ан меженаш 1есаллех,  дуьненах 1ехаваларх а ларъяр 
     Мурид декхарийла ву 1есаллех, къинош леторах а шен дег1ан меженаш ларъярна т1ехь къахьега, Далла муьт1ахь хиларехь бен уьш меттах ца яха, цаьрца шена эхартахь пайден дерг бен ца дан а. Шен мотт ларбарна т1ехь къахьоьгийла цо, баккъалла а, и ша жима белахь а, цо беш болу бохам боккха бу. Пуьташ боттарх, г1ийбат дарх, кхидолу ца магош долу къамелаш дарх сацабойла цо иза. Иза ларлойла оьзда доцу къамел дарх, шен г1уллакх доцург дийцарх – и хьарам динарг дацахь а, баккъалла а, цо дог дакъадо, цуьнгахь эрна хан яйар а ду. Бакъду, муридана там болуш ду шен мотт Къуръан доьшуш я Дела хьехош, я бусалба стагана хьехам беш, я диканиг де, вуониг ма де, олуш, я шен эхарт тодарна т1ехь г1о лохуш, дуьненан хьаштех шена оьшу х1ума хьахош бен цалебар.  Баккъалла а, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) аьлла: «Адаман доьзалхочо мел деш долу къамел цуьнгахьа доцуш, цунна дуьхьал ду, Дела хьехор я, диканиг де, вуониг ма де, аьлла, омра дар доцург». 
     Хьо хууш хилалахь, баккъалла а, хазар, б1аьрса а дагна т1ебоьдучу новкъахь д1айиллина ши не1 хилар, шаьшшинна чухула мел даьлларг дагна т1е а кхочуш. Ма дуккха там боцуш долу х1ума хеза я го адамана, и бахьанехь дагна т1ехь вуон лар юьсуш, т1аккха и д1аяккха ч1ог1а хала а хуьлуш. Баккъалла а, шена чу мел дуьжучу х1умано сихонца даг чохь лар юьту, ткъа и лар оцу чуьра д1аяккха ч1ог1а хала хуьлу. Мурид шен хазар, б1аьрса а лардарна т1ехь сутара, шен дег1ан меженаш къинойх, ца оьшуш долчух ларъярна т1ехь къахьоьгуш а хуьлийла. И ларлойла дуьненан хазалле воккхавеварца б1аьрг хьажабарх, баккъалла а, дуьненан гушдолу сурт питана ду, цунах къайлах дерг тергам бу. Б1аьрг цуьнан питанах гушдолчуьнга хьоьжуш бу, ткъа дог цуьнан къайлах болчу тергаме хьоьжуш ду. Масане мурид хир ву, ша дуьненан хазалле хьаьжна, т1аккха шен дагца и дезаре, гулдаре а тевжина. Хьуна там болуш ма ду, х1ай мурид, дуьненна т1е безам мел бохуьйтучу х1уманах хьайн б1аьрг ларбар, цунах цхьана а х1умане ца хьажар, тергамбаран лаамца бен. И бохург – хьо цуьнга хьаьжча, хьуна иза, пана хилла д1адер ду, аьлла, иза хьалха хилла дац, аьлла а, дагадар ду. Ма хийла адам хьежна оцу дуьнене, и адам д1адолуш, ткъа дуьне дуьсуш; ма дукха ирс эцна-кх хьалха д1абаханчарах т1аьхьабог1учара.  Хьой дуьнен чохь долчу х1уманашка хьоьжучу хенахь, и кхоьллина Волу Дела кхоччуш ницкъ болуш хиларна хьой т1енисвечу аг1ор хьажалахь цаьрга. Баккъалла а, дуьнен чохь мел дерг шена беллачу маттаца, Веза- Сийлахь Волу Аллах1 Воцург, кхин дела вац, бохуш, кхойкхуш ду, Дала шайн дегнаш нуьре дина, Делерчу нуьраца хьоьжуш болчарна хаза а хезаш. 
Даима ламаз карахь латтор, яах1ума оьшучу барамал дукха ца яар 
     Муридана там болуш ду даима ламаз карахь латтор, шен ламаз карара мосазза долу ламаз эцна, ши рака1ат суннат ламаз дар а. Нагахь иза зуда ялийна велахь, цуьнца шен юкъаметтиг еъча, лийча сихо йойла цо, лийчар т1едоьжна волуш ма 1ойла иза. Цо шен ламаз карахь латторна т1ехь г1о лохийла яах1ума к1езиг яарца, х1унда аьлча, яах1ума дукха юуш волчун ламаз сих-сиха карара долу, т1аккха цунна хала хуьлу даима ламаз карахь латто. Яах1ума к1езиг яаро наб т1е ца тийсарна т1ехь а г1о до, ткъа наб к1езиг яр муридан уггаре мехала куц ду. Муридана там болуш ду ша ч1ог1а мацвелча бен яах1ума цаяар, шена т1ехь наб тоьлча бен д1ацавижар, шена оьшучу меттехь бен вист цахилар, шен динна пайда хуьлуш йолчу меттехь бен нахаца охьа цахийшар а. Яах1ума дукха юуш волчун дог дакъало, 1ибадат ца далуш дег1 дазло, яах1ума дукха яаро дукха наб яре, дукха хабар дийцаре вуьгу. Муридо наб яр, къамел дар а дукха хилча, цуьнан муридалла баккъалла а ца хуьлу, цхьа ц1е хилар доцург. Хьадисехь деана: «Адаман беро шен генал вуон йолуш пхьег1а юьзна яц. Адаман берана шен букъ нисбаллал йолу кхоллух1ума кхачаме ма ю (шен дег1ехь ницкъ латто). Нагахь х1ума ца йиъча волуш вацахь, кхоалг1а дакъа юучу х1уманна, кхоалг1а дакъа молучу х1уманна, кхоалг1а дакъа сада1арна юьтур ю». 
Муьт1ахь хиларца Далла 1ибадат дарна т1еверзар 
     Муридана там болуш ду кхиболчу нахал 1есаллина, Дала дихкинчу х1уманашна а генавалар, шена т1едехкина парзаш, кхидолу декхарш а царачул ч1ог1а лардеш хилар, Далла гергавуьгуш йолу 1амал ярехь царал сутара хилар, дика х1ума дарехь царал каде хилар а. Баккъалла а, мурид нахалахь къаьстина ца хуьлу, Далла т1еверзарца, Цунна муьт1ахь хиларца а, Цунна 1ибадат дарх ша д1ахьовзош долу дерриг х1уманаш дитарца а бен. Иза сутара хуьлийла шен сада1ар, хан а ларъярна т1ехь, цо цунах к1езиг ерг я дукха ерг а ша Далла гергавуьгучу аг1ор, эхартахь шена пайде хир йолчу кепара бен а ма йойъийла. Цунна там болуш ду, массо кепара 1ибадатех цхьа дакъош вирд дина т1елаьцна лардар, халонехь я парг1атонехь а ша т1елаьцначу 1ибадатех цхьа х1ума дитар шена мага а ца деш. Цо Къуръан дешар алсамдоккхийла, цуьнан маь1нийн ойла а еш, и дешаран бакъонаш а ларъеш. Делан сийлалла даг чохь латтош хуьлийла иза, ша Цуьнан къамел доьшучу хенахь. Говзачу меттанашца, ч1ог1ачу аьзнашца, Делах кхерарх, Цуьнан сийлалла дагахь латторах г1опал хиллачу наха дешарх терра ма доьшийла цо иза. Цара иза доьшу, юьххьера дуьйна чекхдаллалц, цуьнан маь1нех ца кхеташ, иза доссадаран бахьана х1ун ду ца хууш; шайна иза хаахьара, цуьнца 1амал йийр ма яра цара. Баккъалла а, 1илма пайден дерг ма ду; шегахь 1илма долуш 1амал ца еш волчунна, ца хууш волчунна а юккъехь башхалла яц, и хууш волчуьнга Дала жоп дехар ч1ог1а хилар бен. Х1окху вай дийцинчун ойла йича, хууш воцчун хьал 1илма долуш волчул г1оле хуьлу. Цундела олуш ду-кх: «Ахь шеца пайда ца оьцуш долчу 1илманал г1оле, ца хууш хилар ду». 
