Get Adobe Flash player

Поиск

Фоторепортаж

001

Наши Друзья

 
Tudaiy
 
 
 
 
  
FADN Logo-02 
 

ХЬАЖ, IУМРАТ ДЕЧУННА НЕКЪ ХЬОЬХУ ЖАЙНА


Хастам бу 1аламийн Дела волчу Аллах1ана, Цуьнгара къинхетам, маршалла хуьлда  вайн Пайхамарна Мухьаммадана, цуьнан доьзална а, цуьнан асхьабашна а.
Цул т1аьхьа:  боккъалла а, сийлахь долу Хьаьжц1а  Аллах1ан маьрша ц1а ду...
Бусалба нехан дегнаш чу безам кхуллург ду иза, уьш дуьненан муьлххачу маь11ехь  белахь а. Дийнаххьий, бусий пхоьазза цу т1е йоьрзу яххьаш а, дегнаш а, цхьаъ бен воцчу Аллах1ана хьаста а лой. Делан доттаг1чо Ибрах1има (Делера маршалла хуьлда цунна) иза доьттичхьана дуьйна, массо а меттера бусалбанаш Хьаьжц1а бог1у шайн хьаждаран ламасташ кхочушдан а, сийлахь долчу Хьаьжц1енна гонаш баха а. И Хьаьжц1а нахана уггар хьалха доьттина ц1а ду, цаьрга цу чохь, нийсонна а, билгал долчунна  а т1ехь болуш, Далла 1ибадат ц1енчу (талхазчу а, г1алатло йоцчу а)  кхетамца дайтархьама. 
Сийлахь-Везачу Дала аьлла: 
 «Боккъалла а, нахана уггар хьалха доьг1на ц1а  Баккахь (Маккахь) дерг ма ду, ша 1аламна беркате а, нийсо  йолуш а долу. Цуьнгахь бу (Аллах1-Дела хиларна тоьшалла деш болу)  билгала хаамаш - Ибрах1иман макъам (Ибрах1им пайхамар (Делера маршалла хуьлда цунна) д1ах1оьттина хиллачу меттиган лар), цу чу ваханарг тешаме хир ву. Дала адамашна т1едиллина ду, некъаца цига ваха аьтто болчунна, Хьаьжц1а вахар, ткъа керсталла диначунна, боккъалла а, Аллах1ан 1аламера оьшуш х1умма а дац».  Сурат  Алу  1имрана.

ИСЛАМАН  БАХХАШ
Х1ай лераме бусалба!
    «Сахьихь Муслим» а, «Сахьихь Бухари» а ц1ераш йолчу  шина жайни чохь, Пайхамара (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна)элира, аьлла, схьадеана: «Ислам пхеа х1уманна т1едоьг1на ду: Аллах1 воцург кхин дела вац, Мухьаммад Цуьнан элча ву аьлла тоьшалла дарна а, ламаз дарна а, закат даккхарна а, Рамазан беттан марханаш кхабарна а, Аллах1-Делан сийлахь-дезачу Хьаьжц1а вахарна а». 
   Цуьнца вайна билгалдолу, Хьаьжц1а вахар Исламан баххех цхьа бух хилар.
Некъаца шен ваха ницкъ кхочуш волчу стеган, иза Хьаьжц1а ваххалц, Ислам кхоччуш дуьззина ца хуьлу. 

    Амма Делан ни1матах ду, адаман оьмарехь цкъа бен Хьаьжц1а вахар т1едужуш цахилар. Делан элчано  (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна), Дала Хьаьжц1а вахар т1едиллинчу хенахь, шега цхьана стага, «х1ора шарахь ваха дезаш ду и, х1ай Делан элча», аьлла, хаьттича, цунна жоп луш  аьлла дела: «Хьаьжц1а вахар цкъа ду, ткъа цул совнаха вахар, цунна мелана ду». Ц1ена хьадис ду х1ара. 
   Хьаьжц1а вахар ц1енна, деккъа цу  Делан дуьхьа хила деза, шеца моттарг1анаш а йоцуш, иза дийцийтаран дуьхьа а  доцуш - Сийлахь-Везачу Дала къудуси хьадисехь аьлла дела: «Суна Сайца цхьа а  декъахо лацар оьшуш дац».
   Иштта къудуси хьадисехь Дала аьлла: «Соьца кхиниг декъахо а веш, Суна 1амал йинарг 1адвуьтур ву Аса, цо Суна декъахо варца а цхьаьна». 
Иштта хьаждар хила деза Делан элчанера (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна)  схьадеана долчуьнца дог1уш.
   Цундела хьаждан луучу вешан вежаршка вай весеташ до, Делан элчано (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна)  хьаж муха дина шайна 1аммалц, Хьаьжц1а баха новкъа ма довла аьлла. Цара цуьнца масал оьцийла, Делан элчано (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна)  дина долчу буьйрана муьт1ахь а хуьлийла уьш: «Аша шайн хьаждаран ламасташ соьгара схьаоьцийла».

                           НЕКЪАН Г1ИЛЛАКХАШ
1. Хьаж дечо а, 1умрат дечо а шен хьаж дарца а, 1умрат дарца а Сийлахь-Везачу Делан юьхь лахаран а, Цунна герга вахаран а нигат дан деза, иза 1алашвала веза дуьненан бахам лаха а, дозаллина а, шен йоккха ц1е яккхийта а, моттарг1ана а, дийцийтархьама а  цига вахарх.
2. Новкъа волучо веса кехат яздан деза, иштта  шена т1ехь долу декхарш а, шена декхар берш а  д1аязбан а беза цо. Шега вадий1атна 1алашъе аьлла, цхьаммо шега елла х1ума елахь, шен йолчуьнга иза юха д1аяла еза цо, я цаьргара пурба даккха деза уьш ша волчохь йита, х1унда аьлча вайга йоккхуьйту хенаш Сийлахь-Везачу Делан карахь ю.
3. Шегара дийлинчу къиношна а, яьллачу 1есаллина а тоба дар а, царах хьалха диначунна дохковалар а, кхин цкъа а долуьйтур дац аьлла, шен ойла ч1аг1ъяр а.
4. Ша нахана дина зенаш меттах1оттор, шегахь цхьаьннан даьхни делахь а, я ша цхьаьннан сий дойуш дош аьллехь а, я цо цаьрга шена гечдайта деза, я уьш шена къинт1ера баха беза.
5. Шен хьаждарна я 1умратна новкъадаккха хьанал долу ц1ена напха лахар, х1унда аьлча Аллах1-Дела ц1ена ву, ц1ена доцург къобал деш а вац Иза.
6. 1еса мел долчу х1уманех 1алашвалар, шен маттаца а, я шен куьйгаца а цхьанне а зулам ца дар а. Хьаьжой а, 1умрат дийраш а д1асатоьттуш, царна гатто ярца новкъахьовзамаш ца бар а. Эладитанаш д1аса ца кхехьар а, г1ийбаташна чу ца воларрий, шен накъосташца а, кхин болчаьрца а къийсалуш девнаш ца дахаррий, хазачу дашца къовсар доцург. Аьшпаш ца боттар а, Делан хьокъехь шена цахуург ца дийцар а.
7. Хьаьжочун а,  1умрат дечун а пох1ма хила деза хьаждаран а, 1умрат даран а белхашкахь. 
8. Некъахочо дерриге а декхарш 1алашдан деза, царах уггаре коьрта дерг шен хенахь жам1атехь ламаз ду, иштта Къуръан дукха деша деза цо, дуккха а зуькар а, до1а а дан а деза цо, дашца а, г1уллакхца а нахана алсам дика дан а деза цо, аьтто боцчарна г1о дарца, бусалбанашца к1еда-мерза хиларца, пекъаршна саг1а даларца, диканиг де, вониг дита аларца.
9. Некъахочо шена мелла а дика накъост харжа веза ша новкъа волуш.
10. Некъахо оьзда г1иллакх долуш хилар, цо нахаца хаза г1иллакх лелор, цу юкъа дог1у собаррий, нахах терра ца лелаш, царна къинт1ера ваьлла хиларрий, къинхетаме, к1еда-мерза, эсала хиларрий, лелочу белхашкахь сиха ца хиларрий, хьаставелла, комаьрша хиларрий, дош кхочушдеш, эхьхеташ, бакълуьйш, нахана муьт1ахь волуш, дика деш хиларрий.
11.Иштта некъахочо шен доьзале Сийлахь-Везачу Аллах1ах кхоьруш хила, аьлла, весет дар суннат ду. И весет Аллах1-Дала хьалхарчаьрга а, т1аьхьарчаьрга а дина долу весет ду.
12. Некъахочо даима доьшуш лело деза Пайхамарера (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна) схьадеана долу до1анашший, зуькаршший. Царах ду некъахочун до1ий, цхьана х1уманна т1ехууш деш долу до1ий.
Цхьана х1уманна т1ехууш деш долу до1а
   Бисмиллах1, альхьамду лиллах1 
-Аллах1ан ц1арца, хастам Аллах1ана бу. 
Субхьаналлази саххоро лана х1аза ва ма кунна лах1у мукъринийна (13) Ва Инна ила роббина ламункъолибуна (14)  
-Х1ара вайна муьт1ахь динарг Шеца там боцчух ц1ена ву-кх, вайн ницкъ кхочур бацар-кха х1ара караерзо, Вай вешан Деле доьрзур ду деллачул т1аьхьа. (Къуръан) 
Альхьамду лиллах1, альхьамду лиллах1, альхьамду лиллах1  
-Хастам бу Аллах1ана, хастам бу Аллах1ана, хастам бу Аллах1ана. 
Аллох1у Акбар, Аллох1у Акбар, Аллох1у Акбар 
(Аллах1 воккха ву, Аллах1 воккха ву, Аллах1 воккха ву). 
Субхьанакаллох1умма инни золамту нафси фаг1фир ли фа иннах1у ла йаг1фируззунуба илла анта 
-Я Аллах1, Хьайца дог1уш доцчух ц1ена ву-кх Хьо, боккъалла а, ма зулам ди-кх аса сайна, суна гечдехьа, боккъалла а, Хьо бен къиношна гечдеш вац.  
Некъан до1а
Аллох1у Акбар, Аллох1у Акбар, Аллох1у Акбар 
-Аллах1 воккха ву, Аллах1 воккха ву, Аллах1 воккха ву. 
Субхьаналлази саххоро лана х1аза ва ма кунна лах1у мукъринийна (13). Ва Инна ила роббина ламункъолибуна (14). 
-Х1ара вайна муьт1ахь динарг Шеца там боцчух ц1ена ву-кх, вайн ницкъ кхочур бацар-кха х1ара караерзо, Вай вешан Деле доьрзур ду деллачул т1аьхьа. (Къуръан) 
Аллох1умма инна нас-алука фи сафарина х1аза аль-бирро ваттакъва, ва миналь-1амали ма тардо, Аллаох1умма х1аввин 1алайна сафарона х1аза ват1вы 1анна бу1дах1у, Аллох1умма антассохьибу фиссафари Валь-холифату филь-ах1ли, Аллох1умма инни а1узу бика мин ва1асаиссафари, ва каабатиль-манзори, ва суиль-мункъолаб филь-мали, валь-ах1ли. 
-Я Аллах1, боккъалла а, оха Хьоьга доьху х1окху тхешан новкъахь Ахьа тхаьшна диканиг дар а, Хьайха кхерар а далар, Хьой реза волу 1амалъяр далар, я Аллах1, х1ара тхан некъ тхуна атта бехьа, цуьнан бохалла тхуна бацбехьа, я Аллах1, некъахь накъост Хьо ву-кх, бухахь бисинчу доьзалан доладийриг а Хьо ву-кх. Я Аллах1, аса Хьоьга сой 1алашвар доьху. 
Ша некъара ц1а вирзича, изза дешнаш эр ду цо;  цо т1е а тухур ду х1ара т1аьхьадог1урш: 
Айибуна, таибуна, 1абидуна, лироббина хьамидуна.
-Тхо дохкодевли, оха тоба до, оха 1ибадат а до, тхешан Далла хастам а бо.

АЛЬ-ИХЬРАМ
Ихьрам дехкар (Хьаждарна чуволар)
Ихьрам - хьаждехкаран а, 1умрат дехкаран а белхийн юьхьиг ю.
Иштта хьаждаран а, 1умрат даран а белхашна чувулуш нигат дар олу цунах.
1умрат дан мегаш йолу цуьнан хан - шарчохь муьлххачу хенахь а ю, амма хьаждаран йолу цуьнан хан хьаждехкаран беттанашкахь ерг ю. Цу хена юкъа дог1у шаввал а, зуль-къа1дах1 а беттанаш, ткъа иштта  зуль-хьиджат беттан хьалхара  итт де а.
Хьаждехкаран а, 1умрат даран а меженаш д1айолало микъат олучу меттехь ихьрам дехкарца.
Хьаж дан я 1умрат дан луург лаьттахула машенца я и санна йолчу х1уманца цу микъате д1акхаьчча, уггаре хьалха лийча веза, шен аьтто белахь; хаза хьожа йог1у х1ума хьокхур ю цо, амма шен лийча аьтто ца баьллехь, ца лийчарх х1умма а дац, цул т1аьхьа ихьрам дехкаран духарш шена т1едухур ду цо, аьлча а, к1айн а, ц1ена а йолу, г1одаюккъе а, дег1ана а т1е хьарчош йолу ши шаршо. Ткъа зудчо ихьрамана т1едуха дезаш шар1о билгалдина цхьа а духар дац, цо шена т1еюхур ю ц1ен я баьццара, я сийна, я кхин бос болу шен дег1 хьулдийр долу бедарш (кечъялархьама а доцуш).
Цул т1аьхьа 1умрат дарна, я хьаж дарна чувулуш нигат дина, цо эр ду: 
1. 1умрат дечо: 
 «Лаббайка 1умрах1»
2. Мутаматти1о: 
 «Лаббайка 1умратан мутаматти1ан бих1а илальхьажжи»
3. Къорино: 
 «Лаббайка 1умратан ва хьажжан»
4. Муфридо:
«Лаббайка хьажжан»
И лаббайка цо ма-аьлла, хьаж даран а, 1умрат даран а белхашна ша чуволар д1акхайкхий цо.
Нагахь санна иза х1ордах волуш я кеманца веанехь, ткъа 1адат хилла схьадог1уш ду - х1аваан а, х1ордан а кеманаш лелочара цу кеманашна т1ехь болчаьрга цу микъатана герга йолчу меттиге шаьш д1анисделла хилар д1акхайкхор. Хьаж доьхкурш а, 1умрат дийраш а кечлойла шайн ихьрам духарш т1едуха. Ткъа шаьш цу микъатаца д1анисделча, шайн хьаж а, 1умрат а д1адолор ду цара, алссам лаббайка а доьшур ду цара. Ишттачу хьолехь хьаьжо я 1умрат дийриг шен махкахь, шен кертахь и ихьрам а дуьйхина араваларх х1умма а дац. Цул т1аьхьа ша хьаж даран я 1умрат даран белхашна чуволар д1ахоуьйтуш, лаббайка доьшур ду цо, х1аваан  я х1ордан кема микъатана уллохула долий шена хиъча.

Божарша лаббайка мохьтоьххана доьшур ду, амма зударша ч1ог1а доьшур дац.

ИХЬРАМ Т1ЕДУХАЛЕ
Ихьрам т1едухале лахахь дагардийриг кхочушдан деза:
1. М1араш хедор, мекх дацдар, пхьаьрса к1елхьарий а, эвхье меттигерий а чоьш д1адахар.
2. Ца лийчарх къа-м а дац, делахь а дерриге а дег1 дуьлуш лийчар - божаршна а, зударшна а суннат ду, и зуда ламаз дохош долу ц1ий долург елахь а, бер динчул т1аьхьа д1ац1анъялаза ерг елахь а.
3. Божарша, шайна т1ера  тегна мел йолу х1ума д1а а яьккхина, ихьраман духарш т1едухур ду.
4. Зудчо шен кхоллар (чадра)  а, бой (вуаль) а, каранаш а д1адохур ду, шена т1е кортали а туьллур ду цо. (Зударийн яьххьаш гуш хир ю хьаж дастталц).
5. Лийчина ваьлча, боьршачу стага деккъа шен дег1ана т1е шен аьтто болчу барамехь хаза хьожа йог1ург тухур ю, амма шен ихьрам духарна т1е цу хаза хьожа йог1учух х1умма а хьокхур яц цо.
6. Иштта зудчо а хьокхур ю хаза хьожа йог1ург, амма  хьожа дукха йог1ур йоцчу барамехь.
7. И дийцинарш кхочушхилча, шена дан лаьъачу х1уманан белхашна ша чувола  воллу аьлла, нигат дийр ду цо. Багахь цхьа а х1ума ца аьллехь а, ихьрам дихкина лорур ву иза. Ихьрам дехкаран нигат цо парз ламазна т1аьхьа нисдича кхин а дика ду. Амма парз ламаз дан хан а яцахь, цо ламаз эцаран ши рака1ат суннат ламаз а дина, и ихьрам дехкаран нигат дахь а, х1умма а дац. Нагахь санна кхечуьнан  метта хьаж я 1умрат доьхкуш велахь, цунна т1ера хьаж дехкаран нигат дийр ду цо, «лаббайкаллох1умма 1ан (фулан) (Хьенехана) т1ера лаббайка доьшу  аса)»  а олуш.
Ихьрам дехкарна деш ду х1ара аьлла, билгалдина  цхьа а ламаз дац.
Лаббайкин дешнаш:
 «Лаббайкаллох1умма лаббайк, лаббайка ла шарийка лака лаббайк. Инналь-хьамда ванни1мата лака валь-мулька ла шарийка лака.» 
-Хьуна хьалха ву-кх со, я Аллах1, Хьан омранна муьт1ахь ву-кх, Хьуна муьт1ахь ву-кх со, Хьуна декъахо вац, боккъалла а, ни1мат а Хьан ду, паччахьалла а Хьан ду, декъахо вац Хьуна.
Лаббайка доьшу хан:
1. 1умратехь волуш: ихьрам дихкичхьана дуьйна схьа т1авафана (Хьаьжц1енна гонаш бахарна) эхаре кхаччалц. 
2. Хьаж деш волуш: ихьрам дихкичхьана дуьйна схьа 1ийда дийнахь 1уьйранна «жамра аль-1акъаба» олучу доккхачу чуртана  т1улгаш кхисса волавала воллу хене кхаччалц.

АЛЬ-МАВАКЪИЙТ 
(ИХЬРАМ ДОЬХКУ МЕТТИГАШ)
Пайхамара (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна) ихьрам дехка пхи меттиг билгалйина, хьаж дечо я 1умрат дечо цигара д1адехка деза шен хьажжий, 1умраттий.

И микъаташ (меттигаш) лахахь ягарйинарш ю:
1. Зуль-хьулайфа  - Мединатара бог1учу нехан микъат ю х1ара, иштта церан новкъа мел вог1учун а. Тахана цунах Абйар олу. Иза ю Сийлахьчу Маккара  450 км д1авахча. 
2. Аль-джухьфа  - Шемара а, Мароккера а, Мисрера а,  иштта церан новкъа схьа мел вог1учун микъат ю. Иза ю Робиг1 ц1е йолчу г1алина уллохь. Тахана наха ихьрам доьхку цу Робиг1ехь. Иза ю Сийлахьчу Маккара  183 км д1авахча.
3. Къарн аль-маназиль - Нажд бахархойн микъат, иштта церан новкъа вог1учун а.  Тахана цунах ас-Сайль аль-Кабир олу. Иза ю Сийлахьчу Маккара  75 км д1авахча.
4. Йаламлам - Йемен бахархойн, иштта церан новкъа бог1учеран а микъат. Тахана наха ихьрам доьхку ас-Са1адия ц1е йолчу меттера. Иза ю Сийлахьчу Маккара  92 км д1авахча
5. Зату 1аракъ - 1иракъ бахархойн, иштта церан новкъа бог1учеран а микъат. Иза ю Сийлахьчу Маккара  94 км д1авахча. 
1умрат я хьаж дан араваьлла, кху микъаташна уллохула ваьлла д1авоьдучо, цигара д1а ихьрам дехка деза. Шена хуъшехь, царна т1ех а ваьлла д1аваханчо, юха а вирзина, юха дехка деза шен ихьрам. Нагахь санна цо и, юхавирзина, духа ца дехкахь, цунна т1ехьаьрча Маккахь цо урс хьакхадезар а долуш, уьстаг1 бер, цо уьш цу Маккин пекъаршна д1аса а боькъур болуш. 

ДЕЛАН  ЭЛЧАНО (Делера къинхетаммий, маршаллий хуьлда цунна) АЬЛЛА:
- Уьш царна ю, хьаж я 1умрат дан лаьаш, церан бахархой а боцуш, царна т1ебаьхкинчарна а ю. (Х1ара хьадис схьадалийна Имам аль-Бухарис а, Муслима а).
Маккин бахархоша а, иштта цуьнан бахархой а боцуш, цу чохь болчара а ихьрам доьхкур ду цигара д1а. 
Амма 1умратна ихьрам цара доьхкур ду ат-Тан1им санна йолчу Маккин хьаьрман дозанал арахьа йолчу аль-Хьаллу олучу меттера.
  Ткъа цара шайн ц1ера дуьйна схьа ихьрам доьхкур ду, я шайн хьаж дан нигат кхолладеллачу меттера.

