Get Adobe Flash player

Поиск

Фоторепортаж

001

Наши Друзья

  
 img dobro
 
 
 Tudaiy
 
 
 
  
FADN Logo-02 
 
 
 
logo-ctv

Бамат-Герин – Хьаьжин (Iовда) вирд (Дала къайле тайойла цуьнан)

1. Вирд  леладаран хьукма шиъ  ду:
а) Важиб  (нузур   дина   тIеэцна).
б) Суннат.
2. Вирд схьадалар –  Къуръан  тера  а, суннат ду.
3. Вирдан чулацам – Дела хьехавар  ду.
4. Вирдан  дозалла –  Далла   тIех   езаш   Iамал ю.
5. Вирдан   пайда – Дела   везавалар  ду.
Бамат¬Гирин¬Хьаьжин   вирд  кхаъ  декъехь ду:
1. Жима вирд.
2. Юкъара   вирд.
3. Доккха  вирд.
Жимачу вирдан   хьукма:  Важиб  ду.
Жимачу  вирдан   куц а,  рагI  а:
1. Нийят дар  (Ас   нийят ди   Дела   дуьхьа    сайн   вирд   даккха).
2. БIозза –  ла   илахIа   иллаллахI   алар.
3. Мел  балар.
Мел  баларан   кеп:
БисмиллахIирохьманирохьийм
Алхьамду лиллахIи   роббил  Iаламийн   вассолату вассалу  Iала   Мухьаммад ва   Iала   алихIи   ва  асхьабихIи  ажмаIийн.
ХIай   Веза, Сийлахь  волу  Дела аса  даьккхинчу   вирдан   мел  Делан  Элчанна  кхачабе  ахь,  тIаккха   сан   устазана а,  цуьнан   мюридашна   а, тIаккха   бусалба   вежаршна  а,  йижаршна а  кхачабе ахь). Бихьурмати  сири   суратил. Фатихьа  (бисмал  доьшур ду).
Вирдан  хан:  Фарз  ламаз  динчул  тIаьхьа.
Вирд  декхаран   хан:  доькхуш  дац.
Юккъерчу   вирдан хьукма:  Важиб  ду.
Вирдан   куц а,  рагI  а: 
1. нийят   дар (Ас нийят   ди  Дела дуьхьа   сайн   вирд  лаккха).
2. БIозза – Пайхамарна   салават   диллар.
3. БIозза – къулх1а   дешар.
4. Мел   балар.
Мел  баларан кеп:
БисмиллахIиррохьманиррохьийм
Альхьамду  лиллахIи  роббил  Iаламийн вассолату  вассаламу Iала   Мухьаммадин   ва  Iала   алихIи   ва  асхьабихIи  ажмаIийн.
ХIай   Веза,  сийлахь   волу   Дела   ас  дешначу   къулх1анин   мел  Абу¬Бакарна а, Iумарна а,  Iусманна а кхачабе  ахь.  (Дела   реза  хуьлда царна. Бихьурмати   сирра суратил.  Фатихьа  (бисмал доьшур   ду).
Вирдан   хан: Iуьйра ламаз  хенахь  малх   схьакхетталц.
Вирд  декхаран хан (лууш   волучу   декха):
Малх  схьакхеттачул  тIаьхьа   делкъа  ламазан   хан хиллалц ю.
Доккхачу  вирдан  хьукма:  
Суннат ду.
Вирдан   куц а,  рагI а:
1. Нийят  дар (Ас нийят   ди  Дела дуьхьа   сайн   вирд  даккха).
2. Пхи бIе – ла  илахIа иллалахI алар.
3. Мел  балар.
Мел   баларан кеп:
БисмиллахIирохьманиррохьийм
Алхьамду  лиллахIи   робил  Iаламийн вассолату вассаламу   Iала  Мухьаммадив   ва  Iала   алихIи  ва  асхьабихIи   ажмаIийн.
ХIай  Веза, Сийлахь волу   Дела   ас  даьккхинчу  вирдан  мел Адам  Пайхамарна   тIера   Мухьаммад  Пайхамарна  тIекхаччалц   ахь  бахкийтана болчу  Пайхмаршна   кхачабе ахь (Делера   салам­марашалла   хуьлда   царна   массарна). Бихьурмати   сирри   суратил.  Фатихьа (бисмал доьшур ду).
Вирдан  хан: Дийнахь а,  буьйсанна а,  муьлххачу  хенахь  а шадерг  цхьана  
 хеначохь  да   къаста   дина.
Вирд  декхаран  хан 
(лууш   волчун  декха):
Малх  схьакхеттачул  тIаьхьа   делкъа   ламазан  хан хиллалц ю.
Вирд даккхаран  гIиллакхаш
1. Дела дагахь   латтавар.
2. Ламаза   карахь   хилар.
3. Къилбана  тIеверзар.
4. Хиъна  Iаш   даккхар.
5. ГIиллакхе охьахаар  (масала,  голаш тIе  хиъна).
Вирдан  коьчал:
1. Дезадерг (куьйган   пIелгаш).
2. Мегаш ерг (суьлхьанаш, тIулгаш).
Вирдехь  хаза  доцург:
1. Барамел сов   валар а,  эшар а.
2.БIаьрг акха    хьежор.
3. Къамел  дар а,  велар а.
4. Яар  а,  малар а
5. Сихвалар.

Обновлено (19.08.2013 11:56)

 

Мы в социальных сетях:

855962 s fb icon 325x325 twitter-icon odnoklassniki vk instagram-logo-468

Наши газеты

О нас

o nas
button-mag-sign

Абитуриентам