     Хьо хуьлийла, х1ай мурид, тах1ажжуд ламаз деш, баккъалла а, лай шен Элаца цхьалха вуьсу хан ю буьйса. Ахь совдаккха цу чохь Далла хьаставалар, гечдар дехар, хьайн Деле кхайкха хьо г1ийлачу, хьастабеллачу маттаца, хьайн дог Цунна муьт1ахь, г1орасиз а хилар гойтуш. Хьо ларлолахь буьйса денъяр дитарх, Веза- Сийлахь Волу Дела хьехо хьой самаволуш а бен 1уьйкъенга ма волийла хьо. 
Парз ламазаш лардар, 1ибадатан маь1на  – иза Дела дагахь латтор хилар а 
     Хьо хила, х1ай мурид, пхи ламаз дарна т1ехь ч1ог1а тергам беш, царна т1ехь деша дезаш дерг, Делах кхерар, церан руку1, сужда, церан кхийолу арканаш, суннаташ а лардарца. Айхьа ламаз дехкале хьалха хьой Веза-Сийлахьчу Далла хьалха д1ах1уттуш хилар дагадаийта хьайна. Хьо ларлолахь паччахьийн Паччахь, уггар нуьцкъала Волчуьнга, дуьненан ойланаш еш,        г1опалхиллачу дагца дехарх, – хьо лар ца велча хьуна Делера оьг1азло, Делан къинхетамах генаваккхар а хуьлуш. Делан Элчано (Делера салам- маршалла хуьлийла цунна) аьлла: «Делан лай ламазна х1оьттича, Аллах1 Шен къинхетамца хьожу цуьнга, ткъа иза д1авирзича, Веза-Сийлахьчу Дала олу: «Адаман к1ант шена Сол дика хеташ волчунна т1евирзи». Шозлаг1а а иза д1авирзича, хьалха аьлларг олу Дала. Ткъа иза кхозлаг1а д1авирзича, Дела д1авоьрзу цунах». Шен юьхь д1аерзийначух Дела д1авоьрзуш хилча, ламазехь шен дагца дуьнене, дуьненан хазалле воьрзуш волчун хьал муха хир ду т1аккха?! Баккъалла а, Аллах1, Веза-Сийлахь Ву Иза, дог1машка а, гучохь долчуьнга а хьоьжуш вац, амма, бакъду, Иза хьоьжу дегнашка а, къайлах долчуьнга а. 
     Хьо хууш хилалахь, дерриге 1ибадатан са а, цуьнан маь1на а – иза 1ибадат дечу хенахь Дела дагахь латтор ду. Дела дагахь воцуш дина долу 1ибадат чан хилла д1адер ду. Ткъа Дела дагахь воцуш 1ибадат дечун масал, паччахьна совг1атна чохь са доцу г1арбаш я даьсса т1орк1аз деллачун масалх терра ду; ма герга ву и саннарг шена та1зар дан (хила), шена ял ца луш виса а. 
Рузба, жам1атехь ламазаш дар а, парз ламазашца цхьаьна суннат ламазаш лардар а  
   Хьо ч1ог1а ларлуш хилалахь, х1ай мурид, рузба, жам1атехь ламазаш дар а дитарх, баккъалла а, иза доьхна х1ума лелочу нехан 1адат, жех1ил нехан билгало а ю. Парз ламазашна хьалха, т1аьхьа а долу суннат ламазаш лардеш, витрунах, духьа, аввабин а ламазаш т1елаьцна лелош а хила хьо. Къаьсттина ч1ог1а 1уьйра ламаз динчул т1аьхьа малх схьакхетталц йолу хан, малхбуза ламаз динчул т1аьхьа малх чубуззалц йолу хан а ларъеш хила хьо, и шиъ еза ши хан ю, оцу хенахь Дела хьехош болчарна Веза-Сийлахьчу Делера беркаташ т1едуьссуш. 1уьйра ламазал т1аьхьа йолу хан ларъярехь къаьсттина дег1ана оьшуш долу рицкъа т1едохьу пайда бу, ткъа малхбуза ламазал т1аьхьа йолу хан ларъярехь къаьсттина дагна оьшуш долу рицкъа т1едохьу пайда бу. И иштта хилар билгалдаьлла Дела вевзаш болчу баккхийчу эвлаяашна. Хьадисехь деана: «Баккъалла а, 1уьйра ламазал т1аьхьа, ша ламаз динчу меттехь Дела хьехош охьахиъна 1аш волчунна рицкъа т1едар сиха ма хуьлу, дуьне мел ду рицкъа лоьхуш лелаш волчунна чул а». Массо хьолехь, массо хенахь, массо меттехь а Дела дагахь латтор 
     Делан омранаш кхочушдеш, хьарам долчух ларлуш, даима Дела хьехош волчун сатуьйсийла ю нийсачу новкъа нисваларе. Хьо хьайн дагца, маттаца а, х1ай мурид, массо хьолехь, массо хенахь, массо меттехь а иштта хилалахь. Дела хьехоран дерриге маь1наш чулоцуш, цуьнан гуш болу, къайлах болу пайданаш шегахь берг – иза Ла илах1а иллаллох1у боху дош ду. Хьалха д1абаханчаьрга, т1аьхьа т1ебог1учаьрга а ларде аьлла омра дина Дела хьехор ду иза. 
   Т1арикъатан къайленех марзо эца лууш, хьакъикъатан нуьречу дакъошна цхьана х1уманца т1екхиа лууш верг ц1енчу дагца, дуьззинчу г1иллакхца, даггара т1еверзарца, шатайпана башхачу некъаца а Веза- Сийлахь Волу Дела хьехорна т1ехь латтийла. 
    Цхьана стагехь х1ара вай дийцина куьцаш гуллур ма дац, стиглара 1аламаш цунна д1адоьллуш бен, цуьнан са ц1енчу 1аламашна т1екхуьуш бен, цуьнан деган б1аьргашна уггаре ц1ена, сийлахь а йолу хазалла гуш бен. 
    Хьо хилалахь, х1ай мурид, ойла дукха еш, ткъа ойлаяр кхаа декъехь ду: 
– Делан ницкъ тамашийна боккха хиларан, стигланаш, латтанаш а тамашийна говза кхоьллина хиларан а ойлаяр. Цунах схьаболу стом – Дела вовзар ду. 