ИХЬРАМ ДИХКИЧА МЕГАШ ДОЦУРГ
Микъатехь ихьрам т1едуьйхинчул т1аьхьа, хьаьжочунна а, 1умрат дечунна хьарам дина ду т1аьхьадог1урш:
 « Месех цхьа х1ума д1аяккхар я м1араш хедор, амма цуьнан лаам а боцуш, цуьнан дег1а  т1ера цхьа х1ума охьайоьжнехь, я цо вицвелла, я цахаарна шен месех я м1арех цхьа х1ума д1аяьккхинехь, цунна т1е цхьа а  г1уда ца дужу.
« Ихьрам дихкинчунна мегаш дац, шен дег1ана я бедарна т1е хаза хьожа йог1у х1ума хьакха, амма ихьрам дехкале хьалха цо хьаькхначу хаза хьожа йог1учу х1уманан лар цуьнан дег1а т1ехь йисинехь х1умма а дац, бакъдерг аьлча, цуьнан бедар т1ехь йисина елахь, ца йиттича ца йолу иза. (Амма Шафи1ин мазх1абехь нийса а дог1уш, ихьрам т1едухале цунна хаза хьожа йог1у х1ума тоха мегар ду).
« Бусалба стагана хьарам ду, ихьрам дихкина велахь а, я ихьрам дехказа велахь а, стаг велахь а, зуда елахь а, лаьттахула (иштта х1аваэхула) лелаш долу дийнат таллар, и дер я човхор а я цу т1ехь цхьанна г1о дар а Хьаьжц1ийнан хьаьрман дозанал чоьхьа. 
« Бусалба стагана хьарам ду, ихьрам дихкина велахь я ихьрам дехказа велахь, адаман къинхьегамца а доцуш, хьаьрмана чоьхьа кхиъна долу дитт  а, цуьнан сийналла а хадор.
« Бусалба стагана мегаш дац, ихьрам дихкина велахь а я ихьрам дехказа велахь а, цу сийлахьчу шахьарахь лаьттахь доьжна карийна долу ахча, дашо, дети, и доцург кхидерг а схьаэца, нагахь санна цо иза кхайкхо оьцуш дацахь.
« Ихьрам дихкинчунна ца мега зударшка бегаш бан, царна т1е захало кхехьийта, цаьрца мах бан (шен дола йоккхийла цо и, я кхечуьн дола йоккхийла цо и), шен зудчуьнца меттахь хуьлу юкъаметтигаш кхочушъян, я ша меттаха вер волчу барамехь и зуда хьеста, 1усмана  (Дела реза хуьлда цунна) дийцинчу хьадисана т1е а доьг1на. 1усмана  (Дела реза хуьлда цунна) дийцира: Пайхамара (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Ихьрам дихкинчо зуда а ялор яц, я ихьрам дихкинарг маре а юьгур яц, я захало а дуьйцур дац». (Х1ара хьадис Муслима далийна)
 « Зудчо (ихьрам дихкинчу хенахь) шен куьйга каранаш дохка ца мега, я шен юьхьа дуьхьал шаршо олла а, я сетка олла, нагахь санна цунна уллохь хийра божарий бацахь, амма т1аккха цо шен юьхь вуальца (кисица) а, и санна йолчуьнца  д1ахьулъян еза, ша ихьрам дехказа йолчу хенахь йолуш санна.
« Ихьрам дихкинчунна ца мега, шен ихьрам коьрта т1е тилла а, иштта шена т1е чалба хьарчош йолу, коьрта туьллу аль-куфия олу пессий, чалбий, куййий, пессий, 1арбойн божарша туьллу йовлаккхий тиллар. Амма ихьрам дихкинчо вицвелла, я и хьукма ца хууш шен коьрта цхьа х1ума тиллинехь, ша т1етиллинарг д1айоккхур ю цо, шена дага ма деъа, я шена иза мегаш цахилар ма-хиъи, т1аккха цунна т1е цхьа а г1уда ца кхета.
« Ихьрам дихкинчунна шен дерриге а я цхьадолчу дег1ана т1е бедар, коч, куй болу г1овтал, хеча санна йолу тегна х1уманаш т1еюха ца мега, иштта маьхьсеш йоха а ца мега. 

                   ИХЬРАМ ДИХКИНЧУННА МЕГА:
 « Сахьт дехка, лерге ладуг1ургаш яхка.
« П1елга мух1ар дилла, к1ажа а, когийн п1елгаш а гуш хуьлу  мачаш когаюха а.
« Б1аьрга куьзганаш дохка, доьхка дехка.
« Коьрта т1ехула лоцучу четарца 1индаг1 дан.
« Машенан тхевнан к1еларчу 1индаг1е вала.
« Коьрта т1ехь маххьаш д1асакхехьа. 
« Коьрта т1ехь мотт д1асабахьа.
Иштта мегар ду:
 « Чов д1аехка, ихьрам духар хийца, иза дитта, корта а, дег1 а дила.
Нагахь санна, ца хууш, цхьа мас охьайожахь, цунна т1е г1уда ца дужу.
Нагахь санна, ихьрам дихкинчо, вицвелла, я цуьнан хьукма ца хууш, шен коьрта т1е цхьа х1ума тиллахь, шен коьртара х1ума д1аяккха еза цо, шен дага ма-деъа, я шена цуьнан хьукма ма -девззи, амма цунна т1ехь цхьа г1уда дац.

                        ХЬАЖДАРАН ДАКЪОШ:
Хьаждаран ду кхо дакъа.
Хьаждан луучо х1окху кхаа декъах цхьаъ харжа деза:
1. Таматту1 (1умраттий, хьажжий цхьаьнадар, амма цунна т1е уьстаг1 хьаьрча):
Хьаж доьхкучу беттанашкахь 1умрат дехкарх таматту1 олу, и хьаж доьхку беттанаш ду: шаввал, зуль-къа1дах1, ткъа иштта зуль-хьадджат беттан хьалхара итт де. Таматту1 дечо эр ду: «Лаббайка 1умратан мутаматти1ан бих1а илальхьадджи (Хьуна хьалха ву-кх со, Дела, 1умрат хьажца цхьаьна дан нигат ди-кх аса». Иза шен 1умратах парг1атвер ву, т1аваффий, са1йуй дина, шен месаш а хадийна, цунна массо х1ума хьанал а хуьлу. Зуль-хьиджатан борх1алг1ачу дийнахь цо, хьаж доьхкуш, ихьрам духур ду ша волччохь, аль-маша1ир олучу метте аравер ву иза, шен хьаж кхочушдийр ду цо, амма цунна т1е уьстаг1 хьаьрча я эмкалан ворх1алг1а дакъа, я бежанан ворх1алг1а дакъа хьаьрча. Нагахь санна цуьнан  уьш дайъа аьтто бацахь, цо Хьаьжц1ахь воллушехь, кхо де, ц1а вирзича - ворх1 де (итт де) марханаш кхаба деза.
2. Аль-къирон (1умраттий, хьажжий цхьаьнахоттар, амма цунна т1е уьстаг1 хьаьрча):
1умрат а, хьаж а - дерриге цхьаьнадар долчохь, цо эр ду: «Лаббайка 1умратан ва хьажжан». Ша Макка д1акхаьчча, аль-къудум  (Макка схьакхачарна деш долу) т1аваф дийр ду цо, хьаж дарна а, 1умратна а цхьаьна (шина ломана юкъахь д1асаводуш) са1йу деш, йорт тухур ю цо, шен ихьрам т1ехь дуьтур ду цо, цунах парг1ат а ца волуш. Цул т1аьхьа зуль-хьиджжатан борх1алг1ачу дийнахь аль-маша1ир олучу метте ара а ваьлла,  1умратан а, хьаждаран а белхех долу шен дисина ламасташ кхочушдийр ду цо, са1йу дар доцург; аль-къудум т1аваф диначул т1аьхьа, цо, хьалха са1йу дина дела, къиран олу хьаж доьхкучунна т1е уьстаг1 я эмкалан ворх1алг1а дакъа, я бежанан ворх1алг1а дакъа хьаьрча. Нагахь цуьнан аьтто бацахь, Хьаьжц1ахь кхоъ, ц1а вирзича ворх1 (итт)  де марханаш кхаба деза цо.
3. Аль-ифрад (деккъа хьаж дар, цунна т1е г1уда ца хьаьрча):
Деккъа хьаж дехкар ду иза. Микъате кхаьчча, цо эр ду: «Лаббайка хьажжан (Хьуна хьалха ву-кх со, Дела, хьаж дихки аса». Макка д1акхаьчча, цо аль-къудум т1аваф дийр ду, иштта хьаж дарна са1йу  а дийр ду цо, хьажан белхаш чекхбовллалц шен ихьрам  д1а  а доккхур дац цо. Ифрад хьаж дихкинчунна т1ехь г1уда дац, х1унда аьлча цо хьаж а, 1умрат а цхьаьна ца тоьхна дела. 
Г1уданна берхьама  уьстаг1 ца балийначунна уггаре тоьлуш долу хьаж - аттаматту1 ду.
Иза ду Пайхамара а  (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна), цуьнан асхьабаша а де аьлла долу хьаж.

ПАЙДА
Аль-муфрид (деккъа хьаж доьхкург): 
1. Макка д1акхачаран (аль-къудум) т1аваф дийр ду цо. (аль-къудум т1аваф деккъа хьаж доьхкучунна суннат бен дац, и ца дарх цунна т1е г1уда ца хьаьрча).
2. Хьаж дехкаран са1йу дийр ду цо.
Г1урбанна урс хьокху де т1екхаччалц, шен ихьрам д1адоккхур дац цо, иштта ихьрам т1ехь долчу хенахь шена дихкина долчу х1уманех 1алашлур ву иза. (Аль-къудум т1аваф а дина, иза сихха  Мина водахь, аль-ифадзо т1аваф дина ваьллачул т1аьхьа са1йу дийр ду цо, шен хьаж дехкарна).
Муфрида ихьрам микъат1ехь дехка деза.

Хьаж а, 1умрат а цхьаьнахуттург (аль-къорин):
1. Макка д1акхачаран (аль-къудум) т1аваф дийр ду цо. (аль-къудум т1аваф аль-къоринна (хьаж а, 1умрат а цхьаьнахуттучунна) суннат бен дац, и ца дарх цунна т1е г1уда ца хьаьрча).
2. Хьаж дехкаран а, 1умратан а са1йу дийр ду цо.
Г1урбанна урс хьокху де т1екхаччалц, шен ихьрам д1адоккхур дац цо, иштта ихьрам т1ехь долчу хенахь шена дихкина долчу х1уманех 1алашлур ву иза.
Мутаматти1 (хьалха 1умрат а дихкина, иза хьаждарна т1е дуьгург):
1. 1умратна т1аваф дийр ду цо.
2. 1умратна са1йу дийр ду цо.
3. Шен месаш яцйийр ю цо, я корта бошур бу.
Ихьрамах парг1атволу иза, цунна массо а х1ума мегаш ду, шен зударех кхетар а цхьаьна. Амма тарвия олучу дийнахь (зуль-хьижжат беттан борх1алг1а де ду иза) иза дар хьажочунна хьарам ду.
Пхийттара далаза долчу беран метта цуьнан велис нигат дийр ду ихьрам дехка. Шена т1ера охьайохур ю цо тегна мел йолу х1ума, цуьнан метта лаббайка а доьшур ду, иштта и бер ихьрам дихкина хуьлу т1аккха. Ихьрам дихкина волчу воккхачунна дерг ду цунна а хьарам дина. Иштта ю пхийттара ялаза йолу жима йо1 а, цуьнан метта ихьрам дехкаран нигат цуьнан велис дийр ду, цуьнан метта  лаббайка а доьшур ду цо, иштта ихьрам дихкина хуьлу иза т1аккха. Ихьрам дихкина йолчу йоккхачу зудчунна дерриг хьарам хуьлу цунна а. Т1аваф дечу хенахь и шиъ хила деза ( и ши бер) шаьшшинан бедаршший, дог1машший ц1ена долуш. И иштта ду,  т1аваф ламазах тера долу дела. Ткъа ц1аналла - иза кхочушхиларан билламех цхьаъ ду. Нагахь санна и ши бер пхийттара даьлла делахь, цаьршиммо ихьрам доьхкур ду, шаьшшинан велин пурбанца. Ихьрам доьхкучу хенахь цаьршиммо лелор ду воккхачо лелорриг: лийчаррий, хаза хьожа йог1у х1ума шен дег1а т1е хьакхаррий, и. д1.кх. а.

1УМРАТ ДАРАН КЕП
Делан элчано (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Цхьана 1умратна т1ера вукхунна т1екхаччалц долу 1умрат цу шина 1умратна юкъахь йолчу ханна капарат хуьлу, ткъа дан ма-деззара дина долчу хьажна ялсамане йоцург кхин бекхам бац». Шена т1ехь Имам Бухарин а, Имам Муслиман а цхьабарт хилла хьадис ду х1ара.

1УМРАТНА ДЕШ ДОЛУ Т1АВАФ
1умрат дийриг Макка д1акхаьчча, ша д1а ма-кхеччи сихха лийчар суннат ду цунна, цул т1аьхьа иза Хьаьжц1ахь долчу масжид аль-хьарам олучу маьждиге г1ур ву, 1умратан ламасташ кхочушдархьама. Нагахь санна, лийча а ца луьйчуш, и 1умрат дихкинарг цу масжид аль-хьарам олучу маьждиге водахь, цхьа  а къа дац цунна т1ехь. Цу масжид аль-хьарам олучу маьждиг чу ша волуш, шен аьтту ког хьалха а боккхуш, цо эр ду: 
«А1узу биллах1иль-1азым, ва биважх1их1иль-карим, ва султ1оних1иль-къадим минашшайт1ониррожим. Аллох1уммафтахь ли абваба рохьматика».
-Воккхачу АллахIаца ларло со, Цуьнан Сийлахьчу юьхьца а ларло со, Цуьнан даима долчу паччахьаллица а ларло со къинхетамах гена даьккхина долчу шайтIанах. АллахIан цIарца (чуволу со), къинхетам а, маршалла а хуьлда Делан Элчанна. Я АллахI! Хьайн къинхетаман неIарш дIаеллахьа суна).

Иштта и до1а дан мега дисинчу маьждигашкахь а. Цул т1аьхьа 1умрат дийриг Хьаьжц1енна т1е г1ур ву, т1аваф дан д1аволавала. 1умратехь а, аль-къудум т1аваф дечу хенахь а стагана суннат ду шен цхьа белш гучу а йоккхуш, ихьрам вукху пхьаьрсана к1елхула даккхар. Цуьнан кеп хуьлу, цо шен аьтту аг1ор белш гучуяккхар, шен ихьраман юкъ цо шен аьтту аг1орчу пхьаьрсана к1елхула а йоккхуш, цу ихьраман ши юьхьиг шен аьтту аг1ор белшана т1ехула а йоккхуш.
Цул т1аьхьа 1умрат дийриг волалур ву Хьаьжц1енна ворх1азза го баккха, Хьажаруль-асвад (1аьржа т1улг) олучу сонера д1а а волалуш. Нагахь шен аьтто балахь, цу 1аьржачу т1улгана барт боккхур бу цо, нахана гатто а ца еш, уьш д1аса  а ца тоьттуш, я девнаш а ца дохуш, я царах лета а ца леташ.  Бакъду,   иза доккха г1алат ду, х1унда аьлча цо бусалба нахана новкъарло йо дела.  Цо геннара
«Аллох1у Акбар» а олуш, цу т1е шен куьйга ишар йича а тоьар ду, ша цу 1аьржачу т1улгана уллохула волучу хенахь саца а ца соцуш.
Цо кхечарна гатто ян а, царна новкъарло ян а  мегар дац.
(т1авафан го болало 1аьржачу т1улга т1ера,оцунна т1екхаьчча чекх а болу)
1.аррукнуль-ямани (аьтту са)
2.хьажаруль-асваду (1аьржа т1улг)
3.альхьиджру (Хьаьжц1ийнах дакъа)
4.макъаму Ибрах1има (Ибрах1иман когийн лар)
5. Софа гунан аг1о.

                      1УМРАТ ДАРАН Т1АВАФ
Цул т1аьхьа 1умрат дечо шен ворх1 го боккхур бу, юкъара а ца волуш. Иза ч1ог1а ларвала веза нахана новкъарло ярх, уьш д1асатоьттуш а, мохь бетташ, и д1.кх. а леларх.
1умрат дийриг ар-рукн аль-йаманий олучу меттиге кхаьчча, шен куьг 1отта деза цо цуьнан сенах ( нагахь шен кадалахь). Цо цунна барт боккхур бац, цхьаболчара, Пайхамарна (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна)  дуьхьала некъ беш ма-дарра, цо цунна т1е х1уманаш а хьоькхур яц.Нагахь цуьнан ка ца далахь цу  ар-рукн аль-йаманех куьг 1отта, саца а ца соцуш, шен т1аваф дийр ду цо, цу т1е шен куьйга ишарш а ца еш, «Аллох1у Акбар» ца олуш, амма суннатех дерг -  т1аваф дечу заманахь, ар-рукн аль-йаманина а, 1аьржачу т1улгана а  юкъа нисвелча  алар ду: 
 «Роббана, атина фиддунйа хьасанатан, ва филь-ахироти хьасанатан, ва къина 1азабаннари (Х1ай тхан Дела, Ахьа тхуна дуьненахь а диканиг лохьа, эхартахь а диканиг лохьа, тхо жоьжахатин 1азапах лар а дехьа)». Аль-Бакъара сурат.
Иштта кху кепара кхочушдийр ду 1умрат дечо ворх1 го а боккхуш шен т1аваф, х1ора гонехь 1аьржачу т1улгана т1ера д1а а волалуш, цу т1е кхаьчча го а бузуьйтуш. Деккъа Аль-къудум олучу т1авафан хьалхарчу  кхаа гонехь йорт тохар суннат ду, иза ду, ул-улле когаш а бохуш, чехко болар дар.

Т1АВАФ ДЕЧУ ЗАМАНЧОХЬ 
ДУЬЙЛУ  Г1АЛАТАШ
 « Цхьаболчара, шайн т1аваф дар нийса ду моьттуш, аль-хьиджр олучу меттигна чоьхьа го тосу, бакъдерг аьлча, и аль-хьиджр цу Хьаьжц1енах лоруш ю, цундела цунна арахьа дан деза и т1аваф.  Аль-хьиджр Хьаьжц1ийнан цхьа дакъа ду.
«(Нахана гатто ярца уьш д1аса а тоьттуш), цу Хьаьжц1ийнан массо а сонех куьйгаш 1иттар, цкъацкъа цуьнан пенарех а, цунна а, цунна т1еоьллинчу к1аденна а, цуьнан не1арна а, Ибрах1им пайхамаран (Делера салам хуьлда цунна) макъам Ибрах1иман ц1е йолчу  лорана т1ехьекхавалар  а -уьш цхьа а мегар долуш дац, х1унда аьлча уьш хьаж даран белхашна юкъадаг1ац я Пайхамара  (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна)  лелийна а дац уьш.
« Т1аваф дечу заманахь зударий а, божарий а вовшийн т1етаь11ина хилар, вовшийн д1асхьа а тоьттуш, къаьсттина, 1аьржачу т1улган а, Ибрах1им пайхамаран (Делера салам хуьлда цунна) лар а йолчохь - иза мегаш дац, ишттачунна генавала веза.
   
Т1аваф дина ваьлча т1аьхьадог1ург дан деза цо:
1. Аьтту аг1орчу белша т1е ихьрам таса деза.
2. «Макъам Ибрах1има» (Ибрах1им пайхамаран (Делера салам хуьлда цунна) лоранна т1еххьа  ши рака1ат суннат ламаз дан деза (нагахь дан аьтто белахь), ткъа и цигахь дан аьтто бацахь, цу хьаьрман маьждигехь муьлххачу метте д1ах1оьттина дийр ду цо иза. И ши рака1ат ламаз ч1аг1дина долчу суннатех ду. Хьалхарчу рака1атехь эльхьамна т1аьххье «аль-кафируна» сурат доьшур ду цо, шолг1ачу рака1атехь эльхьамна т1аьххье къулх1а доьшур ду. Нагахь санна и шиъ ца доьшуш, цо кхидолу сураташ дешахь, цхьа а х1ума дац. (Нагахь санна «аль-кафируна» сурат деша ца хаахь, шина а эльхьамна т1аьхьа къулх1а доьшур ду).  

