Get Adobe Flash player

Поиск

Фоторепортаж

001

Наши Друзья

 
Tudaiy
 
 
 
 
  
FADN Logo-02 
 

Валарна кечамбар

БисмиллахIиррохьманиррохьим      
Дешхьалхе 
   Хастам бу Iаламийн Да Волчу АллахIна. 
АллахIера салам-салават хуьлийла Iаламех къинхетам беш Дала ваийтина волчу вайн Элчанна Мухьаммадна, цуьнан доьзалшна, асхьабашна, царна тIаьхьа мел баьзначарна а. 
    Баккъалла а, уггар нийса къамел – АллахIан жайна (Къуръан) ду, уггар дика нийсо – вайн эла волчу Мухьаммадан (Делера салам- маршалла хуьлийла цунна) нийсо ю. КIезиг долуш кхачам беш дерг гIоле ду, дуккха долуш кхачаме доцчул а. Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Баккъалла а, шуна хир ду аьлла чIагIо йинарг догIур долуш ду шуна‚ шун ницкъ кхочур ма бац и духатоха». «Аль-АнIам». 134.

Обновлено (11.04.2015 20:39)

Подробнее...

 

СагIин дозалла

БисмиллахIиррохьманиррохьим 
Дешхьалхе 
     Хастам бу Аллах1на, комаршо, шукра, хаза хастам а Шена болчу, саг1а луш болчарна рицкъа далар дукха долуш а, царна уггар дика бекхам бан ч1аг1о йина а Волчу. Ас хастам бо Цунна парг1атонехь, халонехь а. Делера салам-маршалла хуьлийла эвлаяийн тхьамда, Делах кхоьруш болчеран имам а, хьокхуш болу мох санна шен комаьрша куьг саг1а даларехь даима кховдийна волчу Мухьаммадна, цуьнан доьзална, халонехь, аьттонехь а саг1а луш хилла болчу цуьнан асхьабашна а. 

Обновлено (19.08.2013 12:30)

Подробнее...

 

МУРИДАН ГIИЛЛАКХАШ

БисмиллахIиррохьманиррохьим 
Дешхьалхе 
Ла хьавла ва ла къуввата илла биллах1и (диканна т1ехь ницкъ кхачийтар, вуочух д1ахьовзор а Аллах1ера бен дац). 
    Хастам бу Аллах1на, Шен лаамца муридийн дегнаш 1амал ярехь шовкъе дечу, церан дог-ойла ирсечу новкъа бовларехь карзахйоккхуш Волчу. И некъ бу, ийманца а, 1ибадат дарца а ша боьзна болуш, адамийн 1адатна, амална а т1елаца хала болуш. АллахIера салам-салават хуьлийла вайн эла, Дала мел кхоьллинчу халкъан эла а волчу Мухьаммадна, цуьнан доьзалшна, халкъ нийсачу новкъа дуьгуш болчу цуьнан асхьабашна а. 
    Баккъалла а, Веза-Сийлахьчу Дала аьлла, – Шен дашехь уггар бакъ Верг Ву Иза: «Сихха дерг (шен 1амална дуьхьал дуьнен чохь бекхам бар)дезаш волчунна  Оха сихонца лур ду цу чохь Тхайна луург, Тхайна луучунна‚ цул т1аьхьа (эхартахь) Оха цунна жоьжахати хуьлуьйтур ю; оцу чу г1ур ву иза, сийсаза хилла, къинхетамна генаваьккхина а волуш. Амма, эхарт дезна, шен къахьегар цуьнан дуьхьа хилларг (цуьнца тамболу 1амал йинарг), ша (Делах) тешаш а волуш – уьш бу шайн къахьегар баркалле хилларш». «Аль-Исраъ», 18-19. 
     Х1окху аятехь хьахийна долу сихха дерг – иза дуьне ду, дуьне лоьхуш къахьоьгуш вацахь а, и дезаш волчун воьрзу меттиг жоьжахати ю, шега бехкаш бахарца, сийсазаллица цхьаьна. Ткъа хьекъал долчунна г1оле дерг – цунах д1аверзар, ларвалар а ду. Амма эхарт – иза ялсамани ю, цу чу вахана декъала хила деккъа иза езарх тоьаш дац, бакъду, цуьнга кхачар Делах тешарца, дика 1амал ярца а ду, Веза-Сийлахьчу Дала ма-аллара: «Амма эхарт дезна, шен къахьегар цуьнан дуьхьа хилларг (цуьнца тамболу 1амал йинарг), ша (Делах) тешаш а волуш – уьш бу шайн къахьегар баркалле хилларш». 

Обновлено (19.08.2013 12:28)

Подробнее...

 

Мы в социальных сетях:

855962 s fb icon 325x325 twitter-icon odnoklassniki vk instagram-logo-468

Наши газеты

О нас

o nas
button-mag-sign

Абитуриентам