– Дала деллачу ни1матийн, диканийн а ойлаяр. Цунах схьаболу пайда – Дела везар ду. 
– Дуьненан, эхартан, цу шинна чохь долчу х1уманийн хьелийн ойлаяр а. Цунах схьаболу пайда – дуьненах д1аверзар, эхартана т1еверзар а ду. 
Шен дег1 1ибадат дарна т1ехь мало ярх,  шар1ана дуьхьал долчу х1уманашка товжарх а лардар 
     Х1ай мурид, хьайн дег1ехь – 1ибадат дарна, дика х1ума дарна т1ехь а мало хаалахь, Делан къинхетаме догдахарца хьайн дег1ан доладе ахь. Иза ахь хьайна дагадаийтар ду, Дала Шена муьт1ахь хилла 1амал йиначарна ч1аг1о йинарг – йоккха декъалалла, даима хир долу ни1маташ, къинхетам, Дела резахилар, ялсаманин бошмашкахь даима латтар, Веза-Сийлахьчу Далла, Цуьнан лешна а гергахь сийдолуш, даржехь веза а хилар. 
     Шар1ана дуьхьал долу х1уманашка я вуочу х1уманашка хьайн дег1 товжар хьайна хааделча, Делах кхераран шед тохарца и духадерзаде ахь. Иза ахь хьайн дег1ана хьехам бар, цунна дагаяийтар а ду, Дала Шена 1еса хиллачунна 1азап лур ду аьлла йина ч1аг1о – аьшнаш вар, х1аллакьхилар, сийсазалла, та1зар дар, къинхетамах генаваккхар, диканах д1ахадавар, эшам а хилар. 
     Хьо ларлолахь цхьаболу кхетам боцчу нахана санна, ялсаманин, жоьжахатин а болх к1езиг хетарх, Дала а, Цуьнан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) а даздинарг деза хетийла хьуна. Далла 1амал елахь, Иза хьан Дела, хьо Цуьнан лай а хиларна. Ахь Цуьнга Шен комаршонца, къинхетамца а хьой ялсамане вахийтар, жоьжахатих ларвар а дехалахь. 
     Нагахь шайт1ано (Делан не1алт хуьлийла цунна) хьоьга алахь: «Баккъалла а, Веза-Сийлахь Волу Дела хьо а, хьан 1амал оьшуш вац,  хьо муьт1ахь хиларо Цунна пайда бийр бац я хьо 1еса хиларо Цунна зен дийр дац», ахь цуьнга ала: «Бакъ ду иза, делахь а, со Делан комаршонга, дика 1амал ярга а хьашт ву, Цунна муьт1ахь хиларо суна пайда бо, Цунна 1еса хиларо суна зен до, иза суна сан Дала дийцина Шен сийдолчу Къуръана чохь, Шен Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) маттехула а».  
     Нагахь шайт1ано (Делан не1алт хуьлийла цунна) хьоьга алахь: «Хьо Далла гергахь декъалахила язвина велахь, шеко йоцуш, хьо ялсамане г1ур ву хьуна, хьо муьт1ахь хилар я 1еса хилар башхалла йоцуш. Нагахь Цунна гергахь хьо дакъазавала язвина велахь, хьо жоьжахате г1ур ву хьуна, хьо муьт1ахь хиллехь а». Ахь шайт1анан даше ла ма дег1алахь, х1унда аьлча, азаллехь яздинарг къайлах ду, Аллах1 Воцчунна хаа йиш йоцуш. Ткъа Далла муьт1ахь хилар уггаре ч1ог1а делил ду, Далла гергахь декъалахила язвина хиларна. Далла муьт1ахь волчунна, ялсаманина а юкъахь х1умма дац, Далла муьт1ахь волуш валар доцург. Ткъа Далла 1еса хилар уггаре ч1ог1а делил ду, Далла гергахь дакъазавала язвина хиларна. Далла 1еса волчунна, жоьжахатина а юкъахь х1умма дац, Далла 1еса волуш валар доцург. 
Синошкахь хуьлуш долу хьелаш, даима собаре хила везаш хилар а 
 Хьо хууш хилалахь, х1ай мурид, баккъалла а, т1арикъатан хьалхе – собаре хилар ду, цуьнан чаккхе – шукра дар ду. Цуьнан юьхьиг– хало лар ду, цуьнан чаккхе – ирсе хилар ду. Цуьнан юьхьиг – к1адвалар, г1елвалар а ду, цуьнан чаккхе – толам, х1уманна т1екхиар, шен 1алашоне кхачар а ду. Иза Дела вовзар, Цунна гергавахар, Дела дукхавезар, Цуьнан маликашца цхьаьна Цуьнан сийлахьчу меттехь латтар а ду. Шен берриге белхаш хазчу собарца ч1аг1бинарг массо дикане, ша сатуьйсуш долчуьнга а кхочу, ша мел лоьхучу х1уман т1ехь толам боккху цо. 
     Хьо хууш хилалахь, белхан юьххьехь адаман са вуочу х1уманца омра деш, диканах иза духадетташ а хуьлуш хилар. Ткъа адамо шен дег1ана дезачунна дуьхьал къийсам латторца къахьегча, шен дег1ан лаамашна ца дезачунна т1ехь собар дича, шегара яьллачу 1есаллина ша-шен дег1ана бехкбуьллуш хуьлу иза. Т1аккха цуьнан са цхьайолчу хенахь парг1атдаларе, цхьайолчу хенахь вуочу х1уманца омра даре тийжаш хуьлу. Нагахь цо, цунна накъосталла деш, Далла гергахь долчуьнга сатийсаран новкъа и дигахь, и са парг1атдаьлла хуьлу, диканца омра деш, цунах марзо оьцуш, цунах самукъадолуш, вуочух иза вухатухуш, цунах къаьхкаш, додуш а. Шен са парг1атдолуш волчун цецвалар доккха хуьлу, шеца парг1ато, самукъадалар, марзо а йолуш долчу Далла муьт1ахь хиларх д1а а бирзина, шеца г1айг1а, цхьалхависар, къахьо а йолчу 1есаллина, дег1ан лаамашна а нах т1еберзарх. Цунна моьтту, цу шина балхехь оцу нахана шена хаалуш дерг хаало, цул т1аьхьа цо шена дагадоуьйту, шен дег1ан лаамашна т1аьхьаваьлла ша лелачу хенахь шена хаалуш хилла йолу марзо, Далла муьт1ахь хиларехь шена хаалуш хилла йолу хало. Т1аккха цунна хаьа, еххачу заманахь къахьегарца, Дала ша 1алашварца а бен ша оцу хьоле кхаьчна цахилар 
     Баккъалла а, хьуна хии, 1есачу х1уманах, дег1ан лаамех а шен дег1 духатохарехь, Далла муьт1ахь хиларна т1ехь а и сацош деш долу собар – иза массо а дикане, массо сийлахьчу меттиге а, лакхарчу дарже а кхачош некъ бу. Иштта муха хир дацара иза, Веза- Сийлахьчу Дала ала ма аьлла: «Х1ай ийман диллина нах, собаре хила, собарца толам а баккха, Делан новкъахь къа а хьега, Делах кхера, декъала хир ду шу». «Алу 1имран», 200. 
     Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Исраилан доьзалшна тIехь кхочушхилира хьан Делан хаза дош, цара собар дарна». «Аль-А1раф», 137. 
     Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Оха царех имамаш бира, Тхан омранца нах нисбеш, уьш собаре хиллачу хенахь. Уьш бара Тхан аятех тешаш».«Ас-Саждат», 24. 
Дала халкъана юккъехь рицкъа декъна хилар 
    Наггахь мурид зуьйш хуьлу къеллица, мискаллица, дахарехь гатто хиларца а. Т1аккха цунна там болуш ма ду оцу т1ехь Далла шукра дар, иза Дала шена деллачу даккхийчу ни1матех ларар а, х1унда аьлча дуьне мостаг1 ду, Дала иза, дукхахьолахь, Шен мостаг1ашна т1едерзадо, Шен гергарчу нахах д1а а хьовзадо. Далла хастам бойла цо, Шен пайхамарех (Делера салам- маршалла хуьлийла царна), эвлаяэх, дикачу лех а Цо ша тарварна. Баккъалла а, элчанийн эла, массо халкъал дика а волчу Мухьаммада (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) шен гай т1е т1улг боьхкуш хилла мацаллина. Цкъацкъа ши бутт я цул алсам хан йолуш хилла, цуьнан х1усамехь яах1ума кечъян я кхидолчу х1уманна ц1е ца латош, иза хене волура хурманца, хица а. Наггахь ша волчу хьаша веъча, шен иссе х1усаме цхьаъ вохуьйтура цо, амма цхьанхьа а хьешанна яла яах1ума ца карайора цунна. Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) д1акхелхина, цуьнан г1аг1 (кольчуга) ткъе итт сахь мекхана дуьхьал цхьана жуьгтичунна гергахь закъалтана (залог) делла а долуш. Цуьнан х1усамехь адамо дуучух цхьа кана ялта ма дацара. Цундела, х1ай мурид, хьайн лаамца, дуьненца йолчу хьайн ойланца а хьайн бехке меттиг къайлайоккхучу бедарх, мацалла юхатухуш хьаналчу рицкъанан цхьак1езиг йолчу яах1уманах а кхачамбеш хуьлийла хьо. 
     Вуьйш долчу д1овшах ларлолахь, иза ахьа дуьненца марзо эцаре, цуьнан хазаллица зовкх хьегаре сатийсар, цунах марзо оьцучу нахах хьо хьегар а ду. Баккъалла а, цаьрга хоттур ду цу ни1матех лаьцна, царна хьесап а дийр ду цаьрга кхаьчначу дуьненах, цара цунах эцначу марзонах а. Дуьне лахарехь, и гулдарехь сутара хиларехь, и 1алашдарна т1е тергам бахийтарехь цара ловш йолу хало, царна хуьлуш болу ницкъ, церан дегнашкахь йолу г1айг1а, бала а хьайна ма-дарра хиъча, хьуна гур ма дара, оцу балхо уьш дуьненах марзо эцарехь кхин а совбохуш, цуьнгахь и марзо елахьара. Хьуна кхачаме ма ду дуьне дезарх вухавала, иза тесна дитарна Веза-Сийлахьчу Делан дош: «Массо нах цхьа уммат хилла д1ах1уттур дацахьара (бусалба нахана, цаьргахь рицкъанан шорто хиларна керсталла дезалур дацахьара), Оха хуьлуьйтур ма дара Къинхетаме Волчух ца тешаш болчарна – церан цIеношна датон тхевнаш а‚ ламеш а‚ уьш шайна тIехула хьалабовлуш болу. Церан цIеношна неIарш а‚ маьнганаш а (детех хуьлуьйтура бара Оха), уьш шайна тIе д1атевжаш болу. (Кхин) хазаллаш (деши) а (лур яра Оха царна). Иза дерриге а − дуьненан дахаран хIума бен ма яц. Ткъа эхарт(ялсамани), хьан Далла гергахь  – Делах кхоьручарна ю». «Аз-Зухруф», 33-35. 
     Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) аьлла: «Дуьне бусалба стеган набахте, керста стеган ялсамани а ю; Далла гергахь чуьркан т1оман мехха иза делахьара, Цо керста стаге цунах хин къурд бойтур бацара». Баккъалла а, Шеца там боцчух ц1ена Волу Дела, Ша дуьне кхоьлличхьана, цуьнга д1ахьаьжна вац. 
    Хьо хууш хилалахь, рицкъа Дала х1оранна лерина, декъна а хилар. Делан лех бу Цо рицкъанехь совбаьхнарш а,  рицкъанехь гатто йинарш а. Иза Делера хьикмат ду. Хьо рицкъанехь гатто йинчех велахь, хьуна т1ехь собаре, реза а хилар, Дала деллачунна тоам бар а ду. Амма хьо рицкъанехь совбаьхначех велахь, хьайна тоъал дерг хууш хилалахь, хьайн карахь долчух хьайна оьшшучул схьаэцалахь. Дисина даьхни дикачу, беркатечу  некъа хьовзаделахь. 
    Хьо хууш хилалахь, адамана Делан новкъа дала лиъча, цунна т1едиллина дац шен даьхних д1ахадар – нагахь иза даьхни долуш велахь я шен говзалла, йохк-эцар а д1атаса а – иза говзанча я совдегар велахь. Бакъду, цунна т1едиллина ду ша воллучу хьолехь Делах кхерар, рицкъа лахарехь дика аг1о лелор а, шен парз я суннат ца дуьтуш, Делан новкъа вахарехь шеца г1о лаха мегаш доцчу хьарам долчуьнга, барамал совдолчуьнга а ца кхийдаш. 
    Нагахь мурид хууш велахь, шен дог нисдалар, шен дин тодалар а даьхних, цуьнца доьзначух а д1ац1анделча бен кхочушхирг цахилар, иза декхарийла ву цунах д1ац1анвала. Нагахь иза х1усамнаной, бераш а долуш велахь, царна даа рицкъа, т1едуха х1ума латтор шена т1ехь важиб долуш – иза декхарийла ву и кхочушдан, оцу т1ехь къахьега а.  Нагахь шар1аца  йог1уш йолчу бехказлонца и кхочушдарх иза г1орасиз хилахь, т1аккха оцу декхарх, къа латорах а хьалхаволу иза. 
     Хьо хууш хилалахь, х1ай мурид, Дела реза Волу 1амал ян, дег1ан лаамашна генавала а, дуьненах д1аверза а хьан ницкъ кхочур ма бац, хьо дуьнен чохь вехар волу хан к1езиг денош хилар, дукха хан ялале хьо лийриг хилар а хьайн дег1ана ахь дагадаийтича бен. Т1аккха валар б1аьргашна дуьхьал лаьттар ду хьуна, цунна кечам бийр бу ахь, муьлххачу хенахь и хьайга кхочур ду аьлла догтешна хир ву хьо. 
     Х1умане дукха сатийсарх ларлолахь, баккъалла а, цо хьо дуьне дезаре товжор ву, хьуна Далла муьт1ахь хилар, 1ибадатна т1еверзар а, эхартан новкъа валар а хала дийр ду. Валар герга дуй, дахар доца дуй хаарехь ду дерриге дика; иза хууш хилалахь, Дала вайна массарна г1о дойла оцу т1ехь. 