1УМРАТ ДИХКИНА ВОЛУШ
СА1ЙУ ДАР
(Софа, Марват олучу шина гуна юкъахь д1асавадар)
Т1аваф дина ваьлча, 1умрат деш верг, Софа, Марват олучу шина гуна  юкъахь ворх1азза  д1асаводуш, са1йу дан г1ур ву. Сафа гуна улло ма- кхеччи, цо д1адолор ду, Сийлахь-Везачу Дала д1адола ма-дарра - цо доьшур ду х1ара аят: 
 «Боккъалла а, Софа а, Марват а Делан билгалонех ши билгало ю». 
Цул т1аьхьа Сафа гу т1е хьалавер ву иза. Къилбехьа а вирзина, цу т1ехь соцур ву, Сийлахь-Везачу Аллах1ана хастам беш, аль-хьамду лиллах1, Аллох1у Акбар а эр ду цо кхузза, до1а дийр ду, и до1а мелла а алсам дийр ду цо, шен ши куьг д1а а лаьцна доьхуш:
 «Ла илах1а иллаллах1у вахьдах1у ла шарийка лах1у. Лах1уль-муль-ку, ва лах1уль-хьамду, ва х1ува 1ала кулли шай-ин къодийр. Ла илах1а иллаллах1у вахьдах1у анжаза ва1дах1у. Ва насоро 1абдах1у, ва х1азамаль-ахьзаба вахьдах1у (Цхьаъ бен воцу, Шена накъост воцуш волу Аллахl воцург дела вац, Цуьнан ду паччахьалла, Цунна бу хастам, Иза массо а хlума дан ницкъ кхочуш ву.  Цхьаъ бен воцу, Шена накъост воцуш волу Аллахl воцург дела вац, Шен лена гlо ди, Ша цхьамма керстанийн тобанаш эшайи Цо)». Х1ара зуькар юх-юха кхузза доьшур ду цо.
Цу до1ина юккъехь шена деззарг доьхур ду цо. Нагахь санна уггаре лахарчу барамехь долчунна т1ехь иза сацахь, цхьа  а х1ума дац. До1анна а бен шен ши куьг ойур дац цо. Аллох1у Акбар бохучу заманчохь цу шина куьйга ишарш еш лелар вац иза. Аллох1у Акбар олучу заманчохь цу шина куьйга ишарш яр дукхахболчу хьаьжошна а, 1умрат дечарна а  юкъахь даьржинчу г1алатех ду.
Цул т1аьхьа Софа гу т1ера охьа а воьссина, г1аш Марват гу т1е г1ур ву иза, шена а, шен доьзална а, бусалба нахана а (шен таро йолччу барамехь) до1анаш а деш.  Баьццарчу сизана т1е ма-кхеччи, ч1ог1а чехка водур ву иза, шолг1ачу сизана т1екхаччалц; (и вадар божаршна ду, зударшна дац). Ткъа шолг1ачу сизе кхаьчча, ша хьалха ма-ваххара, волавелла д1аг1ур ву иза, Марват гу т1е кхаччалц.

МАРВАТ ГУ
Марват гу т1е кхаьчча:
« Къилбехьа а вирзина, цо доьшур ду, ша Сафа гу т1е волучу хенахь дешна долу зуькар: 
 «Аль-хьамду лиллах1 (Аллах1ана хастам бу) кхузза, 
 «Аллох1у Акбар (Аллах1 воккха ву) кхузза, 
 «Ла илах1а иллаллах1у вахьдах1у ла шарийка лах1у. Лах1уль-муль-ку, ва лах1уль-хьамду, ва х1ува 1ала кулли шай-ин къодийр. Ла илах1а иллаллах1у вахьдах1у анжаза ва1дах1у. Ва насоро 1абдах1у, ва х1азамаль-ахьзаба вахьдах1у» 
-Цхьаъ бен воцу, Шена накъост воцуш волу Аллахl воцург дела вац, Цуьнан ду паччахьалла, Цунна бу хастам, Иза массо а хlума дан ницкъ кхочуш ву.  Цхьаъ бен воцу, Шена накъост воцуш волу Аллахl воцург дела вац, Шен лена гlо ди, Ша цхьамма керстанийн тобанаш эшайи Цо, амма «Боккъалла а, Софа а, Марват а Делан билгалонех ши билгало ю» боху аят доьшур дац цо цигахь. Цул т1аьхьа охьа  а воьссина, волавелла д1аг1ур ву иза сийначу сизана т1е кхаччалц, т1аккха шолг1ачу сийначу сизана т1е кхаччалц чехка водур ву иза. Цул т1аьхьа, ша хьалха ма-ваххара, Софа т1е хьалаваллалц д1авахана,  шен го бузуьйтур бу цо. Цуьнца цхьаьна бузур бу цо шен са1йу ворх1 го, Сафа т1ера Марват т1е вахар цхьа го хир бу цуьнан, Марват т1ера Сафа т1е юхавар - шолг1а го хир бу. 
« Нагахь санна и са1йу дан г1аш д1аволавелла а волуш, иза, ваха ца луш, ч1ог1а к1адвелла  я могашаллина зене долу лазар гучадаьлла (Дала ма долийтийла иза),  ворданна т1е хаахь, цхьа а къа хир  дац цунна.
Ламаз дохаран ц1ий даьллачу (менструаци йолчу) зудчунна а, бер диначул т1аьхьа д1ац1анлучу зудчунна а мегаш ду:
 « Т1аваф а доцуш, са1йу дан, и  са1йу ден меттиг Хьаьжц1ийнан хьаьрман маьждигах лоруш йоцун а дела.

Юкъаяьржинчу г1алатлонех ду:
 « Шина сийначу сизана юккъехь зударий чехка бахар (х1унда аьлча, ког тоьхча зудчунна т1ера лестачу дилхано божарий талхабо дела, уьш питане а лоцу цара). Цундела царна дихкина цу юккъехь а, т1аваф дечу хенахь а бовдаррий, йорт тохаррий. 
« 1умрат дечо, ша са1йу дина ма-ваьлла, шен корта д1абошур бу я шен коьрта т1ера месаш хедор ю. (Корта д1абашар деза ду. Бацбеш белахь, корта берриге а бацбар деза ду, амма коьрта т1ера кхо чо хадийча а тоьар ду). 
« Зудчо шен п1елган буьхьиган барамехь йоцца месаш хадор ю шен коьрта т1ера. 
Иштта чекхболу 1умратан белхаш.
Цул т1аьхьа, 1умрат дечунна, массо а х1ума дан мега, ихьрам дихкина волчу заманчохь шена дихкина хилла долу.

ХЬАЖДАРАН КЕП
Делан элчано (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна) аьлла: 
 «Хьаж а дихкина, цул  т1аьхьа боьха а ца луьйш, 1еса а ца волуш хилларг, шен къинойх д1ац1анло, шен нанас дена виначу дийнахь ма-хиллара». Х1ара ц1ена хьадис ду.

ЗУЛЬ-ХЬИДДЖАТАН БОРХ1АЛГ1А ДЕ
(Ат-тарвия) ц1е йолу де
Хьаж даран белхаш зуль-хьидджатан борх1алг1ачу  дийнахь делкъале д1аболало. И ду и аттарвия олу де.
Кху дийнахь зуьхьа (де къевкъачу) хенахь доьхкур ду мутаматти1о (1умраттий, хьажжий цхьаьнадечо) шен хьаж. Ша хьаж доьхку ихьрам т1едухале цо дийр ду 1умрат дечу хенахь ихьрам духале диннарг: лийчаррий, хаза хьожа йог1ург шен дег1ах хьакхаррий, суннат ламаз даррий. Ша воьссинчу меттигера ихьрам доьхкур ду цо, аьлча а, ша 1ан д1атарвеллачу меттигера. Къорин (хьажжий, 1умраттий цхьаьнахуттург) а, деккъа хьаж доьхкург а шаьшшинан ихьрам д1а ца доккхуш 1ийр ву.
Мутаматти1 а, къорин а, муфрид а - уьш берриге а - Мина олучу меттиге охьаг1ур бу делкъа хан хилале, цара делкъа а, малхбуза а, маьрк1ажа а, пхьуьйра а ламазаш шен -шен хенашкахь дийр ду, т1етт1аийзарш а доцуш, амма диъ рака1аташ шина рака1ате дацдина дарца. Зуль-хьидджатан уьссалг1а буьйса Минахь йоккхур ю цара, 1уьйра ламаз а цигахь дийр ду. Амма тарвия де т1едале Мина воьссинчо цу тарвия дийнахь зуьхь хенахь Минахь ихьрам доьхкур ду.
Суннат дерг -хьаьжочо ат-тарвия дийнахь Минахь буьйса яккхар ду.
Зуль-хьидджатан уьссалг1ачу дийнахь 1уьйра ламаз дича, малх схьакхетталц собар дийр ду цо, т1аккха, парг1ат, сих а ца луш,  1арафат т1е г1ур ву иза, лаббайка а доьшуш, Сийлахь-Веза Аллах1-Дела хьехош, шен луъу зуькаррий, Къуръанан аяташший а доьшуш зуькар а деш. 
 «Лаббайкаллох1умма лаббайк, лаббайка ла шарийка лака лаббайк. Инналь-хьамда ванни1мата лака валь-мулька ла шарийка лака» 
-Хьуна хьалха ву-кх со, я Аллах1, Хьан омранна муьт1ахь ву-кх, Хьуна муьт1ахь ву-кх со, Хьуна декъахо вац, боккъалла а, ни1мат а Хьан ду, паччахьалла а Хьан ду, декъахо вац Хьуна.
 «ла илах1а иллаллах1у» а,  «Аллох1у Акбар» а,  «валь-хьамду вашшукру лиллах1и роббиль-1аламийна»   дукха бохур ду цо.

ЗУЛЬ-ХЬИДДЖАТАН УЬССАЛГ1А ДЕ 1арафат де
1арафат де ду, малх схьакхетча иза чубуззалц йолчу хенахь.
1арафатехь сацар, шеца цхьаьна бен хьаждар нийса ца хуьлучу,  хьаж даран меженех цхьа меже ю. Делан элчано (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна) аьлла:
 «Хьаж дар - 1арафатехь сацар ду».  Х1ара хьадис далийна Абу Дауда а, ат-Тирмизис а.
1арафат де, шена т1е малх кхеттачу денойх уггаре дика де ду. Цу дийнахь, тобанаш а йой, массо а меттера хьажой бог1у 1арафат латти т1е, уьш цу доккхачу дезачу дийнахь 1арафатехь лаьтта, малх схьакхетча иза юха чубуззалц.  Цу дийнахь дозалла до-кх маликашна хьалха Сийлахь-Везачу Аллах1-Дала. Муслиман  «ас-Сахьихь» жайни чохь,  1айшата (Дела реза хуьлда цунна) схьадийцинчу хьадисехь ду, Пайхамара (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: 
 «Дала цу 1арафат дийнахь чул а алсам шена чохь дукха леш жоьжахатих хьалхабуьтуш цхьа а де ма дац. Боккъалла а, и Сийлахь-Везаниг герга ма вог1у, Цо маликашна хьалха шух дозалла а ма до. Сийлахь-Везачо (шена хуъушехь) олу: «Х1ун лаьаш бу те х1орш?»
Аллах1-Деле доьху вай, Цо Шен комаршонаххий, диканаххий вай ца хадор.
Суннат ду, делкъахан гергах1оьттича хьаьжо Нимра олучу меттиге охьавоссар (нагахь шен аьтто балахь).  Делкъахан т1ееъча, имамо нахана доьшур ду хьехаме а, стаг нийсонна т1евуьгуш а долу хут1ма. Цул т1аьхьа цо, хьаьжошца т1еоьзна, дацдина цхьана азанца, шина икъаматца, Делан элчано (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна) ма-дарра, делкъа а, малхбуза а ламазаш дийр ду.  
Цаьршиннал хьалха я т1аьхьа цхьа а ламаз дийр дац.
Ша ламаз дина ваьлча, хьаьжо хьожийла ша билггала цу 1арафат дозанал чоьхьа воьссиний.
Цу беркатечу дийнахь хьаьжой ларбала беза, цу дезачу дийнахь, сийлахьчу меттехь, шаьш шайн яллий, меллий бойур болу  г1алатлонаш йойлийтарх.

Юкъахь даьржина долу г1алаташ
1арафат дийнахь дукхахболчу хьаьжоша шайна т1е тидам бахийта безаш долу г1алаташ дуьйлуьйту, царах ду:
 « Оцу 1арафат дозанал арахьа биссар, малх чубуззалц уьш шаьш биссинчу меттехь 1ар, цул т1аьхьа Муздалифате д1а а г1уш. И диначуьнан хьаж, хьаж лорур дац.
« Малх чубузале 1арафат т1ера д1авахар, иза мегар дац, х1унда аьлча иза Пайхамаран (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна) некъана дуьхьал долун дела.
« 1арафат лам т1е хьала бовлархьама а, цуьнан буьххье кхачархьама а, цу т1е куьйгаш хьекхархьама а, цу т1ехь ламаз дархьама а вовшийн гатто яррий, вовшийн д1асатеттаррий -  уьш шар1ехь шайн цхьа а бух боцчу бид1атех (керлачу х1уманех) ду. Цул совнаха, цу балхо церан могашаллина а, дог1машна а зен а до.
« Юкъахь даьржинчу г1алатех ду, до1а дечу заманчохь 1арафат лам т1е верзар.
Суннат дерг - до1а дечу хенахь къилбехьа верзар ду.

МУЗДАЛИФА
Зуль-хьиджатан уьссалг1ачу дийнахь, малх чубузучу хенахь, хьаьжойн къепалш, Делан пурбанца, Маш1ар аль-Хьарам - аль-Муздалифа аг1онгахьа д1аг1ур ю, цигахь т1етт1аоьзна, дацдина, цхьаьна моллалла кхайкхарца, шозза къамат дарца,  цхьаьна дархьама маьрк1ажа а, пхьуьйра а ламазаш дийр ду, шаьш цига д1а-ма-кхеччи, сихха. Иштта цигахь лаббайка а доьшуш,  Дела хьехош зуькарш а деш, шаьш 1арафат лам т1е далорна Далла, Цуьнан комаршонна а, Цо диначу диканна а хастам а беш. 
Хьаьжой Муздалифате д1акхаьчча, шайна т1е тидам бахийта хьакъ долу г1алаташ дуьйлуьйту цара. Оцу юкъа дог1у:
 « Т1етт1аоьзна, дацдина маьрк1ажа а, пхьуьйра а ламазаш дале, т1улгаш лахьо бахар.
« Шайт1анна кхуьссу т1улгаш цу Муздалифатехь лахьийнарш бен мегар дац аьлла хетар.
« И т1улгаш хица дилар, х1унда аьлча Пайхамара (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна) иза дина дац.
Хьалха вай ма-дийццара, суннат дерг ду хьаьжоша шайн буьйса цу Муздалифатехь яккхар цигахь 1уьйра ламаз даллалц, зударшна а, заь1апхошна  а, берашна а, хьажойн белхаш луьстучу белхалошна а бакъо ло буьйса юккъе ма-яхха Мина охьабаха.
1уьйра ламаз дича, хьажо Маш1ар аль-хьарам уллохь сацар суннат ду, и Маш1ар аль-Хьарам Муздалифатехь болу цхьа лам бу, я цу Муздалифатан муьлххачу цхьана меттехь сацар суннат ду цунна. Цо къилбехьа а вирзина, Дела хьехош,  мелла а алсам зуькарш дийр ду, «Аллох1у Акбар» аларца такбираш а, шен аьтто болу до1анаш а дийр ду цо, цул т1аьхьа малх схьакхетале д1аг1ур ву иза. 
Ша Мина охьавоьдучу заманчохь, шайт1анна кхуьссу т1улгаш лахьор ду цо (хьимсойн к1ан буьртигал боккха - кхоьн барамехь-  болу ворх1 т1улг), аль-1акъоба аль-кубра олу хьалхара д1а-ма-кхеччи кхуьссуш болу т1улгаш кхисса. Лахьийна т1улгаш ца тоахь я охьаэгна дайна висинехь, Минахь т1улгаш лахьо мегар ду цо.
Цул т1аьхьа, Делан пурбанца, лаббайка а доьшуш, Далла хьесталуш мелла а алсама зуькар а деш, Мина охьаг1ур ву иза.
 «Лаббайкаллох1умма лаббайка, лаббайка ла шарийка лака лаббайка, инналь-хьамда ванни1мата лака валь-мулька ла шарийка лака (Хьуна хьалха ву-кх со, я Аллах1, Хьан омранна муьт1ахь ву-кх со, Хьуна декъахо вац, боккъалла а, ни1мат а Хьан ду, паччахьалла а Хьан ду, декъахо вац Хьуна) «. 
Ша Мина д1а-ма-кхеччи, хьаьжо сихха Жумра аль-1акъаба олучу ,т1улгаш кхуьссучу меттиге г1ур ву, иза Маккина уллохь ю. Жумра аль-1акъаба олучу меттиге ша д1акхаьчча, лаббайка дешар сацор ду цо. Цул т1аьхьа х1ара кхочушдийр ду цо:
1. Цу Жумра аль-1акъаба олучу меттигна т1е т1аьхьа-хьалха ворх1 т1улг тухур бу цо, х1ора т1улган ц1арах Аллох1у Акбар а олуш.
2. Нагахь шена т1е г1уда хьаьрчинехь, г1уданна буьйш болу уьстаг1 буьйр бу цо, цуьнан жижиг дуур ду цо ша, пекъаршна д1аса а доькъур ду.
3. Шен корта д1абошур бу цо, я шен коьртан месаш хадор ю, амма корта д1абашар деза ду. Ткъа зудчо шен месаш яцйийр ю (п1елган буьхьиган барамехь).
И дагардинарг шен рожехь лелор деза ду.
Амма цо царах цхьаъ вукхул хьалха даккхахь, цхьа а къа хир дац.
            
                 ЗУЛЬ-ХЬИДЖАТАН УЬТТАЛГ1А ДЕ
Иза ду урс хьокху де, беркате долчу г1урбан денойх хьалхара де а.
Малхбаленний, малхбузенний юккъехь мел волу бусалба стаг Мина лаьтта т1е воьрзур ву, къаьсттина йолчу юьхьаца, беркатечу г1урбан дийнахь, самукъане а, кхоийла а волуш,  Аллах1-Дала шайна диначу диканна, Сийлахь-Ц1еначу, Сийлахь-Везачу Далла герга боьду некъ лоьхуш, шайн г1урбанашна арсаш а хьокхуш. Хьаьжочо 1ийда дийнан Аллох1у Акбар алар д1адолор ду, Жумра аль-1акъабатна т1е т1улгаш тоьхначул т1аьхьа, 
«Аллох1у Акбар, Аллох1у Акбар, Аллох1у Акбар, ла илах1а иллаллох1. Аллох1у Акбар, Аллох1у Акбар, ва лиллах1иль-хьамд (Аллах1 воккха ву, Аллах1 воккха ву, Аллах1 воккха ву, Аллах1 воцург кхин дела вац), Аллах1 воккха ву, Аллах1 воккха ву, Аллах1   воккха ву, хастам бу Аллах1ана)» -а олуш.

Цу уьтталг1ачу дийнахь:
« Жумра аль-1акъабатна т1е г1ур ву иза т1улгаш  кхисса
« лаббайка сацор ду цо
« т1улгаш кхуьссур ду цо
« 1ийданна Аллох1у Акбар доьшур ду цо
« шех г1уда хьаьрчинехь, г1удан уьстаг1  буьйр бу     цо
«   шен корта бошур бу я бацбийр бу
Т1улгаш кхуьссучу заманчохь хьаьжоша дуьйлуьйту дуккха  г1алаташ, царах ду: 
 « Царна шаьш и т1улгаш шайт1анна кхуьссуш ду моттар, цара и т1улгаш кхуьссу цу шайт1анашна лерца цхьаьна. И т1улгаш кхиссар Дала вайна шар1ан некъ бина  т1едиллина ма дац, лешка зуькар дайтархьама а бен. 
« Т1улгаш даккхийнаш кхиссар, я мачаш, я дечкаш кхиссар. Иза динехь барамал соввийлар ду, Дала хаьржина волчу Мухьаммада (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна)  емалдина а долу.
« Т1улгаш кхиссархьама вовшийн гатто яррий, вовшех летаррий. Иза барам а боцуш  доккха  г1алат ду. Хьаьжочун декхар ду шен бусалба вежаршца къинхетаме хилар, и т1улгаш нийсачу меттехь кхисса хьажар а, цу чуьртан х1оз юкъакхосса хьажар, цу чуьртах кхетийла иза я ма кхетийла.
« Дерриге т1улгаш буйнахь гулдина, цкъа кхоссар. Ишттачу хьолехь цо кхоьссинарг цхьа т1улг бен  лорур бац. Шар1о билгалдинарг цхьана т1улгана т1аьххье шолг1аниг а кхуссуш, и т1улгаш кхиссар ду, х1оранца Аллох1у Акбар а олуш.
Хьаьжочо Жумра аль-1акъабатна т1улгаш кхиссича, цо шен корта баьшча я бацбича, иза хьалхара ихьрам дастарна чувулу. Цунна мегаш хуьлу ихьрам дихкина волуш дихкина хилларг лело, зударех кхетар доцург.

                               Т1УЛГАШ КХИССАР
1. 1ийда дийнахь, 1уьйранна,  Муздалифатера охьавог1уш  Мина кхаьчча, ахьа х1ара  т1аьхьадог1ург кхочушде:
Деккъа Жумра аль-1акъабатна т1е мелла а сиха ворх1 т1улг кхосса  г1о, х1ора т1улган ц1арах Аллох1у Акбар а олуш.
2. Г1урбан беттан 10-11-12 -чу,  шайх ташрикъ олучу дийношкахь, кхаа чуьртана  т1е т1улгаш кхисса, жимачунна а, юккъерчунна а, Жумра аль-1акъабат олучунна  а. Х1ора чуьртана  т1е ворх1 т1улг  кхосса, х1ора т1улган ц1арах Аллох1у Акбар а олуш.
 (12 -чу дийнахь (малх д1абузале) Минара аравалахь, 13 -чу дийнахь кхуьссучу т1улгех хьалхаволу, иштта и 13 -г1а буьйса цу Минахь яккхарх хьалхаваларх санна). 