Наха бечу цатомана собаре хилар, церан питанах ларвалар 
   Хийла ца кхеташ болчу наха цхьаболчу муридашна халахетар деш, шаьш царна резабацар гойтуш, уьш сийсазбан г1ерташ х1уманаш леладо. Нагахь санна оцу балхах цхьадолчуьнца хьо зехь, собаре хилалахь, хьан дог хьог1ах, вуон ойла ярх ларделахь, царна дуьхьал бекхам бан ма г1ерталахь. Хьайна зен динчунна вуонца до1адарх ларлолахь; нагахь цуьнга бала кхачахь, цо хьайна зен дар бахьана долуш кхаьчна иза, ма алалахь. 
     Хьайна динчу халахетарна т1ехь хьо собаре хиларал деза ду хьуна, хьо и халахетар динчунна къинт1ера валар, ахь цунна диканца до1адар а; иза бакълуьйчу нехан г1иллакх ду хьуна. Нах хьайх д1аберзар Дала хьайна деллачу ни1матех лара ахь, х1унда аьлча уьш хьуна т1ебирзича, хьо Далла 1ибадат дан парг1ат вуьтур вац цара. Нагахь уьш хьуна т1еберзарца, цара хьо вазварца, хьо хесторца, юх-юха хьуна т1елеларца хьо зехь, хьо ларлолахь церан питанах,  хьайн сакхташ царах хьулдинчу Далла шукра а делахь. 
    Нагахь санна айхьа царна товш дерг, церан самукъадолург лелорна, цаьрца цхьаьнаветтавалар бахьана долуш Далла 1ибадат дарна т1ехь айхьа ледарло ярна а хьой кхоьруш велахь, царах д1акъасталахь, царна хьайн не1 д1акъовлалахь. Нагахь цунах г1уллакх ца хилахь, хьой вевзаш волчу меттера хьой ца вевзачу метте кхелхина г1олахь. 
   Хьо ларлуш хилалахь нахана юккъехь г1араваларх, баккъалла а, цуьнгахь питана, зер а ду хьуна. Хьалхалера 1еламнаха олуш хилла: «Делора, лен Делах тешар кхоччуш хир ма дац, нахана юккъехь г1аравалар ца дезаш иза хилча а бен». Иштта цара олуш хилла: «Нахана юккъехь г1аравалар дезаш волу стаг ца вевзина тхуна, цуьнгара дин д1адаьлла, иза юьхь1аьржа х1оьттина а бен». Нахах кхерарх, церан х1умане сатийсарх а шен дог ц1андар 
  Ахь къахьега, х1ай мурид, хьайн дог нахах кхерарх, церан х1умане сатийсарх а ц1андарехь. Баккъалла а, нехан х1умане сатийсаро динехь доьхна х1ума лелочуьнга вистхила юьхь йоцуш вуьту, цунна хьеставаларе, цуьнга диканиг де, вуониг ма де алар дитаре тийжаво. И куьцаш шеца дерг сийсаза хиларна кхачам бу, х1унда аьлча, бусалба стаг шен Далла хьасталуш хила веза, Иза воцчух ца кхоьруш, Цуьнан дикане бен са ца туьйсуш а.  
     Нагахь хьан бусалба вежарех цхьаммо хьуна даггара совг1ат дахь, иза схьаэца ахь, нагахь хьой цуьнга хьашт велахь; Далла шукра де ахь, х1унда аьлча, баккъалла, луш верг Иза ма Ву, Дала шегахула хьайна и совг1ат дайтинчу лена а баркалла ала ахь. Нагахь хьуна иза оьшуш дацахь, ойлае; нагахь хьайн даг чохь и схьаэцар г1оле ду аьлла хетахь – и схьаэца ахь, амма иштта ца хетахь – к1еда-мерза олуш духатоха ахь иза, и луш волчун дог дохор доцуш. Баккъалла а, бусалба стеган сий Далла гергахь доккха ма ду.  
    Хьо ларлолахь, хьайна деш долу совг1ат и схьа ца ийцира алийта дозаллийна духатохарх, дег1ан лаам кхочушбархьама и схьаэцарх а. Баккъалла а, хьайн дег1ан лаам кхочушбархьама и схьаэцар хьуна г1оле ма ду, дуьне д1атесна ву аьлла хьайн ц1е яккхийтархьама иза духатохарал а. Бакълуьйш волчуьнга къасто хала болуш болх кхочур ма бац, цуьнан даг чохь Дала цунах лууш дерг цунна довзуьйтуш долу нур хуьлуьйтуш бен.  
Къайленна т1екхиа г1ертар, шена караматаш хиларе сатийсар а дехкар 
     Муридана уггаре ч1ог1а зен деш долу х1ума – иза къайленна т1екхиа г1ертар, шена караматаш, кхиболчу нахехь доцу 1адаташ хиларе цо сатийсар а ду. Уьш цунгахь гучудевр ма дац, цаьрга и сатуьйсуш мел ву, х1унда аьлча, дукхахьолахь, уьш гучу ца довлу цаьрга са ца туьйсучуьнгахь бен. 
    Цкъацкъа уьш гучудовлу 1ехаеллачу тобанехь, царах Делах тешар г1ийла дерш зуьйш, 1ехош а. Оцу нехан хьокъехь аьлча, цаьргахь ерг сийсазалла ю, карамат дац. Баккъалла а, карамат динехь нисбелчаьргахь хуьлу. Дала хьуна оцу балхах цхьа дакъа даларца хьан сий динехь, х1ай мурид, Цунна хастам белахь. 
     Хьайна гучудаьлла долчу х1уманна т1ехь саций, цуьнца хьайн дог парг1атдаккхий ма 1е хьо, и хьулде ахь, нахана дийца а ма дийца. Нагахь хьуна цунах х1умма а гучудаьлла дацахь, цуьнга са ма тийса ахь, и цахиларна догдоьхна ма лела хьо. 
     Хьуна хоийла, дерриге бакъдолу, билгалдолу караматаш шена чулоцуш долу карамат – иза динехь нисвалар ду, гуччохь, къайлах а Делан омранашна муьт1ахь хиларца, Цо ма де аьллачунна генаваларца а ша кхочушхуьлуш долу. Ткъа хьо декхарийла ву иза нисдан, оцу т1ехь ч1аг1вала а, т1аккха лакхара, лахара а 1аламаш хьан г1уллакхе хьожуш хир ду, хьо хьайн Далла гена ца воккхуш, Цунна хьоьгара лууш долчу х1уманах хьо г1опал ца веш. 
Рицкъа лахарх лаьцна 
     Хьо хилалахь, х1ай мурид, хьайн Делаца хаза ойла йолуш, Иза хьайна г1о деш, хьуна кхачам беш, хьо ларвеш, хьо 1алашвеш, хьо хьайх тешна я халкъах цхьаннех тешна а вуьтур воцуш Ву аьлла. Веза- Сийлахьчу Дала къудусийн хьадисехь дийцина, Шен лено Шеца еш йолчу дикачу ойланна гергахь Ша хилар. Хьайн даг чуьра къеллех кхерар, нахера х1умане сатийсар а д1адаккха ахь. 