Т1АВАФ АЛЬ-ИФАДЗО
 Г1урбан дийнахь Хьаьжц1енна го баккхар, иштта кхунах олу 1арафат т1ера охьавоьссича гонаш дахар.
Ифадзо олуш долу т1аваф, хьаждаран меженех цхьа меже ю, шеца а бен хьаж кхочуш ца хуьлуш долчу.
1ийда дийнан 1уьйранна хьаьжочо Жумра аль-1акъаба олучу чуьртана т1е т1улгаш кхиссича, иза Макка охьавуссур ву Хьаьжц1енна ворх1азза т1аваф аль-ифадзот олу гонаш даха.  Цул т1аьхьа цо са1йу дийр ду Сафа а, Марват а олучу шина гуна юккъехь ворх1азза д1аса а  воьдуш, нагахь санна и хьаьжо мутаматти1 велахь, я цул хьалха т1аваф аль-къудум (Макка схьакхачаран т1авафца)  са1йу данза и хиллехь, къорин (1умраттий, хьажжий цхьаьнадар), муфрид (деккъа хьаж доьхкург) а волчу хенахь. Иштта  и ифадзот олу т1аваф Минал т1аьхьа дог1учу деношка д1ататта мега (т1улгаш кхиссина ваьлча, Макка охьавуссучу деношка а).
Г1урбан дийнахь ифадзот олу т1аваф дина ваьллачул т1аьхьа, хьаьжочунна хьанал ду ихьрам дихкина волуш хьарамдина мел дерг, шен зударех кхетар а цхьаьна.

ТАШРИКЪ ДЕНОШ
Зуль-хьиджатан цхьайтталг1а де т1едеъча д1адолало уьш:
1. Цхьайтталг1а буьйса.
2. Шуьйтталг1а буьйса.
3. Кхойтталг1а буьйса.
« Г1урбан дийнахь ифадзот олу т1аваф дина ваьлча, Мина вухавог1ур ву хьаьжо, цу ташрийкъан кхаа а дийнахь Минахь буьйсанаш яхархьама.
« Я, шена луучо,  ши буьйса яккха цигахь, Сийлахь-Везачу Аллах1ан дашна т1е а доьг1на: 
«Аша Аллах1 хьехаве билгала долчу деношкахь, нагахь шина денчохь охьаваха сихоерг велахь, цунна т1ехь цхьа а къа дац. Амма т1аьхьависинчунна а дац цхьа а къа, Делах кхийринчунна, Аллах1ах кхера шу, шуна хоийла, шаьш Цуьнга гулдийриг хилар».  аль-Бакъара сурат, 203 аят.

Хьаьжочунна т1ехь долу декхарш (важаб дерш):
1. Ша Минахь буьйсанаш йохур йолчу деношкахь кхаа чуьртах т1улгаш тохар.
2. Х1ора т1улган ц1арах Аллох1у Акбар алар.
3. Зуькар а, до1а а алсам дар.
4. Синтемаца, парг1ата лелар.
5. Вовшийн гатто ярххий, девнаш дарххий, хьаг1-гамо лелораххий 1алашвалар.


Т1УЛГАШ КХИССАР
« Суннатах ду - жима а, юккъера а шина чуьртана т1е т1улгаш кхиссина ваьлча, хьаьжо шен ши куьг а айдина, шена луъург а доьхуш, къилбехьа верзар.   «
Доккхачу чуьртах лаьцна аьлча, иза Жумра аль-1акъаба олург ду, ткъа иза цигахь соцур а вац, я цо до1а а дийр дац.
Шина дийнахь чекхвала луучо, шуьйтталг1ачу дийнахь малх делкъал т1аьхьенга лестича кхисса беза кхуззе а кхуьссуш болу т1улгаш. Цул т1аьхьа Минара аравер ву иза малх чубузале. Амма нагахь санна  Минахь а волуш, аравала ца ларийна виси-кх иза, масала, малх чубуьзна, кхойтталг1ачу буса а вуьсийла иза цигахь буьйсаяккха а, кхойтталг1ачу дийнахь т1улгаш кхисса а.

Т1АВАФ АЛЬ-ВАДА1
(Хьаьжц1енца 1одикаяран т1аваф)
Минара арабевлча, хьаьжой Сийлахь йолчу Макка г1ур бу, Хьаьжц1енна гонаш даха, т1аваф дан. Хьаьжой шайн хьаждаран белхаш шен меженашца, декхаршца кхочушдина  бевлча, цара т1аьххьара йоккху хан Аллах1-Делан Сийлахьчу ц1енна уллохь хуьлийла, 
 «Ша т1аьххьара йоккху хан Хьаьжц1енна уллохь хиллалц шух цхьа а д1аса ма волийла» аьлла волчу Делан элчанан (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна) омранна т1аьхьавозуш. Шена т1ехь Имам Бухарин а, Имам Муслиман а цхьабарт хилла хьадис ду х1ара.
1одикаяран т1аваф хьаждаран декхарех т1аьххьара декхар ду, цуьнан важабех т1аьххьара важаб ду иза, ша-шен махка юхаверзале хьаьжочо кхочушдан дезаш долу. 1одикаяран т1аваф дитарх хьалха ца волу, ламаз дохош долу ц1ий долу (менструаци йолу) а, бер дарх д1ац1анлуш йолу а ши зуда йоцург.

ХЬАЖДАРАН МЕЖЕНАШШИЙ,
ЦУЬНАН ДЕКХАРШШИЙ (ВАЖАБАШ)
Хьаждаран меженаш 4 ю, кхарах цхьа меже йитча, хьаж кхочуш ца хуьлу (цу меженца а бен):
1. Ихьрам дехкар.
2. 1арафатехь сацар.
3. Т1аваф дар (ифадзот олу т1аваф).
4. Са1йу дар (Софана а, Марватна а юкъахь д1асавадар).
Хьаждаран декхарш (важабаш)  шена т1ехь долу цхьа важаб дитинчунна уьстаг1 бер г1уда хьаьрча, цо Маккахь урс а хьаькхна, мискачу нахана д1аса а бекъа беза и, цунах цхьа а х1ума юур яц цо шена:
1. Микъатехь ихьрам дехкар.
2. Малх чубуззалц 1арафатехь сацар.
3. Муздалифатехь буьйса яккхар.
4. Ташрикъ денойн буьйсанаш Минахь яхар.
5. Т1улгаш кхиссар.
6. Корта д1абашар я месаш яцъяр.
7. 1одикаяран т1аваф дар.


ДЕЛАХ ТЕШАЧУ ЗУДАРШНА
ДОГ1У ХЬУКМАНАШ
Стага а, зудчо а хьаждар важаб хилар гойту билламаш:
1. Ислам
2. хьекъал
3. пхийттара валар
4. маьрша хилар (лай воцург)
5. ницкъ кхачар
Зударех лаьцна аьлча, цаьрца цхьаьна церан вели хилар биллам бу.
И вели ву, цуьнца цхьаьна хьаж дан г1ур верг, майра, я иза хадам боллуш, шен схьаваларан аг1онгахьа цкъа а иза шена  яло ца кхачош верг, цуьнан да, к1ант, ваша, я хьаналвар бахьана дерг, цуьнан нанас вакхийна ваша, я  ненан майра, я майрачун к1ант.
Цу т1е нисвеш дерг ду Ибн 1аббаса (Дела реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а), шена Пайхамара (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна) хут1ма доьшучу хенахь олуш хезира, аьлла,  дийцина долу хьадис: «Стаг хийрачу зудчуьнца юьстаха ма волийла, зудчуьнца цхьаьна цуьнан гергарчарах цхьаъ а воцуш, я зуда новкъа а ма йолийла шеца цхьаьна шен гергарчарах цхьаъ волуш а бен». Т1аккха цхьана стага хьала а г1аьттина, элира: «Х1ай Делан элча, сан зуда Хьаьжц1а яха яьлла, ткъа со иштта-ишттачу г1азоте ваха д1аязвелла». Т1аккха Делан элчано (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна) цуьнга элира: «Хьада, вало, хьайн зудчуьнца хьаждан г1о».  Шена т1ехь Имам Бухарин а, Имам Муслиман а цхьабарт хилла хьадис ду х1ара.
Ибн 1умара (Дела реза хуьлда цунна) дийцира, Делан элчано (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Зуда кхаа дийнахь бан беза некъ бан ара ма йолийла шеца шен гергарчарах цхьаъ волуш а бен». Шена т1ехь Имам Бухарин а, Имам Муслиман а цхьабарт хилла хьадис ду х1ара.
Зудчунна, шеца цхьаьна шен гергарчарах цхьа а воцуш, Хьаьжц1а яха а, кхиболчу некъа яла а доьхкуш долу хьадисаш дуккха а ду. Х1унда аьлча, и зуда ч1ог1а заь1ап ю, цунна цу новкъахь стаге а бен дуьхьало ялур йоцу цхьацца дуьхьалонашший, халонашший т1е1иттало дела, 1есаллин лаам карзахбоккху х1ума ю иза, цундела иза 1алашъян а, ларъян а цунна уллохь цуьнан гергара стаг хила веза.

ЗУДЧУН ГЕРГАРЧУ СТАГЕХЬ 
ХИЛАЗА ЦА БОЛУ БИЛЛАМАШ
Хьаьжц1а воьдучу хенахь, зудчуьнца волчу цуьнан гергарчу стагехь хила беза х1ара т1аьхьабог1у билламаш:
1. Ислам.
2. Хьекъал.
3. Пхийттара валар.
Нагахь санна и зуда шеца ван гергара стаг воцуш йисахь, шена т1ера хьаждан цхьаъ векал вийр ву цо.
1. Нагахь санна цо деш дерг суннат хьаж делахь, Хьаьжц1а яха магар доьхуш шен майрачуьнгара пурба даккха деза цо. Х1унда аьлча, цо пурба дехарца цунна т1ерадолу цу хьаждаран хьакъ, ткъа стеган бакъо ю  суннат хьаж дехка шен зуда ца яхита.
2. Зуда стеган метта хьаж дехка а, 1умрат дан а  яха мега 1еламнехан цхьабарт боллуш. Иштта цунна мега кхечу зудчунна т1ера яха а, цуьнан йо1  я йо1 йоцург хуьлийла иза, цхьа а бен дац.
3. Зудчунна, ша Хьаьжц1а яха яьлла д1айоьдуш новкъахь а йолуш, ламаз дохо ц1ий (менструаци), я бер дарха д1ац1анъяларан ц1ий гучудаьлча, цо шен некъ кхин д1а а бийр бу, шен хьаж а кхочушдийр ду, ц1ена болчу зударша дийрриг а деш, амма, цхьабакъду, цо Хьаьжц1енна гонаш дохур дац. Нагахь санна ихьрам доьхкучу заманчохь цунна изза болх хиллехь, шен ихьрам доьхкур ду цо, х1унда аьлча ихьрам доьхкучохь ц1аналла бохург биллам бац. 
4. Зудчо ихьрам доьхкучу хенахь ихьрам доьхкучу стага дийрриг дийр ду, лийчаррий, шен дег1ана т1ера д1абакхха беза чо д1абаккхарца а, м1араш хедорца а ц1анояррий, дег1ана т1е т1ех ч1ог1а хьожа йоцу хаза хьожа йог1ург хьакхарх х1умма а дац, Делах тешачеран нана йолчу 1айшата (Дела реза хуьлда цунна) аьллачунна т1е а доьг1на: «Тхо Делан элчанца (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна) арадовлура. Тхешан хьаьжнаш т1е миск 1ат1ар дуьллура оха ихьрам доьхкучу заманчохь, тхох цхьанна хьацар даьлла, и хьацар цу зудчун хьаж т1ехула и миск а эцна охьадоладелча, Пайхамарна (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна)  и миск гора, цо тхоьга, и емалдеш, х1умма а ца олура».  Х1ара хьадис Абу Дауда далийна.
5. Ихьрам дехка нигат дечу заманчохь зудчо шена т1ера охьайоккхур ю юьхьа дуьхьала тесна шаршой, кисий, нагахь санна цо и шиъ ихьрам дехкале т1едуьйхина хиллехь. Пайхамара (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна)  боху: «Ихьрам дихкина йолчу зудчо юьхь дуьхьала х1ума ма тосийла». Х1ара хьадис Имам Бухарис далийна. 
Ихьрам дихкинчу зудчунна мегаш доцург:
 « Шаршо, киса, каранаш.
« Кечъялар, чекх са гуш долу дуткъачу к1адин духарш.
« Лаббайка доьшучу хенахь аз айдар.
« Божарий д1асатоьттуш юкъаг1ертар
« Ядар.
« Буьйлабелла д1аг1учу хенахь шен бедар, дег1ан сурт т1едоккхуш, дег1ана т1еозор.
6. Ихьрам дихкинчу хенахь зудчунна мега шена дезза зударийн духар шена т1едуха, т1ех кечъялар а доцуш, божарийн духарех тера а доцуш, дег1ан меженийн сурт т1едоккхуш готта а доцуш, шена чухулахь долу дег1 къайла ца доккхуш дуткъа а доцуш, когаш а, пхьаьрсаш а гучу бохуш доца а доцуш, амма дехха, стомма, шуьйра хила деза цуьнан духар.  1илман ох1лан цхьабарт хилла цу ихьрам дихкина йолчу зудчунна ша т1едухучу духарехь х1ара бу аьлла, цхьа а бос т1ебужуш ца хиларна т1ехь, сийнаниг санна, масала, цо шена луъу беснаш т1едухур ду, зударшца дог1уш долу, ц1ен я сийна, я 1аьржа, цо и беснаш хийца а мегар ду. Аль-Муг1ни, 2\330-331.
7. Ихьрам дихкинчул т1аьхьа, зудчо, ша-шена хезар долчу барамехь аз айдеш, лаббайка дешар суннат ду, цунна хезаш долу аз айдан дихкина - цуьнгара питана даларна кхоьруш, цундела цунна моллалла кхайкхар я къамат дар суннат дац. Ламазна т1ехь волу имам г1алатваьллий шена хиъча, иза самавоккхуш зудчунна суннат дерг, цо шен куьйгах куьг тохар ду, «субхьаналлах1» алар а доцуш. Ткъа и субхьаналлах1 алар божаршна ду. Цо гойту зудчун аз 1оврат хилар.  Аль-Муг1ни, 2\330-331.
8. Зуда т1аваф дечу хенахь ерриге а д1ахьулъяла еза, цо шен аз къайладаккха деза, б1аьрг ларбан а беза, божарех д1аэн а ца еза иза, къаьсттина, 1аьржачу т1улгана я ар-рукн аль-йаманий олучу сена уллохь. Цо мелла а гена ялла т1аваф дийр ду, х1унда аьлча божарий д1аса а тоьттуш, иза царах д1аэр хьарам ду, цо питана до дела. Хьаьжц1енна улло вахарх а, 1аьржачу т1улгана барт баккхарх а лаьцна аьлча, ткъа и шиъ суннат ду, кхочушдан аьтто болуш делахь, цундела суннат кхочушдархьама хьарам дерг ма дойла цу зудчо. Цу зудчун хьокъехь суннат дерг - оцу 1аьржачу т1улгах терра ша д1анисъелча, цо геннара шен куьйга цунна т1е ишар яр ду.
9. Зударийн т1аваф а, церан са1йу  а  буьйлабелла лелар ду дерриге а. 1еламнехан цхьабарт хилла,  Хьаьжц1енна гонах а, я Софа а, Марват а бохучу шина гуна юккъехь зударий бовда ца беза аьлла, я шаьш буьйлабелла д1абоьдучу хенахь шайн бедар дег1ана т1еозор мегар дац (дег1ан сурт т1едоккхуш). Аль-Муг1ни, 3\334.
10.Хьаж дечу хенахь ламаз духу ц1ий гучудаьллачу (менструаци йолчу) зудчо хьажан белхех кхочушдан дезарггий, цо ша д1ац1анъяллалц дан дезарггий дуьйцур ду вай.  Хьаждечу хенахь ламаз духу ц1ий гучудаьллачу (менструаци йолчу) зудчо хьаждаран берриге а белхаш кхочушбийр бу, ихьрам дехкар, 1арафатехь сацар, Муздалифатехь буьйса яккхаррий, т1улгаш кхийсаррий, амма ша д1ац1анъяллалц Хьаьжц1енна гонаш дохур дац цо. Пайхамара (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна)  1айшате (Дела реза хуьлда цунна) аьллера: «Хьаьжочо мел дийриг де ахь, Хьаьжц1енна гонаш дахар доцург, хьой д1ац1анъяллалц». Шена т1ехь Имам Бухарин а, Имам Муслиман а цхьабарт хилла хьадис ду х1ара.
Билгалдаккхар: Нагахь санна зудчо т1аваф ди, амма т1аваф чекх ма-делли, цуьнан ц1ий гучдели-кх, цо ишттачу хьолехь са1йу дийр ду, цу са1йунна ц1аналла бохург биллам боцу дела. (Доктор Солихь аль-Фавзана гулдинчу «Делах теша зударий» бохучу жайни т1ера ду х1ара).

Зударшна мегар ду:
 « Заь1ап нахаца Муздалифатера хьалххе охьабисса.
« Корта д1а а ца бошуш, еккъа месаш яцъян.
« Ламаз дохо ц1ий (менструаци) гучудаьлча, аль-вада1 - 1одикаяран т1аваф дар 1аддита.
11. Зударшна мегар ду заь1апчу нахаца Муздалифатера хьалххе охьабисса  бутт гучура ма-белли, Мина д1а ма-кхеччи Жумра аль-1акъаба олучу чуьртана т1е т1улгаш кхисса а, цигахь адам дукха гулделча, божарий д1аса а тоьттуш леларх 1алашбалархьама.
12. Зудчо хьажна а, 1умратна а шен коьртан месийн юьххьера чоьш хедор ду п1елган буьхьиган барамехь. Цо корта баша мегар дац. 
13. Ламаз дохо ц1ий (менструаци) гучудаьлла  зуда Жумра аль-1акъаба чуьртана т1е т1улгаш а кхиссина, цо шен месаш лергича, иза шен ихьрамах парг1ат йолу, цунна хьанал хуьлу ихьрам дихкинчу заманчохь цунна дихкина хилларг, ифадзот олу т1аваф даллалц шен майрачуьнца йижар доцург. Нагахь цо иза карзаха яьккхина, цуьнан цу майрачуьнца йижар нислахь, г1уда такхар т1едужу цунна, иза цо Маккахь уьстаг1на урс а хьаькхна, хьаьрман пекъаршна цуьнан жижиг д1асадекъар ду.
14. Зудчунна, цо ифадзот олу т1аваф диначул т1аьхьа  ламаз дохо ц1ий (менструаци) гучудаьлча,  ша хьаж кхочуш дича, шен махка д1аг1ур ю иза, цунна т1ерадолу аль-вада1 - 1одикаяран т1аваф дар. 1айшата (Дела реза хуьлда цунна) аьллачу хьадисанна т1е а доьг1на: «Хьуйайн йоь1ан Софиятан, цо ифадзот олу т1аваф диначул т1аьхьа  гучудаьллера ламаз дохош долу ц1ий,  т1аккха иза Делан элчанна (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна) дийцинера цо. Делан элчано (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна) аьллера: «Вай совцийнарг и ю?» Аса элира: «Х1ай Делан Элча, цо Минара охьайоьссина ифадзот олу т1аваф дина, цул т1аьхьа гучудаьлла цунна и ц1ий». Элчано  (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна) элира: «1одикаяран т1аваф а ца деш, д1аг1ойла иза». Шена т1ехь Имам Бухарин а, Имам Муслиман а цхьабарт хилла хьадис ду х1ара.
Ибн 1аббаса (Дела реза хуьлда цунна) дийцира, Пайхамара (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна) нахе элира, аьлла, «шаьш т1аьххьара йоккху хан Хьаьжц1енна уллохь хилийта», амма цо ламаз дохо ц1ий (менструаци) долчу а, бер дича д1ац1анлучу а зударшна и дайдира. Шена т1ехь Имам Бухарин а, Имам Муслиман а цхьабарт хилла хьадис ду х1ара. 