   Хьо ч1ог1а ларлолахь рицкъанан балхана г1айг1ане хиларх, хьайн Дала хьуна рицкъа латтор ду аьлла йинчу ч1аг1онах тешаш хилалахь, Веза-Сийлахьчу Дала ма боху: «Цхьа а дийнат дац лаьттахь Далла тIехь шен рицкъа долуш бен…» «ХIуд», 6. Ткъа хьо дийнатех цхьаъ ма ву. Дала хьайга е аьлла омра дина 1амал ярна т1ехь г1айг1ане хила хьо, Цо Ша хьуна лур ду аьлла Шена т1елаьцначу рицкъанан хьокъехь г1айг1ане ма хила хьо, баккъалла а, хьан Далла хьо вицлуш ма вац. Баккъалла а, Цо хьуна хаийтина, хьан рицкъа Шегахь хилар, Цо хьоьга иза  Шена 1ибадат дарца лаха аьлла омра дина. Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Аша Далла гергахь лаха рицкъа‚ Цунна Iибадат а де‚ Цунна шукра а де…» «Аль-Iанкабут», 17.Хьуна ца го, Ша витина, кхечунна 1ибадат деш болчу керста нахана а Дала рицкъа луш хилар?! Ша воцчунна 1ибадат ца дечу бусалба нахана рицкъа ца луш, Шена 1еса хиллачарна, Шен омра кхочуш ца дечарна рицкъа луш го Хьуна Иза? Шена муьт1ахь болуш, Ша дуккха хьехош, Шена шукра деш болчарна рицкъа луш Вац Иза? 
   Хьо хууш хилалахь, шар1о хьуна магош болчу некъахь билггал долчу къахьегарца а рицкъа лахарх къа дац хьуна, амма къилахь дерг, доьхнарг а – хьан дог парг1ат цахилар, и г1айг1ане, холчохь, шена моьттучунна т1аьхьадозуш хилар а ду. Адаман дог телхина хиларна т1енисвечарах ду – ша оцу хене девр ду я дац ца хууш, цо цкъа мацца а шена оьшур ю аьлла хетачу х1уманна сагатдар. Оцу кепара дог телхинчо олу: «Х1ара чекхдаьлча, и саннарг кхин мичара дер ду? Х1окху бахьаница кара рицкъа ца даг1ахь, муьлхачу бахьаница дог1ур ду те?» 
   Рицкъа лахарехь бахьанаш цалелор я уьш лелорна т1ехь ч1аг1валар – и шиъ ши некъ бу, Дала Шен лейх Шена луъург цу шиннах цхьана новкъа воккхуш. Бахьанаш цалелоран новкъа Дала ша нисвинарг – Дала шена рицкъа лург хиларх ч1ог1а тешна, сина парг1ат хила, даима Далла 1ибадат деш хила а декхарийла ву иза. Амма бахьанаш лелоран новкъа Дала ша нисвинарг – ша лелочу бахьанашкахь Делах тешаш, И воцчунна т1е болх ца буьллуш а хила веза. И ларлойла ша и бахьанаш лелорна шен Далла дечу 1ибадатах хераваларх. Муридана кхераме х1уманаш т1е1иттало рицкъанан балхехь, наха моттарг1анаш лелорехь а, и доцчуьнгахь а, бакъду, муридан билла бехк бац я цунна къа а дац, и саннарг ца дезаш, шен даг чуьра и д1адаккха г1ерташ а и къахьоьгуш велахь. 
Сийдолчу нахаца гергарло лелор, шари1ат девзаш волу дика шайх лахар а 
    Хьо хуьлийла, х1ай мурид, сийдолчу нахаца гергарло лелорехь, дикачу нахаца цхьана охьахийжарехь а кхоччуш тергам беш. Хьо ч1ог1а сутара хилалахь, дика, нийсоне нисвеш, хьехам беш, шари1ат девзаш, т1арикъатан, хьакъикъатан а некъ бевзаш, дуьззина хьекъал долуш, дог-ойла ц1ена йолуш, низам дика долуш, нехан хьелаш, амалш, г1иллакхаш а девзаш волу шайх лахарна т1ехь. Нагахь оцу т1ехь хьан аьтто балахь, цунах д1а ма хадалахь, хьайн массо белхашкахь цуьнга хьукма дайталахь, цунах дагаволуш хилалахь. Цо бечу белхашкахь, олучу дешнашкахь цунна т1аьхьавазалахь, нагахь иза къаьсттина шайхан даржаца доьзна дерг дацахь: шена гонаха нах гулбар, гергарниг, генарниг а Делан дине кхайкхар санна, иштта шайхаца къаьсттина мел дерг а, и санна дерг цуьнгахь дита ахь. Гуччохь я къайлах долчу цуьнан хьелашна цхьана а аг1ор дуьхьало ма елахь. Нагахь хьан даг чу цунах лаьцна цхьа вуон дерг иккхинехь, и хьайн даг чуьра д1адаккха къахьегалахь. Нагахь оцу т1ехь хьайн ницкъ ца кхачахь, хьайн шайхана дийца иза, цуьнга хьайна и д1адаккха некъ хьехийтархьама. Иштта ахь цуьнга дийцалахь, т1арикъатца доьзна долуш, хьайн даг чу лелхаш долу х1уманаш. 
     Хьо ларлолахь, нахана юккъехь я цунна хьой гучу хенахь муьт1ахь хуьлуш, амма нах боцчу меттехь я цунна хьой ца гучу хенахь цо бохучунна т1ера валарх, т1аккха хьо х1аллак а хуьлуш. 
     Шаьш т1арикъатан некъахь бу, бохуш, лела шайхаш болчу ма г1олахь, хьан шайхо хьуна пурба делла дацахь. Нагахь цо хьуна пурба деллехь, хьайн дог ларделахь, хьайна луъучунна т1е а г1олахь. Нагахь цо хьуна пурба ца лахь, хьуна хаалахь, цо хьуна масла1ате дерг хаьржина хилар. Ахь и бехке ма велахь, и хьаг1 лелош я хьой царна т1е лелар ца лалуш ву моьттуш; Дала ларвойла Делан гергарчу, Цо хаьржинчу стагера и саннарг даларх. 
    Хьо ларлолахь, хьайн шайхе шен караматаш, хьайна дагалелхаш долу х1уманаш гучудаха бохуш дехарш дарх, баккъалла а, Дела Воцчунна къайле хууш ма яц. Ткъа вели Дала цхьайолчу хенашкахь цхьайолчу къайленашна т1екхуьуьйту. Муридо шен шайх волчу вахана, цуьнга шен даг чуьра къайле йийцар деха тарло, – амма, цо цунна иза ца юьйцуш, шена иза хууш, и гучуяккха ницкъ боллушехь, шегара хьал, къайле а ларъеш. Баккъалла а, шайхаш (Дела реза хуьлийла царна) шайн къайленаш, караматаш, кхиболу тамашийна белхаш хьулбарехь а нахал сутара бу, оцу т1ехь шайн ницкъ, аьтто  белахь а. 
     Эвлаяашна хуьлуш долу дукхах долу караматаш цаьрга харжам баларца дац. Шайгахь долу карамат цхьанна гучудаьлча, цара цуьнга весет до шаьш дуьнен чуьра д1акхалххалц иза цхьаьнгге ма дийца, олий. Цара цунах цхьа дакъа гучудаккха тарло, и хьулдарал гучудаккхар масла1ате хеташ. 
     Хьо хууш хилалахь, баккъалла волу шайх – иза шен ойланца, леларца, дашца а муридана пайда беш, и шена уллохь я генахь велахь а иза 1алашвеш верг ву. Нагахь мурид шен шайхана генахь вехаш велахь, цо цуьнгара шен балхехь юкъара бакъонаш билгалъяр лохийла, –    ша дан дезачуьнгахь, дита дезачуьнгахь а. Муридана уггаре зен деш долу х1ума – шайхан даг т1ера иза вожар ду. Дуьнен чохь мел волу шайх и тодан гулвелча, церан ницкъ кхочур ма бацара, цуьнан шайх цунна реза хилча а бен. 
     Хьо хууш хилалахь, шайх лоьхуш волчу муридана там болуш ду наха шайх я муридаш кхиош ву аьлла хьахош мел верг шена шайх лаца цаг1ертар, шена цуьнгахь билггала шайхалла дуй хаъалц, шен даго иза къобалваллалц. Цунах терра, шайхана там болуш дац, ша волчу т1арикъатан некъ лоьхуш мурид веача, и даггара лелаш вуй, Далла т1е ша нисвечуьнга ч1ог1а шовкъе хилла веана вуй шена хаъалц, цунна и некъ хьехар. 
    Х1ара дерриге а шена бакъволу шайх лацаран хьокъехь дерг ду. Баккъалла а, муридана бехкам х1оттийна, шайхана хьалха ша, цхьамма лийчош волу велла стаг санна, я, нанна хьалха бер санна, хилар. Муридан нигат, бакъволу шайх лацар доцуш, деккъа беркат эцар хилча, лакхахь вай дийцина хьал хир дац цуьнгахь. Шайхашна т1екхачар, царна зиярте вахар, царах беркат эцар алсамдаккхар а дика ду. 
  Нагахь муридана бакъволу шайх ца каравахь, и декхарийла ву даггара къахьега, ша Деле товжарехь, Цуьнгара ша нисвийр верг лахарехь а ша хьашт хилар гойтуш. Т1аккха гатвеллачунна жоп луш Волчу Дала цунна жоп лур ма ду, Цо цунна т1енисвийр ву иза нийсачу новкъа вуьгуверг. 
     Цхьаболу муридаш шайх лоьхуш го хьуна, шайна иза гуш ца хилча и вац моьттуш, амма царна гуш воцу шайх царна хаа ца луш, шен хьажарца уьш кхиош, шен 1уналлин б1аьргаца уьш 1алашбеш а хуьлу. Мурид оцу кепара шеконе вахча, цуьнгахь долу шайхах тешар бен д1а ца долу. Ткъа бакъболу шайхаш болуш бу, делахь, Веза-Сийлахьчу Дала Шен гергарчу нахана дуьхьал ала х1ума ца дитина, шеконехь волчунна моьттуш дерг бен, Цо царах тешар а ма ца делла, царах Шена дала луучунна а бен. 
Муридо шен шайхаца лело деза г1иллакхаш 
     Х1ай мурид, хьайн шайхаца цхьана белхан хьокъехь дагавала я цхьана х1уманах лаьцна цуьнга хатта хьайна лиъча, ахь цуьнан сийдаро, цуьнца г1иллакх лацаро иза хаттарх вуха ма тухийла хьо. Цуьнга цкъа, шозза, кхузза хатта мегар ду хьуна, шена оьшург ца хоттуш 1ар хазачу г1иллакхна юкъа дог1уш дац. Бакъду, нагахь санна шайхо хьоьга саца аьлла ишар йинехь, я, хеттарш ма де аьлла, омра динехь, т1аккха-м цо бохучунна муьт1ахь хилар важиб ду хьуна. 
    Нагахь шайхо цхьана балхах хьо вухатоьхнехь я кхиверг хьол хьалхаваьккхинехь, хьо ларлолахь вуочу аг1ор цунах дегабаам барх. Хьо догтешна хилалахь, баккъалла а, цо динарг хьуна пайден, г1оле дерг а хиларх. Нагахь хьоьгара ледарло яьлла, и бахьанехь хьан шайх хьуна оьг1азводахь, хьайгара даьллачунна цунна хьалха бехказавала сихо елахь, и хьайна реза хиллалц. 
    Хьан шайхан хьоьца йолу дог-ойла хийцаелла аьлла хьайна хетахь, – хьо и волчу вахча цунна хуьлуш долу хазахетар д1адалар санна, – ахьа цуьнга дийцалахь и бахьанехь хьайн даг чохь лаьтташ болу кхерам. Хьоьгара яьлла ледарло бахьанехь хийцавелла хила там бу иза хьоьца, т1аккха ахь цунах тоба а дан, я хьуна моьттуш дерг шайт1ано дагатесна хила там бу хьуна, хьан  шайхаца йолу дог-ойла йохорхьама. Хьан шайх хьайна резахилар хьуна хиъча, хьан дог парг1атдер ду, амма хьой бехке ца хеташ, иза ца дуьйцуш хьо 1ийча, хьан даг чуьра кхерам д1абер бац. 
     Нагахь мурид шен шайхан кхоччуш сий – дарехь, иза веза хетарехь а вуьзна волуш хилахь – гуччохь а, къайлаха а шен шайхан йоллу дог-ойла йолуш, цунна муьт1ахь волуш, цуьнан г1иллакхаш лело а г1ерташ, – шеко яц хьуна, цо цуьнан къайленах ирс оьцург хиларх, нагахь шен шайхал т1аьхьа иза висахь. 
Бакъволчу муридан куьцаш, цуьнан декхарш а   (Чаккхе) 
  Х1окху декъехь вай дуьйцур ду бакъволчу муридан куьцаш. 
Цхьаболчу эвлаяаша (Дела реза хуьлийла царна массарна) аьлла: 
• Муридах вуьззина мурид хир ма вац, шен лаам Къуръана чохь долчуьнца цо нисбаллац, кхоччуш дерг эшна долчух цунна довззалц, лешкара х1умма ца оьшуш Дала деллачуьнца цо кхачам баллац, деши, латта а цунна цхьана меха хетталц. 
• Мурид – шари1атан дозанаш лардинарг, ч1аг1онаш кхочушйинарг, шена деллачунна резахилларг, шегахь доцчунна т1ехь собаре хилларг а ву. 
• Мурид – ни1маташна шукра деш верг, балина т1ехь собаре верг, Делан кхиэлана реза верг, парг1атонехь, халонехь а Далла хастам беш верг, къайлах, гуччохь а ша еш йолу 1амал даггара еш верг ву. 