ПАЙХАМАРАН (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна)  МАЬЖДИГЕ ЗЕРАТЕ ВАХАРАН КЕП
Мадинат, Пайхамара (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна)  ша-шен махках ваьлча х1ижрат дина а, иза шена чу д1авоьллина а меттиг ю. 
Цу чохь ду, шайна т1е ваха а бен зератна новкъавер вац, аьлла, билгалдина долчу кхаа маьждигех цхьаъ долу,  Пайхамаран (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна) сийлахь маьждиг - аль-масжид аннабавий ашшариф.
Делан элчано (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна)  ма-аллара: «Зератна новкъа вер вац кхаа маьждиге
1. Аль-масжид аль-хьаром - Маккин хьаьрмахь долчу маьждиге а,
2. Мадинатахь долчу х1окху сан маьждиге а,
3. аль-Масжид аль-Акъсо - Палестинехь долчу аль-Акс ц1е йолчу маьждиге а ваха а бен».
Пайхамаран (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна)  Мадинатахь долчу маьждиге вахар хьаждаран белхех цхьа а биллам, я декхар (важаб) а дац, бакъдерг аьлча, цуьнан хьаждаран белхех хьакхалушший, я цуьнца доьзний цхьа а х1ума дац, цунна дехка дезаш цхьа а ихьрам а дац, иза шар1о шарчохь муьлххачу хенахь а цига вахар дезох лерина а, цига вахар суннат хилар а доцург. Дала стагана  Маккахь а, Мадийнатахь а йолчу Сийлахьчу шина хьаьрман мехкашка  ваха    таро а елча, Цо цуьнан аьтто а бича, цунна суннат хуьлу Пайхамаран (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна)  маьждиге вахар, Пайхамаран (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна)  маьждигехь ламаз дархьама, цул т1аьхьа Делан элчанна (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна)  салам дала т1ех1оттархьама, иштта Пайхамаран (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна)  маьждигехь дина долу ламаз кхидолчу маьждигашкахь диначу ламазал эзарза деза лоруш ду, Маккахь долчу Масжид аль-хьарам олучу маьждигехь дина доцург.
Ткъа Маккин аль-масжид аль-хьаром олучу хьаьрмахь дина долу цхьа ламаз б1е эзар ламазал а деза ду.

ПАЙХАМАРАН (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна) МАДИНАТ
Пайхамаран (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна)  маьждиге д1акхаьчча, зерате веанчо, цу чу волуш, шен аьтту ког хьалха а боккхуш, эр ду: 
 «Бисмиллах1и, вассолату вассаламу 1ала росулиллах1. А1узу биллах1иль-1азыйми, ва биважх1их1иль-карийми, ва султ1оних1иль-къодийми минашшайт1ониррожийм. Аллох1уммафтахь ли абваба рохьматика (Аллах1-Делан ц1арца, Делан къинхетам, маршалла хуьлда Делан элчанна, Сийлахь-Везачу Деле доьху аса, Цуьнан Шел хьалхе йоцуш йолчу юьхьан дуьхьа, Цо со Ша Шен къинхетамна генадаьккхинчу шайт1анах 1алашвар. Я Аллах1, Хьайн къинхетаман не1арш суна д1аеллахьа». 
Иштта, дисинчу маьждигашна чу воьдуш а изза до1а дийр ду
Пайхамаран (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна) маьждигна чу вахча:
« Сихха маьждиган хьурматна ши рака1ат суннат ламаз дийр ду цо, Ровзат чохь дича  ма дика а хир дара иза! Нагахь Ровзат чохь хила аьтто бацахь, маьждиг чохь муьлххачу метте д1ах1оьттина дойла цо иза. Цул т1аьхьа Пайхамаран (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна)  коша т1е г1ур ву иза, цунна т1е а вирзина д1ах1уттур ву и, хьалха цуьнга (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна) салам лур ду цо, г1иллакхеххьий, дайчу озаций олуш: 
 «Ассаламу 1алайка аййух1аннабиййу ва рохьматуллах1и ва барокатух1у». (Делан  маршалла хуьлда  хьуна,  х1ай Пайхамар, Цуьнан къинхетам а, Цуьнгара беркаташ а). 
Цунна салават дилла, нагахь санна ахьа алахь: 
 «Аллох1умма атих1иль-васийлата валь-фадылата ваб1асх1у макъоман махьмудаллази ва1адтах1у. Аллох1уммажзих1и 1ан умматих1и афдолаль-жазаи   (Я Аллах1, цунна аль-васила олу дарж лохьа, дозалла а, иза Айхьа цунна лур ю аьлла йолчу хастамечу метте воссавехьа, я Аллах1, цуьнан умматера мелла а ч1ог1а диканца бекхам бехьа цунах)» х1умма а дац.
Пайхамаран (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна)  маьждиге зерате вахаран кеп
« Цул т1аьхьа цхьажимма аьтту аг1ор то1ийла иза Абу Бакар Сыддикъан (Дела реза хуьлда цунна)  коша т1е  х1оттархьама, цо цуьнга салам лур ду, цунах къинхетам бар а, цунна гечдар а, цунна реза хилар а доьхур ду цо Деле.
« Цул т1аьхьа юха а цхьажимма шен аьтту аг1ор таь1ар ву иза - Хатт1абан к1ентан Iумаран (Дела реза хуьлда цунна) коша т1е х1оттархьама. Цуьнга салам лур ду цо, цунах къинхетам бар а, цунна гечдар а, цунна реза хилар а доьхур ду цо Деле.
Билгалдаккхар: 
Пайхамаран (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна)  маьждиге зерате бог1учарах цхьаболчара шайгара дуьйлуьйту, шар1ехь цхьа а бух боцуш долу а, я асхьабашкара (Дела реза хуьлда царна) схьадеана доцу а, бид1атех (динехь хилла доцчу керлачех) а лоруш долу г1алаташ.
Цу г1алатех ду: 
1. Цу Пайхамаран (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна) чоьнан г1опастех а, маьждиган пенарех а хьекхавалар я куьйгаш хьекхар.
2. До1а дечу заманчохь кошана т1еверзар (къилбехьа вирзина до1а дар дезох ду).
До1а дечу заманчохь къилбехьа верзар ду нийса дерг.

Зерате веанчу лерамечу бусалба вешина суннат ду:
1. Шена чохь масийтта асхьабаш болчу, Бакъи1 кешнийн ох1ланна т1ех1отта вахар, цу асхьабашна юкъахь ву кхоалг1а халиф волу 1аффанан к1ант 1усман (Дела реза хуьлда цунна).
2. Ухьудехь д1абоьхкинчу шахийдийн кешнашна т1ех1оттар, царах ву г1азотийн эла волу 1абдулмутт1алибан к1ант Хьамзат (Дела реза хуьлда царна массарна а). Цо цаьрга салам лур ду, Пайхамара (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна), кешнашка бахча  шен асхьабашна ала ма-хьеххара, царна кху дешнашца  до1а дийр ду цо: 
 «Ассаламу 1алайкум ах1ладдийар, миналь-муъминийна валь-муслимийн. Ва инна ин шааллах1у бикум лахьикъуна. Насъалуллах1а лана ва лакум аль-1афиях1. (Делера салам хуьлда шуна, Делах тешачарах а, бусалбанех а болу,  х1ай кешнийн ох1ла. Боккъалла а, тхо Дала мукъалахь, шух д1акхетар долуш ду. Аллах1-Деле доьху оха тхайна а, шуна а парг1ато яр)». Х1ара хьадис Муслима схьадалийна.