• Мурид – хийцамаш хиларо гал ца воккхуш, т1е1итталуш долчу х1уманаша к1ел ца вуьтуш, дег1ан лаамашка, шен 1адаташка а шена т1ехь толам ца боккхуьйтуш верг ву. Цуьнан къамел Дела хьехор, хьехам а бу, цуьнан вист ца хуьлуш 1ер – ойлаяр, тергамбар а ду. Цуьнан болх олучу дашал хьалхаболу, цуьнан 1амало цуьнан 1илма бакъдо. Цуьнан 1алашо 
– Делах кхерар, к1еда-мерза хилар а ю, цуьнан бахам 
– таь1на хилар, Далла муьт1ахь хилар а бу. Нийсонна т1аьхьавозуш, цо 1аткъам беш, харцо юхатухуш, и ца езаш а, дика нах дукхабезаш, цаьрца гергарло лелош, вуон нах ца безаш, цаьрца гамо йолуш а хуьлу иза. Цуьнан хаар цо дуьйцучул хаза ду, и вовзар и вийцарал пайден ду, нахана г1одар дукха долуш, цаьрга х1ума ехар к1езиг долуш, ваьсса леларх ларлуш верг ву иза; ша тешаме волуш, наха тешаме ву олуш, харцдерг ца дуьйцуш, ямарт ца хуьлуш, б1аьрмециг я к1илло воцуш, девнаш деш я не1алт кхайкхош воцуш, шен декхарш кхочушдеш, шен карахь дерг бахьанехь сутара воцуш; шен дог-ойла ц1ена йолуш, нигат хаза долуш, шен х1усам массо вуочух ц1ена йолуш, шен Далла гергавуьгуш йолу ойла лакхара йолуш, шен дег1 дуьне дезарх духакхетна долуш, шегара г1алаташ ца дуьйлуьйтуш, шен дег1ан лаамашца д1а ца лелаш, шен ч1аг1о, ша делла дош лардеш, эхьхеташ, шегахь къонахалла а йолуш, нахаца йолу юкъаметтиг г1иллакхца ларъеш, шен аг1онгахьара уьш декхарийла ца беш; шена деллачунна шукра деш, шена цадаларх собаре хуьлуш, ша зулам дича, тоба дина, Деле гечдар доьхуш, шена зулам дича, гечдеш, къинт1ера волуш а; шен хьал нахах хьулдар дезаш, нахана гайтар, г1аравалар а ца дезаш, шен г1уллакхдоцчух шен мотт ларбеш, Далла муьт1ахь хиларехь шех яьллачу ледарлонна дог г1айг1ане хуьлуш;  динехь моттарг1анаш ца лелош; Дела оьг1азвохуьйтуш, нах резабан ца г1ерташ; ша цхьалхависча Дела хьехорца самукъадолуш, нахана юккъехь эрна хан яйъар ца дезаш а ву иза. Хьо цунна т1екхочур ма вац, иза цхьа дика х1ума деш я нахана 1илма 1амош волуш, цуьнан дикане догдохуш, цуьнан вуонах ца кхоьруш, шена зен динчунна зен дан а ца г1ерташ, шех хераваьллачух херавала ца г1ерташ иза волуш бен. Хурманан диттах тера ву иза, шена т1улг кхоьссича дуьхьал хурма кхуьссуш долчу; латтах тера ву иза, шена т1е боьха мел йолу х1ума кхуьссуш, амма шена чуьра дика х1ума бен схьа ца долуш. Цунна т1ехь лепаш бакълеран нур хуьлу, цуьнан юьхь т1е хьаьжча билгалдолу цуьнан даг чохь дерг а. Цуьнан 1алашо, къахьегар а Дела резаван г1ертар ду, цуьнан лаам, дог-ойла а Дала хаьржинчу Цунна везначу Элчанна (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) т1аьхьавазар ду. Шен массо хьелашкахь цуьнгара масал оьцу цо, шен г1иллакхашкахь, белхашкахь, дешнашкахь а цунна т1аьхьавозу иза, Веза-Сийлахьчу Дала Шен сийдолчу Къуръана чохь аьллачунна муьт1ахь хуьлуш. Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Элчано шайна деанарг схьаэца аша, цо шайна дихкинчух духакхета шу». «Аль-Хьашар», 7. 
     Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Делан Элчанехь дика масал дара шуна – Делах а, къематдийнах а кхоьручарна, Дела дукха хьехочарна а».«Ал- Ахьзаб», 21. 
     Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Элчанна муьт1ахь хилларг Далла муьт1ахь хилла». «Ан-Нисаъ», 80. 
    Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Баккъалла а, шаьш хьуна тешаме хир бу аьлла ч1аг1о йинарш − Далла тешаме бу аьлла ч1аг1о йинарш бу». «Аль-Фатхь», 10.
Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Ахьа ала (х1ай Мухьаммад): «Шу Дела везаш делахь‚ суна тIаьхьадаза шу – Далла дезар ду шу‚ Цо гечдийр ду шун къиношна‚ Дела гечдеш а‚ къинхетаме а Ву». «Алу 1имран», 31. 
     Веза-Сийлахьчу Дала аьлла:«Цуьнан (Элчанан) омранна дуьхьало еш берш шайга питана (дуьненан бала) кхачарх я (эхартан) лазош долу Iазап кхачарх ларлойла». «Ан-Нур», 63. 
     Хьуна мурид го, шен Делан омранна муьт1ахь а хилла, Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) т1аьхьавазарна т1ехь ч1ог1а сутара волуш, вай дийцинчу аяташкахь Дала диканца йинчу ч1аг1оне догдохуш, Цо вуонца йинчу ч1аг1онах генаволуш а. Диканца йинчу ч1аг1оно чулоцу, Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) т1аьхьабаьзначарна шен чаккхе йоцуш декъалалла хир ю, аьлла, кхаъ хилар. Вуонца йинчу ч1аг1оно чулоцу, Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) дуьхьалбевллачарна барам боцуш сийсазалла хирг хилар. 
      Я Аллахl, баккъалла а, Хьоьга доьху оха, Хьо воцург кхин дела воцуш, Хьо Аллах1 Волун дела, даима къинхетаме Верг, диканиг Дийриг, стигланашший, латтий Кхоьллинарг, хlай сийлаллин а, лераман а Да, Ахь Хьайн лай, тхан эла а волчу Мухьаммадна (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) кхоччуш т1аьхьадазар далар, цуьнан г1иллакхашкахь, белхашкахь, дешнашкахь а, гуччохь а, къайлаха, оцу т1ехь Ахь тхан дахар, тхан далар а хилийтар, Хьайн къинхетамца, х1ай къинхетамечарах уггаре къинхетаме Верг. Тхан Дела, Хьуна бу хастам, дуккха а болу хастам, ц1ена а, беркате а болу, – Хьан сийлаллица, Хьан дезачу паччахьаллица а бог1уш болу. Хьайца там боцчух цIена ву Хьо, тхо хууш ма дац Ахь тхуна хаийтинарг бен. Баккъалла а, Хьо ву-кх Хууш верг а, массо хIума говза деш верг а. Хьо воцург, дела вац, цlена ву Хьо, баккъалла а, зуламхойх хили со. 
ТIаьххьарлера вайн кхайкхам – Iаламаш кхобуш, кхиош а Волчу вайн    Далла хастамбар ду.

Обновлено (19.08.2013 12:28)

 

Мы в социальных сетях:

855962 s fb icon 325x325 twitter-icon odnoklassniki vk instagram-logo-468

Наши газеты

О нас

o nas
button-mag-sign

Абитуриентам