Иштта суннат ду:
3. Ц1ан а велла, аль-Къубаъ олучу маьждиге, цигахь зерат дархьама а, цу чохь ламаз дархьама а, Пайхамара (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна)  ма-дарра, цо иза кхин болчарна хаз а ма-дарра зерате  вахар, и аль-Къубаъ Исламехь уггаре хьалха доьг1на маьждиг ду. Делан элчано  (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна)  Сах1л ибн Хьанийфа далийначу хьадисехь аьлла: 
 «Шен ц1ахь ц1ан а велла, цул т1аьхьа аль-Къубаъ маьждиге а веана, цу чохь цхьа ламаз диначунна 1умрат диначунна йолччул ял хир ю.» Имам Муслиман а, Имам Бухарин а шина жайнашкахь ду Ибн 1умара (Дела реза хуьлда цунна) далийна хьадис: «Пайхамара (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна) аль-Къубаъ маьждиге зерат дора, дошло волуш а, г1ашло волуш а, цо цигахь ши рака1ат ламаз а дора». 
4. Кхарал т1аьхьа зерате вахар шар1о билгалдина а долуш, Мадинатахь  цхьа а маьждиг я меттиг а яц.
1ЕЛАМНЕХАН ЖОЬПАШ (ФАТВАШ)
Хаттар: Цхьаболчара х1аваан кеманца Хьаьжц1а вог1учунна фатва доккху, Жидде кхаьчча ихьрам дехка олий, ткъа вукхара иза емалдо, кху хаттаран хьокъехь нийса болу некъ муьлхарг бу те?
Жоп: Х1аваан я х1ордан кеманца, я лаьттахула бог1ийла уьш, массо а хьаьжочо шен ихьрам шаьш лаьттахула я х1ордан кеманца г1учу хенахь т1ехдовлучу микъатехь дехка деза, я х1аваан кеманца доьдучу хенахь цуьнга терра д1анисделча дехка деза.Пайхамара (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна)  аьлла дела: 
 «И микъаташ царна ю, церан бахархойх а боцуш, хьаж дехка а, 1умрат дан а царна т1ебаьхкинчарна а ю». Шена т1ехь Имам Бухарин а, Имам Муслиман а цхьабарт хилла хьадис ду х1ара. 
Жиддах лаьцна аьлча,  иза т1ебог1учарна  микъат яц, амма иза цигахь болчу бахархошна а, хьаж, 1умрат дан а лаар а доцуш цига баьхкина хилла, цул т1аьхьа хьаж дан а, 1умрат дан а ойла кхоллаеллачарна а микъат ю.
1абдуль-1азиз ибн Баз (Дала къинхетам бойла цунах).
Хаттар: Хьалха цкъа хьаж диначу стага шена т1ера юха а хьаж дихки, амма ша 1арафатехь а волуш, цунна ц1еххьана, шен гергарчунна т1ера дехка дезара ша и хьаж, аьлла, шен нигат хийца дагадеа, ткъа цуьнан хьукма муха хуьлу? Цо и дан мега я ца мега?
Жоп: Адамо шена т1ера хьаж дехка нигат дича,  цуьнан цул т1аьхьа иза хийца бакъо яц  я некъахь, я 1арафатехь, я кхийолчу меттехь. Бакъдерг аьлча, цунна т1едужу и хьаж шена т1ера дар,  и хийца а ца хуьйцуш я шен дена, я нанна, я кхиболчарна т1ера. Сийлахь-Везачу Аллах1ан дашна т1е а доьг1на, цунна иза фарз 1айн хуьлий т1едужу. Сийлахь-Везачу Аллах1-Дала аьлла: 
 «Аша кхочушде хьажжий, 1умраттий Аллах1ана». Аль-Бакъара сурат, 196 аят.
Нагахь санна цо иза шена т1ера дихкинехь, шена т1ера кхочушдан деза цо иза, нагахь кхечунна т1ера дихкинехь, ша дихкинчунна т1ера кхочушдан деза, ихьрам дихкинчул т1аьхьа хийцанне а хуьйцур дац цо иза, нагахь санна хьалхе шена т1ера хьаж дина и хиллехь. 
1абдуль-1азиз ибн Баз (Дала къинхетам бойла цунах).
Хаттар: Со жима волчу хенахь нана елла сан, иштта тешаме волу цхьа стаг механа лаьцнера цо шена т1ера хьаж дан, иштта да а велла сан, амма суна ца хаьа цаьршиннах лаьцна цхьа а х1ума, цаьршинна т1ера хьаж  дина я ца дина. Цхьаболчу гергарчу наха сан дас  хьаж дина олуш хезнера суна. Аса сайн нанна т1ера хьаж дан мехах стаг лаца мегар дуй, я аса айса дан деза цу шинне а  т1ера хьаж? Иштта сайн дена т1ера хьаж дай аса, цо хьаж дина олуш хаза-м хезнера суна?
 Жоп: Нагахь санна шар1о бохучу буьззина болчу новкъа ахьа цаьршинна т1ера айхьа хьаж деш къахьегахь, уггаре а деза ду хьуна. Амма нагахь санна, цаьршинна т1ера хьаж дан  ахьа дин а, тешам а болчу нахах цхьаъ механа лацарх х1умма а дац хьуна. Дезох дерг - ахьа цаьршинна т1ера хьажжий, 1умраттий дар ду, иштта цаьршинна т1ера хьаждоьхкуьйтучуьнга ахьа, цаьршинна т1ера хьажжий, 1умраттий делахь алар а. Иза хьо цаьршинна муьт1ахь хиларрий, ахьа цаьршинна дикадерг даррий ду хьуна, Аллах1-Дала тхоьгара а, хьоьгара а къобал дойла.
1абдуль-1азиз ибн Баз (Дала къинхетам бойла цунах).
Хаттар: Зудчо хьаж ди, хьажан белхаш берриге а кхочуш а би цо, и хьаж парз дуйла шена хуъушехь, шеца дакхош долу жима бер долун дела, шен метта т1улгаш кхисса цхьаъ векал а вина,  ша т1улгаш кхиссар дити цо, цуьнан хьукма муха ду?
 Жоп: Цунна цхьа а тайпанара г1уда ца хьаьрча, цуьнан векало цунна т1ера кхуьссучу т1улгаша кхачо йийр ю, и т1улгаш кхуьссучу хенахь адам дукха долуш, вала, вола а меттиг ца хуьлу дела, т1аккха цигахь зударшна ч1ог1а кхераме ду, бен дац цуьнца цхьаьна бер делахь а, дацахь а.
1абдуль-1азиз ибн Баз (Дала къинхетам бойла цунах). 
Хаттар: Стага цхьана стагана  т1ера хьаж делахь аьлла кхечуьнга весет дан мегий, ша  весет динарг дийна вуйла хуъушшехь?
Жоп: Нагахь санна и весет дийриг, я цуьнан метта х1уттург, къаналлина  я толур воцу цамгар кхетна, хьаж далур доцуш,  к1елвисина велахь,  т1аккха х1умма а дац.
Пайхамара (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна) , шена т1е а веана, шен  дега хьаж далац, я некъ балац аьлла, шега балхам биначу стаге элира, аьлла, деана дела: 
«Хьайн дена т1ера хьаж де, 1умрат а де».  Иштта Делан элчано (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна)  Хус1амийата шега, «Х1ай Делан элча, боккъалла а, сан дена хьаж даран Делан парз т1едуьйжи, амма цуьнан хьаж дан ницкъ бац» аьллачу хенахь, жоп делла: «Хьайн дена т1ера хьаж де ахь», -аьлла.
1абдуль-1азиз ибн Баз (Дала къинхетам бойла цунах). 
Хаттар: Нагахь санна шена т1ера хьаж де аьлла весет дина а доцуш стаг веллехь, т1аккха цунна т1ера цуьнан к1анта хьаж дахь, цу веллачунна парз т1ерадолу? 
Жоп: Нагахь санна бусалба а волуш, хьалха шена т1ера хьаж дихкина а волуш волчу цуьнан к1анта цунна т1ера хьаж дахь, цунна парз т1ерадолу. Иштта нагахь санна цуьнан к1ант а воцуш, кхиболчу, бусулба а болуш, хьалха шайна т1ера хьаж дихкина а болчу нахах цхьаммо дахь а парз т1ера долу цунна. Ибн 1аббаса (Дела реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) ассахьиьхьайни олучу жайни чохь дийцина долчу хьадисана т1е а доьг1на: «Цхьана зудчо аьллера: «Х1ай Делан элча, боккъалла а, Дала шен лешна т1едиллина долу парз кхочушдар т1едоьжна, и хьаж дан, я некъ бан ницкъ кхочур  боцуш волчу, къаналла к1елвисина волчу сан дена, цунна т1ера хьаж айса дай аса?» Делан элчано (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна) элира: 
 «Х1аъ, цунна т1ера хьаж де ахь».
1абдуль-1азиз ибн Баз (Дала къинхетам бойла цунах). 
Хаттар: Хьаьжочо хьаждаран са1йу (Софа а, Марват а олучу шина гуна юкъахь д1асавадар) ифадзот олучу т1авафана хьалхадаккха мегий?
Жоп: Нагахь хьаьжо муфрид (деккъа хьаж деш) велахь, я къорин (хьаж,1умрат а хуттуш) велахь а, цо са1йу (Софа а, Марват а олучу шина гуна юкъахь д1асавадар) ифадзот олучу т1авафана хьалхадаккха мегар ду. Г1урбанна ен  х1ума ялош вог1уш волчу Пайхамара (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна)  а, цуьнан асхьабаша а ма-дарра, Макка д1акхачаран т1авафал т1аьхьа дийр ду цо иза. Амма нагахь и хьаьжо мутаматти1 (1умраттий, хьажжий цхьаьнадийриг) велахь, цунна т1ехь ши са1йу ду:
Хьалхарниг: Макка д1акхочуш, иза 1умратна дерг ду.
Шозлаг1ниг: Хьаж деш волчу хенахь, дезох дерг ифадзот олучу т1авафана т1аьхьа хилар ду, са1йу дар т1авафана т1аьххье дог1у дела.Нагахь санна цо иза т1авафана хьалха даьккхинехь, цхьа а къа дац, тоьлла долчу дашна т1е а доьг1на. Пайхамаре (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна)  хаттар деш элира: «Т1аваф дале са1йу ди-кх аса?» Элчано (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна)  элира: «Х1умма а дац». 
1ийда дийнахь хьаьжочо т1аьхьа - хьалха хьажан белхех долу пхи х1ума дийр ду:
1. Жумра аль-1акъабат олучу чуьртана т1улгаш кхиссар.
2. Г1урба дер.
3. Корта д1абашар я месаш ларгар.
4. Хьаьжц1енна гонаш дахар (т1аваф дар).
5. Софана а, Марватна а юкъахь д1асавадар (са1йу дар).
Нагахь санна иза къорин (хьажжий, 1умраттий цхьаьнахуттург), я мутаматти1 (1умраттий, хьажжий цхьаьнадийриг) вацахь, цо Макка д1акхаьчча деш долу аль-къудум олу т1аваф дийр ду. Дезох дерг - вай т1аьхьа-хьалха охьадагар ма-дарра кхочушдар ду. Нагахь санна цо царах цхьаъ вукхул хьалхадоккхуш дахь, цхьа а х1ума дац. Иза Сийлахь-Везачу Делан къинхетам а, Цо бина аьтто а бу.
Мухьаммад ибн 1усаймийн (Дала къинхетам бойла цунах).
 Хаттар: Стага шена т1ера 1умрат динчул т1аьхьа, шен дена т1ера 1умрат дар муха ду, цо шен дена т1ера деш долу 1умрат Маккахь Тан1им олучу меттера юхадахь, цуьнан 1умрат нийса хуьлий, я цо хьаж доьхкучу микъатера схьа дехка деза иза?
Жоп: Нагахь санна ахьа хьайна т1ера 1умрат динехь, цул т1аьхьа цунах д1а а васта велла, хьуна хьайн веллачу я к1елвисинчу дена т1ера 1умрат дан лиънехь, хьайна и 1умрат дехкар хьаналдечу Тан1им олучу метте юхаг1ур ву хьо, цигара 1умрат доьхкур ду ахьа. Хьо микъате ваха оьшуш а дац.
Даима  талламаш бешший, жоьпаш  лушший йолу бусалба динан комитет.
Хаттар: Ифадзот олу т1аваф 1одикаяран т1авафца цхьаьна дан мегий, шен махка юхаван Маккара араволучу хенахь?
Жоп: И дарх х1умма а дац, стага ифадзот олу т1аваф т1аьхьа а тетти, амма т1улгаш кхиссина, массо а х1ума дина а ваьлла шен ц1а ваха ойла цуьнан ма-сецци, цо ифадзот т1аваф дахь, 1одикаяран т1авафна кхачам хир бу.
Нагахь санна цо и шиъ (ифадзот а, 1одикаяран а т1авафаш) цхьаьна дахь, диканна т1е а дика ду и. Амма бакъду, цо цхьаьнца кхачам  а бина, 1одикаяран т1аваф дан нигат дахь,  я и т1аваф дарца и шиъ ший (ифадзот а, 1одикаяран а т1авафаш) т1ера даккха нигат дахь, цунна кхачо хир ю.
1абдуль-1азиз ибн Баз (Дала къинхетам бойла цунах). 
Хаттар: Со Жидда-г1алин вахархо ву, ворх1азза хьаж дина аса, цхьаболчу наха Жиддин бахархошна т1ехь 1одикаяран т1аваф дар дац аьлла дела, и 1одикаяран т1авафаш ца дина аса. Сан хьаж нийса ду я дац? Дала диканца бекхам барш, пайданна т1енисвеша со.
Жоп: Жиддин а, кхин йолчу шахьарийн а бахархошна т1ехь декхар ду, 1одикаяран т1аваф дина а бен Маккара д1ацабахар, Т1оиф-г1алин, и санначеран а бахархой д1а-ма-баххара, Пайхамара (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна)  хьажошна хут1ма доьшуш аьллачу дешнаша массо а шена чулоцу дела. Цо (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Шух цхьа а Маккара сихха ведда д1а ма г1ойла, шен т1аьххьара йоккху хан Хьаьжц1енна уллохь хиллалц».  Х1ара хьадис Муслима шен «ас-сахьиьхь» ц1е йолчу жайни чохь далийна.
Имам Бухарин а, Имам Муслиман а «ас-сахьихь» ц1е йолчу жайнашкахь далийна ду Ибн 1абаса (Дела реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина хьадис. Цо элира: «Пайхамара  (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна) нахе омра дина шаьш т1аьххьара йоккху хан Хьаьжц1енна уллохь ерг  хилийта, аьлла, ламаз дохо ц1ий гучудаьлла йолчу зудчунна и т1ерадаккхар доцург». И альвада1 - 1одикаяран т1аваф дитинчунна т1е г1уда хьаьрча. И г1уда эмкалан я бежанан ворх1алг1а дакъа ду, я жех цхьа корта бу». 
1абдуль-1азиз ибн Баз (Дала къинхетам бойла цунах).
Хаттар: Стаг Хьаьжц1енна гонаш дохуш пхоьалг1ачу гоьне ма-кхаьччи, масала, и пхоьалг1а го чекх а ца баьлла цуьнан, ламазна къамат ди, т1аккха, ламаз а дина, т1аваф кхид1а кхочушдан хьалаг1етти иза, цо ша сецначуьра д1а кхочушбахь, цо ламаз дархьама юкъара баьккхина болу и пхоьалг1а го лорур буй цуьнан, я и пхоьалг1а берг лара а ца лоруш, 1аьржачу т1улгана т1ера юха  керла д1аволавала веза и?
Жоп: И санна долчу хьолехь цо и го юхаболо ца безар нийсадерг ду, ша и хаддийнчу меттера д1аволалур ву иза, имамца цхьаьна ламаз дархьама. Делехь ду-кх динах болу кхетам вайна балар.
Даима талламаш бешший, жоьпаш  лушший йолу бусалба динан комитет.
Хаттар: Тхо Австралехь дехаш ду. Кху шарахь Австралерчу бусулба нехан цхьа йоккха тоба ю парз хьаж  кхочушдан лаьаш. Масала, тхо Сиднера новкъадовлу, ткъа тхо охьадисса деза х1аваан кеманийн кхо меттиг ю Жидда, Абу Зоби, Бахьрайн, тхан ихьрам доьхку Микъат мичахь хуьлу т1аккха? Оха Сиднера ихьрам дехка деза те, я кхечу меттехь дехка деза те?
Жоп: Я Сидней, я Абу Зоби, я Бахьрайн хьаждехкаран я 1умрат даран микъатех микъат яц. Жидда шу санначарна микъат яц, иза шен бахархошна микъат ю. Шаьш х1аваан кеманца Макка йолчу аг1онгахьа доьлхуш делахь, аша ихьрам дехка деза уггаре хьалха т1екхаьчначу микъатехь. Пайхамара (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна), ша микъат билгалечу хенахь,   аьлла дела: «И микъаташ царна ю, церан бахархойх а боцуш, хьаж дехка а, 1умрат дан а царна т1ебаьхкинчарна а ю». Шена т1ехь Имам Бухарин а, Имам Муслиман а цхьабарт хилла хьадис ду х1ара. 
Шун аьтто бу х1аваан кеманан белхалочуьнга, шаьш цу т1е кхачале, хатта. Нагахь санна аша ихьрам дихкина а доцуш, цу микъатана т1ехдовларна а кхийрина, шаьш т1ехдовла дезачу цу микъате кхачале хьаждарна а, 1умратна а ихьрам дихкина, лаббайка дешарх цхьа а х1ума дац. Амма ихьрамна, и ц1андарца, я лийчарца, я ихьраман духар т1едухарца кечамбар муьлххачу меттехь а  мегаш ду.
Хаттар: Къиран олу хьаж а дихкина, аьлча а, хьаж 1умратах хоьттина дихки цо, уьстаг1на урс хьакхаза а, и саг1ина Маккин пекъаршна д1асабалаза а, марха кхабаза а волуш Маккара д1а а вахана, хьаж чекх а даьлла, Хьаьжц1енна а, Сийлахьчу меттигашна а генаваьлла висинчун хьукма муха ду?
Жоп: Цо ша я шена тешаме хетачу стаге г1урбанна кхачаме хир болу уьстаг1 бен беза, пекъаршна д1аса а боькъур болуш, Сийлахьчу Маккахь ша къиран - хьажжий, 1умраттий цхьаьнахоттар бахьана долуш. Цуьнан бакъо ю цуьнах цхьажимма даа а, шена луучунна саг1ина дала а. Нагахь ц1ий даккха цуьнан аьтто бацахь, цо итт дийнахь марханаш кхобур ду.
Даима талламаш бешший, жоьпаш  лушший йолу бусалба динан комитет.
Хаттар: Хьаьжочо, ифадзот а, аль-вада1-1одикаяран а т1авафаш доцург, хьаждаран ерриге а меженаш а, цуьнан декхарш (важабаш) а кхочушди, ткъа цо и ифадзот олу т1аваф хьаждаран т1аьххьарчу дийнахь нисделла цуьнан, ташрикъ денойн шолг1ачу дийнахь, цо ифадзот олург ди, амма 1одикаяран т1аваф ца ди, цо боху: «Иза тоьаш ду, ша Маккин бахархойх вац, ша Са1удин пачхьалкхан кхийолчу шахьарийн бахархойх ву», цунна т1е х1ун декхар хьаьрча? 
Жоп: Иштта ма-дийццара и болх белахь, цуьнан Маккара аравалар ифадзот олучу т1авафца хоьттина а делахь, цо диначу ифадзот олучу т1авафо 1одикаяран т1авафна кхачо йийр ю, нагахь санна иза т1улгаш кхиссина ваьлла хиллехь.
Даима талламаш бешший, жоьпаш  лушший йолу бусалба динан комитет.
Хаттар: Ифрад (деккъа хьаж дар) олу хьаж дихкина аса, 1арафате вахале т1аваф а, са1йу а дина аса, т1аккха ифадзот олу т1аваф дечу хенахь, я цу ифадзот олучу т1авафца т1аваф а, са1йу а цхьаьна дан дезий аса?
Жоп: И ифрад олу хьаж дихкинарг, иштта къорин а волуш цо хьаж а, 1умрат а - дерриге цхьаьна хоьттинехь, цул т1аьхьа и Макка схьавеа, т1аваф а ди цо, са1йу а ди, шен ихьрамах парг1ат а ца волуш виси иза, ша муфрид я къорин волу дела, ткъа цунна цхьа са1йу тоьаш ду, шолг1аниг дар т1ехь дац цунна. Нагахь санна цо 1ийда дийнахь я цул т1аьхьа  т1аваф динехь, цо ифадзот олу т1аваф дича кхачаме ду, г1урбанаш дойъу дийне валлалц иза шен ихьрамах парг1ат ца ваьллехь, я цуьнца цигахь ен юьгуш х1ума хили, т1аккха иза шен ихьрамах парг1атвер вац г1урбанаш дойучу дийнахь цу хьаждарх, 1умратах - дерригенах ша парг1ат валлалц.    Цо хьалха дина долу са1йу цунна тоьаш ду, цуьнца ен юьгуш х1ума хиллехь а, ца хиллехь а, нагахь санна иза 1ийда дийнахь 1арафат т1ера охьавоссале парг1ат валанза хиллехь, ткъа цунна кхачаме ду цо хьалха дина долу са1йу, цо шолг1а са1йу дан ца оьшу, нагахь санна иза хьаж а, 1умрат а цхьаьнахуттуш хиллехь, я деккъа хьаж деш хиллехь. Боккъалла а, шолг1а са1йу дар мутаматти1на т1ехь ду, 1умрат а дихкина, т1аваф дина, т1аккха са1йу дина, ихьрамах парг1ат ваьлла, цул т1аьхьа хьаж дихкина волчу, оцунна т1ехь ду хьаж дарна шолг1а са1йу дар, 1умратна дина долу са1йу доцург а.  Даима  талламаш бешший, жоьпаш  лушший йолу бусалба динан комитет.
Хаттар: Я хьаж дан, я 1умрат дан лаам а боцуш, Макка ваханчун хьукма муха ду? 
Жоп: Совдегар а, белхало а, поштан белхало а, машен лелошверг а, иштта кхиниш санна балхана, я и санна долчунна,  хьаждан, я 1умрат дан лаам а боцуш, Макка бахча, царна т1ехь ихьрам дехкар дац, царна лиъча бен.  Ц1ена долчу хьадисехь Пайхамара  (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна), микъаташ юьйцучу хенахь, аьлла дела: «Уьш царна ю, хьаж я 1умрат дан лаьаш церан бахархой а боцуш, царна т1е баьхкинчарна ю». Цунах вай схьакхетарг х1ун ду хьуна аьлча, дера ду хьаж дан я 1умрат дан лаам а боцуш цу микъаташна т1ехволучунна ихьрам дехкар т1ехь дац борхург, иза Дала шен лех бинчу къинхетамах а, Цо цаьрна бинчу аьттонах а ду.
 (ат-Тахькъийкъ вальидохь ц1е йолу жайна - 1абдуль-1азиз ибн Баз)
Хаттар: Цигахь ен х1ума йоцуш висича, мутаматти1о (1умратца хьаж доьхкучо) а, къорино (хьажца 1умрат хуттучо) а х1ун дан деза?
Жоп:  Мутаматти1о (1умратца хьаж доьхкург), я къорино (хьажца 1умрат х1уттург), шаьшшиъ цигахь ен х1ума йоцуш висча,  Хьаьжц1ахь а волуш кхо марха кхаба деза, ворх1 шен махка ц1авирзича а кхобуш, и кхоъ кхабарехь цунна елла парг1ато ю, шена лаахь г1урбанаш деле кхобур ду цо, шена лаахь ташрикъ кхаа дийнахь кхобур ду. 
Сийлахь-Везачу Аллах1-Дала аьлла: «Аша хьаж а, 1умрат а кхочушде. Амма нагахь шаьш некъахь совцадахь, шайн аьтто берг х1ума е, аша шайн кортош д1а ма даша, и юьйриг шен метте д1акхаччалц. Ткъа шух цомгуш хилларг, я шеца шен коьртехь цатам (мезий) хилларг, цунна т1ехь г1уда ду -марха
кхабар, я саг1а даккхар, я ц1ий даккхар. Амма шаьш кхерамазалла йолуш хилча, 1умрат хьажца дечунна т1ехь ду, юьйчу х1уманех аьтто берриг ер. Амма ен х1ума ца карийначунна т1ехь Хьаьжц1ахь кхаа дийнахь марханаш кхабар ду, ворх1- шаьш ц1а дирзича. Уьш дуьззина итт ду. И ду шен доьзал цу хьаьрмана уллохь бехачарна, Аллах1-Делах кхера шу, шуна хоийла, Аллах1-Дела та1зар ч1ог1а долуш хилар».  Аль-Бакъарат сурат.
«Сахьихь аль-Бухарий» олучу жайни чохь ду, 1айшата а, ибн 1умара а (Дела реза хуьлда цаьршинна) дийцира, аьлла: «Ташрикъ деношкахь марханаш кхаба бакъо елла ма яц, урс хьакха х1ума кароза волчунна а бен».
Дезох дерг - и кхо марха кхобу денош 1арафат денна хьалхадахар ду, 1арафат дийнахь багахь марха доцуш хилархьама. Пайхамара (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна)  1арафат дийнахь марха доцуш сецна дела, 1арафатехь 1арафат де марха кхабар цо емал а дина дела. И дийцина долу кхо де т1аьхьа-хьалха а, юкъа хан йолуьйтуш а кхаба мегар ду, иштта и ворх1 де а т1аьхьа-хьалха кхабар т1ехь дац. Бакъдерг аьлча, уьш кхаба мегар ду дерриге цхьаьна гулдина а, къаьстина а,  Сийлахь-Везачу Дала цуьнгахь т1аьхьа-хьалха кхабар биллам ца х1оттийна дела.  Сийлахь-Везачо аьлла дела: «..ворх1 а шаьш ц1а дирзича». аль-Бакъара сурат.
Аьтто боцчо марха кхабар г1олехь ду, шена т1ера г1уданна ен х1ума нахе йоьхуш лелачул а.
(ат-Тахькъийкъ вальидохь ц1е йолу жайна - 1абдуль-1азиз ибн Баз)
Хаттар: Зудчо хьаждечу заманчохь, шен ламаз дохо ц1ий ца далийта я иза т1аьхьататтархьама дарбанан буьртигаш мала мегий?
Жоп: Зудчо хьаждечу заманчохь шен ламаз дохо ц1ий ца далийта я иза т1аьхьататтархьама, 1адатехь ма-хиллара,  ц1ий доладаларна а кхийрина,  дарбанан буьртигаш мала мега, зудчун могашалла 1алашъян хуур долчу лоьрах дагаяьллачул т1аьхьа. Иштта цо мархин баттахь а мала мега и буьртигаш, нагах шена нахаца цхьаьна марханаш кхаба лиънехь.
1абдуль-1азиз ибн Баз (Дала къинхетам бойла цунах).
Хаттар: Хьаж доьхкучу беттанашкахь а доцуш, микъате кхаьчначо х1ун дан деза? 
Жоп: Микъате кхачаран ду ши хьал:
1. Хьаж ца дечу беттанашкахь, масала, Рамазан а, Ша1бан а баттахь цига кхачар.
Цуьнан хьокъехь долу суннат 1умрат дан шен дагца  нигат а дина, шен маттаца цо алар ду: «Лаббайкаллох1умма 1умратан (Хьуна хьалха ву-кх со Дела, 1умрат дихки аса)», я «Аллох1умма, лаббайка 1умратан (я Аллах1, Хьуна хьалха ву-кх со, 1умрат дихки аса)». Ша Хьаьжц1енна т1екхаччалц мелла а дукха лаббайка доьшур ду цо.Т1аккха лаббайка саца а дина, ворх1азза гонаш дохур ду цо т1аваф дарца, Ибрах1иман лорна ( Макъам Иброх1ийманна) т1еххьа ши рака1ат суннат ламаз дийр ду цо, цул т1аьхьа Софа а, Марват а олучу шина гунна юккъехь д1асаводур ву иза са1йу дарца, т1аккха шен корта д1абошур бу, я месаш яцйийр ю. Иштта цуьнан 1умрат кхочуш хир ду, ихьрам дихкина волчу хенахь цунна дихкина мел хилларг хьанал а ду цунна цул т1аьхьа.
2. Хьаж доьхкучу беттанашкахь микъате кхачар (и беттанаш ду шаввал а, зуль-къа1да а), зуль-хьижжат беттан хьалхара  итт де а.
И санначунна кхаа х1уманна харжам ло: деккъа хьаж дан а, деккъа 1умрат дан а, и шиъ цхьаьнатоха а. Пайхамара (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна) хьажжа аль-вада1 (1одикаяран хьаж) дечу хенахь, зуль-къа1да баттахь ша микъате кхаьчча, шен асхьабашна цу кхаа балхах цхьа болх харжар делла хилла. Амма иштта кху белхан хьокъехь суннат дерг, нагахь цуьнца ен х1ума яцахь, цо 1умрат и дихкина, кхочушдар ду, хьаждаран беттанашкахь а доцуш цу микъате кхаьчначо дан дезарг. Пайхамара (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна)  шен асхьабашка, уьш Маккина гергакхаьчча, шайн ихьрам, 1умрат алий, дехка аьлла, омра деш царна иза ч1аг1дина дела.
   «ат-Тахькъийкъ вальидохь» ц1е йолу жайна - 1абдуль-1азиз ибн Баз  (Дала къинхетам бойла цунах).
Хаттар: Сан къена йоккха стаг ю, иштта хьаж дан лууш а ю иза, амма шеца  вига  гергарниг вац цуьнан ша йолчу махкахь, ткъа генарчу махкахь болчу гергарчеран цуьнца баха даьхни дукха долу, ишттачу хьолехь х1ун дан деза? 
Жоп: Цунна т1ехь дац хьаж дар. Х1унда аьлча, зудчун бакъо яц шеца цхьаьна гергарниг волуш а бен Хьаьжц1а яха, жима зуда хуьлийла иза я къена йоккха стаг хуьлийла иза  - бен а дац. Нагахь шеца гергарниг вига цуьнан аьтто белахь, хьаж дийр ду цо, амма хьаж дина а йоцуш лахь, цуьнан дохнах цунна т1ера хьаж дан кхиниг г1ур ву. Цуьнан метта цхьаъ Хьаьжц1а водахь, саг1а хуьлу иза, и кхин а дика ду. 
1абдуль-1азиз ибн Баз (Дала къинхетам бойла цунах)
Хаттар: Шен метта т1улгаш кхисса цхьаъ векал ван маца мега, шен метта т1улгаш кхисса кхиниг векал ван ца мегаш цхьа а де дуй?
Жоп: Шен метта берриге а т1улгаш кхисса кхиниг векал ван мега, т1улгаш кхисса ца луш висинчу цомгуш волчо а, шена цхьа вон болх хиларна кхоьручу берах йолчу зудчо а, шен берашка хьажа цхьа а воцуш йисинчу бер дакхочу зудчо а, къеначу стага а, къена йоккхачу стага а, и санна болчу к1елбисинчара а. Иштта беран велийно цу берана т1ера т1улгаш кхуьссур ду. Велис шена а, ша векал виначунна а т1ера т1улгаш кхуьссур ду цхьаьна меттера. Х1ора чуьртана уллохь шена т1ера хьалха а волалуш, цул т1аьхьа ша векал виначунна т1ера кхуьссуш, нагахь санна иза шен декхарел сов болу т1улгаш кхуьссуш вацахь, т1аккха шена т1ера волавалар коьрта дац цунна. Бакъдерг аьлча, хьаж дийриг а бен т1улгаш кхисса векал ван мегар дац. Амма хьаж дихкина воцу стаг кхечунна метта т1улгаш кхисса ваг1а мегар дац, цо кхечунна т1ера кхиссина болу т1улгаш лорур а дац.
1абдуль-1азиз ибн Баз (Дала къинхетам бойла цунах).
Хаттар: Ламаз дохош долу ц1ий даьлла, ламазна ц1ена а йоцуш, Къуръанан цхьадолу тепсираш доьшу аса, масала, аса иза дарх х1умма а дуй? Цу т1ехь суна цхьа а къа хир дуй?
Жоп: Ламаз дохо ц1ий даьллачу я бер диначул т1аьхьа д1ац1анлучу зудчо тепсир жайнаш дешарх х1умма а дац, Къуръанах хьакха а ца луш, цо ч1ог1а Къуръан дешарх а х1умма а дац, 1еламнехан тоьллачу дашна т1е а доьг1на. Амма лийчар т1едеана волчо я йолчо, зуда, стаг цхьаьна дижарца хуьлийла иза, я г1ан-набарха хуьлийла иза, ша лийччалц Къуръан деша мегар дац, Пайхамарера (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна) охьадеана дела, Къуръан дешарха иза цхьанне а х1умано юха ца тохара, аьлла, лийчар т1едаро а бен.
1абдуль-1азиз ибн Баз (Дала къинхетам бойла цунах).
Хаттар: Аса хьаж дечу заманчохь, ца хууш, сайн юьхьт1е шаршо тесна, аса цунна х1ун капарат даккха деза? 
Жоп:И шаршо ихьрамехь ца магийначарех йолун дела, и юьхьт1е тесначу зудчо капаратна уьстаг1 бен беза, я ялх стагана х1ума яо еза, я кхо де марханаш кхаба деза, хуъушехь дар биллам а болуш. Амма нагахь цо иза цуьнан хьукма ца  хууш, я ша ихьрам дехкар, я ихьрамехь магийна доцурш дицдина и шен юьхь т1е теснехь, цунна т1ехь цхьа  а г1уда дац, г1уда, боккъалла а, хуъушехь диначунна т1е дужу.
1абдуль-1азиз ибн Баз (Дала къинхетам бойла цунах).                  
          
      ХЬАЖДАРЦА  ДОЬЗНА ДОЛУ ДО1АНАШ
Делан элчано (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла, деана: «Уггаре дика до1а 1арафат дийнахь динарг ду, аса а, сол хьалхарчу пайхамарша  а аьллачух уггаре дезаниг - «Ла илах1а иллаллох1у вахьдах1у ла шарийка лах1у, лах1уль-мульку ва лах1уль-хьамду, йухьъйи ва йумийту,  ва х1ува 1ала кулли шай-ин къодийр» -алар ду.
Иштта цуьнгарчу ц1еначу хьадисехь деана, цо (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна)  элира, аьлла: «Аллах1ана уггаре дукхадезаш долу къамел кхоъ ду:
«Субхьаналлох1и, валь-хьамду лиллах1и, ва ла илах1а иллаллох1у, валлох1у Акбар». 
Х1ара зуькар дукха а, юха-юха а дан деза, Далла хьаставелла, даггара. Иштта массо а хенахь,  дукха дан деза шар1ехь деана долу кхидолу зуькарш а, до1анаш а. Бен а дац, цу меттехь дича а, цу дезачу дийнахь дича а, цо тайпа-тайпанара гулдина долу зуькарш а, до1анаш а хоржур ду, царах ду: « Субхьаналлох1и ва бихьамдих1и, субхьанал- лох1иль-1азыйм  «Аллах1 ц1ена ву, Цунна хастам бу,Сийлахь-Веза волу Аллах1 ц1ена ву».
 « Ла илах1а илла анта субхьанака инни кунту миназзолимийн «Хьо воцург кхин дела  вац, со зулам диначарах хили-кх».
 « Ла илах1а иллаллох1у ва ла на1буду илла иййах1у, лах1унни1мату, ва лах1уль-фадлу, ва лах1уссанауль-хьасан «Аллах1 воцург кхин дела вац, Цунна бен оха 1ибадат ца до, ни1мат Цуьнан ду, комаршо а Цуьнан ю, мелла а хаза хастам а Цунна бу».
« Ла илах1а иллаллох1у мухлисыйна лах1уддийна ва лав карих1аль-кафирун «Аллах1 воцург кхин дела вац, и цхьаъ хиларна тоьшалла до вай, дин Цуьнан дуьхьа даггара лелош, керстанна мел ца дезахь а».
« Ла хьавла ва ла къуввата илла биллах1 «Диканна т1енисвар я вонах д1ахьовзавар а дац Аллах1ан карахь а бен».
« Роббана атина фиддунйа хьасанах1, ва филь-ахироти хьасанах1, ва къина 1азабаннар «Тхан Дела
дуьненахь а, эхартахь а диканиг лохьа тхуна, жоьжахатин 1азапах тхо 1алаш а дехьа».
Сийлахь-Везачу Аллах1а аьлла: «Шун Дала аьлла: «Аша Соьга деха, Аса шуна жоп лур ду. Боккъалла а, Суна 1ибадат дан куралла йийриш сийсаза а болуш, жоьжахати чу г1ур бу». Г1офир сурат, 59-60 аяташ.
Делан элчано (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Боккъалла а, Сийлахь-Веза волу шун Дела ч1ог1а эхь хеташший, комаьрший ву, Шен лено Шега до1ица ши куьг кховдийча, жоп далаза и шиъ деса дита эхь хета цунна». 
Делан элчано (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна)  иштта кхин а аьлла: «Бусалба стага Деле доьхуш до1а ма ца до, шена юкъахь къадерг я гергарло хедор а доцуш деш долу до1а, Аллах1-Дала и до1а бахьана долуш цунна кханнах цхьаъ луш а бен: Цо цуьнан до1ина сихха жоп ло, я эхартана д1адуьллу иза, я и санна долу вониг цунах духатуху Цо».  Т1аккха ладуг1учара элира: «Т1аккха мелла а дукха баха деза-кх оха?» Элчано (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна) элира: «Аллах1-Дала кхин а алсам ял ло-кх».                       
                   ДО1А ДАРАН БАКЪОНАШ
« Ц1енна  Делан  дуьхьа дар
« Аллах1-Далла хастам бар, Иза хеставар, цул т1аьхьа Пайхамарна (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна)  салот диллар, т1аккха дехар, иштта и до1а дерзор ду цо хастам бина, И Дела хастийна, ша Пайхамарна (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна)  салот ма-диллара.
« Шен до1анехь хадам боллуш хиларрий, жоп лур ду аьлла тешна хиларрий. « Дог а  ца дуьллуш, юха-юха дехаррий, сих ца валаррий.
« Шен дог до1ина т1едерзор.
« Аьттонехь а, халонехь а цхьатерра Дела дагавог1уш до1а дар.
« Деккъа цу Деле бен ца дехар.
« Шен доьзална а, даьхнина а, доьзалхочунна а, ша-шена а сардамаш доьхуш ца дехар.
« Мохь тоьхна дарна а, къайлаха дарна а юккъерчу барамехь шен аз дайдина до1а дар.
« Шен къиношна къера хиларрий, царна гечдар дехаррий, Дала шена деллачу диканна къера хиларрий, цу т1ехь Далла хастам-шукур даррий.
« Совдерш ца лелор.
« Цу до1ина шен са парг1ат даккхаррий, Далла хьаставаларрий, Делан ялсаманене сатийсаррий, жоьжахатих кхераррий.
« Ша тобадарца цхьаьна, ша нехан лечкъийна, я нуьцкъах схьаяьхна, я  ц1е кхоьллина, я г1ийбат дина долу зуламаш духадерзор.
« Ша доьхург кхузза дехар.
« Къилбехьа верзар
« До1анехь куьйгаш хьалаайдар.
« Шен аьтто белахь, до1а дале ламаз эцар.
« До1а дечу заманчохь Делаца хаза г1иллакх лацар.
Делан элчано (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна)  аьлла: «До1адар -1ибадат лоруш ду».
          ИШТТА ДО1АДАРАН БАКЪОНЕХ ДУ:
« Цо хьалха шена дехар, цул т1аьхьа кхечунна доьхур
ду цо, «Я Аллах1, хьенехана гечдехьа» -олуш.
« Далла т1е некъ лахар, Цуьнан т1ех хазачу ц1ерашца а, Цуьнан т1ех лекхачу сибаташца а, я до1а дечо ша йина хилла йолчу дикачу 1амалца, я шена уллохь а волуш, дийна а волуш волчу дикачу стаге до1а дайтарца.
« Шен дааррий, маларрий, духаррий хьанал хилийтар.
« Къа долчуьнца а, гергарло хадор доьхуш а до1а ца дар.
« До1адийриг диканиг де олуш, вониг емалдеш, 1есачу х1уманех 1алашлуш  хилар.
                        ДО1ИНА ЖОП ЛО ХЕНАШ:
« Буьйса юккъе яхча.
« Х1ора ламазна т1аьхьа.
« Молла кхайкхарна а, къамат дарна а юккъехь.
« Буьйсанан кхоалг1ачу декъан эхарехь.
« Парз ламазашна моллалла кхойкхучу хенахь.
« Ч1ог1а дог1а тухучу хенахь.
« Рузбанан дийнан т1аьххьарчу сохьтехь.
« Ц1еначу нигатаца Замзам хи молучу хенахь.
« Сужданехь.
« Бусалба вашас шен бусалба вешина до1а дечу хенахь.
« 1арафат дийнахь до1а деш.
« Бусалба нах зуькаран межлисашка гулбелча.
« Дас-нанас шаьшшинан доьзалхочунна диканиг доьхуш, я цунна вониг доьхучу заманчохь.
« Некъахочо до1а деш.
« Шен дена-нанна муьт1ахь волчу доьзалхочо до1а деш.
« Нагахь санна Элчанера (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна) охьадеана долу до1анаш дахь, ламаз эцначул т1аьхьа до1а дечу хенахь.
« Жимачу чуьртана т1е т1улгаш кхуьссучу хенахь.
« Юккъерчу чуьртана т1е т1улгаш кхуьссучу хенахь.
« Хьаьжц1енна чоьхьа до1а деш, аль-Хьижр олучу меттигна чоьхьа до1а дийриг Хьаьжц1енна чохь лоруш ву.
« Софа гу т1ехь до1а деш.
« Марват гу т1ехь до1а деш.
«Муздалифатехь аль-Маш1ар аль-Хьарам олучу меттигехь до1а деш.
Цхьа а шеко яц, Делах тешачо, боккъалла а, муьлххачу хенахь а, муьлххачу меттехь а до1а дан мега.
Иза  -Ц1ена-Лекха верг-  Шен лешна гергахь ву. Сийлахь-Везачо аьлла: «Нагахь санна хьоьга Сан леша, Сох лаьцна хаттахь, ткъа, боккъалла а, Со царна герга ву, доьхучун до1ина жоп луш. Цара Суна жоп лойла, цара Соьга иман а дуьллийла, боккъалла а, нислур бу уьш». аль-Бакъара сурат, 185-186 аяташ.
Бакъдерг аьлча, х1ара хенашший, хьелашший, меттигашший мелла а ч1ог1а шайна т1е тидам бахийта безаш ю. 
                  ХАЬРЖИНА ДОЛУ ДО1АНАШ
Х1ара  до1анаш я царах шен аьтто берш дар дог1уш ду 1арафатехь а, Муздалифатехь йолчу аль-Маш1ар аль-Хьарам олучу меттехь а, иштта кхийолчу до1анаш дан еза хилар билгалйинчу меттигашкахь 
Аллох1умма инни  ас-алукаль-1афва валь-1афийата фи дини ва дунйайа ва ах1ли ва мали Аллох1уммастур 1авроти ва амин ров1ати Аллох1уммахьфазни мин байни йадаййа ва мин хольфи ва 1ан йамини ва 1ан шимали ва мин фавкъи ва а1узу би1азоматика ан уг1тала мин тахьти.
Я Аллах1, боккъалла а, Хьоьга доьху аса гечдар а, аьтто бар а сан динеххьий, сан дуьненаххьий, сан доьзалеххьий, сан даьхнеххьий. Сан сакхташ хьулдехьа, со кхерамах 1алашвехьа. Я Аллах1, со 1алашвехьа суна хьалхай, т1ехьай, сан аьтту аг1оррий, сан аьрру аг1оррий, суна т1ехулий, Хьан сийлаллийн дуьхьа доьху аса Хьоьга, к1елд1ашхула  ямартло а йина верах а 1алашвехьа со.
Аллох1умма, 1афини фи бадани, Аллох1умма 1афини фи сам1и, Аллох1умма 1афини фи басори, ла илах1а илла Анта, Аллох1умма инни а1узу бика миналь-куфри валь-факъри ва а1узу бика мин 1азабиль-къабри, ла илах1а илла Анта. Анта рабби, ла илах1а илла анта холакътани, ва ана 1абдука, ва ана 1ала 1ах1дика, ва ва1дика, мастат1о1ту. А1узу бика мин шарри ма сона1ту, абуу лака бини1матика 1алаййа, ва абуу бизанби, фаг1фир ли, фа иннах1у ла йаг1фируз-зунуба илла Анта. Аллох1умма инни а1узу бика мина-ль-х1амми ва-ль-хьазани, ва а1узу бика миналь-1ажзи ва-ль-касали, ва миналь-бухли ва-ль-жубни, ва а1узу бика мин г1олабати-д-дайни ва къох1риррижаль. Аллох1уммаж1аль  аввала х1азаль-йавми солахьан ва авсат1ох1у фалахьан ва ахирох1у нажахьан ва ас-алука хойройиддунйа, валь-ахироти, йа архьамаррохьимийна.
  -Я Аллах1, сан дег1ана дарба дехьа, я Аллах1, сан хазарна дарба дехьа, я Аллах1, сан б1аьргашна дарба дехьа. Хьо воцург дела вац, я Аллах1, Ахьа со ларвехьа керсталла дарах а, мискаллех а, я Аллах1, Ахьа со ларвехьа кошан 1азапах а. Хьо воцург дела вац. Я Аллах1, Хьо сан Дела ву, Хьо воцург дела вац, Ахьа со кхоьллина, со Хьан лай ву, со Хьан ч1аг1онна т1ехь а, Хьан во1данна т1ехь а ву, сайн ницкъ ма-кхоччу. Аса Хьоьга  сой 1алашвар доьху айса диначу вонах. Ахьа сайна диначу диканна къера ву со, сайгарчу къинна а къера ву со, суна гечдехьа, къиношна гечдац Хьо воцчо. Я Аллахl, Хьоьга доьху аса сингаттамаххий, гlайгlанаххий, кlелвисарххий, малонаххий, бlаьрмецигаллаххий, кlилловаларххий, декхаро кlелвитарххий, дукхахдолчу хьолехь адамаша сийсаздечу хlуманаххий со lалашвар.
Аллох1умма, Инни ас-алукарридо ба1даль-къодаи ва бардаль-1айши ба1даль-мавти, ва лаззатанназри ила важх1икаль-карими, вашшавкъо ила ликъоика фи г1ойри дорроа мудыррах1, ва ла фитнатиммудыллах1, ва а1узу бика ан азлима ав узлама, ав а1тадия ав йу1тада 1алаййа, ав актасиба хот1иатан ав занбан ла таг1фирух1.
-Я Аллах1, боккъалла а, аса Хьоьга доьху, Ахьа со Хьайн
кхелана резавар, веллачул т1аьхьа хаза дахар суна далар а, Хьайн хазачу юьхье со мерза чам кхеташ хьажийтар а, цхьана а тайпана долу доккха зен а, тилош долу питана а доцуш, Хьуна дуьхьал кхета сан мелла а шовкъ хьалаяккхар а, сайгара зулам даларх а, сайна зулам дарх а сой 1алашвар доьху аса Хьоьга, айса цхьаьнна сий дайарх а я цхьаммо сан сий дайарх а, я Ахьа шена  гечдеш  доцу къа латорах а Ахьа со 1алашвар.
Аллох1умма, инни а1узу бика мин ан уродда ила арзалиль-1умури. 
-Я Аллах1,  боккъалла а, аса Хьоьга доьху къаналла к1елвиссалц йолчу оьмаре  вигарх сой 1алашвар.  
Аллох1уммах1дини лиахьсаналь-а1мали, валь-ахлакъи, ла йах1ди лиахьсанах1а илла анта.. васриф 1анни саййиах1а ла йасрифу 1анни саййиах1а илла анта.
-Я Аллах1, со уггаре а дикачу 1амалшна а, г1иллакхашна а  т1енисвехьа, царал дикачарна т1енисвийр ма вац Хьо воцчо,  царах вон дерш сох д1ахьовзадехьа, царах вон дерш сох д1ахьовзор ма дац Хьо воцчо. 
Аллох1умма, аслихь ли дини, ва васси1 ли фи дари, ва барик ли фи ризкъи. 
-Я Аллах1, сан дин тодехьа, сан эхартан х1усам парг1ате ехьа,  суна сайн рицкъанах беркат а дехьа. 
Аллох1умма инни а1узу бика миналь-къосвах1, валь-г1офлах1, ваззиллах1, валь-масканах1, ва а1узу бика миналь-куфри валь-фусукъи, вашшикъокъи,  вассум1ати, варрийаи, ва а1узу бика минассомами, валь-букми, вальжазами, ва саййииль-аскъом.
-Я Аллах1,  боккъалла а, аса Хьоьга сой 1алашвар доьху, дог дакъадаларххий, 1ибадат дар тесна дитарххий, сийсазаллеххий,  мискаллеххий, иштта аса Хьоьга сой 1алашвар доьху керсталлеххий, 1есаллеххий, барт эг1арххий, ц1еяккхийта а, гайтархьама а  х1уманаш лелораххий, иштта аса Хьоьга сой 1алашвар доьху къораллеххий, толкхаллеххий, ун даларххий, кхидолчу вочу лазареххий. 
Аллох1умма, ати нафси такъвах1а, ва закки анта хойро ман закках1а, анта валиййух1а ва мавлах1а.
-Я Аллах1, сан дег1ана Хьайха кхерар лохьа, и ц1андехьа, уггар дика и ц1андендерг Хьо ву-кх, Хьо ву-кх цуьнан вели а, эла а. 
Аллох1умма,  инни а1узу бика мин 1ильмин ла йанфа1, ва къольбин ла йахша1, ва нафсин ла ташба1, ва да1ватин ла йустажабу лах1а.
-Я Аллах1,  боккъалла а, аса Хьоьга сой 1алашвар доьху пайда ца бечу 1илманаххий, Делах ца кхоьручу дагаххий, ца дузучу сиххий, шена жоп далаза дуьтучу до1анаххий.
Аллох1умма, инни а1узу бика мин шарри ма 1амильту, ва мин шарри ма лам а1маль.
-Я Аллах1,  боккъалла а, аса Хьоьга сой 1алашвар доьху айса диначу х1уманан вонаххий, айса даза дитинчу х1уманан вонаххий.
Аллох1умма, инни а1узу бика мин завали ни1матика, ва тахьаввули 1афиятика, ва фужаата никъматика, ва жамий1а сахот1ика.
-Я Аллах1,  боккъалла а, аса Хьоьга сой 1алашвар доьху Хьан ни1мат д1адаларха, Хьан къинт1ера валар сох д1ахьовзарха, Хьо ц1еххьана оьг1азвахарха, Хьан мел йолчу  оьг1азлонех а.
Аллох1умма, инни а1узу бика миналь-х1адами, ваттародди, ва миналь-г1орокъи, валь-хьарокъи, валь-х1ароми. Ва а1узу бика мин ан йатахоб- бат1онияшшайт1ону 1индаль-мавти, ва а1узу бика мин ан амута ладийг1он, ва а1узу бика мин т1ома1ин йах1ди ила т1иб1ин. 
-Я Аллах1,  боккъалла а, аса Хьоьга сой 1алашвар доьху г1ишло йоьхна цу бухахь висарххий, дан амал доцуш,  хьал телхина сой висарххий, хи буха вахарххий, ц1аро вагораххий, гужамаллеххий (къаналла к1елвисарххий),  боккъалла а, аса Хьоьга сой 1алашвар доьху сой лечу хенахь, къайлаха сайна улло шайт1а г1ортарххий; аса Хьоьга сой 1алашвар доьху д1овштухучо къовзийна валарххий,  аса Хьоьга сой 1алашвар доьху вочу амална т1евуьгучу цхьана х1умане догдахарххий . 
Аллох1умма, инни а1узу бика мин мункаротиль-ахлакъи, валь-а1мали, валь-ах1ваи, валь-адваи. Ва а1узу бика мин г1олабатиддайни, ва къох1риррижали, ва шамататиль-а1даи.
- Я Аллах1, боккъалла а, аса Хьоьга сой 1алашвар доьху вочу г1иллакхеххий, 1амалеххий, лаамеххий, цамгареххий,  аса Хьоьга сой 1алашвар доьху декхаро к1елвитарххий, божарша г1ело ярххий, мостаг1ийн хьог1аххий. 
Аллох1умма, аслихь ли динийаллази х1ува 1исмату амри, ва аслихь ли дунйайаллати фих1а ма1аши, ва аслихь ли ахиротийаллати илайх1а ма1ади, важ1алиль-хьайата зийадатан лифи кулли хойрин, важ1алиль-мавта рохьатан ли мин кулли шаррин, робби а1инни ва ла ту1ин 1алаййа, вансурни ва ла тансур 1алаййа, вах1дини ва йассириль-х1уда ли.
-Я Аллах1, суна тодехьа сан белхаш lалашбеш долу сан дин, суна тодехьа, шена чохь сан дахар долу сан дуьне, суна тодехьа со шена чу воьрзур волу сан эхарт, со мел долчу диканех сов а ваккхийтахьа дахаре а, валаре а, со паргlатваккхийтахьа мел долчу вонах, сан Дела, суна г1одехьа, со эша ма вехьа, суна орца лохьа,  со тесна ма витахьа, со нийсачу новкъа ваккхахьа, нийсачу новкъа валар атта а дехьа суна. 
Аллох1уммаж1альни заккарон лака, шаккарон лака, мит1ва1ан лака, мухбитан илайка, аввах1ан мунийбан, робби такъоббаль тавбати, ваг1силь хьавбати, ва ажиб да1вати, ва саббит хьужжати, вах1ди къольби, ва саддид лисани, васлуль сахиймата содри.
- Я Аллах1, Хьой даима хьехош вехьа со, Хьуна даима хастам беш а, Хьуна даима муьт1ахь волуш а, даима Хьан омранна к1ел волуш а, даима тобанаш деш, дохко вуьйлуш а; сан Дела, сан тоба къобал дехьа, сан къа дилахьа, сан до1ина жоп лохьа, сан делил (аса олуш долу бакъ дош) ч1аг1дехьа, сан дог нисдехьа, сан мотт а нисбехьа, сан кийрара хьаг1, буха а яккхий, д1аяккхахьа.
Аллох1умма, инни ас-алукассабата филь-амри, валь-1азимата 1аларрушди, ва ас-алука шукра ни1матика, ва хьусна 1ибадатика, ва ас-алука къольбан салийман, ва лисанан содикъон, ва ас-алука мин хойри ма та1ламу, ва а1узу бика мин шарри ма та1ламу, ва астаг1фирука мимма та1ламу, ва анта 1алламуль-г1уйуб.
-Я Аллах1, аса Хьога доьху балхана т1ехь ч1аг1амалла ялар, нийсонна т1ера ца волуш, ч1аг1велла со сацийтар, аса Хьога доьху Ахьа деллачу ни1матна шукур дайтар, Хьайна хаза 1ибадат дайтар, аса Хьоьга доьху могаш долу дог, бакъдерг олу мотт, аса Хьоьга доьху Хьуна хууш долчун диканах дерг, аса Хьоьга сой 1алашвар доьху Хьуна хууш долчун вонах, аса Хьоьга сайна гечдар доьху Хьуна хууш долчунна, боккъалла а, Хьо къайленаш хуург ву.
Аллох1умма, альх1имни рушди, ва къини шарро нафси.
-Я Аллах1, нийсо дагатасахьа суна, сайн дег1ан вонах 1алашвехьа со.
Аллох1умма, инни ас-алука фи1лаль-хойроти, ва таркаль-мункароти, ва хьуббаль-масакини, ва ан таг1фиро ли, ва тархьамни, ва иза ародта би1ибадика фитнатан фатаваффани илайка г1ойро мафтун.
-Я Аллах1, аса Хьоьга доьху, сайга диканаш дайтар, вонаш дитийтар а, мисканаш безар далар а, Ахьа суна гечдина, сох къинхетам бар а, Хьайна Хьайн леш балийца зен лиъча, цаьрга терра бале а ца лоцуш, со д1акхалхавай, Хьайна т1е д1авигахьа.
Аллох1умма, инни ас-алука хьуббака ва хьубба манн йухьиббука, ва хьубба кулла 1амалин йукъоррибуни ила хьуббика.
-Я Аллах1, Аса Хьоьга доьху, Хьо везар сайна далар, Хьо дукха везарг везар а, Хьо дукха везарна герга вуьгу lамал яр дезар а.
Аллох1умма, инни ас-алука хойроль-мас-алах1, ва хойродду1аъ, ва хойроннажахь, ва хойроссаваб, ва саббитни, ва саккъиль мавазини, ва хьаккъикъ иймани, варфа1 дарожати, ва такъоббаль солати, ва 1ибадати, ваг1фир хот1ийати, ва ас-алукаддарожатиль-1ула миналь-жаннах1.
-Я  Аллах1, аса Хьоьга доьху хаза дехар далар, хаза до1адар а далар, буьззина болу кхиам а, хаза мел балар а, со ч1аг1вехьа, сан диканан терзанаш а даздехьа, сан иман а  бакъдехьа,со даржехь хьала а ваккхахьа, сан ламаззий, 1ибадаттий къобал дехьа, сан къиношна гечдехьа, аса Хьоьга доьху, Ахьа сайна ялсаманен уггаре лекха долу даржаш далар. 
Аллох1умма, инни ас-алука фаватихьаль-хойри, ва ховатимах1у, ва жавами1ах1у, ва аввалах1у, ва ахирох1у, ва зох1ирох1у, ва бат1ынах1у, ваддарожатиль-1ула миналь-жаннах1.
-Я Аллах1, боккъалла а, аса Хьоьга доьху диканан юьхьигашшший, цуьнан  чаккхенашший, иза  дерриге шена чулоцуш долу х1аманашший сайна далар, иштта цуьнан юхьиг а, эхар а, цуьнан т1ехуле а, къайле а, ялсаманен уггаре лекха долу даржаш а далар.
Аллох1умма, инни ас-алука ан тарфа1а зикри, ва тадо1а визри, ва тут1охх1иро къольби,  ва тухьсына фаржи, ва таг1фиро ли занби.
-Я Аллах1, аса Хьоьга доьху Ахьа сан ц1е айар, сан къа д1адаккхар, Ахьа сан дог д1ац1андар, сан  эвхье меттиг хьарам долчу зинах 1алашъяр, Ахьа сан къинна гечдар.
Аллох1умма, инни ас-алука ан тубарика фи сам1и, ва фи басори, ва фи холькъи, ва фи хулукъи, ва фи ах1ли, ва фи махьйайа, ва фи мамати, ва фи 1ильми, ва такъоббаль хьасанати, ва ас-алукаддарожатиль-1ула миналь-жаннах1.
-Я Аллах1, боккъалла а, аса Хьоьга доьху Ахьа сан лерса а, сан б1аьрса а, сан кхоллам а, сан г1иллакх а беркате дар, сан доьзалехь а суна беркат дар, сан дахар а, сан 1амал а беркате яр, сан диканаш къобал дехьа, аса Хьоьга доьху ялсаманен чохь долу уггаре лекха долу даржаш.
Аллох1умма, иини а1узу бика мин жух1диль-балаъ, ва даркишшакъоъ, ва суиль-къодоъ, ва шамататиль-а1даъ.
-Я Аллах1,  боккъалла а, аса Хьоьга сой 1алашвар доьху инзаре кхераме болчу баланах, кхин дехье а йоцуш дакъазаваларх а, вочу кхелах а, мостаг1ийн хьог1ах а.  
Аллох1умма, мукъоллибаль-къулуби саббит къольби 1ала дийник.
-Я Аллах1, хlай дегнийн ойланаш хуьйцург, сан дог Хьайн дина тlехь сацадехьа (чlагlдехьа).
Аллох1умма, мусоррифаль-къулуби сорриф къулубана 1ала т1о1атик.
-Я Аллах1, х1ай дегнийн ойланаш хуьйцург, сан дог Хьайна муьт1ахь хиларна т1едерзадехьа.
Аллох1умма, зидна ва ла тункъисна, ва акримна ва ла тух1инна, ва а1т1ына ва ла тахьримна, ва асирна ва ла туъсир 1алайна.
-Я Аллах1, тхо совдахахьа, эша ма дехьа, тхан сий хьаладаккхахьа, тхо сийсаза ма дехьа, тхуна лохьа, лучух ма дахахьа, д1атеттина ца дуьтуш, тхо харжахьа.
Аллох1умма, ахьсин 1акъибатана филь-умури куллих1а, ва ажирна мин хизйиддунйа ва 1азабиль-ахирох1.
-Я Аллах1, тхан берриге а белхийн чаккхенаш дика ехьа, дуьненахь хуьлучу сийсазаллех а, эхартан 1азапах а тхо 1алашдехьа.
Аллох1умма, икъсим лана мин хошйатика ма тахьулу бих1и байнана ва байна ма1сыятика, ва мин т1о1атика ма тубаллиг1уна бих1и жаннатака, ва миналь-йакъийни ма тух1аввину бих1и 1алайна масоибаддунйа, ва матти1на биасма1ина, ва абсорина, ва къувватина ма ахьйайтана важ1альх1уль-вариса мина, важ1аль саърона 1ала ман золамана, вансурна 1ала ман 1адана,
ва ла таж1алиддунйа акбаро х1аммина, ва ла маблаг1о 1ильмина, ва ла таж1аль мусыбатана фи динина ва ла тусаллит1 1алайна ман ла йархьамуна.
-Я Аллах1, тхуний, тхо Хьуна 1еса хиларний юкъадулур долу, Хьайх кхерар лохьа тхуна, иштта тхо шеца Хьан ялсамане дуьгур долу Хьуна муьт1ахь хилар а, дуьненан баланаш тхуна байбийр йолу серло а,  тхоьга тхан лерсих  а, б1аьрсих а, тхешан ницкъах а   пайдаэцийтахьа, Айхьа тхуна чохь са мел латтади а, цунах тхан верас а вехьа, тхуна зулам диначуьнгара ч1ир а эцахьа, тхоьца мостаг1алла долчарна т1ехь тхуна толам а лохьа, х1ара дуьне тхан коьрта 1алашо ма ехьа, я тхан 1илман дехье а, тхан динехь тхо бале а ма лацахьа, тхан къинош бахьана долуш, тхуна т1е Хьох кхоьрур а воцуш, я тхох къинхетам бийр а боцуш волу паччахь ма х1оттавехьа.
Аллох1умма, инни ас-алука мужибати рохьматика, ва 1азаима маг1фиротика, валь-г1ониймата мин кулли бирр, вассаламата мин кулли исм, валь-фавза биль-жаннах1, ваннажата минаннар.
-Я Аллахl, боккъалла а, шеко йоццуш, Хьан къинхетам тlебохьу хlуманаш доьху оха Хьоьга, ца дича йиш йоцу гечдар а, массо диканех хlонс эцар а, массо а къинойх дlацlандалар а, ялсаманеца декъал хилар а, Хьан гlоьнца жоьжахатих хьалхадовлар а.
Аллох1умма, ла тада1 лана занбан илла г1офартах1, ва ла 1айбан илла сатартах1, ва ла х1амман илла
фаррожтах1, ва ла дайнан илла къодойтах1, ва ла хьажатан мин хьаваижиддунйа валь-ахироти х1ийа лака ридон, ва лана фих1а солахьун  илла къодойтах1а йа архьамаррохьимийн. 
-Я Аллах1, тхуна т1ехь цхьа а къа ма дитахьа Айхьа гечдаза, я сакхталла а, Айхьа хьулъяза, я бала а, Айхьа д1аайбаза, я декхар а, Айхьа тхуна т1ера такхаза, я, дуьненан а, эхартан а хьаштех долу цхьа хьашт а ма дитахьа, Хьо реза волуш а, тхуна шегахь цхьа масла1ат долуш   долу, Айхьа иза тхуна кхочушдаза, х1ай т1ех къинхетаме верг.   
Аллох1умма, инни ас-алука рохьматан мин 1индика, тах1ди бих1а къольби, ва тажма1у бих1а амри, ва талумму бих1а ша1си, ва тахьфазу бих1а г1оиби, ва тарфа1у бих1а шах1иди, ва тубаййиду бих1а важх1и, ва тузакки бих1а 1амали, ва тульх1имуни бих1а рушди, ва тарудду бих1альфитана 1анни, ва та1сымуни бих1а мин кулли суъ.
-Я Аллах1, Ахьа шеца сан дог нисдийр долу а,  сан болх гулбийр болу а, со т1егулвийр волу а, суна хууш доцург Айхьа 1алашдийр долу а, суна хууш дерг Айхьа хьалаойур долу а, сан юьхь к1айъен йолу а, сан 1амал ц1анъен йолу а, со нийсачу новкъа воккхур волу а, суна т1ера баланаш бухатухур болу а, массо а вочу х1уманех Айхьа со 1алашвен волу а, Ахьа  Хьайн  къинхетам бар доьху аса.
Аллох1умма, инни ас-алукальфавза йавмаль-
къодоъ, ва 1айшассу1адаъ, ва манзилашшух1адаъ, ва мурофакъоталь-анбийаъ, ваннасро 1алаль-а1даъ.
-Я Аллах1, боккъалла а, аса Хьоьга нийсонан кхел Айхьа ечу дийнахь сой декъалвар доьху, декъал хиллачеран дахар далар а, г1азотийн меттиг ялар а, пайхамаршца цхьаьна 1ар далар а, мостаг1ашна т1ехь толам  балар а.
Аллох1умма, инни ас-алука сыххьатан фи ийманин, ва ийманан фи хьусни хулукъин, ва нажахьан йатба1ух1у фалахьун, ва рохьматан минка ва 1афиятан минка, ва маг1фиротан, ва ридвана.
-Я Аллах1, боккъалла а, аса Хьоьга иман ц1ена хилар а, хазачу г1иллакхехь долу иман  далар а, шена т1аьххье толам бог1уш болу кхиам а, Хьоьгара къинхетаммий, гечдаррий, резахиларрий доьху.
Аллох1умма, инни ас-алукассыххьата, валь-1иффах1, ва хьусналь-хулукъи, варридо биль-къодар.
-Я Аллах1, аса Хьоьга могашалла а, парг1ато а йоьху, хаза г1иллакх а, Хьан кхеланна резахилар а доьху.  
Аллох1умма, инни а1уза бика мин шарри нафси, ва мин кулли даббатин анта ахизун бинасыятих1а, инна робби 1ала сырот1иммустакъийм.
-Я Аллах1, аса Хьоьга сой 1алашвар доьху сан дег1ан а, Хьан куьйгаллин к1еллахь мел долчу, шена чохь са мел долчу х1уманан а вонах, боккъалла а, сан Дела нийсачу некъа т1ехь ву. 
Аллох1умма, анта тасма1у калами, ва таро макании, ва та1ламу сирри ва 1аланиййати, ва ла йахфа 1алайка шай-ун мин амри ва аналь-баисуль-факъийр, валь-мустаг1ийсуль-мустажийр, валь-важалуль-мушфикъуль-мукъирр аль-му1тарифу илайка бизанбих1. Ас-алука масс-алаталь-мискини, ва абтих1илу илайка ибтих1алаль-музнибиззалийль. Ва ад1ука ду1ааль-хоифиддорийр, ду1аа манн ходо1ат лака рокъобатух1у, ва заллал лака жисмух1у, ва рог1ома лака анфух1.
-Я Аллах1, Хьуна сан къамел хеза-кх, сан меттиг а го-кх, сан къайле а, гуче а го-кх Хьуна, сан балхах цхьа а х1ума къайлах дац-кха Хьуна, къен волу пекъар ву-кх со, орца доьхуш, сой 1алашвар доьхуш ву-кх со, кхоьруш, ларлуш, сайн  къинна Хьуна хьалха мукъарло деш къера ву-кх со, мискачу нехан дехарца доьху-кх аса Хьоьга, къинош летийна сийсаза волчо санна Хьоьга доьху-кх аса, б1аьрзе волуш кхоьручо доьхучу до1анца доьху-кх аса Хьоьга, шен ворта Хьуна хьалха охьатаь1начун, шен дег1 Хьуна хьалха сийсаза хиллачун, Хьуна хьалха юьхь1аьржа х1оьттиначун  до1ица.
Аллах1-Дала къинхетам бойла вайн Пайхамарх Мухьаммадах, цуьнан доьзалех, асхьабех, массарах а.
ДО1А ДАР - 1ИБАДАТ ДУ

Цхьана х1уманна т1е хууш деш долу до1а
Бисмиллах1, альхьамду лиллах1 
-Аллах1ан ц1арца, хастам Аллах1ана бу. 
Субхьаналлази саххоро лана х1аза ва ма кунна лах1у мукъринийна (13). Ва Инна ила роббина ламункъолибуна (14).  
-Х1ара вайна муьт1ахь динарг Шеца там боцчух ц1ена ву-кх, вайн ницкъ кхочур бацар-кха х1ара караерзо, Вай вешан Деле доьрзур ду деллачул т1аьхьа. (Къуръан) 
Альхьамду лиллах1, альхьамду лиллах1, альхьамду лиллах1  
-Хастам бу Аллах1ана, хастам бу Аллах1ана, хастам бу Аллах1ана. 
     Аллох1у Акбар, Аллох1у Акбар, Аллох1у Акбар 
-Аллах1 воккха ву, Аллах1 воккха ву, Аллах1  воккха ву
Субхьанакаллох1умма инни золамту нафси фаг1фир ли фа иннах1у ла йаг1фируззунуба илла анта 
-Я Аллах1, Хьайца дог1уш доцчух ц1ена ву-кх Хьо, боккъалла а, ма зулам ди-кх аса сайна, суна гечдехьа, боккъалла а, Хьо бен къиношна гечдеш вац.  
                                Некъан до1а
Аллох1у Акбар, Аллох1у Акбар, Аллох1у Акбар 
-Аллах1 воккха ву, Аллах1 воккха ву, Аллах1 воккха ву. 
 «Субхьаналлази саххоро лана х1аза ва ма кунна лах1у мукъринийна (13). Ва Инна ила роббина ламункъолибуна (14). 
-Х1ара вайна муьт1ахь динарг Шеца там боцчух ц1ена ву-кх, вайн ницкъ кхочур бацар-кха х1ара караерзо, Вай вешан Деле доьрзур ду деллачул т1аьхьа. (Къуръан).
Аллох1умма инна нас-алука фи сафарина х1аза аль-бирро ваттакъва, ва миналь-1амали ма тардо, Аллаох1умма х1аввин 1алайна сафарона х1аза ват1вы 1анна бу1дах1у, Аллох1умма антассохьибу фиссафари Валь-холифату филь-ах1ли, Аллох1умма инни а1узу бика мин ва1асаиссафари, ва каабатиль-манзори, ва суиль-мункъолаб филь-мали, валь-ах1ли. 
-Я Аллах1, боккъалла а, оха Хьоьга доьху х1окху тхешан новкъахь Ахьа тхаьшна диканиг дар а, Хьайха кхерар а далар, Хьой реза волу 1амалъяр далар, я Аллах1, х1ара тхан некъ тхуна атта бехьа, цуьнан бохалла тхуна бацбехьа, я Аллах1, некъахь накъост Хьо ву-кх, бухахь бисинчу доьзалан доладийриг а Хьо ву-кх. Я Аллах1, аса Хьоьга сой 1алашвар доьху. 
Ша некъара ц1а вирзича, изза дешнаш эр ду, цо т1е а тухур ду х1ара т1аьхьадог1урш: 
Айибуна, таибуна, 1абидуна, лироббина хьамидуна.
-Тхо дохкодевли, оха тоба до, 1ибадат  а до оха, тхешан Далла хастам а бо.
Аррукн аль-йаманийна а, 1аьржачу т1улганна а юккъехь ден до1а:
Раббана атина фиддунйа хьасанатан, ва фи-ль-ахирати хьасанатан ва къина 1азабаннари
-Я Аллахl, тхуна дуьненчохь дика лохьа, тхуна эхартахь а дика лохьа, жоьжахатин lазапах lалашдехьа тхо.
Софа а, Марват а олучу шина гуна т1ехь лаьттачу хенахь ден до1а:
Делан элчано (Делера къинхетам, маршалла  хуьлда цунна)  ша Софа гу т1е кхаьчча, х1ара аят дийшира: 
«Боккъалла а, Софа а, Марват а Делан билгалонех ши билгало ю». Цо (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна)  элира: «Аллах1-Дала д1адолийначунна т1ера д1адоладо аса». Т1аккха Софа гу т1ера д1аволавелира иза. Шен шина б1аьргана  Хьаьжц1а  галлалц цу т1е хьала а ваьлла, т1аккха къилбехьа а вирзина, 
Ла илах1а иллаллах1 а, Аллох1у Акбар а олуш, цо элира:
 «Ла илах1а иллаллах1у вахьдах1у ла шарика лах1у. Лах1у-ль-мульку ва лах1у-ль-хьамду, ва х1ува 1ала кулли шай-ин къадирун. Айибуна таибуна, 1абидуна, лираббина хьамидуна, содакъаллах1у ва1дах1у, ва насора 1абдах1у, ва х1азама-ль-ахьзаба вахьдах1у.
 -Цхьаъ бен воцу, Шеца накъост воцуш волу Аллахl воцург дела вац, Цуьнан ду паччахьалла, Цунна бу хастам, Иза массо а хlума дан ницкъ кхочуш ву. Тхо цlа догlу, оха тоба до, лолла до, тхешан Далла хастам бо. Аллахlа Шен дош ларди (чlагlо кхочушйи), Шен лена гlо ди, Ша цхьамма керстанийн тобанаш эшайи».
Цул т1аьхьа цаьршинна юккъехь до1а дира цо. И саннарг кхузза элира цо, Марват т1ехь а лелийра цо ша Софана т1ехь леллийннарг.
Х1ай лераме хьаьжо!  Хьо т1ех сутара хила веза хьайн хьаж даьссачу къамелеххий, 1есаллеххий, девнеххий 1алашдарна т1ехь, хьайн хьаж, шен хила ма-безза буьззина болчу некъаца Делан Къуръанна а, Делан элчанан Мухьаммадан   (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна) суннатна а т1ехь долчуьнца дог1уш хилийтарна т1ехь а сутар хила веза хьо, Сийлахь-Везачу Делан комаршонца  а, Цуьнгарчу къинхетамца а,  хьайна йоккха ял хилийта а, хьайн къиношна гечдайта а, хьайн вонаш д1адахийта а, хьайн даржашший, ялсаманен бошмашший  совъяхийта а. И ду хьуна и къобалхилла долу хьаж.
Шен бекхам ялсамане йолу,  къобалхилла долу хьаж - шен хьукманаш хила ма-дезза кхочушдинарг а, къинойх деса а долуш, езачу а, дикачу а 1амалша д1алаьцна  а долуш, дуьззина долчу некъашца а динарг  ду.  
Фикъх1ан 1еламнаха аьлла: «И къобал хилла долу хьаж - ша дечу заманчохь Аллах1ана 1еса а ца хуьлуш динарг ду.» 
Делах тешаш долчу хьан синан ижо ду хьуна, хьо мелла а дика Сийлахь волчу Аллах1-Делан Къуръанах тасавалар а, Дала хаьржина волчу  Цуьнан элчанна  (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна) т1аьхьа  хьо  вазар а, ахьа хьайн вежаршца-хьаьжошца лелочу юкъаметтигехь хьо бисанчарна а дика масал хилар, Дала мукъалахь, хьан хьаж къобал хилийта а, хьан лелар эрна ца дайта а.
Иштта долу и хьаж ахь дахь, хьо хьайн доьзална т1е ц1а воьрзур ву, къинойн моданех д1ац1анвелла а волуш, хьайн къиношна гечдина а волуш.
Хьо хьайн махка  ц1а вирзинчу хенахь, хьан дег1о Сийлахь-Везачу Аллах1-Далла 1есахиларе хьой мосазза кхайкхи:
« Ахьа дагадаийталахь, Хьаьжц1енна айхьа гонаш даьхна, Софа а, Марват а шина гуна юкъахь хьой д1асаидна  денош.
« Ахьа дагадаийталахь, хьой 1арафат т1ехь сецначу хенахь, Дала хьайх къинхетам бале а,  Иза хьайна къинт1ера валале а, Цо хьайна гечдаре а сатуьйсуш, до1ина ши куьг а лаьцна, хьой лаьттина де.
« Боккъалла а, цо хьан г1одийр ду, къа долу а, 1еса долу а х1уманаш дийлийтарх 1алашваларна т1ехь.
Оха доьху массарна а къобал хилла долу хьаж далар а, церан лелар эрна  ца хилийтар а, боккъалла а, И Аллах1-Дела массо а х1уманна т1ехь ницкъ кхочуш ву.
Аллах1-Дала къинхетам бойла вайн Пайхамарх Мухьаммадах, цуьнан доьзалех, асхьабех, массарах а.
 Толал ибн Ахмад  аль-Акийль
Гоччдинагр  Р.Х. Хатаев
Редактор - корректор  А.А. Гайтукаев

Обновлено (14.08.2013 11:50)

 

Мы в социальных сетях:

855962 s fb icon 325x325 twitter-icon odnoklassniki vk instagram-logo-468

Наши газеты

О нас

o nas
button-mag-sign

Абитуриентам